18+
ЧIир

Объем: 362 бумажных стр.

Формат: epub, fb2, pdfRead, mobi

Подробнее

«ЧIИР»

роман I-ра том

гочйина Дикаева Янинас
редактор Акаев ИсмаIал
Перевод Комп*они «Перо — Дош ДикА»
chinhoisma@gmail.com

Авторан биографи

Хараев ИбрахIим вина 1967-чу шарахь Казахстанехь.

1998-чу шарахь дуьйна вехаш ву Вовшахтоьхначу Iамаьркан Штаташкахь — цкъа Нью-Йоркехь, ткъа цул тIаьхьа Лос-Анджелесехь. Хараев ИбрахIим спортан а, медицинин а, иштта кинематографан а гIуллакххо ву.

Дешхьалхе

БисмиллахIиррохьманниррохьим!

Беза бу чIиран мохь. Цуьнан йозаллин мах хадалур бац, чIиран дукъ шен белшаш тIе доьжна ца хиллачунга. Хараев ИбрахIима шен «ЧIир» цIе йолчу книги тIехь йаздо чIиран лазамех, чIиран гIиллакхех, чIир йекхарехь а, йитарехь а лардан дезаш долчу дозанех лаьцна а, иштта чIиран ламастан — маслаIатан сирла некъаш лардича хуьлучу диканех лаьцна а, ца лардича хуьлучу зуламах а лаьцна а. Йаздархочо исбаьхьаллин дашца кIоргера васташ кхуллуш довзийтина йешархочунна чIиран ламаст.

ХIара дешхьалхе йазйеш волчу суна къаьсттина лазаме бу «чIир» бохучу дешан чулацам, хIунда аьлча ткъе ворхI шеран йохаллехь сан дас дIакхехьна чIиран беза мохь. Со дуьненчу вала иттех шо хьалха девнехь стаг вер нисделла хилла сан ден. Со пхийттара валлалц леллера сан да чIирхочун цIе лелош, цу девнан кхин маслаIат дан аьтто ца болуш. Беха хилла тхан доьзалан чIиран некъ. Ма атта некъ бац иза. ХIора а дахаран мIьарго дIайоьду, ткъа рогIераниг шеца хIун дохьуш йогIу ца хаьа. Дерриге а дуьне мокхачу басахь ду чIиран новкъа ваьллачунна. Шен диканехь самукъадала а аьтто боцуш, нехан вуонехь дакъа лаца а йиш йоцуш дIаоьху цуьнан зама. Маржа-йаI! Дахаран хийла къаьхьа кад мийла дезна чIирхочун доьзална. ЧIирхочунна тIехь йоккха жоьпалла йу нохчийн къоман Iадатийн лехамашка хьаьжжина. Бехке нахана дика деъча, йа вуо а, цу диканехь-вуонехь латта чIирхочунна тIехь дац олуш ду нохчийн Iадатаца. Цунах а хаьа мегар ду мел ирча а, къаьхьа а хуьлу чIирхочун дахаран некъ.

Нохчийн къоман къаьсттина дукха ду ваIташ. Пхийттара ваьллачу жимачу стага йукъ йоьхку, тIаккха магийна ду чIир оьцуш, цуьнан цIий Iано. Пхийттара ваьлчхьана дуьйна даккхий декхараш оьгу нохчийн жимхан белшаш тIе. Шен доьзалехь цIенна тIедеанчу муьлххачу а вуонан буьззинчу барамехь дакъа кхочуш ву иза. ХIетахь дуьйна иза жоьпаллехь ву ша дIабоккхучу хIора а когана, дIаолучу хIора а дашна. Оьздангалла, ларам, эхь-бехк, йаьхь — цу кхетамашца дустина хила деза цо дахарехь ша шелош дерг. Цунна тIехь ду бусулба умматана тIедожийна долу парзаш — ламаз, марха, закат, хьаж, иштта Iийдан а, докъан а ламазашкахь дакъа лацар. Нохчийн гIиллаккхийн лард, уггаре а лаккхарчу мехалашах цхьаъ ду — воккханиг ларар. Кхузткъе кхаа шарна тIехваьллачул тIаьхьа гIодайукъ йостуш йу къонахчо. Цул тIаьхьа иза воккха стаг лору. Кегирхой цуьнца ларам лело декхарийлахь бу, ткъа иштта воккха стаг чIирана кIелхьара а волу, амма чIир цуьнан доьзалшна тIехь йуьссу. Нохчийн Iадате хьаьжжина, нагахь санна куьйг-бехкениг дийна а волуш, цуьнан доьзалера куьйг-бехке боцурш чIирана кIелхьара боху. Пхьа эца бехк боцуш вийначунах, амма цуьнан кхел Делан кара дIа а йелла, Делан доьхьа стаг витинчунна, Дала ша йоле дуьллур ду Къемата дийнахь. Стаг витина, маслаIат хилла, дов дIадирзиначул тIаьхьа, витина стаг вийначунна Дала шегара кхел кховдор йу аьлла, дуьнен чохь а, Къемата дийнахь а. Цуьнан къеггина масала ду кху романан турпалхочо Даргов Адамс динарг, шен дедас биъна дуй къарбеш, цо йитина чIир карлайоккхуш, цо делла дош дохош, цIий Iанийна цо, оцу кепара шен доьзал бIешерийн йохаллехь ирсах, синтемах, паргIатонах боккхуш. Цуьнан масаллица гуш ду вайна мел чIогIа а, кIоргера а хуьлу Делан оьгIазло. Къаьсттина билгалдаккха деза кху романан турпалхоша — вовшашца чIир йолчу шина доьзала нохчийн Iадат дохош, чIирах шайн дахаран маьIна дина. Йуьхьанцара делла дош дохийна, биъна дуй къарбина и ши доьзал Делан неIалте бирзина хилар гуш ду вайна, цундела ца болу и ши доьзал шина бIешерахь чIиран мохьах паргIат. Нохчий цкъа а ца хилла цIий Iано хьаьгна. ЧIиран ламаст нохчийн йукъараллехь дийнна институт хилла, шен бакъонашца а, культурин лехамашца а. Шортта масалш диссина къоман иэсехь чIираца доьзна.

Ширачу заманехь цхьа къонаха хилла бохуш дуьйцу шен божалин кертахь гIуллакх деш. ЦIеххьана цунна хезна йуьрта йуккъехь йаьлла гIовгIа. Божалин кертара араваьлла ладугIуш лаьттачу цунна гина шортта жIаьлеш цхьаьна а долуш борз эккхийна йогIу адамийн тоба. И борз йедда йоггIушшехь кхо йиллина йитинчу неIарехула божал чу иккхина, шена тIаьхьа бевллачарех кIелхьарайалархьама. Божалин кертан зайл дIачIагIбеш, къонаха тобанна хьалха дIахIоьттина. Шайн жа йукъа иккхина, уьстагI бахьа гIерташ, шайна зен дина, шайн мостагIа йу иза, шаьш йен йезаш аьлла — адамийн тобано.

— ХIан-хIан! Цо мел даккхий зенаш дина хиллехь а, тахана иза сан хьаша йу, сан тховкIел йеана, цундела со цунах жоьпаллехь а ву нохчийн Iадате хьаьжжина — аьлла къонахчо. Ткъа цул тIаьхьа шен кара топ оьцуш, шен са даьккхина бен цу барзана тIекховдар дац шу — аьлла бохуш дуьйцу цу стага. Ишта ду нохчийн кIоргера, сирла гIиллакхаш.

Хараев ИбрахIиман хIара книга йоьшуш, сайн дахарера цхьа масала дало луур дара суна. Сан дас Наурдина ишта бовзийтира соьга шен дахарера цхьа башха хилам:

— «Цхьаьна шарахь Олхазар-КIотаран орцана тIехьара Суорат олучу цхьаьна меттиге мангал хьакха дагахь араваьллера со. Цу хенахь хьан диъ шо дара, ткъа со нехан стеган цIий Iанийна, чIирхо вара. Сайца кхин накъост воцуш, со ирзошкахула дукъаца хьалавоьдуш вара. Суна дуьхьал кхийтира Имам Шемалан наиб хиллачу Дубин тIаьхьенах волу Дуда. Дудас, салам а делла, хаьттира соьга:

— Ва Наурдин, хьо стенга воьду хьуо пIелг санна цхьалха?

— Суоратахь жимма мангал тоха меттиг йара сан билгалйина, цига ваха араваьллера со… — жоп делира аса.

— Со а ма вара жимма волавала дагахь. Со схьавогIу хьуна, дукха ца Iаш. Кхузара меттах ма валалахь! — дийхира соьга Дудас.

Иза Дуби йуккъе шен цIа а вахана, топ а, мангал а бохьуш схьавеара, тIаккха тхойшиъ цхьаьна Суорате вахара. Со кхийтира Дудас лелочунах. Иза суна накъосталла, Iуьналла дан хIоьттинера, со чIирхо хилар шена хууш долу дела. Сарралц соьца мангал хьокхуш хан йаьккхина, тIаккха со сайн цIа а кхетийна дIавахара Дуда. Ма хаза гIиллакх дара цо соьца хIоттийнарг — дерзийра шен къамел сан дас.»

Цо соьга иза дуьйцучу хенахь сан кхойтта-дейтта шо бен хан йацара. Дукха зама дIаэхна цул тIаьхьа. И Дуда суна дагавогIу. Хьуьнан хехочун болх беш вара иза. Тахана Дудин кIант Бадрудди сайна схьагича, сайн да а, цуьнан да Дуда а дагаоьху суна. Дала царна геч дойла. Уьш дийна болуш санна самукъадолу сан иза гича. Ма йаьхь йолуш, доьналла долуш къонахий хилла уьш. Билгалдаккха деза, цу дагалецамашкахь, тахана ишта волу чIирхо ша воьдуш шена гича, цхьацца берш айкх эцна бовдур бара цу чIирхочун мостагIашка. Кху дешхьалхенехь аса йаздеш долу хIара масалш, къаьстина вайн тIаьхьено тидам баре сатуьйсуш йаздо аса, сайна къинтIера довларе доьхуш.

Йешархо, хIара книга йеша волалуш, собаре хила хьо. Сих ма ло мах хадо, леррина ойла йеш хила хIора а вастана тIехь. Заманан йохалла ша дерриге а хийцалуш хуьлу хьуна. ХIора стеган дахарехь хIун нисло ца хаьа АллахI Дела ша воцучунна.

