18+
Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс!

Бесплатный фрагмент - Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс!

Берашна хаьржина дийцарийн гулар

Объем: 122 бумажных стр.

Формат: epub, fb2, pdfRead, mobi

Подробнее
О книгеотзывыОглавлениеУ этой книги нет оглавленияЧитать фрагмент

МАЛИЖА. Дийцар.

(Сайца цхьана классехь дешначу йоь1ан безамна)


Б1аьсте. Цул хаза х1ума хир дуй техьа х1окху дуьненчохь? Нагахь хилахь а, иза а хир ду-кх оцу б1аьстено кхоьллина. Х1ора б1аьста шен хазаллийца цо ц1индо дуьненчохь дахар. Массо а адмашна а до цо хьехар: «Ц1индайша шайн дог, шайн амалш, шайн са а,» — аьлча санна. Ткъа вай шега ладог1ахь а, ца дог1ахь а х1ора б1аьста ца к1адлуш, дуьне-м ц1индо цо. Баккхийнарш-м цхьацца шайн бала бадийна хьийзаш кхин шайна гуонаха хьовсучохь а ца хуьлу, амма берийн синхаамца къаьсттина уьйр хуьлу б1аьстенан. Ца хаьа, бераш а шайн дахаран юьххьехь хилар хир ду-кх и, б1аьсте а санна. Б1аьсте а ма ю шеран юьхьиг, вай керла шо 1аьнаюккъехь даздахь а.

Иза дара 30 шо сов хьалха, иза яра тхан дахаран юьхьиг, тхан б1аьсте. Бераш-м цу хенахь а дара х1инцалерачех к1езига къаьсташ. Гуонахарчу диттийн гаьннашкахь диэкачу зевне олхазарийн аьзнашца къуьйсуш дара берийн аьзнаш ишколан йоккхачу уьйт1ахь а, ишколера ц1ахецна урамшкахула даьржинчера а. К1айнчу басахь кучамаш а, таь1начу басахь хечеш а яра божаберийн ишколан духаран кеп. Ткъа зудберийн — алла коч, шура санна к1айн фартукаш. Оцу хенахь юкъарчу ишколан барам итт класс бен бацара. Тхан классан т1аьххьара ишколан б1аьсте яра т1екхаьчнарг, делахь а оцу хенахь тхо-м дацара цуьнан ойла ян кхуьуш. Дукха хаза яра жималла, цуьнца хазалла къуьйсуш б1аьстенан ялсаманен сурт. Хьанна моьттура и хаза б1аьсте, и мерза жималла цкъа а кхачалур ю! Жималла, къоналла-м х1етте а шовдана хи санна цкъа а кхачалур яц моьттура, тхайн бералла чекхъяьллий а ца кхетара тхо-м. Къоналла т1екхачаран билгалло яра к1ентийн къайлах-къулах делахь а, иэхьаца доттаг1ала доцучеран, деррехь а мехкаршка хьиэжар а, цхьацца х1инццалца ца бевзина болу синхаамаш гучубовлар а. Дуьххьара къуоначу дегнашна чохь кхоллалун безамаш аьлча нийса-м хир дара, делахь а иштта к1орга синкхетамаш а бацара ойланашкахь, «безам», «безамаш» боху дешнаш къамелехь к1енташа а мехкарша а ловзадахь а. Б1аьстенан хазалланий, къуоналлан марзонан чам туобеш т1ехула т1етоьхна моз санна-м дара и безаман дуьххьарлера туохадаларан хаамаш. Дахарехь шадерг а санна цхьатерра д1аекъна-м яцара и адмийн дахарехь уггаре а мерза лоруш йолу дуьненан синъялсамане. Ден-ненан балхахь болчу аьттоне хьаьжжина, уьш хиларе, цахиларе хьаьжжина, ц1ера г1ишлоне хьаьжжина шен къамелан мах хадораш а хуьлура массо а заманахь санна. Ишттачийн «безамаш» боху дешнаш деккъа ц1ена дешнаш а хуьлий дуьсуш а нислора. Бакъбезам бовзар а массарна ца деллачух тера ду-кх Кхолламо. Б1аьстено жима бера аганахь санна техкош, ловзош долчу тхан къоначу кортошкахь мичхьа яра иштта к1орга ойланаш. Холманчана зурма екаро санна, б1аьстено шена т1аьхьах1иттийначу тхуна, х1инца дахаран к1оргенехь тамашена хетахь а, и зурма сихъян лаьара. Тхо-м сихделлера даха, тхуна-м хетара хан-зама дукха тиэкхаш меллаша йоьдуш санна.

Со церан классе 9 классехь керла т1евеъна дешархо вара. Х1окху т1аьххьарчу шина шарахь, парташан шина мог1анехь дехьа-сехьа делахь а, вовшен уллохь дара тхойшиъ. Аг1онцарчу б1аьрсинца гуора суна цуьнан сибат даима а, со хьехархочо динчу хаттарна жоп луш велахь а гуора. Амма цуьнца б1аьргашца вовшех кхетча-м со бухбоцчу аймана чу кхоссавелча санна вовра цуьна б1аьргийн сийналлехь. Оцул хьалха а, т1ехьа а суна кхин гина дац иштта бухбоцуш сирлачу стигалан басахь б1аьргаш. Цхьа ша тайпанчу хаза сирлачу йоь1ан месаша-м оцу б1аьргашан холманчаллин йийсар вора, хьуна мел ч1ог1а дуьхьалло ян лаахь а. Лаахь! Ткъа хьуна-м лаан йиш яцара оцу б1аьргийн айманан йийсарера валан! Б1аьстенах валалой шен ойланца, лаамца? Дера ца валало! Иштта даиманаллен б1аьсте яра-кх оцу б1аьргашчохь. Йара. 1аьнаюккъехь корах арахь оьгуш даккхийн к1айн лайн чимаш делахь а, оцу йоь1ан сирлачу б1аьргашна чохь йара даима а б1аьсте. Оцу б1аьргашчохь гуора б1аьстенан диттийн гаьннаш доьттина к1айн, ц1ен, можа заза, оцу зазийн, аренан зезагийн архьаш яра-кх гуонаха, маликийн, б1аьргуо ца лоцу, сибаташ санна, х1аваиэхь хьийзаш. Ма ирсен стаг хетара сунна суо, ма сайн х1инцца бен дуоладаланза долчу дахаран ирхене хьалахьаьдда моьттура суо. Дахаран лакхенга!

Амма ишколан шераш чекхдалан г1оьртича со кхетан вуьйлира сайн ирс сатосуш 1уьйренца хьунъйистте доьссина дохк санна хилар. Ц1е санна бовхачу малхо сиха д1акхоллу и дохк. Бакъбезам чохь кхоллалуш мел ц1ена дог делахь а, ирс безамца цхьана некъахь лелаш ца хиллера дукха хьолахь.

— Малижица «доттаг1ала» х1унда ца леладо ахьа? Хазахетий хьуна и? Ас захло хьахаде цуьнга? И-м дуьхьала хир йолуш яц, сунна хаьа иза-м, — хьахийра соь переменехь хазачу куьцехь лекхуочу дег1ехь йолчу классера Губани ц1е йолчу йо1а.

— Ас-айса… со суо вист хир ву со, — иэхь хетар къайладаккха г1оьртира со, амма г1улкх-м ца хилира.

Сан к1еззигчу дахарехь дуьххьара гучудаьлла дара сунна «захло» боху дош. Дагахь доцуш ц1аьххьана хиларна, со-м иэхъ хетта а ца 1аш, воьхнера. Суна-м тарделлера массо а адмашна сайн къайле гучуяьлла. Аса сайх а лечкъош дериг, х1инца массарна а хууш ду моьттура сунна, сайн багара даьлла дош а доцуш. Х1инца классе чу муха вахан деза, муха хьажан деза деррехь, х1инццалца со къайлаха хьоьжуш хиллачу б1аьргийн сийналле, сайн къайлахчу б1аьстене? Х1унда ду божбераш шайн кхиарехь зудаберел т1аьхьадуьсуш. Кхиндолу дахаран цамгарш санна безаман цамгар а зударша атта ловчух тера ду-кх.

