12+
Х1ОРА БУСУЛБА СТАГНА А, ЗУДЧУННА А ОЬШУ ДО1АНАШ

Бесплатный фрагмент - Х1ОРА БУСУЛБА СТАГНА А, ЗУДЧУННА А ОЬШУ ДО1АНАШ

Деза до1анаш

Объем: 14 бумажных стр.

Формат: epub, fb2, pdfRead, mobi

Подробнее

БИСМИЛЛАХ1ИРРОХЬМАНИРРОХЬИЙМ

Хастам ба Аллах1ана даиманна, салават — салам хуьлда Алах1ан элчан Мухьаммадан, цуьнан гергарчарна а, асхьабашна а, церан некъа т1е мел волучунна а къемат де х1отталц.


Лараме вежарий, йижарий! Дуьненахь дуккху вонаш, баланаш, сингаттамаш, кхин дуккху а хала белхаш ду Дала Шен хьикматаца адам зуьш кхоьллийна долу. Дала Шен боккха къинхетам бина вайха дуьненахь Ша кхоьллинчу вонех вайна лар муха дала деза хьехарца. Царех лар далар Дала вайна т1едиллина.


Бусулба динехь вайна билгалла дина дуккху до1анаш ду адаман дуьненахь а, эхартехь а пайде долуш. Уьш бусулба стага лело дезаш ду. Амма уьш 1аламат дукха ду. Дуккху нахана ца дойзу уьш. Уьш ца довзаро царна боккха бохам хуьлуьйту. Баланашна, сингаттамашна, халонашна, вочу х1уманна схьабастабелла лаьтташ бу и до1анаш дешарца царех ларлуш боцурш. Къаьстина вай зама баланех, сингаттамех, цамгаршах юьзина ю. Т1къа и до1анаш шена дойзуша хилча а, уьш деша хан ца карайо тахана сиха йолучу замангахь бусулба стагна. Я хан кара йича а мало йо уьш деша. Цундела, къезиг стаг ву тахан х1окхарех цхьа до1а деш а!! Цахаарна, ца довзарна, мало ярна.


Цундела, вайн шарий1атехь деъначу до1анашна юккъера уггаре коьртанаш, боккха чулацам берш, адамин массо хьелаш чу лоцурш схьаакъастадина х1ара жайна кечдо ас хьуна, х1ай сан бусулба ваша, йиша.


Къезиг ду х1орш, т1къе пхийтта бен дац, къуръан чохь а, пайхари суннатехь а деъначу цхьа б1е т1къе шиъ до1ана юккъера схьакъастадина ду. Дукха дац, хан дукха д1алоцура яц, цхьа а тайпа ниц1къ бийра бац. Мелла самукъадолуш дийра ду ахь х1орш, х1унда аьлча хьуна гура ду, ахь мел доьхург хьуна х1ора дийнахь — буса оьшуш х1ума хилар, хьан аьтто, ирс цунах доьзна хилар, т1аккха уьш хьан даг чохь соцура ду, т1аккха ахь уьш доггара Делига дийра ду, т1аккха Веза-Сийлахьчу Дала ахь доьхург хьуна лура ду. Т1къа кхиъ сов, Делан элчанаш дина до1анаш ду х1орш. Цундела, х1окхарна Дала жоп далар т1ехь ч1ог1а ду. Цундела, хьуна атталийна, х1орш хьан даг чохь сацийта, доггара хилийта, нохчийн маттахь язъдина аса х1орш хьуна.

Х1ОРШ МУХА ДАН ДЕЗА?

Х1ара до1анаш шина кепара ду. Цхьа дерш хан тоьхна ду, цу хенахь деша дезаш. Вуьш хан тоьхна дац, муьлхачу хенахь деша мегаш ду уьш.

Хан тоьнарш хьалхара билгалла дина ду ас. Царех цхьа дерг, кхузза доьшу, цхьадерг цхьауз доьшу. Иза до1ан хьалха билгалла дина ду. И до1анаш дийнахь шозза доьшу, цундела церан ши хан ю:

Бесплатный фрагмент закончился.

Купите книгу, чтобы продолжить чтение.