Лаьара суна сайн дас дийцина чIирах лаьцна кхин цхьа масала дало. Дуккха а дуккха а шераш хьалха лаьмнийн марахь Iуьллучу ЧIиннахахь цIий Iанар бахьана долуш, цхьаьна тайпанера шина кIотарна — Боки-дукъархошна а, уьшкхалхошна а йукъахь заманан йохалла дIадоьдуш дов дара. И шайна йукъара чIир кар-кара а оьцуш дIакхоьхьуш дара цара и мостагIалла. ТIекхечира тIеман и къиза шераш. Паччахьан Iедало ницкъ бина ламарой шайн маршо къовса гIевттина мур бара и. Цу тIамехь майраллица летара Боки-Дукъара ТIас а, цуьнан ваша Арсгири а. ХIетахь церан чIир йитаза йара, хIунда аьлча кхара уьшкхалхойн байинчу нехан терахь ворхI стаге даьллера, ткъа Боки-дукъархойн дуьхьал винарг йалх бен вацара. Оцу кепара и чот нисъйан, уьшкхалхой декхарийлахь бара шайн чIир эца. Амма тIеман кIурлахь-м церан мостагIа цхьаъ хилира, хIунда аьлча къуьйссуш йерг Даймехкан маршо йара. Цигахь ламанца Паччахьан эскарна дуьхьал летачохь, Арсгири шен ваша ТIас цхьаьна а волуш тIекхечира мостагIчун герз кхетта воьжначу уьшкхалхочунна. Хетарехь, цуьнан накъостий и дакъа дIадахьа аьтто ца болуш дIабахнера. Йуьхьанцара воьхнера иза, шаьш церан чIирхой хиларе терра, амма кийра буьзна йолчу нохчаллина шена хиира кхи дIа хIун дан деза. Меллаша охьалахвелла, шена тIера верта схьа а даьккхина, Делан цIе а йоккхуш, дакъа цу йукъа а хьарчийна, иза веллачун говра тIе а диллина, шен ваша ТIас тIаьхьа а хIоттийна новкъавелира Арсгири.

Сахуьлуш, Уьшхкхала кхочуш, цо меллаша, дIахийцира говр. Iуьйранна и говр шайн керта еъча, цу тIера шен кIентан цхьаммо леррина гIайгIа беш кечдина дакъа охьа а доккхуш, дас элира:

— Суна хаьа хIара тайпа хIума дан доьналла Арсгирехь бен хир дацара. Йуха Боки-Дукъа агIоне дIа а хьаьжна, цо и йуьрт йекош мохь туьйхира:

— Арсгири! Хьо тоьлла хьуна тахана!

Маржа-йаI, мел деза лоруш хилла нохчийн лаьмнашкахь адаман дахар а, Iожалла а. Уьшкхалахь доьдуш тезет а долуш, Боки-Дукъа геланча кхечира, Арсгиран хабар дохьуш:

— Шуьца долу мостагIалла тховса чекхдаьлла, уьшкхалахошна лаьа шу шайн тезетахь ган — аьлла.

Оцу кепара Боки-дукъархоша гайтина йаьхь бахьана долуш, шерашца лаьттина мостагIалла хадош, тIаьххьара шайн вийна стаг витира царна уьшкхалахоша. Шайн мостагIаша гайтиначу доьналлин дуьхьал шайн лаккхара син-оьздангалла а, гIиллакх а гойтуш…

Уьшкхалахой кхетара Арсгирина хIуммаъ атта ца хиллий тIеман кIурлара шен мостагIчун дакъа схьаэца. Нохчашна даима а мехалла хетта шайн стеган тIехIотта коша барз хилар, цундела иза шена хууш, мостагIий уьш боллушшехь, вийна Iуьллучун доьзалан ойла йинера Арсгирис а, цуьнан вашас — ТIасас а.

Амма кху книгин турпалхойн амалан йоккха башхалла йу ас масалийна йалийначу кийсаган турпалхойн амалца. Генарчу махкара вешин дакъа дохьуш вогIуш верг шен чIирхо вуй хиъча, иза вуьйр ву ша олу романан турпалхочо. Оцу кепара вайна гуш ду цкъа мацах биъна дуй къарбар бахьана долуш, Делан оьгIазло шина бIешарехь тIера ца йаьллачу шина доьзална йукъахь йолу чIир нохчийн ламастех йоьхна хилар.

Сайн дешхьалхе йерзош, кхин масала дало лаьара суна:

— Ши доттагIа хилла бохуш дуьйцу, цхьаьна заманехь чIогIа дегайовхонца гергарло лелош, нехан бIаьрг хIуттуш цу шиннан гергарлонах и шиъ масалийна валош. Цу накъосташах цхьанна йуьртахь хазаллина цIе йаьккхина йолу цхьа йоI хилла йезаш, иза цуьнга вистхуьлуш хилла, амма доттагIчунна цунах лаьцна хууш ца хилла хьуммаъ. Цкъа цхьаьна дийнахь синкъераме вовшахкхеттачохь, шолгIачу накъоста хабар тIедахьийтина хилла йоьIана, ткъа цуьнан доттагIа оьгIазвахана и йоI шена йезаш ма йу — аьлла. И бахьана долуш доккха дов даьлла хилла накъостийн. Цара сацам бина и дов шаьлтанашца къасто. ШолгIачу дийнахь йоI йезаш хиллачуьнан доттагI йуьрта йистехь охьахиъна Iаш хилла шаьлта а кечйина, накъост схьакхачаре хьоьжуш. Иза ца вогIуш хан йаьлла хилла, тIаккха цо бажа лаьллина воьду жима кIант вахийтина цуьнга схьавола ала. Дукха хан йалале кIант схьавеъна цу накъосте хабар дохьуш, хьоьга хьан доттагIчо бабас бовха хьокхам а, тIо-берам а бина, и баа схьавола боху — аьлла. ХIара цецваьлла, тIаккха дукха хан йалале церан керта а ваьлла шен накъосте мохь тоьхна:

— Баби тIо-берам безара суна, амма иза баа со къонаха вац хьуна! — йуха а вирзина дIа вахара иза гIийла ойланашкахь…. Оцу кепара, Хараев ИбрахIиман книгин турпалхойн васташа а гойту бабин тIо-берам мел доккхачу а девнал мерзох а, безох а хилар.

Журналист,

йаздархо,

Евразийски кхолларалин Гильдин

декъашхо Акаев ИсмаIал.

2022 шо.

«Шаьлта»

…МостагIчун са айдеш, хьо хийла цIевзина,

ДоттагIчун сий айдеш, харцонца къевсина.

Къонахийн буйнахь хьо ткъес хилла лаьттина,

КIиллочо хьан ховха мехкан сий дайина.

Акхачу ойланца хьо пхьеро ирйина,

ЧIирхочо бодашкахь хьо шеца текхийна.

Алахьа, моссаза хьо цIийца йилхина,

Хьайга сатуьйсучохь ботт цхьалха йитина,

Тешаме хилла хьо дог стешха воцчунна,

Кхераме хилла хьо тешнабехк болчунна,

Маьлхан нур хилла хьо йаьхь йолчу кIенташна,

Iаьржа дIовш хилла хьо цу кIентийн наношна…

Малаков Ваха

Корта I

Дадиев Руслан (20I4)

I

Нийсса йалхийтта шо даьллера Руслан дахаро шатайпа къизаллица зийна. Тверской урамехь йолчу шен офисан корехула вехха хьоьжура иза дуьненан гIуллакхаша дIасхьаидочу адамашка. ХIорд санна йоккха а, йистйоцуш а йолчу кху гIалин стигла кхийда и леккха гIишлош бен доцуш хьоьжура адаман гIайгIанашка. Масех шо дара Руслан кхузахь веха. ХIора а дийнахь цхьа хаттар хьийзара цуьнан замано хьере биначу коьртехь — хIун бахьана долуш лачкъийна кхуьнан цхьаъ бен воцу кIант? Муьлхачу бекхаман гураша лаьцна цуьнан жима дахар? Цу ойланаша къийзош мIараш туьссура Русланан догах, ткъа хIора а буса гIенашкахь дуьхьалтуьссура кIентан и хьоме сибат. Буьйсане сатуьйсура Руслана. Иза хьаьгна хуьлура набарна товжа. ХIора а буса гIенашкахь вогIура, дукха жима волуш, кхуьнан дахарера тIепаза вайна волу цхьаъ бен воцу кIант. Сийсара берхIиттара ваьлла гира цунна иза гIенах. Хазачу аматехь жима стаг кхиънера кIантах. Иза безамца велакъежара шен дена, ткъа бIаьргийн хьежар кIоргера а, кхетаме а дара. Руслан гIенах цхьа хьехар деш вара кIантана, цуьнгара гIалат даларна кхоьруш, ткъа Микаил леррина шен дега ладугIуш вара. Эххар а, самаваьлла Руслан кхийтира иза гIан хилар. Мохь-цIогIа тоххал балано буьзнера кийра. Ма мекара хиллера кхоллам — цхьаъ бен воцучу кIантах хIара ваккхарал совнаха, хIинца цо хIора а буса хьегош ву иза цу кIентан марзонах… Руслан кхоьрура ша тIаьххьаре а галваларна, цундела цо сацам бира психолог волчу ваха.

НеI тоьхна, чоьхьаваьлча, цунна гира хетарехь кхузткъа шо хир долу, тайна аматехь цхьа зуда. Цунах бIаьрг кхетташшехь хах-аьлла дог паргIатделира Русланан.

— Жима стаг, со ладугIуш йу хьоьга — йистхилира иза.

— Доктор, боккха бала бу сан кийрахь беза мохь хилла — тийссалуш, долийра шен къамел Руслана.

— Дер цхьа бала ца хиллехь, хьо со йолчу а вогIур ма вацара — йелакъежира иза. Муха йу хьан цIе?

— Руслан.

— Дика ду, Руслан. Ма-дарра ша дерриге а дийца соьга, цхьа а хIума къайла ца деш.

Руслана дийцира. Церан къамел шина сахьте дахделира. Дуккха а дуккха а шерашкахь Руслана кийрахь мел къийлинарг тховса, зайл дIабаьккхича санна дешнашца охьахецаделира. Эххар а шен къамел дерзош Руслана довзийтира шен коьрта дехара:

— Доктор, хIун де ас и гIенаш совцо? Со гIелвина цара…

Лор йистхилар доцуш, леррина Русланан бIаьра хьоьжура. Кху йоцачу ханна йукъахь цуьнан догах чекх ма делира Руслана мел лайнарг. Цуьнца нийсса и некъ бича санна гIелйеллера иза, ткъа йуха дегочу озаца, меллаша жоп делира цо Русланан хаттарна:

— Ма ирсе ву хьо. Ас дукха хIума дIалур дара цу гIенийн йийсарехь со тахана а хилийта.

Руслан цецвелира…

— Суна бевза къастаран и къаьхьа чам. Сан а вара хьан санна цхьаъ бен воцуш, сайн сил дукха везаш кхиийна кIант. Некъан бохамехь велла иза, мотоцикл тIехь хехкина вогIуш. Масех шарахь хьуна санна гIенашкахь оьхура иза суна. Аса а ахь санна сатуьйсура буьйсанан бодане. ГIенахь иза мел го, сан са паргIат дара, сайн хьоме кIант дийна волуш санна, амма цIеххьана и гIенаш севцира. ХIетахь кхийтира со мел кIоргера, мел йистйоцуш бу сан кийрахь IаьIна бала. Цу гIенашца цхьаьна дIабайра кIант дийна хиларан сан тIаьххьара сатийсам. Ма дукха хIума дIалур дара ас, цкъа мукъне а гIенах цуьнан гIалартах бIаьрг тоха. Амма иза цкъа а хир дац. КIант йа дуьнен чохь а, йа сан гIенашкахь а вац. Нагахь санна хьо со йолчу и гIенаш йухадерзо дехарца веанехь, со кхетар йара хьоьх, цхьа гIо дан хьожур а йара, амма хIинца со тешна йу хьан кIант дийна хиларах. ГIенах санна, самах а хьуна гур ву иза.