Со классана чоьхьаваьлча, Малижа кхин дешархой санна урокана кечам беш шен партана т1ехь 1аш йара. Классе чукхаьчначу хьехархочо урокана сихбина дешархошца цхьана нисвалар бахьна долуш, со а меттавеира жимма. Со а сихха сайн меттиге охьахиира, амма Малижин аг1ора урок чекхъяллалца ца хьаьжира со. Урокехь х1ун дуьйцу, х1ун хьоьху а ца хаьара сунна, ц1ахь 1амон делларг д1аяздан а кхетам ца хилира сан. Т1аьххьара урок хилар бахьана долуш аьтто хилира сан. Со сихха сайн т1оьрмигна чу книгаш, тетрадаш а гулдина аратилира классера. Х1инццалца санна сайн накъосташка ца хьоьжуш, со сиха велира ишколан уьйт1ара ара. «И-м дуьхьала хир йолуш яц… Ас захлу хьахаде цуьнга?» — коьртара д1а ца долура суна Губанин дешнаш. Малижин б1аьргийн сийналла йара гуонаха массо а х1уманца: диттийн зазаца, зезагашца… Ткъа стигал! Оцу стиглара малик хилла йоьссина-кх сан Малижа! Муха? Сан Малижа! Мел мерза ойланаш, мел мерза дуьне дар-кха со хьоьстург. «Ткъа со стенга воьду? Со-м тхайн ц1а воьдуш ма вац? Тхан ц1а-м кхечу аг1ора ма ду! Малижа 1аш йолчу аг1ора воьдуш ма ву со-м! Ахьа х1ун до, 1овдал, хьера-м ца ваьлла хьо? Классера берашна хьо туосалахь-м цара беламе воккхур ма ву хьо! Ц1а вахан деза, нахала валале! Кхана гур ю хьуна Малижа. Муха кхана? Тахана Малижех кхин цкъа б1аьрг ца тухуш-м вахалура вац со ц1а!» — ойланаша хьовзийра со. Ишколан уьйт1ара, схьахетарехь, со уггар а хьалха араваьллера. «Сан ши накъост Турпалханний, 1арбий а хир ву-кх со вайна хьийзаш», — дагадеира суна. Тхо-м дацара ишколехь, хьов, ц1ахь а вовшех къасталуш. Фотоаппаратца дийнахь даьхна суьрташ фотокехата т1едохуш 1ара тхо буьйсана, наггахь сахиллалца а. Ткъа шолг1ачу дийнахь классехь наб оьхуш 1аш хуьлура. Х1инца-м кхоьссина витинера аса сайн ши накъост а. Со-м вацара тахана кхин цкъа, къайла-къулах делахь а, сайн Малижа ца гича 1енлура волуш. Генна сайна т1ехьайог1уш хааелира суна дешархойн тобанаш. Дуткъачу, х1инца а божарийн аг1оне дерзанза долчу, лахарклассахойн аьзнаша олхазарша хьун санна екайора урамийн яккъаш. Амма царнна т1аьхьа схьаг1ертачу лакхарчу классера дешархой баккхийнчийн кеп х1иттош бог1ура. Мехкаршца цхьана бог1ура тхан классеранаш а. К1айн фартукаш мел хаза товш яр-кха мехкаршкахь. Цхьатерра бос болуш хетара шаболу мехкарий оцу фартукашца. Хетара амма со воцчунна. Оцу малхехь лепачу к1айн фартукашна юккъехь сан б1аьрго сихонца къастийра Малижийн фартук, цуьнан нийса семса тайниган санна бос сирла месаш. Иза-м массо а шайн тобанера мехкарий санна самукъане, екхна елаелла яра. Суна-м дера моьттура иза, со уллохь ца хилча, ойлане хир ю. И елалуш хилар-м суна дикка новкъа а деънера. Ткъа сан дагна кхин а ч1ог1а вас енъерг-м х1инца а гучудалан дезаш хиллера.

— Малижа, хьо дага йоьхна са хьаладолуш доллу-кх сан. Хьо мел ч1ог1а хазахета суна. Сан бен кхин цхьанне а хуьлийла дац хьо, оццул ч1ог1а суна езаш хилча. Дала бекхам бийр бу хьуна со ахьа д1ататтахь. Хьан и ши б1аьрг вуьжуш а дуьхьалатуьйсу суна, вижича г1енах а и хьан стигалбасахь б1аьргаш хуьлу со хьоьстуш. Д1а ма тетта сан захло. Делора ю аса хьо ядийна юьгур, хьо хьуо реза а йолуш ца яг1ахь! — ч1ег1ардиган декар-м берийн ловзар дара тхан классера 1умр ц1е йолчу к1анта Малике ден къамелаца дуьстича.

Хала кхиира со цхьана нехан кет1ахь доллучу стоммачу комар диттана т1ехьаиккхина хьулвалан. Суна-м сайн дахарехь ца гинера иштта жимчу стага йо1аца къамел деш. Иштта аьлча а нийса хира дац иза, суна-м ца гинера цкъа а захло дуьйцуш, бегашенна а. И муха дуьйцу а цхьана тайпа кхетам бацара сан. Амма сан дегбаамах дуьзинчу даго-м хьоьхура суна захло иштта деррехь, оьздангаллан бух боцуш ца дуьйцийла. «Шинне юккъехь иккхина суй, муха боккху нахала, оцу суйнах и сийна ц1е яьлла латтахь а! Сан хьекъал ца кхуьура, оцунна т1ехьа, кхетара новкъа юккъе х1оьттина жа санна ц1ехьахахкабелла бог1у дешархошна юккъе а х1оьттина кхиана йог1учу сарг1ано санна мохьтоьхна муха дуьйцу шинне къайле хилан деза и мерза дешнаш. Йо1ана-м ч1ог1а новкъа хилан деза иштта дешнаш. Малижас-м бехк баккхан беза оцу иэхь дайначу к1антстагах», — ойла хьаьвзира сан ц1ий коьрте хьаьдда богучу коьрте. Амма сайна хезначух цец валан дийзира сан кестта.

— Ишкола чекхяккха дагахь вац хьо? — шега дуьйцучу къамелах билггал самукъадолуш къежира сан «хьомениг».

— Ой, ишкола-м чекхйоккхур ю вайшимма. Амма, кхин д1а-м сатохалур долуш дац-кх х1ара сан безамах доьттина дазделла жима дог. Хьуна муха хета и? Цхьа а институташ-минституташ юьцура яц вай.

— Тракторт1е балха ваг1ан-м ца воллу хьо? — к1елд1ашкахула малхадуьхьала санна к1анте хьаьжира Малижа, т1аккха — шен накъосташка Зараига, Губанига.

— Ой, вац дера со-м тракторан т1е а, вордана т1е а балха х1уттур волуш. Заочно-о! — йо1 шен къайленах кхетийра 1умарс.

— Тхан да-м ву трактор т1ехь болх беш. Цунах ца вашар-м дац хьан и? — дегбаам бен кеп х1оттийра Бусана ц1е йолчу т1ехьуо схьаг1ертачу ворх1алг1а классерачу йо1а.

— Шун да-м, Бусана, тхан ден вешин доттаг1 ма ву. Иза-м цхьа борз ю. Вац дера со-м цунах цавешаш, иза-м шен бежнаш кхобуш дика воллуш ву. Со ву-кх ч1ог1а юрист хилан дог долуш. Т1ехула т1е, со дешна валален шайолу трактораш юккъера д1аевра ю, — шен лулахо-йо1 д1атиэйира 1умарс.

— 1ума, тракторш юккъера д1аевлича церан метта болх хьан бийр бу ткъа? — хаьттира Бусанас шен дегбаам чекхбаьллий хоийтуш, ша жима йолуш дуьйна ма яккхар 1умаран ц1е а йоккхуш.

— Бусашка, х1инцлерчу тракторийн метта робот-тракторш хира ю, программашца шаьш болх а беш. Со захло дуьйцуш воллуш новкъарло ма ехьа суна, — йо1 хьостуш дехар дира 1умарас шен лулхочунга.

— Хьох-м прокурор хуьлу, ткъа сан ойла йин ахьа? — ша 1умаран х1усамнана хиллаяьлча санна хоьттура Малижас.

Со муха воьду а ца кхеташ, дешархошна юккъахь хьулвелла жимма т1ехьуо вуьсуш т1ехьавоьдура со а. Х1умма а нахах къевле йина доцу 1умаран къамел-м берриге а урамехь хезаш дара. Цо-м хаъал дозалла деш кест-кестта шен коча сирла-сийна б1аьрг а та1абора улло схьаг1ертачу накъосте Майрбеке. Хьалххе барт бича санна, Майрбека а т1етадора 1умаран дешнаш:

— Дера, Малижа, х1ара-м цхьа бож ю хьуна. 1уьргара лаьхьа а боккхурболуш ву. Х1окхуо бохург ахьа ца дахь елла д1аяллалца дохко яьлла лелар ю хьо!

— Эшшай! Ахьа т1етадича-м ца теашара со, — къежира Малижа.

— Хьо теша-м ма теша, сан дош-м къонахчун дош ду хьуна, йо1! — ша хастон ца дицдира Майрбекас.

1умаран ц1енна т1екхечира дешархойн тобанаш оцу юкъана. Амма 1умар шайн дика товш ц1ен кибарчигах динчу ц1ено аг1ора ког а ца баьккхира. Цхьа пайда ца оьцуш-м ца 1ийра иза шайн ц1енох а.

— Хьажал, Малижа, и д1о сехьара йоккха ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх. Малхана аг1о, сирла аг1о ю-кх вайна дадас схьалура йолуш, лекха т1улгех бухбоьттинчу ц1енойх дозалла дира цо.

Уьш мелла а гена бевлича со а кхечира 1умар чохь 1ен ц1енна т1е. Тхайн миска бахам, сайн кегийра вежарий, т1ехь да воцуш, тхо когаирах1иттон г1ерташ къахьоьгуш йоллу тхайн миска нана дуьхьалтесира суна… Со сецира т1аккха… вухавирзира. Суна кхин ца хезира 1умаран ч1ег1ардиган къамел а, Малижин елалуш дека аз а. Генадовлуш хезира, амма сан кхин бала бацара оцу къамелаца. Делкъана т1ехбаьлла малх нийсса дуьхьала бирзина бара суна со ц1ехьавирзича. Цо со кхин ца хьожийтура стиглан басе: йоь1ан б1аьргашца и бос бустуш, оцу стиглахь йоь1ан сибат гуш. Малхо со ца кхетийча а, со-м х1инца суо а кхеттера стиглара лаьтта воьссина сайн вахан дезарх. Некъан 1индаг1 долчу йисттехула сихха ц1ехьа волавелира со. Х1инццалца ма хиллара мерза хаза хьожа етталора кемсийн хорханаш санна зазах дуьзинчу акказин охкаделлачу гаьннех. Сирень а даьржинера акказийца къовсаделча санна. Семаг1ан хеталора сайна гуонаха мел гушдерг а. Ч1ог1а беза болх бичасанна дег1 ч1ог1а к1адделла х1оьттинера.

— Накъост, хьо стенга ваханера? Хьо лоьхуш охашимма шайолу ишкола ма теллина! — чухахкавелира суна доттаг1 1арби, даима санна массо а дуьненна везавеш.

