
ДЕШХЬАЛХЕ
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Ислам — дин ц1аналлин дин ду. Бусалба стаг ц1ена хилар лоьху Ислам дино. Цундела, дукх ч1ог1а лерина терго йина шарий1ата бусалба стага 1ибадатехь лелон дезачу хина. 1ибадатехь хи леладар бохург — муьлха 1амал йу хи леладарца йеш йолу. Масала: ламаз эцар, нажасац бехъйелла меттиг ц1анъйар, дег1ах хи кхарзар, кхин а 1ибадаташ хица кхочуш деш долу. Царех лаьцна 1илма хила деза бусалба стегехь а, зудчуьнгахь а. Цундела, цунах дерг билгал деш язъдина вай х1ара жайна. Веза-Сийлахь Дала пайде дойла х1ара бусалба нахан.
Шовхал Сайд-Селиман кIант Хьусайн
2 Зульхьиджа-бетта 1447 хI. ш.=
16 Х1утосург-бутт (май-месяц) 2026 ш.
08:39.
ХИН ДАКЪОШ
Шарий1атехь хи деъ декъе доькъу:
1— Т1ох1у́р
2— Т1о́х1ир
3— Нажисун
4— Муста1мал
1-Т1ОХ1У́Р
Т1ох1у́р хи, — иза Дала ша ма кхоллара долу хи ду цуьнан муьлха бос а, чам а балахь, муьлха хьожа а ялахь. Иза ша ц1ена ду, кхийолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. И хи бен 1ибадатехь лело магийна дац шарий1атехь, х1унда аьлча и хи ша ц1ена ду, кхи йолу х1ума ц1ан ялур долуш ду. Цундела иза кхечу хих къасто хаа деза бусалба стагна.
Масала: Дог1ан хи, х1ордан хи, татолан хи, г1у чуьра хи, шовдан хи, луонах я шанах даьккхина хи, — церан муьлха хьожа я чам я бос хилахь а. Иштта Дала кхоьллина долу муьлха хи 1ибадатан ц1ена ду, иза Дала ша ма кхоллара далахь.
Амма т1ох1у́р хи йовхо лаьттачу бовхачу махкахь, эчигах я ц1естах йолу пхьег1а чохь малхехь дохделла долуш леладар дика дац, х1унда аьлча, цунах ч1оьран лазар долун дера. Амма шел делча лело мегар ду иза.
2-Т1О́Х1ИР
Т1ох1у́р хи, — иза Дала ша кхоьллинчу куьцера ц1еначу х1уманца хийцаделларг ду. Ц1ена хи ду иза, делахь а шех кхеттачу ц1еначу х1умано хийцина ду. Дала кхоьллина ц1ена хи шен куьцера д1адалар хуьлу, цунах кхеттачу ц1ена х1ума бахьна Дала ша кхоьллинчу басах я чомах я хьожах цхьаъ хийцадаларца. И хийцадалар шина кепара хуьлу цуьнан:
1—1аламан бахьанца хийцадалар.
2-Цхьам хийцар.
1—1АЛАМАН БАХЬАНЦА ХИЙЦАДЕЛЛА ХИ:
Адамо я кхийолу чохь са долчу х1умано хийцина а доцуш, 1аламан бахьанца ша хийца делла хи ц1ена ду, т1ох1у́р ду иза, 1ибадатехь лело мегар ду.
Масала:
— Дукха лаьттина шен хьожа хийцаелла я чам хийцабелла я бос хийцабелла хи, — и хи т1ох́ур ду. И бохург, кху тайпа хи 1ибадатехь лело мегаш ду.
Бесплатный фрагмент закончился.
Купите книгу, чтобы продолжить чтение.