Нана йоцуш кхиъначу Русланан дог кIаддинера зудчун цу лазаме къамела. Меллаша цунна хьалха охьалахвелла, иза маракъевлира Руслана. Цунна бен дацара иза муьлхачу къомах йа, динах йу, карарчу хенахь иза нана йара, Руслан санна шен сих даьллачу берах къаьстина нана. ЦIеххьана шена ца хаалуш, цунах нана элира Руслана. Маржа-йаI, кхоллам! Ма кIоргера, ма шатайпа йу хьан къайленаш. Дуьнен чохь вехаш стагана гонаха шортта адам хуьлу — гергара нах, накъостий, доттагIий, амма заманан йохалла, кхолламо цацан чухула санна луьсту уьш, цундела хьуна ца хаьа дахаран чолхе киртиг тIеIоттайеллачу муьрехь хьуна уллохь мила хир ву. Хьо уггаре а тешначо тешнабехк беш а нисло, хьуна уггаре а хийра хеташ хилларг хьан дагна гергара а нисло. Хийла замано зийначу Русланна а ма ца хаьара эххар а заманан майданехь кху оьрсийн зудчух ша нана эр дуй, цо шен дахарехь маьIне меттиг дIалоцур йуй а. Дала йаздина хиллера кийрахь мел IаьIнарг Руслана къаьсттина цуьнга дуьйцур хилар. Шатайпа ойланаш хьийзара Лидия Андреевни коьртехь а. Шен корматаллин башхалле хьаьжжина, хийла стеган гIайгIанашка, баланашка ладийгIина йара иза, амма тахана санна царех цхьа а цуьнан дагна ишта уллора ца хеттера, хIунда аьлча Русланан а, цуьнан а дегнаш цхьатерра лозура, уьш лаьцна йолу аьчка мIаранаш цхьатерра шийла а, къиза а йара. Лидия Андреевнин кийрахь цхьа шатайпа синхаам, цхьа шатайпа йовхо йаьржира. Шен цхьаъ бен воцу кIант дийна волуш санна, дахар йуха а деса ца хийтира зудчунна, лозучу дагчохь йуха а сирлачу кханенга сатийсам баьржира. Амма Руслан дIавахча, иза кхийтира гIенашкара шен кIант дIавахча санна ша йуха а цхьалха йиссина хиларах.

ШолгIачу дийнахь Руслана телефон туьйхира цуьнга:

— Бехк ма биллалахь суна. Сийсара дукха ойланаш йинера ас… хIусамехь соьгара гIо оьшуш хIумма а дуй хьан? Масане хуьлу… Хьоьх айса нана аьлла и мIаьрго йиц ца ло суна. И синхаам мелла а бахбан лаьара суна.

Лидия Андреевна йоьхнера. Ишта дехара йукъа ца догIура кхо кхочуш деш долчу лоьрийн декхаршна.

— Амма со хьан нана ма йац! — йоьхна жоп делира цо.

— Сан доккха цIено ду. Чохь со воцург кхин стаг вац. Хьуна лаахь ас дIайуьгур йу хьо со волчу.

— Амма со хьан нана ма йац! — йуха а дийкира цуьнан диканах дог диллина, гIийла аз.

— Йац. Хьо бакъ лоь. Бехк ма биллалахь со ишта хьайн коча варна. — Жоп делира Руслана. Цхьаьна мIаьргонна хIоьттина тийналла йохош, йистхилира Лидия Андреевна.

— Собар дехьа — цIеххьана цхьаъ дагадеача санна тохайелира иза…

Ишта тассаделира церан гергарло. Жимма хан йаьлча, Руслан кхетар ву ша кхолламо эрна валийна ца хилар Лидия Андреевнин неIаре.

Руслан балхахь волчу хенахь, цо наггахь бен ца тухура телефон. Цкъаццкъа СМС хаам йазбора:

— Муха ву хьо, сан кIант олий? Цо хазахетарца Русланна пхьор кечдора. Дагара дуьйцуш, деха къамелаш деш, дIаоьхура церан синтеме суьйренаш.

Цхьаьна дийнахь Русланан чIогIа мехала цхьанакхетар дара Сибрехара мехкдаьттанан компанин куьйгаллица, цундела шен гIоьнчига ша тIедогIучу кхаа сахьтехь хье ма ве аьлла дийхира цо. Амма цхьаьанакхетар доладеллачу хьалхара миноташкахь, Лидия Андреевнигара смс-хаам кхечира: «Руслан, сихонца соьга телефон тоха». Руслан кхийтира цхьа сингаттам ца хиллехь, Лидия Андреевнас и тайпа хаам йазбийр бацара.

Цо сихонца телефон туьйхира цуьнга:

— Нана, хIун хилла?

— Руслан, телевизорчухула гойтуш Iамаьркан передача йара. Цигахь дуьйцура нохчийн эммигрантийн доьзалах лаьцна. Церан кIант вара… Руслан, ас видео йаьккхина, иза хьан электронни почте дехьакхоьссина. Суна хетарехь, и кIант…

Руслан телефон охьакхуссуш, шен цхьаьнакхетар а, дерриге а дуьне а дицделла, компьютер йолчу дIатассавелира. Кийрара араэккха доллуш санна, детталора Русланан дог. Цхьаъ цхьанна тIаьхьа хийцалуш, бIаьргаш хьалха хIуьттура дIаэхначу заманера суьрташ. Видео тIехь гуш вара, нийсса йалхийтта шо хьалха хIара лачкъийна хилла волу стаг. Ткъа цул тIаьхьа Русланна гира шен кIант. Сийсара кхуьнан гIенахь санна вара Микаил — хазачу аматехь, кхиъна ваьлла жимха. Цу суьрто Iадийнера Русланан берриге а кхетам. Шена чуьра са дIадоьдуш санна хеттачу Русланна ши бIаьрг схьабиллича гира шена уллохь хьийза лоьраш а, лазаран цIийнан кIайн пенош а.

— Руслан, сан кIант, къинтIера валалахь суна. Айса дика болх бо моьттинера суна… — элира Лидияс.

Руслана йукъахдеккхира цуьнан къамел.

— Нана, иза ву Микаил. Сан кIант дийна ву, ткъа иза ду уггаре а коьртаниг. Дала мукъ лахь суна карор ву иза…

Ши де даьккхира Руслана больницехь. Ткъа цIа веъча, дукха хан ца йойуш, шен накъосте телефон туьйхира.

— Олег Григорьевич, со Руслан ву.

— ЛадугIуш ву, сан диканиг! Соьгара хIун накъосталла оьшу хьуна?

— Цхьа стаг ву ас лаха везаш. Гельдман Яков йу цуьнан цIе. Иза ша ГIизларера (Кизляр) ву, эзар исс бIе дезткъе кхоалгIачу шарахь вина а ву.

Дукха хан йалале инарла зIене велира. Цо хаам бира Яков Iамаьркахь вехаш ву аьлла. Цуьнан телефонан номер каро хала ца хиллера, цундела шолгIачу дийнахь Руслан Гельдманца зIене велира.

— Хеллоу! — хезира Русланна ингалс маттахь, ткъа аз дагна гергара а, хьоме а дара. Цкъа а дицлур дацара Русланна шаьш цхьаьна йийсарехь йаьккхина хан, лайна бала, вовшашка кхийдош хилла сатийсам.

— Яша, цкъа а воха мегар дац! — маршалла ца хоттуш, жимма соцунгIа а йина жоп делира Руслана. Цунна хаьа лаьара Яковна дицделлий шайн билламан дош.

— Руслан! Хьо стенгахь ву? Муха ву хьо? Нохчийчоьхь вуй хьо? — хазахетаран мохь белира Яше. Телефончухула хезаш дара иза Iаш волчура схьалаиккхина, чухула дIасаидар.

— Яша, со карарчу хенахь Москвахь ву, амма ши де даьлча Лос-Анджелесехь хила дагахь ву. Ас ша дерриге а дуьйцур ду хьоьга, амма хьоьгара жимма гIо оьшуш хьал ду соьгахь.

— Руслан, сайн ницкъ кхочург дийр ду ас хьуна. Сан дахар лардина стаг ма ву хьо, цундела хьуна вошалла ца дича ца волу со! Цхьа а лачкъо а, вадо а дезаш хьал-м дац цигахь? — велавелира Яков…

II

Билгалйиначу хенахь охьалахделира Москва-Лос-Анджелес кема.

Тай-тайпаначу къаьмнех йуьзна йара, хIара йоккха гIала. Массанхьара схьахезара церан къамелийн гIовгIа. Дахар кхехкаш дара кхузахь. Эпсара Русланан паспорте а хьаьжна, хаьттира:

— Дуьххьара вогIуш вуй хьо, Iамаьрка?

— Ву!

— Белхан гIуллакх долуш йа, хьошалгIа веана хьо?

— ХьошалгIа веана кIант волчу. Кхузахь доьшуш ву иза — велакъежира Руслан.

— Дукха хан йуй хьуна кIант ганза?

— Йалхийтта шо ду!

— Мел хан йу хьан кIентан? — хаьттира эпсара, Русланан паспорта тIе штамп а тухуш.

— ВуьрхIитта шо ду!

Эпсар цецваьлла хьоьжура Руслане:

— Оццул хьайн кIант ца гуш хIун деш Iаш вара хьо? Са ца гатделлера хьан?

— ЧIогIа гатделла, сэр, амма сан дахаран хьелаш ишта нисделла. Со бехке вац хьуна.

— Дика ду тIаккха! Дала аьтто бойла хьан! Марша а вогIийла хьо, Iамаьрка.

— Баркалла хьуна!

Кхаа шарахь са ца доIуш болх бина волчу Руслана, хIинца кхойтта сахьт кеман тIехь даьккхинера, амма дегIаца гIелвалар ца хаьалора цунна, хIунда аьлча са паргIат дара. Йалхийтта шарахь ша сатийсинчу дийне кхаьчна волчу цунна тховса гуш кхин хIумма а дацара, гIенашкахь дуьхьал тийссина хилла шен кIентан гIаларт бен.

— Руслан, со кхузахь ву! — цуьнан ойланаш йукъахйехира дуьхьал вогIучу Яшас.

ДоттагIий доггах маракхийтира. Йалхийтта шо хьалха, ткъе итт де йийсаре а даьккхина араваьллачу хенахь санна, тахана а лаьттара и шиъ вовшах къаста ца луш. Якове хьоьжура Руслан. Хала дара теша, хIара гIеметтахIоьттина, маж йаьлла стаг, кхуьнца цхьаьна йийсарехь бала лайна волу пхийттара ваьлла жимха хиларах. ХIетахь, Руслан тIе ца кхаьчнехь кханенах дог диллина ваьллера иза, ткъа хIинца кхолламо йуха а заманан майданехь цхьаьнатоьхна ши накъост.