— Хьо охьанехьа хахкавелла воьдуш гира шайна ма элира тхан йишас Розкас, — т1етуьйхира Турпалханас а.

Оцу хенахь ишколачура шен накъосташца мехкаршца араяьлла схьайолаеллачу Розкас, шен хьаьвзина хаза ч1агаршхиллачу сирлачу месашна к1елд1ашкахула шен эсала сира ши б1аьрг белабеш тхан аг1ора хьажош кхин цкъа а т1етадира шен дешнаш:

— Гира, гира… Лаха аг1ора хьаьдда воьуш гира…, — цхьанна а ца хуург шена гучудалар тешалла дира догц1енчу тхан хеннара йолчу йо1а Розкас.

Ткъа сан ши накъост-м ц1а ца воьдуш со лоьхуш лелаш хиллера, ишколана гуонаш туьйсуш. Со цхьа хьекъалах тиллачух тарвеллера оцу шина. Хьанна хаьа, со-м хила а мегара мелла а хьекъалца эшна.

— Дера ву со вайн накъост цхьана меъана т1аьхьахахкавелла вахана хилла моьттуш, — къежаш шен дика цергаш уьйхьира тхол цхьа-ши шо жима велахь а, вундеркинд аьлла ц1е д1аяхана волчу ша маликана санна ц1ена юьхь-сибат долчу сан доттаг1чо Турпалхана а.

— Хьуо лаха аг1ора воьдуш тхоьга а ца олуш х1унда вахна хьо? Вайн лакхахьарчаьрца дика боцуш ма бу уьш. Дера ву хьо цара «г1иба» валлалц йиттина «уппада» воккхур! — т1етуьйхира, даима а т1емлочун дог-ойла йолуш волчу 1арбис.

Со-м вацара сайга дуьйцучух кхета дог-ойла йисина а. Со воьхнера. Цхьана дийнахь х1инцца кхиъна вог1учу жимчу стагана дукха хетар-кха шена т1ех1оьттинарг. Йоь1ан дагар хаар къовдор… малик тарделлачу йо1ах догдалар… мехкаршна т1аьхьауьдуш накъосташна гучувалар. Яккхиэнчу х1усамашкахь-м мелла а эвхьазуо хуьлу хир дара и саннарш, амма со вар-кха ч1ог1а иэхье, дукха къовлавелла. Шаболу нах-м цхьатерра хила йиш а ма яц, х1унда ву и стаг иштта, кхинарг вуьшта олийла а ма дац х1окху дуьненчохь.

— Д1адовлийша, аша х1ун до следователш ЗНАТОКИ-ш а хилла! Со эцца туьканаш йолчу юккъе ваханера, — к1елхьара валан г1оьртира со доттаг1ийн керара.

Жималла, жималла! Ма сиха карийра сан накъосташна дийцан къамелаш, бан бегаш. Ма даккхийчех ца хетара оцу хенахь зудберашка бен бегаш, церан хазаллех 1ехавалар. Тхоьгахь-м фотоаппарат ма яра. «Смена» олуш, оцу хенахь юкъаевлла 15 сом мах болуш яра уьш. Мел самукъадолура тхан вовшен хийцалуш дог1уш лаьтташехь суьрташ дохуш.

— Тховса схьадохий вай суьрташ? — хаьттира Турпалхана тхо д1асакъаьсташ. Церан ц1а ишколана уггаре а уллохь дара, тхайниш — генахьуо.

— Ца хаьа, фиксаж-м кхачийна вайн, — элира аса.

— Кхинарг тоьуш юй?

— Ю моьтту суна, — жоп делира аса.

— Х1ун мах бу цуьна? Аса суьйрана д1авог1уш яхьара ю, — олуш шайн боккхачу некъана аг1онца болчу ураме д1авирзира Турпалхан.

— Барх1 кепек бу моьтту суна, — цунна т1аьхьа ч1ог1уочу озаца элира аса.

Сой 1арбий-м кхин а дикка гена д1авахан дезаш вара.

— Сайд1али, хьо стенга ваханера? — хаьттира 1арбис кхин цкъа а тхойшиъ цхьана висича.

— Эцца волалуш вара со-м, — дог ца дог1уш жоп делира аса.

— Цхьаьннаца дов даьлла-м ца ваханера хьо? — шен буйна лоцу ишколан т1оьрмиг куьг хуьйцуш вукха буйна буллуш хаьттира 1арбис, сох ша ца тешар а гойтуш, шен даима а санна девнен ч1ог1ачу озаца.

— Х1а-х1а, цхьа а дов дацара… — д1ахадийра аса.

Сан догцадар цхьа цамгар санна хьакхаделира 1арбех а, иза а к1адвалар гучудоккхуш оллавелла ког боккхуш боларе велира. Кхин д1а баш къамел ца хилира тхойшинна, тхаьшинна цхьацца ойланашца кхечира тхойшиъ 1арби вехачу х1усамна улло а.

— Со суьйрана д1аван мега, карх далахь. Со ца хилахь а оцу Турпалхане шадолу хазадаьлла суьрташ д1а ма дахьийталахь, Сайд1али, — олуш шайн доккхачу аннех динчу кевнахь хьулвелира 1арби.

Со х1инца-м суо висира сайн ойланашца, сайн лазамца. Суна-м со ч1ога лиэнвина моьттура, хьан-стиэ ца къаьсташ делахь а. Кхечун б1аьргашца суна со ган йиш хилча кхетара вара: со кампет ца кхаьчначу берах тера хиларх х1инца. Суна стенах хаан дезара дахаро хийлаза иштта гойтуш, кховдош йолу кампет даима а мерза ца хилар, нагахь санна иза хьуна кхачахь а.

Со чукхаьчча, даима санна нене юург ца йоьхуш дехьа чу вахана буйна лоцу киншкаш чуьра т1оьрмиг соне а кхуссуш, ишколан духар ца хуьйцуш маьнги т1е аркъала д1атевжира. Со-м дог доьхна вара, соьга-м ца эккхадалора йоь1ан стигал беса б1аьргаш. Суна-м мерза а, новкъа а дара и б1аьргаш. Суна-м дуьне хаьдда цхьана 1инах чудахана моьттура. Суна-м оцу хенахь ца хаьара, ткъа иза хиллера сан дахарехь уггар а мерза, хаза мур. Самаха гуш долу г1ан санна йоь1ан б1аьргаша шен дахарехь цкъа мукъна а хьовзийнчу к1ентан дог кхетара ду-кх сох.

Суьйрана малхбузуш со набарх ваьккхира Турпалханан зевнечу оза:

— Хьо х1ун деш 1уьллу боьрша цициг санна дийнахь делккъехь вижина! Хьалаг1атта! — сан белш д1асатуьйхира доттаг1чо.

— Хьажал, аса еъначу фиксаже, вайна мегаш ерг юй? Барх1 кепек йоьхург-м ца карий суна оцу «Культтовараш» туькнахь, х1ара 14 кепек йоккхург ийци-кх аса. Мегар юй вайна иза? — суна т1ехьоьттина хоьттура Турпалханас кхин а, кхин а, со самаваьлла валлалц.

— Мичхьа ю и? — хаьттира аса, хиллачух ца кхеташ.

— Х1ара ю-кх, — суна мерк1ела еира Турпалхана фиксаж чохь йолу пакет.

— И х1ун ю? — хаьттира аса, суна-м самаха а, г1енаха а гуш ерг кхин яра, сан доттаг1 ца кхетара.

— Самавала, х1ай накъост. Фиксаж ю и аса вайна эцна, — сан хаттарх ца кхийтира Турпалхан.

— Фиксаж, фиксаж…, — со маьнги т1ехь охьахиира.

— Хьажал ишттаниг мегаш юй вайна? Ахьа юьйцург ца карий суна, — ша эцна фиксаж ца магарна кхоьруш вара сан доттаг1.

Мелла делахь а тхоьгахьчул сов бералла дисинера Турпалханехь х1инца а. Ши шо тхол жима велахь а, классехь дика кхеташ а, доьшуш а вара иза, амма бераллех валан х1инца а генуо вар-кх. Со кхин цкъа а хьаьжира цуьнан карахь йолчу пакете.

— Мегаш ю. 1арби мичхьа ву? — хаьттира аса.

— Со-м и волчу чу а ца хьаьвзира, и кхузахь хир ву моьттуш, — шен цхьа бехк болуш санна бехказа вуьйлура Турпалхан.

— Мегар ду. Цо-м новкъаг1ертар бен кхин г1о а ца дора, — элира аса.

— Хьан ца до г1о? Со ца хилчи шу шиъ ван а вац-кх! — шен девнечу озаца дехьачура гучувелира 1арби самукъне радиотулг1е санна.

Дегбаам бар, халахетар-м 1арбина х1ун ду а ца хаьара, амма ц1ергахь эчиг санна ц1иэнваллалца къийсавалан карх-м долура цуьнан.

— Шу шиъ х1ун деш 1аш ву? Суна хаара, со схьа а веъна аса меттахваккхалца шу шиъ наб а кхетта 1ийр вуй! Вала ший а саттий! Вай суьрташ дохуш ца дохуш х1ун деш ду? — чухахкавелира юха а шен ч1ог1ачу озаца 1арби.

— Х1ан, д1айолий хьуна х1окхуо шен масатоп! — мах хадийра Турпалханас 1арбийн чукхоссаваларан.

— Арахь 1арж ца елича, вайн кораш дикка д1акъовлар хир дац. Жимма собар дан деза вай, — кхетийра аса доттаг1ий.

Тхан нанас Казахстанера ц1а ма даьхккина, дукха хьолехь шен куьйга, вовшахтоьхна мискаг1ишло суьрташ дахан леррина чоь йолуш яцара. Со вуьжучу чохь 1аржъелча, коре х1умнаш а тосуш, хьелаш кхуллура оха сурташдахан.

