12+
Доьхна де: Йо1 Деца Къастар

Бесплатный фрагмент - Доьхна де: Йо1 Деца Къастар

Объем: 14 бумажных стр.

Формат: epub, fb2, pdfRead, mobi

Подробнее

ДОЬХНА ДЕ: ЙО1 ДЕЦА КЪАСТАР

ДЕШХЬАЛХЕ

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Ашх1аду алла илах1а иллаЛлох1 ва ашх1аду анна Мухьаммадар росулуЛлах1.

Амма ба1ду:

Аллах1ан Элчи (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) шен х1ора доьзалца шен-шен йукъаметтигаш хилла, хилла-лелла х1умнаш а хилла. Иштта хийлаз хуьлу хьахош Аллах1ан Элчан (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) шен йо1 Фат1иматац а хилла-лелла белхаш. Уьш дериш хьахдан нийат дац вайн, делахь цаьршин йукъахь т1аьххьар хилла йукъ меттиг хьахъян лиина вайн, х1унд аьлча ч1ог1а дагах кхеташ йукъ меттиг йу иза. Дагна ла хала а ду иза, маттан йийца атта а дац, делахь а Аллах1ан Элчан (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) шен т1аьххьар доьзалех къастар а долун дела, ткъа церан доьзалех т1аьххьар йисина йо1 Фат1имат шен дех къастар а долун дела цу дийцарехь, иза хьахадо вай, хуьлучун пайда а хила, оьцучо масал а эца царех.

Веза-Сийлахь Дала пайде дойла х1ар жайн бусалба нахан.

Шовхал Сайд-Селиман к1ант Хьусайн

ДОЬХНА ДЕ: ЙО1 ДЕЦА КЪАСТАР

Аллах1ан Элчан (Аллах1ер салават а, салам а хуьлда цунна) ворх1 доьзал вара: йиъ йо1 а, кхоъ к1ант а. Цунна уьш ч1ог1а дукх безара, цхьа а къаста ца вора шен безамца а, уьйраца а. Царн х1оранна а цо даима терго йора. Уьш кегий болуш а, баккхий болуш а цо даима 1алаш бора уьш, даима церан терго а йора. Царех х1ораъ цуьнан х1оме вара, х1ораъ дуьне мех а вара.

Делахь а, Веза-Сийлахь Дала массо кепар зийнера Шен Сийлахь Элча, ткъа иза зийначух дара иза шен доьзалх къастар а. Цхьа верг жима волуш кхелхира цуьнан доьзалех, цхьаверг воккха волуш кхелхира. Кхо к1ант жималла чохь кхелхира цуьнан, йо1рий баккхий болуш кхелхира. Шен кхаъ к1антах а, кхаъ йо1ах а, къаьстира иза уьш цулла хьалха кхалхарца, ткъа цуьнан цхьа йо1 цунах къаьстира иза кхалхарца йо1 т1ехьа а йуьсуш. Ша цхьаъ йисира и йо1 шен нана а, кхо ваша а, кхо йиша а, хьоме да а кхелхина. Ма хала даркх цаьршин вовше къаста, ма хала даркх дена шен йо1 йита уллехь йиша йа ваша доцуш. Ма хала даркх йо1на шен доьзалех т1аьххьар висинчу шен хьоме дех къаста. Амма Веза-Сийлахь Аллах1ан кхел ца лелча ца йолур, цунах кхеташ дара и ший а.

Бесплатный фрагмент закончился.

Купите книгу, чтобы продолжить чтение.