— Яша, маж ледар ма йац хьан! Жуьгтийн молла-м ца хилла хьоьх?

— Ца хилла. Со операторан болх беш ву, амма хIора шот дийнахь со синагоге а воьду, мокъа хан хилча Товрат а, Инжил а, КъорIан а доьшу. — Велакъежира иза. Хьо бахьана долуш вирзина хьуна со Деле. Ахь дика гIо дира суна даг чохь иман кхио. Сийлахь дезачу йозанаш йукъара хийла чулацаме дийцарш довзийтинера ахь суна. Цкъа а дицлур дац суна ахь Муса Пайхамарах лаьцна дийцина хилларг. Муса Пайхамар шен нахаца хIордан йистехь тIекхача орца доцуш виссича, цо шен нахе аьлла хилла:

— Деле деха! Дала къинхетам боцуш буьтур бац собаре хилларш! Тоьла чохь вайшиъ йийсаре волуш, ас а доьхура Деле. Со тешна вара цо гIо дийр ду аьлла. Цо вайн доIанаш жоп доцуш а ца дитира. ХIетахь цу халачу, цу чолхечу мIаьргонехь хьоьх суна а ма хиллера Муса Пайхамар.

СоцунгIа хилира. Ойланаша цу ирча деношка йухаверзийна ши накъост вист ца хуьлуш, дIатийра. Эххар а, тийналла йохош, вистхилира Яша.

— Руслан, дийцахь мичахь Iаш ву хьо? ХIун лелош ву? Муха ду хIинца Нохчийчоьхь?

— Яша, чайн стака молуш, паргIат дуьйцур ду вайшиммо. Вало!

Даг чохь цхьа а гIайгIа йоцу ши накъост, ирсе велакъежаш, машенаш йолчу агIор дIаволавелира.

— Ма къегина лепаш бу малх! — элира Руслана, ткъа йуха Iадийча санна вовшашка хьаьжира и шиъ. Цу шинна дагатессира хIетахь, йийсарехь Руслана аьлла дешнаш, кхеран гергарло долийна дешнаш. Боьхачу тоьла чохь самаваьллачу Русланна боданехь халла къаьстара шена тIехь лаьттачу кIентан сибат.

— Муха ву хьо? Муха хета хьуна? — хаьттира цо Руслане, ткъа са а, дегI а доза доцуш лозучу Руслана халла жоп делира:

— Кхузахь малх ца лепа…

Амма тахана къеггина бара малх. Цуьнан зIаьнарш Русланан йуьхь тIехь санна, даг чохь а лепара. И ирча хан геналлехь йиссира шен мокхачу боданца, наг-наггахь Русланан кийрара иэс сама а дохуш. Иза ларамза а дацара, хIунда аьлча селхане цкъа а йиц ца ло, иза стеган дахаран цхьа дакъа ду…

— Руслан, цу акхачу Нохчийчуьра веанчух тера а ма вац хьо! Европан йа, Малхбузен вахархочух къасталур волуш а вац — велавелира Яков, ткъа йуха соцунгIа а йина элира — бехк ма биллалахь суна, ас ишта аларна.

— ХIумма а дац, Яков! Ас хIинца гойтур йу хьуна и «акха» Нохчийчоь. — Руслана цхьаъ цхьанна тIаьхьа дIалуьстура телефон тIехь суьрташ, ткъа царна тIехь гуш йара Соьлжа-ГIалин стигла кхийда, леккха гIишлош, заза даьккхина бошмаш, маьждигийн дашо мимарш, самукъне берийн ирсе йаьххьаш.

— ХIара суна гуш йерг Соьлжа-ГIала йу ала гIерташ-м вац хьо? — цецваьллера Яков.

— Ала гIерташ вац, иза боккъалла а Соьлжа-ГIала йу. Дер Нохчийчоь хIинца хийца ма йелла, ткъа Соьлжа-ГIала дуьненан тоьллачу гIаланех къасталур йоцуш хазйелла. Цуьнан бахархой а бу хIинца кхин. Кхууьш йу Iилма долу, дешна, ирсе тIаьхье. Нохчийн берашна Iамаьркан кегирхошначул дикох йевза смартфонаш а, IT технологиш а.

Яковна ша цецваккха хIума диссина а дац моьттура дуьнен чохь, амма гиначу суьрто иза боккъалла а Iадийнера. Уггаре а чIогIа иза цецваьллера, дуьнен чохь цIейаххана болчу артисташца а, спортсменашца а Русланан суьрташ гича.

— ХIара а Соьлжа-ГIалахь ду?

— Ду, Яша! Соьлжа-ГIала дика йевза дерриге а дуьнен чохь, ткъа цIейаххана бевзаш болу артисташ, спортсменаш, политикин гIуллакххой хазахетарца оьху тхо долчу хьошалгIа — дозаллица жоп делира Руслана.

— Боккъалла а, доггах чIогIа воккхаве со, шун къомах а, махках, амма даима сан коьртехь лаьтташ хиллачу хаттарна жоп кариний хьуна? ХIун бахьана долуш лачкъийнера хьо хIетахь? Со-м хьал долчу доьзалера ву аьлла, ахча даккха лачкъийнера, ткъа хьо?

— Цу хаттарна жоп лаха веана ма ву со Iамаьрка. Кхузахь ма ду и жоп!

— Кхузахь ду?! — цецвелира Яков.

— Ду! ДагадогIий хьуна, хIетахь цу тоьла чохь, ас сайн шо кхаьчна кIант ву элира-кх хьоьга?

— ДагадогIу дер!

— ХIетахь дуьйна кхин суна гина вац хьуна иза. Иза а цара лачкъийра. Амма суна иза карийна. Сан кIант Лос-Анджелесехь ву.

— Лос-Анджелесехь??? — Яков Iадийнера.

— Лос-Анджелесь ву иза. Цул совнаха, кхин цхьа хIума а эр ду ас хьоьга! ДагавогIий хьуна, цу зуламхошна йукъахь цхьаъ вара-кх йуьхь тIехь туьтмIьажиг йоцуш?

— ДагавогIу!

— Цуьнан цIе Канта йу. Иза кхузахь Лос-Анджелесь Iаш ву, сан кIентан да ву ша а боху цо.

ХIинца кхийтира Яков хIунда веана Руслан Iамаьрка, амма хIара бахьана хир ду аьлла цкъа а моьттур дацара цунна. Яков вехха хьоьжура Руслане. Доггах цунах къахийтира Яковна. Иза кхетара мел чIогIа замано зийна ву Руслан, мел дукха баланаш лайна цо шен дахарехь, амма хIете а диканах дог диллина вац иза, дог чIагIделла вац иза. Къинхетамах, адамаллех вуьззина ву иза. Иза хир йу-кх церан къоман доьналлин къайле — дагатессира Яковна.

— Ас хIун гIо де хьуна? — хаьттира Яковс.

— Яша, суна цкъачуна ца хаьа. Суна уггаре а коьртаниг ду вайшиъ гина а, суна эшначу мIаьргонехь, ваша хилла суна улло хIотта хьо волуш а. Яша, йалхийтта шарахь гIенахь бен гина ма ваацара суна иза… йалхийтта шарахь, ткъа хIинца иза кхузахь ву, кхетий хьо? Кху гIалахь веха иза, кху урамашкахь дIасхьалела. Ма доккха хIума ду иза, Яша…

Йуха а тийналла йоьссира, йуха а дагалецамаша вадийна цу боьхачу тоьлане вигира ши накъост.

— Руслан, кIантаца дерг-м къаьстина даьллера, ткъа цу стагана хIун дан воллу хьо? Оцу Кантина? Цо дахар кагдина хьан, бакъ долуш. Со-м кхоьру, иза гича, ахь цхьа хьашт доцург дарна. Собаре хила веза. ДагадогIий хьуна, ахь соьга олуш, хIора а стагаца дика а, вуо а ду, ткъа Далла иза ша дерриге а гуш хуьлу. Цо вай массо а цхьаьна дикане кхачаво, цундела Далла тIе болх биллина, цо билгалбиначу некъа тIера довла мегар дац вай. Бакъ дерг дийцича, и денош хийлозза сайна дагатесча, и Канта-м вайна тIехь Iазап латтош хиллачу зуламхошна йукъахь уггаре а къинхетаме вара хьуна. Цундела ца лечкъийна а хила тарло цо шен йуьхь, амма суна а, хьуна а цунах хийцадала хIума дацара хIетахь. Цабезаман алу кхерстара Якован бIаьргаш чохь. Гуш дара мел боккха тIеIаткъам бина цунна цу къизачу хиламо.

— Яша, дагадогIий хьуна ас хIетахь хьоьга дуьйцуш сайн кIант Iамаьрка деша вахийта лаьара сайна бохуш? Гой хьуна, Дала йаздина хилла хьуна мухха хилла а сан лаам кхочуш хила, амма суна-м иза бакъ волу нохчо санна кхио ма лаьара, ткъа хIинца цуьнан амалш муха йу а ма ца хаьа. Вуй те иза со реза волуш? Хаьий те цунна нохчийн мотт? Буй те цуьнан Даймахка цIа верза лаам? Эзар хаттар ду сан коьртехь, Яша.

— Руслан, хьуна хаьий иза мичахь Iаш ву?

Руслана дIакховдийра шен телефон.

— О, Валенси! Селхана хилла-кх со цигахь. Кхузара шовзткъе итт чаккхарма бен генахь йац иза. ЧIогIа синтеме а, хаза а, жима гIала йу иза. Калифорнера уггаре а тоьлла ишколаш йу цигахь, иштта Исбаьхьаллин институт а йу.

— Хьо лаа хиллерий цигахь? — хаьттира Руслана.

— Цигахь вехаш цхьа кIант ву скейтбордист. Цунах лаьцна кино йоккхуш ду тхо. Иза вуно чIогIа похIма долуш жима стаг ву. Скейтер хиларал совнаха, актеран говзалла а йу цуьнан. Кхечу фильмехь коьрта роль ловзайе аьллера цуьнга, амма кIант дуьхьал хилира, шен да цомгуш ву аьлла. Ткъа кино тхо Колорадохь йаьккха дагахь ду, цундела Валенси боьду некъ сайн цIехьа боьду некъ санна дика бевза суна.

— Мел дика кIант ву иза. Шен ден ойла йина-кх цо. Дала дукха вахавойла цуьнан да. Маса шо ду цу кIентан?