— Делахь, 1аржъяллалц кет1адовла вай? Арахь хаза йовха суьйре ю вайна, — элира цхьана меттехь 1ен са ца туьйчу 1арбис.

— Мегар ду делахь. Цкъа чай а мелла довлий вай кет1а? — дийхира аса.

Тхо кет1адевлла цхьацца дуьйцуш 1аш, ц1аьххьана дагадеира суна, аса селхана кечъйинчу пленкана т1ехь цхьа сурт Малижийнаг хилар. Сайн накъосташа дуьйцург кхин д1а хезаш вацара со. Малх анайисте г1оьртинехь а дукха меллаша чубузуш хетара суна х1инца.

— Аша жимма кхузахь собар де. Со суьрташ дохун г1ирс кечбан воллу, — аьлла бахьана а х1оттийна со чувахара.

Сонехь якъаялийта пенах тоьхначу хьостамна т1еоьллина пленка сихонца схьаэцна, токачиркх латош цунна дуьхьала ерзийна, цу т1ехь лехира аса Малижийн сурт долу кадр. К1айн-1аьржа томмаг1 бен гуш дацахь а, сан б1аьргашна хьалхахь-м дара йоь1ан юьхьсибат. Стигалан басахь б1аьргаш а хетара лепаш, оцу пленкийна т1ера сурт 1аьржа-к1айн бен даккха йиш йоццушехь. Пленке хьоьжуш соцунг1а хилла ойланийн йийсарехь лаьттара со. Мел хьомен дара оцу пленкийна т1ехь Малижин сибат гуш долу кадр. «Хьажал, Малижа, и д1о сехьара ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх!» — 1умаран аз дийкира ц1аьххьана стигланаш къевкъаш санна ч1ог1а сан лергахь. Сайн керара пленка аса кхоьссина яхийтира соне.

— Ахьа х1ун до, хьераваьлла стаг! Оцу пленкин т1е суьрташ дахан г1ерташ вай дийнна де ма дайъина! — чоьхьаволлушехь суна т1ечевхира 1арби. Амма соьга хьаьжча, сан оьг1азен юьхь гича цецваьлла кхин шен «дов» ца деш вахана пленка кара оьцуш и талхиний хьаьжира и.

— Сайд1али! — олуш цецдеина сецира Турпалхан а.

Со сихха меттавеира, дукхах дериг накъостий сайн дагахь болучу къийсамах кхетарна кхеравелла.

— Дика ца яьлла и пленка, — 1ехийра аса ши накъост.

— Х1умма а дац. Цхьа х1ума ца къаьсташ хир дац суьрташ фотокехатна т1едаьхча! — суьрташ дахар таханенна аса д1акхоссарна кхеравелла суна т1е1аткъам бира 1арбис.

— Х1ун хилла? Суьрташ фотокехатна т1е ца доху вай тховса? — догдоьхна ша цакхетар гайтира Турпалханас а.

— Муха ца доху? Х1инццалца вай яьхначу пленкел ледара ма яц х1ара! — чиркхе уьйхьира пленка 1арбис.

К1ентийн аса догдохорна сайна резавацара со х1инца.

— Доху! Дукха дика хира дац, цундела догдаьтт1ера сан, — сапарг1ат-ваьккхира аса ши доттаг1.

Кет1ахула д1асайоьдучу машенийн чиркхах ларалуш корашка х1ума уллуш, кечам бан дуьйлира тхо. Кестта, доккхачу хедарна чуйоьттинчу кочачу проявителна чукхийссан долийначу фотокехатана т1ехь гучуйийлан юьйлира тхан классера, ишколера берийн а, тхан а яххьаш. Мел къона самукъане, цхьа а дуьненан бала коьртехь боцуш хаза ирсен яххьаш яра уьш. Фотокехатана т1ехь цхьа бозбуончаллан ницкъаца гучудуьйлура суьрташ. Суна а, сан шина накъостана а хетара тхайх а бозбуончаш. Тамашена х1ума дан а дара иза, тхан аьтто бара тхайн къоналле йисттехара хьажа. Х1ун ойланаш хьийзара сан накъостийн коьрташка? Хьанна хаьа. Амма х1оьттинчу тийналлехь тхо массо а дара тхайн ойланийн карахь. Аса санна церан къуоначу б1аьргаша а лоьхуш хила тарлора шайна хьомен хеташ йолу яххьаш. Ткъа аса-м Малижин сибат лоьхура. Кестта фотокехатан т1ехь гучуелира елакъежина Малижин юьхь а. Йо1 тхо долучу кхаьчнача санна тарделла висира со. Шайн ойланаша кхаьллина ца хиллехь, сан накъосташна-м гура дара Малижин сурт гича, сан вохар. Гуш а болуш, т1екхачан йиш йоцу седа санна яра суртат1ехь суна къежаш йолу йо1. Суртат1ехь, классехь ган йиш яра сан Малижа, амма сан йиш яцара цуьнга алан 1умарас санна: «Хьажал, Малижа, и д1о кибарчигийн ц1ено чохь ши чоь вайшинна хир йолуш ю-кх!»

Даима а санна 1арбис г1олехьа девлла суьрташ шена д1а а хьош, д1асакъаьстира тхо буьйса т1ехъиккхинчу хенахь.

Ишколе жимма т1аьхьавуьсуш кхечира со шолг1ачу дийнахь. Классе со чоьхьавьлча хьехархо шен меттахь вара. Шен декхар хиларе терра, цо-м суна хьехаран хьолехь жима дов ден кеп а х1оттийра, амма суна ца хезара цо дуьйцург. Ницкъа ма кхоччу со дуьхьала г1ертахь а б1аьргаш Малижина т1ехь сецинера сан. Йо1-м сан аг1ора шен стигал басахь хьажар кхин хьен ца деш шен киншка т1е йог1аеллера. Классера бераш а дара къайлах-къулах соьга йишмаь1ашца суьрташ доьхуш. Тамаш а бацара, 1арбий, Турпалханний классехь 1аш вара, цара накъосташка кхаъ баьккхина хилар гуш дара.

Эххар а со кхийтира, хьехархочо соьга сайн метте охьахаа бохуш хиларх. Шен куьзганаш т1ехула хьожуш шен цецвалар, реза ца хилар гойтуш б1аьргашца д1авигира со хьехархочо сайн партина т1екхаччалца. Сан мискачу дагчохь дерг шена хаьахьара-м вер вацара иза кхин цец а.

Со сайн метте охьахиина ца ваьллера соьгара шайна суьрташ дезаш хилар классера бераша хоийтуш. Классехь яьлла г1овг1а новкъахиллачу хьехархочо шен г1анта т1ера г1оттуш чухула волалуш совцийра и дехарш.

— Х1ун урок ю вайн? — хаьттира аса партийна т1ехь сайна уллохь 1енчу 1исага, цуьнга цецдоийтуш.

— Хьан корта дика буй, накъост? Иван Архипович х1ун деш ву классехь? — меттавалийра со 1исас.

Иван Архипович-м истори хьоьхуш вара, цул совнаха тхан классан куьйгалхо а вара иза. Т1аьхьа-м висинера со, х1инца суна т1ехула т1е оьшург иза соьга ц1ахь 1амон елларг хаттар дара. Оьшург делахь, схьалаца хьайна! Иван Архиповича шен метте кхаьчний, кхачанзий ву аьлла хеташ журналана т1е а хьаьжина сан ц1е яьккхира.

— Сан йиш-м ма ца хуьлу и урокаш 1амон! — реза вацара со сайга хаттарна.

— Хьан х1унда ца хуьлу урокаш ян йиш? — цецвалар доцуш хаьттира хьехархочо.

— Цомгуш ву со!

— Х1ун цамгар ду хьан?

— Х1ара ду-кх! — айса буьйсана даьхна суртийн туп цуьнан истолан т1е дехкира аса.

Леррина хьаьжира хьехархо суьрташка.

— Дика корматалла ю иза-м. Амма хьо урокаш 1аморах к1елхьара воккхуш цамгар дац и. Шиъ ду хьуна охьахаа, — журналан т1евирзира и сан таханлера дуьххьара шиъ оцу т1ехь безамца д1анийсдеш.

Сан шиъ журналана т1е д1а а дерзийна, суьрташ схьадеъна сан парти т1е дехкира хьехархочо. Иван Архипович шен хьехархочун меттиге д1аволавелча, юккъера ши сурт схьаэцна, вуьйш классе д1ахьажийра аса. Малижин ши сурт цуьнга д1акховдийра со цуьнан аг1ора ца хьожуш. Суьрташ йо1а куьг схьакховдийна д1аийцира, амма кхин баркалл аьлла а сан дог ца ийцира. Со къайлаха хьаьжича даима а санна шен урокана кечам беш яра йо1. Эрна а ца хиллера и кечам бар, кестта цо шега хьехархочо динчу хаттарна жоп делла пхиъ даьккхира. Ц1аьххьана со волчу аг1ора схьабирзинчу йоь1ан шина б1аьргах, цхьана х1уманах тасавелла охьавоьжча санна хилира со. Еккъа ц1ена шело бен кхин х1ума ца гира суна х1инца оцу б1аьргийн сийналлехь. Хьаьжана юккъехь х1оттийна шадана кеп яра, оьг1азло-м яцара и амма цхьа цуьриг а йовхонах х1ума а дацара, суна самаха, г1енаха а дуьхьала туьйсуш хиллачу б1аьргашца. «Муха? Суна х1инццалца ца девзаш хилла техьа и б1аьргаш. Х1унда ду и б1аьргаш сан дег1ах чекхдуьйлуш санна хьоьжуш. Иза-м яц со гуш а!» — къиза ойланаш хьаьвзира сан коьрте.