— Йалхийтта йа, вуьрхIийтта ду моьтту суна. Собар дехьа, Руслан. Даима хьан кIант вуьйцу вай. И зуда йеллачул тIаьхьа ахь кхин…

— ХIан-хIан, Яков, ас кхин зуда ца йалийна, йа цкъа а йалор а йац — йукъахдеккхира Руслана накъостан къамел. Бэлла дагайеача, цхьа къаьхьа къурд хьаьдира цуьнан легашка. Кисана кхевдина, цуьнан сурт схьалаьккхира Руслана. — Ас даима сайца лелош ду Бэллин сурт. Сайн ойланашкахь цуьнца къамелаш а до ас. Ас дош делла цунна Микаил каронза со Iийр вац аьлла. Руслана цIеххьана шен къамел сацийра, Яков цецваьлла суьрте хьоьжуш а гина. Цхьаъ дагадеача санна, Яковс шен ноутбук а латийна, иза Руслан волчу агIор дIайерзийра. Къоначу скейтбордиста масех хьуьнар а гайтина, йуха камера йолчу агIор а вирзина ши пIелг ирах айбира, «машар» бохучу дешан маьIна гойтуш. И кIант Микаил вара. Йалхийтта шарахь Русланна гIенашкахь дуьхьал тиссина хилла Микаил.

Йехха соцунгIа а йина, Руслан эххар а вистхилира.

— Яков, со отелехь садаIа дагахь вара, амма хIинца соьга паргIат буьйса йаьккхалур йац. Ас доьху хьоьга, муьлхха а бахьана а лехна, кхуза схьавалаве иза. Хьо цхьаъ дIайала йезаш ву ала цуьнга. Машенан корахула гина а, тахана иза сайн бIаьргашна ца гича, са тохалур дац соьга.

Яков кхетара Руслана бохург ца дича ша вер воций. Цуьнан накъостана гуш кхин хIумма а дацара, шен кIентан дагна гергара сибат доцург.

Яковс кIанте телефон туьйхира.

— Алло, Микаил?

— ЛадугIуш ву!

— Микаил, со ву иза, Гельдман Яков.

— Яков, маршалла! Хьо дагавеанера суна тахана. Iуьйранна цхьа инзаре чIогIа ши трюк Iамийна ас, уьш хьуна гайта сатесна ву со. Кино йукъайахийтича дика хир дара уьш.

ЦIе йаьлла кхехкара Русланан кийра. Ма тера дара Микаилан аз шен ненан озах. Самабевллачу дагалецамаша йуха а къийзош, мIараш туьйссура Русланан догах. Цара вадийна вигира иза Нохчийчоьнна Iаьржа деана хиллачу эзар исс бIе дезткъе пхийттолгIачу шаре…

Корта II

Руслан а, Бэлла а.

I

Руслан а, Бэлла а, Соьлжа-ГIалин массо а вахархо санна, шайн са дадийна лелара, цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа йоьхна гIишлош а хуьйцуш. Цара безамца дола деш, лелийна хиллачу хIусамах йиссинарг цхьа херцар бен йацара, ткъа йерриге а Нохчийчоьнах йоккха тIеман аре хиллера. Руслан а, Бэлла а гIалара лома хьаладахара. Цхьалха йехачу цхьаьна йоккхачу стага тIеийцира и шиъ. Кхузахь цкъачуна кхераме дацара. ТIом хIинца а ца баьржинера лаьмнашкахула. Чиркхан бен серло йоцучу кхузахь, Iаьнан доцачу дийнахь бода сиха баьржара, цундела шатайпа сингаттаме а хуьлура, амма Iаламан хазалло а, цIеналло а ша дерриге а дицдора. Лаьмнийн ирачу баххьаш тIехь лепаш санна хеталора хIора буса стигла къагош долу дашо седарчий. Стигла а йара цхьа шатайпа цIена. Соьлжа-ГIалара стигла-м молханан кIура Iаржйинера, ткъа хIора а дийнахь гучудовлучу кеманаша, мархаш этIош санна хеталора. Адаман дахар кегдеш, лаьттахула Iожаллан хIу тоссуш болчу къизачу тIамна тIехь толам баккха ка йолуш цхьа хIума ду. Герзан а ницкъ ца кхочу и сацо. Цуьнан цIе йу сатийсам. Русланан даг чохь а бара сатийсам. Иза тешара мацца баьлла а тIом дIабаьлча, ша лаьмнашкахь хIусам а йина, шен доьзалца цигахь ваха хуур ву. Итт шо дара Руслан Бэллица доьзал кхоьллина Iаш волу, амма хIинца а бераш дацара церан, хIете а Руслана сатуьйсура кхолламан совгIате.

ТIом бара аьлла, диканах дог диллина вацара кху лаьмнийн кIотарахь цхьа а. Берашна деша лаьара, ткъа Руслан ингалс меттан хьехархо хиларах самукъадаьллера церан. Руслана хазахетарца гIо дора берашна керла мотт Iаморехь а, церан хаарш шардарехь а. Цхьа минот а мокъа ца йоккхура цо. Цхьаьна сарахь гIелвелла чувеанчу цунна гира, хих буьзначу бIаьргашца лаьтта Бэлла.

— Хьо йоьлхуш ма йу. ХIун хилла? Са гатло хьан кхузахь, гатлой? — хаьттира цо хIусамнене, амма цо деллачу жоьпо Iадийра Руслан, цуьнан дог тIекал а доккхуш. Бэлла доьзалхочух йара. Уггаре а чолхечу, къизачу хенахь, шайн синош довдийна хIорш лелачу муьрехь гайтира кхолламо Русланна шен комаьршалла, амма ца хаьара Русланна тахана хиллачу хазахетара иракарахIоттийначу дагна кестта ца йерза чов хир йуй.

ХIинца Русланна тIом хезаш а, гуш а бацара. Цунна ша кху дуьнен чохь уггаре а ирсе стаг хетара. Собаре хиларна, Дала тIаьхье йоцуш ца витина Руслан. Цуьнан йерриге а ойланаш Бэлла Нохчийчуьра арайаьккхарна тIехьажийна йара. Русланна ца лаьара цу хьолехь йолчу зудчунга тIеман къаьхьо кхин дIа Iовшийта. Кхин дIа замано хIун гойту ца хаьа, амма Русланна могуш-маьрша бер оьшу. Цо шена цкъа а геч дийр дац, нагахь санна Бэллина а берана а цхьаъ хилахь…

II

Зараан хIусамда Расул гIеметтахIоьттина стаг вара. Шен йалх бер цунна гуш а дацара, хIунда аьлча Расул царна рицкъа даккха гIерташ, цIахь хуьлуш а вацара. Расулан уггаре а сирла сатийсам бара — шен берашка дешийта, уьш лаккхара корматалла йолу говзанчаш хилийта, амма къизачу тIамо йохийра адамийн массо а Iалашонаш, хIаллакбира церан уггаре а цIена, экаме хилла лаамаш, сатийсамаш. Массо а говзанчаш дIаоьхура Нохчийчуьра, цундела Расулан бераш а диссинера хьехархой боцуш, амма цуьнан доIанашна жоп луш, лаьмнийн кIотаре Дала Руслан валийра. ХIинца Расулан берашна оьрсийн а, нохчийн а меттанаш хаьарал совнаха, ингалс мотт а бара Iемаш. Расул воккхавийна а ца волура, ткъа ша Русланна даима декхарийлахь волуш санна хетара цунна. Русланна хаьара Расул шена накъосталла ца деш Iийр воций — кху йоцачу ханна йукъахь боккъалла а гергарло тассаделлера церан доьзалшна йукъахь.

Геннара бIаьрг кхийтира Русланан Хасавюртара цIа вогIучу Расулан машенах. Могуш-паргIат а хаьттина, Руслана довзийтира шен дехара:

— Расул, Зарас аьлла хила а тарло хьоьга… доцца аьлча Делан лаам хилахь, доьзалхо хир ву сан.

— Йа АллахI Дела ма хаза кхаъ бу иза! Руслан, ткъа вайн йуьртахь йа лор а, йа лазаран цIа а ма дац.

— И бахьана долуш долийна-кх ас хьоьца хIара къамел. Сан а йа, Бэллин а цхьа а гергара стаг вац, йа уллера а, йа генара а, ткъа иза кхузахь цу хьолехь йита суна ца лаьа.

— Со кхета ахь дуьйцучух, Руслан. Сан дейиша йу Махачкалахь Iаш. Бераш даккхий хилла, шайн доьзалш болуш Iаш ду цуьнан, ткъа иза ша йехаш йу. Шуна паргIат Iойла хир ду иза йолчохь. Ас гIо дийр ду шуна цига дIадаха.

— Дела реза хуьлда хьуна, Расул. Со тешна вара ахь сайна гIо дийриг хиларах, амма Бэлла ша йу цига дIайига йезаш, со гIур вац.

— ХIунда гIур вац хьо?

— Йалх беран да хьо а ма ца вахана цхьанхьа а дIа. Зудчун букъа тIехьа лечкъа суна-м ца лаьа. Со гIур вац, Расул. Бэлла кхузара дIайига гIо де суна.

— Дер, Руслан, со хьоьх кхета ма кхета. Хьоьга ала хIума дац сан… ас а бийр бара ишта сацам, хьан метта хилча. Са ма гатде ахь, Бэлла сихонца дIайуьгур йу вайшиммо кхузара.

Биъ бутт баьлча бен аьтто ца белира Русланан Бэлла Махачкала дIайига. Иза сихонца лоьрана тIе йахара. Зудчунна мелла а сиха хаьа лаьара шен доьзалхочух дерг, лаьара цуьнан детталучу жимачу даге ладогIа. Бэллина лаьара шен кIант хилийта. Цунна хаьара дуьнен чохь дог эца нана а, улло хIотта ваша а, жоп дала да а воцучу Руслана мел чIогIа сатуьйсу шен кIант хиларе. Бэлла ша а ма йара Руслан санна цхьалха. Цхьаллин шийлачу мехаша човхийначунна бен хуур дац цу дешан маьIна. Де доьхначу дийнахь, дала орца доцуш леллачунна бен хуур дац, адамийн къоьлла дуьнен чохь уггаре а хала хIума хилар. Дахаран новкъахь Руслан воцург кхин уллора стаг воцучу Бэллина тамашийна хетара шен кийрахь бер моссазза тохало. ХIинца и шиъ цхьалха дац. Кеста кхеран дахарна керла маьIна луш, жима адам дуьненчу дер ду, ткъа Бэллин хазахетаран доза дацара лоьро шега кIант хир ву аьлча.

— Руслан, кIант ма ву иза! — мохь беттара цо телефончухула.

— Кхин цхьа къонаха хир ву-кх вайн къоман! Варийлахь, ларлолахь. Ларвелахь сан кIант — элира Руслана. Бэла кхин а цхьаъ ала гIертара, амма дешнаш ца карийна охьайиллира цо телефон. Ма-дарра аьлча, Бэллина лаьара Руслан уллохь хила, амма иза кхетара шен хIусамда чолхе киртиг тIехIоьттинчу мIаьргонехь даима шен къомаца вуьссур хиларах.

Масех де даьлча, Бэлла йолчу медйиша йеара:

— Бэлла, Людмила Ивановнас ша йолчу чуйола боху хьоьга.