Урок чекхъяьлла садо1ан арахьаьвдира бераш, хьехархо а журнална т1е цхьаъ-м д1аяздина классера аравелира. 1иса араволийтуш партаана т1ера г1аьттина вуха а охьахиира со, сой 1исай 1ен парта пенна уллохь яра. Малижа а яра шен меттехь схьайиллинчу киншкана т1ейог1аелла 1аш. Цуьнца цхьана партии т1ехь 1ен Губани а шен дешаран г1ирс т1оьрмигчу а берзийна, Малиже: «Со арахь хир ю хьуна», — кхоьссина араелира. Малиже хьаьжича сан тидам хилира, иза киншкана юккъе дехкинчу суьрташка хьожуш хиларан.

— Малиж, хьажийтахь хьан сурт муха даьлла, — йо1ана уллохь партана т1ехь д1атарвелира 1умар.

— Хаза ца яьлла со сурта т1ехь, — олуш суьрташ д1акховдийра Малижас.

— Деккъа ц1ена малик ду-кх сан Малижа! Делахь а суьрта т1ехьчулла а иштта хаза ю хьо, — улло т1евуог1авелла тайниге санна хьаьжира 1умар.

Классанчохь масех божберех дешархой вара вовшех тийсалуш шайн саму-къадоккхуш. Церан г1овг1анехь дикка ца хезира суна кхин х1ун элира 1умарс. Со сайн партана т1ера киншка т1оьрмигна чу а кхоьссина меллаша аравелира. Бераш б1аьстенах, йовхонах самукъадаьлла ловзуш д1асауьдуш дара, амма сан царах самукъа ца долура. Суна кхоьлина хетара х1ара б1аьстенан сирлачу малхо къагийна дуьне а. Ишколана уьйт1ара араволуш аг1онца болчу новкъа аравелира со. Кертайисттехула асфальт биллинчу г1ашлойн некъахула б1арийн диттийн 1индахула д1аволавелира со. Суна-м х1инца хьалха дуьххьара хезича санна иштта ч1ог1а новкъа а дацара 1умарас йо1е дуьйцу мерза дешнаш. Со-м х1инца кхеташ вара сайн иштта йо1е къамел дан кестта аьтту хир боций. Ишколера ваьлчи кхин институте догдог1ийла а дацара, дукха дешаран т1ехь кхиамаш болуш а вацара со, жимма литературах кхетар, езар ца лерича. «Эскарехь ши шо дайъан дезара ду уггар хьалха, т1аккха цхьа корматалла 1амон цхьанхьа дешан деза. Болх бан волавелча а нанна, кегийрачу вежаршна г1одан деза. Сайн х1усама вовшахтуохан хенахь аьтто хир бац», — ойланаш йора аса ц1аьххьана воккха хилча санна. Ойланаша 1ехийна со-м ишколана дикка генаваьлла хиллера. Урокана горгали бекаш а аса тидам ца бира, цундела дикка т1ехьависина чувеира со классе. Сан декъаза ц1окана та1зар дан кечвелла хиллера тахана тхан классан куьйгалхо Иван Архипович а. Со классана чувахан не1аран т1ам лацан бен ца кхиира иза т1ехьа лаьцна ши куьг а долуш ехачу уьйчохь гучуволуш. Со классана чуиккхира, амма суна т1аьххье гучубелира Иван Архиповичан т1ехьахьаькхина сира месаш йолу хан теккхиа болу корта.

— Кхана нана йоцуш ишколехь ма гайталахь суна хьо, хьан цамгар гена долуш лаьтта, хьуна сихха цхьа дарба ца лахахь! — соьга и кхаъ баьккхина, классехь урок луш волчу хьехархочуьнга бехк ца биллар доьхуш не1арах къевлабелира Иван Архиповичан корта.

Амма классан куьйгалхочо сайна дина дов дицделира суна Малижин парта йолчу аг1ора со хьаьжича. Йо1ана уллохь, даима а цигахь ша 1ийча санна д1атарвеллера 1умар. Губани со санна урокана т1аьхьайисина аьлла тарделира суна, амма иза 1умаран меттехь Майрбекца 1аш яра.

— Охьахаа хьайн метте… Ванах, к1ант, хьо-м боккъал а могуш воцуш хилла моьтту суна! — шозлаг1а элира соьга нохчийн меттан хьехархочо Шарип Мадаровичас, со метта ца вог1уш.

1умар-м хан эрна д1айохийтуш вацара, Малижина улло таь1ина цхьа шабар-шибарш деш вара цуьнга. Шен лерг к1анте оьхьуш леррина ладуг1уш яра Малижа а, наггахь къежаш а хаалора иза. Ткъа соьца-м тахана билггал цхьа дов дара массо а хьехархойн, я со царнна массарна а декхар вара. Со т1оьрмиг чуьра киншка схьаэцна ца вьллера Шерип Мадаровичас соьга хаттар деш. Кестта журналана т1е кхин цхьа шиъ а дуьйжира сан ц1арах.

Амма суна т1аьххье хаттар деш 1умар а г1аттийра хьехархочо. Цхьа беламе х1ума а аьлла, Шерип Мадарович вела а къажийтина, цхьа т1ехула хабар дуьйцуш жоп лун кеп а йина кхоъ даьккхира 1умарас-м.

— Шерип Мадарович, ас дика д1а ма йийцира, диъ мукъна а х1оттаде! — бохуш реза а вацара 1умар т1ехула т1е.

Маликас-м, даима санна, пхиъ даьккхира хаттаршна жоп а делла.

«Деллахь сох ма ца ешаш ойла йо хир ю цо. Цо х1унда еш ю хьох ойла, уллохь самакъадоккхуш 1аш к1ант а волуш? Хьо мила ву? Иза-м яц х1умма а гучохь а», — ойланаш хьийзара сан коьрте.

Урок чекхъялар хоийтуш горгали бекарца аратасавелира со уггар а хьалха. Сан садукъделлера классана чохь, сайн ницкъа хилча со-м ведда дуьнена йистте а г1урволуш вара. Со-м ца кхетара со ведда к1елхьара валан г1ертачу йоь1ан сибат сан коьртана чохь, дагна чохь дуй, сайн сих а иза д1аийний. Со мел ведда гена валарх оцу йоь1ан б1аьргийн стигалбос аса сайн дагчохь лелор буй х1инца дуьйна д1айолчу хенахь даиман а! Со ца кхетара и б1аьргаш дуй сайн цамгар а, оцу цамгарна х1окху доккхачу дуьненахь цхьа а дарба доций а.

Урокаш чекхъевлича, со тахана-м ларвеш вара сан ши накъост.

— Селхана санна ма вадалахь тхох. Я вай цхьана дахийта цига! — ишколан уьйт1е екаеш ч1ог1ачу озаца геннара схьахьедира 1арбис, суна т1аьхьа ишколана чуьра ара а хьаьдаш.

— Стенга дахийта? — доттаг1 улло кхочуш, ца кхеташ хаьттира аса.

— Селхана «суьйре» хиллалца ма 1ийна сой Турпалханний хьоьга хьожуш! Дицделла хьуна? — реза воцучу озаца, шаьш со воцуш ц1аг1ур доций хаийтира 1арбис а, т1евеъначу Турпалханас а.

— Вай ц1а доьлхуш ду-кх. Со-м вац цхьанхьа а шух ведда вахан г1ерташ а, вахан меттиг болуш а, — аьлла сапарг1ат даьккхира аса накъостийн.

Тхо 1аш долу юрт 1ашхой-Марта йоккха еха яра кхо-йиъ чаккхарма хир йолуш шен йохаллехь. Со 1енчура Малижаьрга кхачан мел к1езига а кхаоъ чаккхарма некъ бара. Аса ц1акхоччушехь, кхин т1ера х1ума хийцар доцуш, араяьккхира вилспет. «Х1ума кхалла!» — бохуш нанас т1аьхьа мохь а тухуш кевнах аратилира со. Стенга воьду? Х1унда воьду? Со кхеташ вацара, амма стенгга вахана а цхьанхьа ца ваг1ча сатуьйрдолуш вацара. Вилспет сиха хахкарна дуьхьала детталучу механ х1уоно мелла а г1оле йора суна, амма синпарг1ато ца лора. Цхъа суна гуш боцучу, амма ондачу ницкъо вуьгуш вара со, стенга ваха деза а оцу ницкъо хьоьхура суна. Когашца ч1ургаш аса хьийзош елахь а, вилспетан т1ам сан синкхетаман карахь бацара. Вилспетан сиха яхаро лерга уллохь махе шок йоьттийтура, к1адвалар х1ун ду ца хаьара суна.

Малижин ц1енна генавоццуш сецира со, х1инца-м хьажт1ера хьацаран т1адамаш хааделира суна юьхьт1ехула охьахецалуш. Хала саде1аро а гойтура, со сиха веъна хилар.

Малижа 1аш йолу ц1а-м дикка гуш дара суна, со суо луларчу кертан соннехь тебина латтахь а. Йо1-м яцара гучуйолуш, амма Малижин ц1а дара суна хьоме. Оцу ков-кертахь, оцу ц1ачохь хьалакхиина-кх иза, ма ирс долуш ц1а ду-кх и. Х1ора дийнахь Малижа хьоьстуш иза 1алашъеш цунна йовхо луш ду-кх и ц1ено. Со-м хан ларар доцуш дукха лаьттира Малижа 1аш йолчу х1усаме хьоьжуш. Суна-м сайна Малижа гича санна хетара. Иштта со кхузахь сарралц латтахь со-м нахала валан тарлуш дара. Ца лаахь а, сан ц1авахан дезара. 1умар санна багахь шера мотт а болуш иэхь х1ун ю а ца хууш со велхьара аса-м цхьа жима бер дахийтина Малижига схьакхойкхийтура яра. Ткъа схьакхайкхийтича а сан х1ун ду цуьнга ала? «Со корта боьжна тентиг санна веъна д1ах1оьттина лаьтташ ву-кх!», — ша ца алахь. Х1инца а со д1а ца г1ахь дехьа-сехьара ц1еношначура зударий, бераш дара сан тидам беш. Маликин керта кхин цкъа а безамца б1аьргтоьхна аса тхайн ц1ехьаерзийра сайн вилспет. Сан вилспет х1инца-м догцадог1уш меллаша йоьдура.

Со ц1акхаьчча тхан нана Зийна яра соьга ца кхеташ хьоьжуш.

— Сайд1али, хьо стенгахула лелаш ву? — ша реза цахилар гойтура цо.

— Со-м сайн цхьана г1уллакхе ваханера, — бехказаваьлла сайн жимчу чоьнчу вахара со.

— Хьайн г1уллакхе-м вахана хир ву хьо. Дийнахь сарралц х1ума а ца юуш х1унда лела ткъа, — т1аьхьа йист хилира нана.

Со сахьтана т1ехьаьжича, суо а цецвелира. Суьйрана ялх сахьт а даьлла лаьттира.

— Схьавола х1инца мукъна а х1ума кхалла, — со волчу йист хилира нана.

— Х1инцца, — жоп луш со сайн маьнгина т1е аркъала тевжира.

Со-м вацара х1ума езаш а, к1адвелла х1оьттина хилар-м хаалора д1атевжича.

— Чохь вуй и? — 1арбис нене деш хаттар хезира суна дукха хан юкъа ца юлуш.

— Вижина 1уьллуш-м вац х1ара х1инца а! — со волчу гучувелира 1арби дукха хан ялале.

— Дера ву селхана вижича санна 1уьллуш-м, — 1арбин букът1ехьара соьга хьаьжира Турпалхан а.

— Хьо х1ун деш 1уьллу? Тхо хьоволчу даьхкича, даима вижина 1уьллуш ма ву хьо! — улло веира 1арби.

Аса куьг лаьцна ц1еххьана уозийна сайн маьнгана т1евожийра и.

— Турпалхан, х1ара вайшиннах тасавлан дагахь ву! — олуш тасавелира 1арби.

— Аса ши ког д1алоцу хьуна цуьнан, 1арби! — тхойшинна т1ехула т1екхийтира Турпалхан.

Тхо дикка ловзуш, тийсалуш даьхкира, Зийнас чу мохь тоххалц:

— Схьадуьйла чай мала! 1уьйрана дуьйна х1ума а ца юуш цхьанхьахула хоьхкуш лелаш ву х1ара к1ант а! — олуш.

— Муха хоьхкуш лелаш..? — ца кхийтира даима а духе валан сак1амлуш волу 1арби.

Сан керара волуш д1ахьаьдира иза Зийна йолчу уьйт1а. Со Турпалханца араваьлча 1арби шен талламбина ваьллера.

— Хьо стенга ваханера? — милцочо санна хаьттира цо соьга.

— Вилспет хохкуш вара со-м, — к1елхьара валан г1оьртира со.

— Дийнахь сарралца хохкуш хуьлу вилспет? — Зийне хьожуш хаьттира 1арбис.

Нана-м ч1ог1а реза яра 1арбис суна х1оттийнчу бартхаттарна.

— Сулиман волчу ваханера со-м! — реза воцу кеп х1оттош жима аьшпаш боттан дийзира сан.

Аьшпаш бан а бара жима, со ши-кхоъ ц1а дуьтуш кхин а д1авахнехьара со Сулиман волчу а кхочур вара. Сулиман тхан классера к1ант вара, сан жимма доттаг1алла хьакхалуш.

— Иза-м суна кхана хуур ду! Аса толлур ду иза-м! — ша соьга ленвойтура воций схьахьедира доттаг1чо шен г1овг1анечу озаца.

— Иван Архиповичас нана ялош вола аларна х1ун до вай хьуна? — хаьттира соь 1арбис, тхо жимма ханяьлча кет1адевлича.

— Ца хаа, цхьаъ дийр ду-кх. Кхана дицлур дац те цунна ша соьга хьедина дов? — элира аса.

— Дицлур дац хьаха цунна-м. Къена велахь а, корта дика болуш ву иза. Аса бутт хьалха дахьар ду аьлла фотокехат а ца дицделлера цунна, — элира Турпалханас.

— Цо х1ун до фотокехтах? — ца кхийтира со.

— Цо-м х1умма а ца до. Виталий Николаевич, физик ву-кх суьрташ дохуш, — кхетийра со Турпалханас.

— Т1аккха делан ахьа фотокехат? — хаьттира аса.

— Делир иттех кехат-м.

— Итт дуй муха хиира хьуна? Пачки чохь дацара уьш?

— Аса пачкийнчура схьа а даьккхина дагар дира иза-м.

— Серлонехьий!?

— Х1аъ.

— Дагар а дина д1аделира ахьа?

— Х1аъ. Пачки чу а дехкина.

Со г1адвахна велавелира. 1арби а хьаьжира соьга ца кхеташ.

— Серлоне даккхан мегаш ма дац фотокехат. Вай кораш къевлина 1аьржачохь стенна дохку суьрташдохуш? — дагадаийтира аса доттаг1чунна.

Х1инца сол а ч1ог1а воьлура ши к1ант Турпалханас диначух.

— Фотокехат а хьош ваг1ача х1ун дар техьа хьо а Иван Архипович волчу? — бегаш бора 1арбис.

— Мегар ду, цкъа хьалха Турпалханига дагар а дайтина хьура ду-кха, — воьлура со доттаг1ашца.

Амма кхана классан куьйгалхочуьнца къастамаш бан дезар-м дара сан дагчохь самукъадала ца дуьтуш.

1уьйрана ишколе со т1аьхьа ца вуьсуш д1акхаьчча, Иван Архипович вара борз санна чувоьдучу не1арна хьалхха даима а санна т1ехьа ши куьг а диллина лаьтташ. Со цунна ца гойтуш уллохула т1ехвалан вуьйлира, амма б1аьрг сирлачу хьехархочо со шена т1евийхира.

— 1уьйре дика хуьйла! — олуш улло вахара со.

— Нана йоцуш ишколе ма вола ца аьллера аса хьоьга? Хьан цамгар гена даьлла, кестта ишкола чекхйоккхуш экзаменаш д1аялан дезаш ву хьо. Оцу хьан цамгарна шун нене цхьа дарба ца лахийтахь ахьа ишкола чекхйоккхура яц. Схьайтал хьайн т1оьрмиг, — сан т1оьрмиг буйналоцуш ц1ехьа хьажийра со классан куьйгалхочо.

Дан х1ума дацара, воккхачу стагаца къийсавалар эрна дара. Эцца т1енисвелла 1арби, Турпалхан суна улло г1оьртича, уьш а ишколан чу лаьхкира хьехархочо.

Кисна куьйгаш доьхкина догдоьхна ишколан корашна к1елхула аг1онца д1абоьдучу г1ашлойн асфальтан некъахула кевнах аравалан д1аволавелира со. Ишколан кертара со араволу ринжа юьртана Малижеран аг1ора дара. Ринжи т1е со кхоччушехь, х1уьттарена санна суна дуьхьала дог1уш дара Малижий, цунна уллоиккхина вог1уш 1умарий. Аса тидам бира, шаьш урокашна т1ехьадуьсушшехь Малижийна корта т1ете1ош сихвелла цхьаъ-м дуьйцуш вог1ура 1умар вела а къежаш. Йо1 а яра ишколе сихялар гуш делахь а, кест-кестта къежаш. Ринжех со араволуш суна т1е1оттабелира уьш.

— Салам… ахьа х1ун до? Ишкола цигахь яц хьуна. Тилвелла-м ца воьду хьо? — бегаш бен кеп х1оттош хаьттира соьга 1умарас.

— Со айса доьшург дешна ваьлла, дисинарг аша деша, — олуш т1ехвелира со.

— Хьо ишколе ца вог1у? Д1а х1унда воьду хьо? — суна т1ехьа йистхилира Малижа.

— Урокана т1аьхьадисина шу. Т1аьхьавуьсург ларвеш лаьтташ Иван Архипович ву шуна цигахь, — ахвухавирзина олуш со сайн новкъа д1авахара.

И шиъ уроке сихделира. 1умар-м шен къамел ца сацош векаш вара, амма цхьана х1аваэхула хаа-м делира сан хьекъална, йо1 к1ентан самукъане дийцарах кхин къежаш ца хилар.

Со меллаша волавелла эвлаюккъерчу йоккхачу майдане кхечира. Жимма волавелла а лелла туькнашкахула чекх а ваьлла со вуха а майдане кхечира. Оцу хенахь майданехула схьавог1уш тхайн лулахо хаавелира суна. Со хьулвалан вуьйлира, амма ца кхиира.

— Сайд1али, хьо ишколехь вац? — хаьттира цо соьга геннара.

Вах1ид ц1е а йолуш, почтехь болх беш, шена тоъал делахь а, кхин эх1-аьлла генадаьлла хьекъал а доцуш г1еметтах1оьттина жимочу дег1ехь векъана стаг вара и.

Бегаш беш, беламена стаг 1ехор, хьовзор-м ша ду, амма аьшпаш ца боттан х1уъу а дийр долуш вара со.

— Дера, лулахо, со-м ишколера иэккхавина! — дере дира аса.

Амма Вах1ид шен аг1ора кхийтира аса аьллачух. Цунна тарделла хиллера со ишколера д1аваьккхина.