Ловв аьлла кийрахь цIе летира Бэллин. Цхьаъ тосаделча санна сингаттаме детталуш дара цуьнан дог, лор йолчу чуйоьдуш. Маршалла а ца хоттуш, чоьхьайаьллачу Бэллас сиха хаьттира лоьре:

— ХIун хилла сан берана?

— Хьан берана хIумма а ца хилла! — жоп делира лоьро.

— Далла бу хастам! Ма кхерайеллера со — дагах катухуш, гIанта охьалахйелира Бэлла.

Къена лор йехха хьоьжура цуьнан бIаьра. И тайпа ирча кхаъ ша хийлозза баьккхина боллушшехь, хIоразза а хала хуьлура цунна зударийн бIаьра а хьоьжуш, и шийла сацам царна бовзийта.

— Бэлла, хьан дахарна боккха кхерам бу. Айхьа дог лоцуш гирий хьуна хIинца? Дог могуш дац хьан. Йешшехьа хилла чолхе деган лазар ду хьан. И бер далур дац хьоьга.

— Ткъа берана хIун хир ду?

— Берана-м хIумма а хир дац. Хьуна кхераме ду иза дан. Хьо дийна йуьссий ца хаьа. Цундела хьайн дахаран ойла йан йеза ахь.

— Хьуна хетарехь хIун дан деза ас? — йоьхна хаьттира Бэллас.

— Бэлла, бер дIадаккха деза ахь.

ДогIанан Iовраш санна охьахьевдира Бэллин йуьхьтIехула бIаьрхиш, ткъа и къамел шена хезча санна, кийрахь тохаделира бер. Иза цхьа тамашийна детталора — ма даккха сан са, аш харц ду бахахь а, амма суна лаьа маьлхан дуьне ган — бохуш санна.

ГайтIехула куьйг а хьоькхуш Бэллас меллаша элира:

— Ас цкъа а дуьйр дац иза…

Меллаша йистхиллачу Бэллин озехь цо биначу сацаман ницкъ бара хаалуш, цундела Людмила Ивановна кхийтира цо ша аьлла дешнаш цкъа а йухаоьцур ца хиларах. Кхузткъа шарера тIехйаьллачу лоьра, шен дахарера ткъе пхийтта шо дIаделлера зударийн лоьран корматаллина. Ма дукха зударий гинера цунна, тайп-тайпана хенашкара, къомера, амма уьш массо а цхьаьнатухург уьш наной хилар дара. Цундела хIоразза а — хьан бер дIадаккха деза, йа хьан бер делла — ала чIогIа хала хуьлура цунна.

— Жимма а догдохийла йуй сан, и бер деш суо дийна йуьссур хиларан?

— Йац… сан корматаллин хааршца кхолладеллачу хьолан мах хадийча, догдохийла йан а йац — гIийла жоп делира лоьра.

— Людмила Ивановна, тIедогIучу деношкахь сан хIусамда ву кхуза ван везаш. Мацах цхьаьна хенахь шортта нах болуш хилла стаг ву иза, амма карарчу хенахь сан санна йа ваша а, йа йиша а йа да-нана а дац цуьнан. Азаллехь дуьйна ала мегар долуш, кху бере сатуьйсуш ву иза. Иза ду коьрта бахьана ас биначу сацаман, ткъа шолгIа бахьана — муьлхха а зудчунна санна суна лаьа нана хила, бер дуьненчу доккхучу Iазапан марзо лан а лаьа, мел боккха мах цунах белла а. Цундела цхьа доккха дехара ду сан хьоьга — ма дийца цуьнга хIумма а. Ткъа со дIайаьллачул тIаьхьа, ас йаздина кехат дIало цуьнга — легашкара къаьхьа къурд бостуш, йуха а охьахевдира бIаьрхиш…

Лазаран цIийнан учехула синтем бойна дIасхьаоьхура Руслан. Цо сатуьйсура шен кIентан дуьххьара мохь хезна, хазачу кхааца лоьраш арабовларе, амма корта оллийна йогIучу Людмила Ивановни боларах милла а кхетар вара, иза дика хаам бохьуш йогIуш ца хиларах. Русланна иза гIелйелла хир йу моьттура, амма хIете а цхьа шатайпа гIайгIа йоьссира даге.

— Людмила Ивановна муха ву кIант? Муха ву Микаил? — меллаша хаьттира цо.

— Микаил дика ву. Цуьнан жима дог детталуш ду, амма Бэллин дог сецна… Нана йоцуш кхууьр ву хьан кIант… Дала собар лойла хьуна — элира лоьро…

III

Валенси гIалара «Hyatt» хьешан цIийнахь сецира Руслан Микаилна гена доцуш. Русланна хиира кIентан ишколера гIуллакхаш дийнахь ши сахьт даьлча чекхдовлуш хилар, ткъа цул тIаьхьа иза ишколан автобусаца цIа воьду. Ши сахьт ткъе итт минот йаьлча, автобус Микаилан цIенна дуьххьал сецира, цундела Руслана гена доцуш сацийра шен машен.

Автобус гучуйаьлча, Русланан дерриге а дегI дуладеллера, ткъа детталучу деган тата кхуьнан лерехь хезара. Руслана бIаьрг тIера ца боккхура вовшашка Iадика йеш лаьттачу берийн. Массо а кхин дIа урамехула охьаволавелира, ткъа Микаил некъал дехьа волуш вара. Руслана тидам бира иза чIогIа ненах тера хиларан — цо санна аьтто агIор корта охьатаIор а, Бэллин санна бесни тIера тIеда а. Иза шен цIенон кертахь къайлаваллалц Микаилан тидам бира Руслана, ткъа йуха меллаша машенахь тIаьхьа волавелира. Дукха хан йалале Микаил неIсагIехь йуха а гучувелира карахь скейтборд а йолуш. Лами тIехула охьавуссуш цо нохчийн а, оьрсийн а дешнаш кегош мохь туьйхира:

— Дада, сан кханенна цIера болх бац, со цхьа сахьт даьлча цIа вогIур ву.

Русланан хазахетаран доза дацара. Цо сатийсинарг ма дара иза — шен кIантана кхо мотт хаьар. Микаил кхиийначунна доггах баркалла ала лаьара Русланна, цо мало ца йеш кIантана оьрсийн а, нохчийн а меттанаш Iаморна, амма йуха ойла йира цо нагахь санна иза нуьцкъала лачкъийна дIавигна ца хиллехь, кхо ша Iамор ма дара цунна и меттанаш а, цунах вуьззина нохчо а кхиор вара, хийрачу стеган а ца йоккхуш, шен ден йоккхур ма йара цо и сийлахь дада цIе. ХIинца-м Руслан шен куьйга и стаг вийча а Iебар вацара, амма цо сиха дIайеккхира даг чуьра оьгIазло. Руслан кхетара цхьа дика доцуш вуо хир доций. Дала адамаш даима зуьйш ду, ткъа массеран а ца тоьу ницкъ цу зерах доьналлица чекхдовла. ХIоразза а шен дахарехь цхьа чолхе киртиг тIехIоьттича, Русланна дагатоссура сийлахь дезачу КъорIанна йукъара дешнаш: «Дала адаман лан ницкъ кхочур болу бала бен боссор бац.»

Микаил шен скейтборд лаьтта охьа а кхоьссина, цунна тIехь хахкавелла, урамехула охьавахара. Руслан меллаша машенаца кIантана тIаьхьавахара. Пхи минот йалале цунна гира «Санта-Кларитин» скейтпарк аьлла йоза. Руслан кхийтира мичахь каро мегар ду Микаил.

Дукха ойланаш а йина, эххар а Русланан сацам хилира, кхана кхуза Микаил волчу а веана, цуьнга ша цуьнан ден накъост ву ала, ткъа цул тIаьхьа дагахь доцуш Кантина хьошалла дан.

Ткъа цкъачуна Русланна лаьара мелла а шен кIентан тидам бан, жимма а цуьнан амалах кхета.

Паркан пена тIехь йоза дара: «Шлем йоцуш хехкавала кхераме ду», амма и йоза Руслан воцучо цхьаммо а доьшучух тера дацара, массо а бераш коьртахь шлемаш йоцуш хехкалуш дара. Скейтераш охьабетталуш гича, Руслана ойла йира:

— Дала мукъ лахь уггаре а дика шлем а оьцур йу ас цунна, Рублевкехь скейт-парк а йийр йу.» Русланна дагахь а дацара Микаилана ша да хетар вац йа, Росси дIаваха цо дуьхьало йийр йу аьлла. ЦIеххьана цунна гира Микаила кхераме трюк йеш, ткъа минот йалале, когаш бухара скейтборд дIаиккхина, иза лаьтта охьакхийтира. Руслан аьрзунан сихаллица тIехьаьдира шен кIантана. Микаил ши бIаьрг белла гIертара, шена хиллачух кхета гIерташ. Эххар а цунна гира шен ши накъост Эрик а, Алек а. И шиъ цхьаъ дуьйцуш вара, амма Микаилана хIумма а хезаш дацара. Меттахвала гIоьртича, иза кхийтира ша цхьаммо къевлина маравоьллина хиларах, цул совнаха и стаг нохчийн маттахь цхьаъ дуьйцуш а вара. Цецваьллачу Микаила нохчийн маттахь хаьттира цуьнга:

— Хьо мила ву?

Руслан вистхила ца ларош, парке схьакхечира сихачу гIоьнан машен. Лор цхьацца хеттарш луш вара Микаиле, амма Руслана цуьнга дош ца кхочуьйтуш жоьпаш дара луш. Микаил кхета гIертара мила ву и ца вевза стаг? Иза мичара ваьлла, стенна сагатдо цо ишта шена? ХIунда буьйцу цо нохчийн мотт? Лоьра Микаил лазаран цIийне дIавига веза элира, коьртана компьютерни томограмма йаккха.

— Воьдуш вуй хьо лазаран цIийне? — хаьттира лоьра.

— Хьашт дац аьлла хета суна цига ваха. Сан хIумма а ца лозу — элира Микаила.

— Дика ду! ТIакхха кху кехатана куьйг йаздан деза, шен лаамехь лоьрийн гIо тIе ца эцна аьлла, амма хьо хIинца а берхIиттара валанза хиларна, куьйг йаздан бакъо ден йа, ненан бен йац. — Элира лоьра.

— И хала дац. Со ву кху кIентан да — элира Руслана, лоьра схьакховдийначу кехата тIе куьйг а йаздеш. Цунна моьттура Микаил кхералур ву, йа цецвер ву, амма иза мелхо а реза хилла, велакъажарца Руслане бIаьрг теIош вара.

Русланна кIант цIа кхаччалц дIакхето лиира, ткъа Микаила дуьхьало ца йира. Меллаша машенна тIевахара и шиъ.

Микаила велакъажарца шен скейтборд багажникана чукхуссуш, элира Руслане:

— Ма дика дагадеара хьуна хьо сан да ву ала. Ахь и ца аьллехь, цара со цIа вуьгур вара, тIаккха суна цIахь хIума кхетар йара.