— Муха иэккхийна? Зийнина хаьий хьо ишколера д1аваьккханий? — хаьттира цо сол а ч1ог1а догдоьхна.

Со ц1аьххьана кхийтира, Вах1ид оцу Везчу Дала сан миска ц1ока к1елхьараяккха суна ваийтина хиларх.

— Вах1ид, — дехаран т1ег1ана т1е а волуш лулахочуна коча вахара со. Хьо суна орцах ца валахь, воккхура волуш-м ву со ишколера д1а а! Х1инца а т1аьхьа дац-кх! — дийхира аса лулахочунга.

Амма Вах1ид воьхна гуш велахь а, сох ца кхеташ шаверг а хаттаран хьаьрк а хилла соьга хьоьжуш лаьттара.

Со-м сих ца лора и кхетон, цуьнан кхин а жимма догдохош, к1аддеш.

— Вах1ид, хьо тхан ненан гергара стаг ма ву? — хаьттира аса.

— Ву, геннара… тайпана.., — х1ун хилла, дийций валахь, — собар ца тоьура сан лулхочун.

— Хьо тхан гергара ву аьлла, х1инцца тхан классан куьйгалхочунна т1е ца ваг1ахь, соьга ишколана аьттехьа гучу ма вала аьлла-кх, — жим-жимма гучу йоккхура аса сайн къайле.

— Ткъа х1ун оьшу хьогара оцу классан куьйгалхочунна? — ца кхетара лулахо.

— И къена стаг ма ву. Ткъа къена нах уьш даима а цхьанна реза боцуш хуьлу. Цхьанна дов ца деш де чекхдаьлча, царнна буьйсана наб а ма ца кхета. Ткъа тхан воккхастаг-хьехархо-м дов дича а ца 1еба. Уллохь теш а волуш дов ца дича цунна-м минга долу. Цо х1уъу а дийцахь а «х1аъ» бохуш цхьана пхеъа минотехь лаьттича, кхин г1овг1а ян-м цуьнан могшалла а, ницкъа а тоьур бацара, — дехаре велира со.

— Зийнина хаьий хьан хьал? — шен хьекъал суна хетачул а сов дуй хаийтира лулахочо.

— Зийнина хаахь, иза лалур дац цуьнга. Иза-м кхетара ма яц воккхачу стеган амалех боьрша стаг, къонах санна. Дагадог1ий хьуна почта д1асакхехьан хьуна атта хилийта аса хьуна вилспет хахка 1амийна? Зударша 1амор варий хьо? — х1иллане велира со, сайн лулахо керара ца валийта.

Харцо-м яра аса сайн мискачу лулахочуьнга кхийдориг, амма х1инца суна орцаха валан иза воцург кхин стаг вацара х1окху доккхачу дуьненчохь.

— Мегар ду делахь. Мичхьа ву и воккха стаг, классан куьйгалхо? — эххар а резахилира сан догдика лулахо Вах1ид.

Борз санна волу лулахо хьалха а волуш тхойшиъ кестта кхечира Иван Архиповична хьалха.

Букът1ехьа дехкинчура куьйгаш ца достуш дуьхьала велира тхойшинна воккха стаг. Тезетахь санна букът1ехьа куьйгаш дехкина сан лулахо а вирзира дуьхьала, бехкеллан корта а та1ийна.

— Х1ара тхан ненан ваша ву-кх, — кхетийра аса лерамен Иван Архипович. Нана ян йиш йоцуш йисина-кх.

Леррина хьожуш рентгенах чекхвоккхуш санна куьзгашна чухула б1аьргаш т1ебуг1уш теллира сан «ненан ваша» хьехархочо.

— Ненан ваша? — хаьттира цо.

— Ненан шича, — жимма лахдира аса ненавешин дарж.

— Ненан шича? — Вах1идехьа вирзира Иван Архипович.

— Геннара… — олуш сецира Вах1ид, кхин д1а гучувалан ца кхиира и.

Хьехархочуьна мотт довдан мелла а к1амбелла хиларна хаъал аьтту хилира тхан. Урокехь санна к1орггера масалш а далош, тоьшаллийна, урок йоьдуш елахь а, классера хьехархочуьрга дехна журнал а гойтуш мел к1езига а цхьана урокан барамехь кхетош-кхиоран болх д1абехьира лерамен воккхачу стага соьца а, соьца цхьана куьйгак1ела нисвеллачу сан миска «геннарчу» ненан вешина а. Цхьа хан яьлча, шен дахарехь, невцалг1а ваг1ча а оццул ницкъа ца хилла волу Вах1ид, мукъаволийтуш, сан т1оьрмиг берзийра суна лерамен Иван Архиповичас.

Амма Вах1идана ша иштта атта к1елхьараваьлла моьттург-м бакъ ца хиллера. Эвлаюкъкъехь цул т1аьхьа а масийттаза хьехархочун кара вахана хиллера сан тешамен догц1ена лулахо. Вах1идас шена дуьхьала дош ца олуш х1оттош долу г1иллакх ч1ог1а тайна хиллера воккхачу стагана а. Со-м ма вацара цхьа а урокаш 1амаечохь а. Сан цамгар-м суьрташ дахар дацара, стигал бос лепа Малижин къона б1аьргаш дара бехкен. Йо1ана хьалха ша дика гайта г1ерташ 1умар-м шена хуург а, ца хуург а дийцан г1ертара урокехь. Ткъа соьга уллора Малижин хьажар сайна т1ехь тусаделча, сайна хуург а ца дийцалора хьехархочунна.

Т1аьххьара к1иранаш дара тхан ишколехь дешан дисинарш. Дешаран йистте мел г1оьрти а, басех чухьаьдда вордана санна сиха хьийза йолаелира хенан ч1ургаш. Массо а дешархо вара шайн оценкаш лакхаяхан г1ерташ. Со цхьаъ вара хи чуйоьжна ч1ешалг санна дахаран тулг1енаша шайна ма тов д1ахьош.

Малижа массо а урокашкахь дика кхеташ, хьекъалца дика ларалуш яра. Дешаран шо чекхдолуш а цхьа а х1ума ца тергалдеш дешарна т1ейирзина хуьлуш йолу иза х1инца ишкола чекхйолуш-м дешар бен кхин х1ума гуш а яцара. 1умар-м накхармоза зезагна санна гуотуьйсуш вара йо1ана, амма к1ант гуонаха хьийзарах х1инца к1езига самукъадолучух тера дара Малижийн. Хьаьжюккъера шад ца бостура йо1а х1инца, к1ант уллохь волуш а. Аса х1инца бен тидам ца бинера, и шад-м дукха хьолехь лаьттара йоь1ан хьаьжюккъехь. К1ант уллохь воцуш а ца бостура цо-м и. Х1унда? Де дене мел дели а 1умар чехавора Малижас. Суна-м х1инца мелла а къахета а доьллера 1умарах. Эххар а вовшен юкъахь кег-мегара девнаш а хаалора цу шиннан. Со х1инца х1ора дийнахь воьдура Сулиман волчу. Сулиман волчу-м со боккъал а воьдура, амма цига д1акхачале Малижин уьйт1а хьоьжуш вехха лаьттара. Цхьана дийнахь со д1авахан туохавелчи, Малижа шайн уьйта елира. Ша санна т1ехь хаза зезагаш долу ц1ахь лелон ч1ог1а цуьнгахь товш коч яра цунна т1ехь. Ишколан духарал дуккха а хьомен хаза а хийтира суна йоь1ан ц1ера духар. «Х1унда дац тхойшиъ х1ордана юккъехь цхьана г1айрена т1ехь 1аш, кхин стагга а воцуш уллохь?» — ойла хьаьвзира сан коьрте. Малижина тусаялан езара и сан ойланаш. Х1ун дийра дара техьа цо? Даима а санна шен хазчу хьаьжъюккъе шад х1оттон мегара цо. Сан б1аьргашна хьалха х1оьттира хьаьжъюккъе шад бина, ша санна шийла сийна б1аьргаш, оьг1азен лепа юьхь. Шело хьаьдира сан дег1е оцу минотехь.

Цхьа-ши де делира со Малижин ц1адолчу аг1ора ца воьдуш. Ишколехь-м дешаран шо чекхдолуш, тхан а, кхин шина уьтталг1ачу классийн арахецар т1екхочуш кечамаш беш бара хьехархой а, шаьш дешархой а. Амма урокаш-м гуттар а аьрхаевллера, контролан белхаш доладелира. Гуманитаран дисциплинаш-м саготта воцуш дика яра сан, амма цифрашца доккха дов дара сан, цкъа а машар хир боцуш дов. Малижин-м доттаг1алла дара массо а дисциплинашца. Математикан контролан болх д1абоьдучу хенахь, со вара тховт1ехь яздина х1ума ца карош, сайна хууш х1ума а доцуш 1аш. Хьехархо д1авирзича, Малижас ц1аьххьана кехатан цуьрг кховдийра соьга. Кехат аса даржийча кхийтира со, сайна деш г1о дуйла. Иза-м урок йолалушшехь шен хьаьжъюккъера шад ца бостуш, гуонаха цхьа а ца гуш, шен болх беш яра. Суна-м дагахь дацара йо1ана со гуш ву аьлла. Со цецваьккхинера цо. «Цунна-м со гуш хилла!» — ч1ог1а дагна там хиллера суна. Амма кестта хааделира суна Малижас 1умарна а кховдош иштта кехатан цуьрг. Со кхийтира, Малижас суна иштта баркал аьллера аса шен сурташдахарна. Урок чекхъяьлча со ишколан ринжех араваьлла суо висира, наггахь д1асавоьдург ца лерича. Уьш-м баккхий нах бара, шайн цхьацца г1уллакхе сихбелла лелаш. Цара-м сан цхьанаклассера бераша санна шайн ловзарш коча ца туьйсура суна. Аса-м кхин еш ойланаш а яцара, дуьххьал д1а суо висан лиънера суна. Йоккхачу шозза т1ек1елйинчу ишколан уьйт1ара-м берийн зевне аьзнаш дара кхузахь а хезаш. Со дикка гена волуш д1аваханера, амма урокана т1ехьависахь а аьлла вухаволавелира. Ишколан керта йисттехула чувоьду ринжехьа со схьаволавелча суна гира цхьанхьа-м туькана яханчуьра ишколе схьахьаьдда йог1у Губаний, Малижий. Вовше-м цхьаъ олуш, Малижа цхьажимма хьалха д1айолаелира, Губани сецира. Соьга хьоьжуш хийтира суна и.

— Схьаволалой валахь, х1инцца уроке горгали тухур бу вайна! — йистхилира Губани.

— Соьга лоь хьо? — ца кхийтира со.

— Кхузахь хьой бен кхин стагга а вуй? — елаелира Губани, со улло кхаьчча аз шабаршка доккхуш хаьттира:

— Хьо Малиже вист ца хилла х1инца а?

— Со х1ун аьлла хуьлу цуьнга вист, иза 1умарийца доттаг1алла лелош хилча, — бехказа валан г1оьртира со.

— Хьайна дика хуур ду хьуна, Йо1-м къовсаш товш ду. Иза-м ахьа вист хира ву аьллачул т1ехьа хьоьжуш ю моьтту суна, — шена хетарг элира Губанис.

Ишколана геннахь а хезира долуш горгали бийкира, дешархой уроке кхойкхуш. Суна дег1ах чекх хьожуш санна со зуьйш соьга а хьаьжина Губани Малижина т1ехьакхиан сихъелира.

«Къовса-м къовсура яра и, ткъа къевсина яьккхича стенга яхьан еза и. Сайн нанна а, вежаршна а дан г1о доцуш 1аш волчу аса?» — жимчу беро санна ойла йора аса, ишколехьа зудберашна т1аьхьа д1а а волалуш.

Кхин цхьа урок чекхъяьлча со сайн метте ишколан кет1а вахара. Губанис аьллачунна т1ехьакхиан г1ерташ ойла а еш, волавелла лелаш вара со, ц1аьххьана сайн ц1ейоккхуш хезча. Ойланийн карара волуш аса корта айбича, ринжа доллучохь соьгахьа йирзина лаьтташ яра Малижа. Со йо1ана улло вахара.

— Ахьа соьга кхойкхурий? — хаьттира йо1а.

— Асий? — ца кхийтира со.

Амма йо1 иэхь хетта хааелла сихха т1етуьйхира аса:

— Губаница къамел-м хиллера сан. Цо эларий хьоьга, аса кхойкху аьлла? — Губанин х1илланах кхийтира со.

— Х1аъ, — жоп делира йо1а, цхьанхьа-м хьожуш, д1айоьрзуш.

Маржа я1, ма новкъа бара-кх суна йо1а х1инца хьаьжъюккъе х1оттийна шад. Иза-м ойла еш даима а ша-шаха х1уттуш хиллачух тера дара цуьнан. Амма оцу шадо и сол а цхьа б1е шо йоккха хоьтийтура суна. Со-м цунна хьалха боккъал а бера санна вухий вуьсура. Х1ун алан дезара аса цуьнга, х1ун дийца, х1ун хатта? Со-м сайн дахарехь дуьххьара йо1е вист хилан дезаш вара, б1аьсте санна езаеллачу йо1е.

— Малиж… Малижа, баркал хьуна г1о дарна! Оцу математиках цкъа а кхетарволуш вац со, — карийра суна алан дешнаш.

1умарас Малижига дуьйцуш хилларш дагадаьхкира суна. Амма соьга дийцалура долуш хабарш дацара уьш. Йо1-м кхетачух тера дара со х1инца а бераллера валанза вуй. Цо г1о дира суна:

— Хьо массарех хервелла, хьуо лелаш ма ву. Ма тамашена стаг ву хьо… кхечарех тера а воцуш, — элира цо.

— Акха ву алан г1ертий хьо? — бегаш бира аса.

— Акха-м хирг хира вацара хьо. Хьо саннарг къайлаха байташ язъеш хуьлур-кх. Вуй хьо байташ язъеш? — елакъежаш хьаьжъюккъера шад баьстира Малижас.

Стиглара доьссина малик гича санна хийтира суна х1инца, хьалха а санна.

— Байташ язъян-м хьекъал тоьур дацара сан. Ишкола чекхйоккхуш экзаменашкахь шиънаш ца дохуш к1елхьаравалахьара, — экзаменаш дагаяьхкина догкхуьйлира сан.

— Кхин д1а дешан дагахь вуй хьо? — хаьттира Малижас.

Суна-м 1умарас Малиже дуьйцуш сайна хезна къамел дагадеира.

— Стенгахь? — хаьттира аса.

— Институтехь, — иза иштта олуш санна атта долуш санна элира Малижас.

— Сан некъ боьдуш лаьтташехь Советан Эскаршка д1абоьдуш бу, — сайн дог-ойланах кхетийра аса йо1.

— Ткъа эскаршкахь г1улкх дина ваьлча ма мегар ду деша. Эскарехь ахьа хьо дика гайтича, институте хьажош кехаташ ло боху цигахь, — шенчунна т1ера ца йолура йо1.

— Сан институт трактор хир ю моьттуш ву со, — 1умаран дешнаш ца дицлуш йо1ана 1оьттира аса.

Йоь1ан хьаьжъюккъехь шийла шад д1ах1оьттира, сан дег1е шело хьодийтуш.

— Тракторан т1ехь а бан беза цхьамма болх. Дукха дика к1ентий, божарий бу техникаца болу болх безаш-м, — аьлла со цецваьккхира Малижас.

— Хьо юй дешан дагахь? Хаьржаний ахьа хьайна институт? — хаьттира аса.

— Ца хаа, конкурсаш яккхий ю боху институташкахь. Чекхъйолий-м ца хаьа, — элира йо1а ойлане.

Шен дан дезарг а, шен дахарехь ша дан г1ертарг а хууш, баккхийчара санна ойлаеш яра Малижа. Ишттачу нахах хуьлу-кх 1илманчаш, хьехархой, хьаькимаш. Са-м дацара оцу йо1ехь долучунна ах хьекъал а. Со-м висинарг а вохийнера йо1а.

Суна орцахболуш санна бийкира ишколан уьйт1ахь, тхошиъ даиманна а къастош горгали.

Тхан ишколан б1аьсте чекхялар тхуна гойтуш санна, кестта хилира тхан «Арахецаран бал». Малижас ца тергалвар новкъадаьллачу 1умарна тусаделла хиллера сан йо1аца гушйоцу юкъаметтиг кхоллаелла хилар. Амма соьга дов хьединарг-м 1умаран тешамен доттаг1 вара. «Арахецаран бал» эшаршца, хелхаршца гуттар а масабаьллачу хенахь, арара чувог1у со а, дуьхьала вог1у Майрбек а нисвелира лаьмнашкахь готтачу новкъахь ши экха санна дуьхь-дуьхьала. Цхьанна а ца лаьара некъ битина вухавалан. Ишколан т1ехьа къастийра оха шимма тхаьшан юкъаметтиг. Амма 1умар а нисвелира цига цхьа бахьана дохьуш. Кестта суна хиира и х1ун бахьана ду а. Майрбекаца девне валан кечвеллачу суна т1ехьашха т1екхетташ, со д1алацан г1оьртира 1умара. Ткъа Майрбек-м чу кхоссавелира, шен аьтто баьлла меттиг а карийна. Цигахь т1енисвеллачу, тхан классера к1анта Илесас г1олецира суна. Сан аьтто белира и дов юьхьк1амоца чекхдаккхан.

Ишкола чекхъяьккхина дукха хан юкъа ца юлуш, аса Малиже ма аллара, со шина шарна сайн декхар д1адалан эскаре вахара. Малижас суна ма хьеххара, эскаршкахь со институте хьажош кехаташ делира суна.

Эскарера мукъаваьллачул т1аьхьа со университете дешах1оьттича, Соьлжа-г1алахь гира суна Малижа. Иза г1алахь 1аш яра, доьшуш… Цхьана лаккхарчу хьаькимехь марехь а яра.

Аса эскарехь волуш цуьнга яздина хилла кехат йо1е д1а ца кхаьчна хиллера… дуьххьара а, т1аьххьара а яздина цхьа кехат.

2005 шо. Гуьйре.

«Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс!» Дийцар.


Б1аьстенан хаза денош кхин а самукъне деш хезара х1аваэхь зевне ч1ег1ардигийн аьзнаш. «Ч1иркъ! Ч1иркъ!» — аьлла нийсса хьан коьртат1ехула х1аваэхь т1ехъэкхашехь ч1ег1ардигаша аьлча, хьайна мел ца лаахь а, корта ирх ца берзийча ца 1алора. Ткъа б1аьсте йохьуш даьхкина хьеший-м б1ог1амашна юккъехь охкаделлачу токасерашна т1ехь мог1анаш бина 1аш хуьлура дехха. Царна улллохь нисвелча, ч1ег1ардигийн мог1анаша-м 1адавора шайн инзаре ч1ога зевнечу къийсамашца. Ша-ша говза алан г1ерташ, хаза алан г1ерташ хир дара токасерашна т1ера ч1ег1ардигийн къорза мог1анаш.

18+

Книга предназначена
для читателей старше 18 лет

Бесплатный фрагмент закончился.

Купите книгу, чтобы продолжить чтение.