— Микаил, со боккъалла а хьан да ма ву! — машенан корах ара а хьоьжуш, меллаша элира Руслана, ткъа йуха ша аьлларг тIечIагIдеш санна, кхин цкъа а элира — со ву хьан да!

Микаилан макхйеллачу йуьхьтIера бIаьргийн хьежар шеконах дуьзна дара.

— ОьгIаз а ца воьдуш, ладогIа соьга, Микаил. Ас жимма тIаьхьа, ша дерриге а ма-дарра дуьйцур ду хьоьга, амма уггаре а хьалха со Канте вистхила везаш ву.

— Ахь бехк ма билла, амма сан да цомгуш ву, ткъа со…

— Хьан да со ву! И вац! — йукъахдеккхира кIентан къамел Руслана.

— Ву дер иза-м сан да! Хьо мила ву соьца хIара къамел дан? — дера хьоьжура Микаил Руслане. ХIинцалц хилла эсалалла цхьаьна мIаьргонехь оьгIазлонна хийцайелира. Русланна моьттура кхин ша Кантин цIе йаккхахь, хIара кIант дера экха санна шена тIекхетар ву.

— Iамаьркахь кхиъна велахь а, амма амала-м нохчийн йу хьуна хьан — дагатессира Русланна.

Вехха Микаилан бIаьра а хьаьжна, Руслана элира:

— Собар де, Микаил! Собарах ца вухуш, соьга ладогIа! Кестта хьуна йоккха къайле гучуйер йу. Мила йу хьан нана?

— Сан нана йелла, со веш!

— Иза бакъ ду. Муха йара цуьнан цIе?

— Роза.

— Иза бакъ дац. Хьан ненан цIе Бэлла йара. Хьоьга харц дерг хIунда дийцина ас тIаьхьа къастор ду. Цуьнан сурт гиний хьуна цкъа а?

— Ца гина.

— ХIунда?

— Дадас тIом болчу хенахь тхан цIено дохийна бохура, цундела массо а суьрташ а даьгна дIадевлла.

— Иза а бакъ дац, Микаил. Кантехь хуьлийла дацара Бэллин сурт. Иза цунна цкъа а гина а йацара. Нийсса йалхийтта шо хьалха зуламхошца цхьаьна Кантас со а, Гельдман Яша а лачкъийнера. Ткъа цул тIаьхьа, йалхийтта шарна сан дахарера дIавайнера хьо, амма Делан лаамца суна карийра хьан лар. ХIинца хIара дерриге а маьлхан дуьне тIекIалдалахь а, ас хьо цхьанна а дIалур вац. Хьо хезаш вуй? — къора декара Русланан аз. Цу озах кхета мегар дара, цо шен дешнаш цкъа а йухаоьцур ца хиларах.

Микаил Iадийнера. Шена гуш дерг гIан ду моьттура цунна. ХIинцалц тийначу хоршехь дIадоьдуш хилла цуьнан къона дахар, тахана цхьаьна мIаьргонехь орамца хийцаделира. Нана боху дош даима лазаме дара Микаилна. Воккха мел хуьлу, дукха ойланаш йора цо ненан йаларах. Наггахь ша бехке а хетара — кхунна дахар кховдош дуьненчуьра дIа ма йаханера иза. Ненан марзонан чам хиъна воцучу Микаилна шен дахаран маьIна къена да хетара. Цунах эшахь са дIадала а кийча волчу кIантана, хала дара тахана и хьан да вац, и хьан цхьа а вац бохучунах теша. Ткъа ненан цIе а кхин хилла боху кху стага. Дукха жима волуш дуьйна ма чIогIа сатуьйсура Микаила ненан сибат ган. ВорхI шо кхаьчначу хенахь, къоламца сурт дилларан говзалла гучуйелира Микаилан. Шен ойланашкахь, шен гIенашкахь дуьхьалтуьссуш хилла цуьнан сирла сибат кехатана тIедеккхира жимачу кIанта, ткъа йуха хазахетарца да волчу ведда вахара:

— Дада? Тера йуй? Ишта йарий сан нана?

— Йацара! — доцца хадийра Кантас. Цунна цкъа а ца лаьара Микаилан ненах лаьцна дийца. КIантана хаьа лаьара муха дара ненан бIаьргийн хьежар, муха дара цуьнан аз, йелайалар, эсала йарий цуьнан амал, амма Канта цу дехаршна даима а къора вара.

Тахана Микаил боккъалла а воьхнера. Русланах теша хала дара. Кхузара ведда дIаваха, хилларг гIан долуш санна дицдан лаьара цунна, амма кху хийрачу стага нана хьахийча, шеко йоьссира кIентан даге.

— Нагахь санна хьуна со хьайх тешийта лаахь, сан ненан сурт гайта тIаккха суна. Суна иза сиха йевзар йу.

— Шеко йац цу тIехь, Микаил. Дер йевзар йу хьуна иза. — Руслана сиха дIакховдийра цуьнга Бэллин сурт. Цу мIаьргонехь кIентан бIаьргаш хих дуьзнера. Руслан машеначуьра аравелира. Жимма арахь а лаьттина, йуха машенна чухиъча, цунна гира сурт а карахь воьлхуш Iаш волу Микаил. КIант шена тIеозош, иза доггах маракъевлира Руслана, ткъа Микаила дуьхьало а ца йира… Дегочу озаца цо «дада» олуш хезира Русланна.

Руслана итта шарахь сатийсинера Микаил дуьненчу валаре. Эххар а дуьххьара цо мохь тоьхча, Русланан дахар хийцаделира, дерриге а дуьне хийцаделира цунна. Кхо кила бен йозалла йоцу, и йовха ларча шега схьакховдийча, Руслан кхийтира шен дай лар йоцуш бовр бац — хIара йу церан кхане, церан тIаьхье. ХIетахь санна хIинца а маракъуьйлура Руслана шен кIант, Дала шолгIа совгIат деш, кхуьнан дахаре йухаверзийна волу кIант.

— ХIунда йеллера нана? Могуш йацара иза? — эххар а хаьттира Микаила.

— Оьрсийн маттахь хьуна деша хууш делахь, ас гойтур дара хьуна цо йаздина кехат — жоп делира Руслана.

— Суна хаьа оьрсийн маттахь деша! — хазахийтира Микаилна.

Руслана тIоьрмигчуьра схьаэцна, дIакховдийра цуьнга мажделла кехат — Бэллас Руслане аьлла тIаьххьара дешнаш.

«…Руслан, цкъа а диканах дог дилла мегар дац, цундела ас а сатуьйсу, со дийна а йиссина, хIара кехат ахь доьшур дац аьлла. Iожаллах кхоьруш йац хьуна со, со кхоьру хьоьх а, оццул дуккха а шерашкахь вайшиммо сатийсина хиллачу Микаилах а къаста…»

Йуха а охьахьевдира кIентан бIаьргара хиш, ткъа Бэллас кхин дIа йаздора: «Руслан, хилларг хилла даьлла, иза хийца вайшинан ницкъ кхочур бац. Сайн дахарна а, вайшинан кIентан дахарна а йукъахь, ас хаьржина кIентан дахар. Ас хьоьца ирсе хан йаьккхинера. Хьан безам а, йовхо а дуьненан мел даккхийчу диканех а хуьйцур бацара ас цкъа а. Со тешна йу ас вайн жимачу кIентан дахар лардарна Дала суна йал луш, вай йалсаманехь цхьаьнатухур хиларах. Эхартахь боккъалла а безначарца хир ду ма аьлла вай Дала. Со тешна йу ахь вайн кIантах хьуо санна къонаха кхиор ву аьлла. Ледар ма виталахь иза…»

Ойланашка ваханчу Микаила эххар а хаьттира Руслане:

— Кхин дIа хIун хир ду? Канте хIун ала деза вай? Иза муха кхетор ву ахь?

— Суна ца оьшу иза кхето. Цо со кхето веза хIун бахьана долуш ваьккхина цо со сайн кIантах?

Русланан къамелехь оьгIазло хаайелира Микаилна.

— Дада, суна ца хаьа хилларг хIун ду, амма иза нахана зуламе стаг хилла вац хьуна цкъа а, ткъа суна мелхо а. Дас-нанас шен беран йийр йоцу терго йина цо суна. Ас доьху хьоьга, сих ма ло цунна йемал дан. Цкъа ладогIа цо хьайга хIун дуьйцур ду. Дика дуй?

— Дика ду. — Руслан цецваьккхинера Микаилан чулацаме къамела. Руслан кхийтира жима велахь а, Микаилна дахаран маьIна дан хууш хиларах.

— Микаил, ахь Кантех дада олура? ХIинца хIун эр ду ахь цунах?

— Дада, со кхета хьоьх, амма хьо соьх а кхета. Кху йалхийтта шеран йохаллехь Кантас шен безам, шен комаьршалла ца кхоош, лелийна со, бовзийтина суна нохчаллин лехамаш, кхиийна соьхь Даймахке безам. Цо даима а олуш дара соьга, мацца вахана а, Даймахка цIа ваха веза.

— Микаил, тIаккха со ца кхета, стенна оьшуш хилла цунна иза ша дерриге а? Нагахь санна бер дезаш иза хиллехь, бер хилийта эзар аьтто ма бара цуьнан, хьо ца лачкъийча а. ХIун бахьана долуш, къаьсттина со дакъазаваьккхина цо нийсса йалхийтта шарна?

— Дада, суна иза ца хаьа, амма Канта цхьаьна а адамна вуо дийр долуш стаг воций-м хаьа суна. Дика стаг ву иза. Кхин ала хIума дац сан цуьнан хьокъехь.

— Хьо нийса луьйш хила а мега, Микаил. Дуккха а шераш хьалха, со зуламхоша лачкъийначу хенахь, царна йукъахь и цхьаъ бен вацара йуьхьтIехь туьтмIаьжиг йоцуш. И цхьаъ вара тхоьца къинхетаме. Цо тхуна тIехь Iазап ца латтадора, йаа хIума а лора. Дукха ойла йинера ас цу хьокъехь, ткъа цул совнаха кхин цхьа хIума а ду — нагахь санна цунна хьо суна каро ца лиънехь, цо цкъа а могуьйтур дацара ша телевизор чохь гайта, цул совнаха хьо цхьаьна а волуш. Йа иза боккъалла а Iовдал хила веза, йа соьга шу лахийта лууш хила веза.

— Дада, ас кхин цхьа хIума а эр ду хьоьга — Канта чIогIа хьекъале стаг ву хьуна.

— ТIаккха хIунда лиъна цунна соьга хьо лехийта?

— Суна ца хаьа!

— Хуур дац дер хьуна. Со а ма вац кху хьолах кхеташ.

— Пхи минот йалале дерриге а хаьа аьтто бу-кх вайшинан.

— Микаил, цкъа хьалха ламаз дан лаьара суна, кхузахь меттиг йелахь нагахь санна.

— Дер йу. ДIогахь жима гIишло гуш йуй хьуна? Цу чохь маьждиг ду хьуна. Йалх шо кхаьчначу хенахь дуьйна Кантас хIора пIераскан дийнахь вуьгура со цига. Ас ламаз а Iамийра, иштта Iаьрбойн мотт а. Суна КъорIан деша а хаьа.

— Дела реза хуьлда цунна.

Руслан кхетара, бакъ дерг тIе ца эцча, ша ца волий — Кантас дукха диканаш дина кхуьнан кIантана, амма хIун Iалашо хилла цуьнан жима бер дегара лачкъош? Иза йоккха къайле йара. Микаил карийна воккхавеш велахь а, амма Канте болчу цабезамах цIанбелла бацара хIинца а Русланан кийра.

Маьждигехь ламаз а эцна, ламаз дан дIахIоьттира Руслан, ткъа цунна улло лаьттара Микаил. Русланна дуьххьара гуш буйнал бен ца хилла Микаил, хIинца шен деца нийсса вара.

— АлхьамдулиллахIи! Ахь диначунна реза ву-кх со, АллахI! — дерзийра шен ламаз Руслана.

Микаил хIинца а Iаьбна вацара шен ненан суьртах. Иза вехха хьоьжура цуьнан эсала амате. И сурт карахь долуш, ненан карахь куьйг долуш санна хетара Микаилна. Ткъа Русланан ойланашкахь йуха а Канта вара. Иза кхетара зуламе стаго ишта лерина терго йеш кIант кхиор вацара…

Меллаша маьждигера аравелира Руслан а, Микаил а.

— Микаил, вайшиъ чоьхьаваьлча, Кантин чоь гайталахь суна, ткъа хьуо дIанехьа вала. Кантица шеца къамел дан лаьа суна, цуьнан бIаьра а хьоьжуш.

Руслана иза оьгIазлонца аьлла доццушшехь, Микаилан синтем бацара.

— Дада… дика хир ма ду ша дерриге а дуй?

— Дер хир ду, Микаил! Са ма гатде ахь.

И шиъ чоьхьавелира. Руслана доккха са даьккхира. Микаилан неIаран тIам озо дагахь куьйг дIакховдийча, иза сацийра Руслана:

— Собар дехьа, Микаил. Жимма хан йеза суна. Кхетий хьо соьх?

— Дер кхета, дада. Вайшиъ цхьанхьа а сиха ма вац — реза хилира Микаил.

Руслан йуха а вехха хьоьжура кIентан бIаьра. Дахар шина декъе декъаделлера. Цхьа дакъа йаханчу заманехь диссира, ткъа шолгIаниг Кантица къамел хиллачу мIаьргонехь долалур ду. Руслан ирзу долчу агIор дIавахана, бай тIе охьалахвелира, ткъа цIеххьана самадаьллачу иэса марсайаьккхинера кийрахь йаьлла цIе. БIаьргаш хьалха хIоьттира хIара дуьххьара эскаре кхаьчна денош.

Корта III

Руслан эскарехь

I

Руслан берхIитта шо кхаьчча, массо а нийсархой санна эскаре кхайкхира. Даймохк ларбар шен сийлахь доккха декхара хетара цунна, ткъа уггаре а чIогIа Афганистане кхача лаьара, мостагIашца нийсачу къиссамехь шен доьналла гайта.

Руслан билгалйиначу хенахь тIеман комиссар Воронин волчу веара. Военком схьакхаччалц хан йойуш, ингалс меттан Iаматан агIонаш дIалуьстуш Iаш вара Руслан, амма Воронин дукха ца Iаш схьакхечира.

— Хьо соьга хьоьжуш вуй, жима стаг? — хаьттира шовзткъе итт шаре ваьлла хила тарлучу гIеметтахIоьттина стага.

— Ву, накъост подполковник! — хьалаиккхира Руслан.

— ЭхI! Хьажахь, цуьнга тIемало! Хьан фамили….да велла йуьссийла хьо, контузи! ХIун йара хьан фамили?

— Дадиев ву со.

— Ван а ма ву Дадиев! Чоьхьавала тIаккха.

— Гражданкехь висса лууш хир вара хьо?

— Дер вац, товарищ подполковник!

— Кхиор ву хьо соьх и товарищ подполковник ала, собар дехьа, хьо эскарехь а вацара. Дорофеевс Iамийна хир ву хьо. И дер йу борз. ХIинца а вуй хIара хьалха санна къовламе?

— Тхоьца чIогIа дика ву иза. Оха массара а лоруш а ву.

— Хаьа суна. Цуьнан студенташ къаьсттина дика хуьлу: Калашников автомат вовшахйаккха а, йуха вовшахтасса а чIогIа дика хаьа царна. Хьуна мел хан оьшу автомат вовшахтасса?

— Пхийтта секонд тоьур йу.

— Пхийтта секонд?

— ХIаъ, товарищ подполковник.

— Уггаре а тоьлла гайтаман мел норматив йу хаьий хьуна?

— Хаьа. БерхIитта секондера ткъе итт секонде кхаччалц.

— ТIаккха? Стенна йеш йу ахь ишта сихо?

— Муха стенна? Товарищ подполковник? Масане хуьлу тIам тIехь.

— ТIом стенна буьйцу ахь? Хьо тIом бан воьдуш ву, йа эскаре воьдуш ву? — эпсар ойланашка вахара. — Дика ду тIаккха. Мичахь лаьа хьуна тIеман декхара дIакхехьа?

— Афганехь, товарищ подполковник.

— Вай, хьо валла… кхин цхьа турпалхо гучувели хьуна! — элира Воронина, цигаьрка а узуш. — Ас диъ шо даьккхина цигахь. Гуш дуй хьуна суна хилларг? — оьгIазе гайтира Воронина шен астагIа ког.

— Ду.

— Цигахь мини тIехь иккхинера со. Соьца дерг-м къаьстина даьллера. Ас и некъ хаьржина дукха хан йу. Ткъа хьо хьан ца вуьту цига ца вахча? Стенна оьшу хьуна Афган?

— Хьо хила ма хилла цигахь. Хьо а хилла, кхин болу вайн кегий нах а хилла. Суна а ма лаьа шуна санна сайн Даймохк ларба.

— Цигахь. И дика элира ахь, цундела дIахаийла хьуна Даймохк цигахь ларбеш ца хуьлу, Даймохк кхузахь ларбеш хуьлу. Нехан махкахь цIий Iанор иза Даймохк ларбар дац хьуна, цундела дика ладогIал соьга, къонахчо къонахчуьнга санна къамел дийр ду вайшиммо.

— Дика ду — элира — Воронина дуьйцучух хIинца а башха кхеташ воцучу Руслана.

— Цхьа шо даьлча, со пенси дIавоьдуш ву. Массо а адамашкара санна диканиг а, вуониг а даьлла хила тарло соьгара. Шовзткъе итт шо ду сан. АхбIешарахь дуьнен чохь ваьхна со. Цхьа ког коша а бахана ву ала мегар ду. Ас сайна дош делла кху шарахь сайн ницкъ кхочург дан хьо санна болу кIентий цу Афгане ца кхачийта? Хьо кхеттий соьх?

— Со санна болу стенна боху ахь? Со нахал эшна ву?

— Вац. Йа эшна а вац, йа тоьлла а вац. Хьо буобер ду. ХIан! Гуш дуй хьуна? — Воронина кегий кIентийн суьртийн пачка охьакхоьссира стоьла тIе. — ХIара бераш кхин дуьнен чохь дац хьуна. Уьш массо а Афганистанехь белла. Царех виъ хьо санна да-нана доцуш кхиъна вара. Цига ца кхаьчнехь, уьш хIинцале зударий а бахкийна, шайн доьзалш а болуш, ирсе Iаш хир бара хьуна, амма церан дахар бехк-гуьнах доцуш кагдина, цу неIалт хиллачу тIамо. Массо а соьга ларлур вац цу тIамах, амма хьо санна долу буобераш цига ца кхачийта сайн ницкъ кхочур дийр ду ас. Дукха дуьйцу ас, сайн а хьан а хан йойуш. Доцца аьлча, цхьа бутт баьлча, Сахалине саьлтий бу дIахьовсо безаш. Иза чIогIа гена меттиг йу, къаьсттина Афганистанна генахь йу иза. Цигахь стройбатехь хьайн тIеман декхара дIакхоьхьур ду ахь, ахча а доккхур ду хьайна, иза карор ду хьуна эскарера ваьлча. Цу тIехь вайшинан къамел чекх а даьлла, иза вайшинна йукъахь бен хилла а дац. Кхеттий хьо? ХIинца мокъа ву хьуна хьо.

Цхьа тамашийна кийра басабелча санна хеташ аравелира Руслан. Цуьнан чIогIа боккха лаам ма бара Афганистане кхача. Амма Воронинс дуьйцучух а кхета мегар дара — подполковник кхунна дика болх хилийта лууш ма вара. Цул совнаха, хIинца берхIиттара ваьлча бен ца кхийтира Руслан буобер бохучу дешан маьIнех. Иза пIелг санна цхьалха ма вара, цундела вала сиха а вацара. Руслана сатуьйсура эскарера ваьлча зуда йало. Йалорхьама а ца йалош, боккъалла а йезайелла йало. Кхуьнан ден а, ненан а санна безам а, марзо а хилийта шайн доьзалехь. Нанас цхьа хаза дуьйцура кхуьнга жима волчу хенахь шаьш доьзал кхолларах лаьцна, шайна йукъахь хиллачу безамах, марзонах, ларамах лаьцна. Цхьанакхеттачу дийнахь дуьйна вовшашна муьтIахь хилла и шиъ, Эхарта а цьаьнаэшшара дирзира, ул-уллохь кошан баьрзнаш а долуш. Да-нана дагадеана, лазаман шело хьаьдира Русланан кийра. Кешнашка ваха ойла хилира…

II

Соьлжа-ГIалин аэропортера стигла айделира доккха Ил-86 кема. Илюминаторчухула куьйг ластош, хьомечу гIалин Iадика йира Руслана, ткъа цул тIаьхьа набарна тевжира. Хабаровск гIалин аэропортехь бен сама ца велира Руслан. Соьлжа-ГIалара дукхох болу призывникаш кхузахь охьабиссира, ткъа Руслан Къилба-Сахалинске кхаччалц дIаваха везаш вара. Совнаха гIар-тата доцуш, цхьа кIеда охьалахделира кема. Массо а хьалаиккхира сиха охьавосса, ткъа Руслан цхьанхьа а сиха вацара. Иза дегайовхонца, собаре хьоьжура шен дахаран керлачу агIоне, ткъа къона дог дуьзна дара сирлачу сатийсамах а, дахаре йолчу шовкъах а.

Массарел а тIаьхьа охьавоьссира Руслан. Эпсараша хIинцале могIаре дIахIиттийнера призывникаш. Фамили йоккхуш, мохь тухуш, цхьацца схьакхойкхура цара, ткъа йуха виъ-виъ йа, иттех дIавуьгура. Цхьаьна капитана Дадиевн фамили йеккхира. Руслан могIарера аравелира. Сихонца цунах бIаьрг туьйхира капитана, ша биначу харжамах реза хуьлуш санна, ткъа йуха омра дира:

— ТIаьхьа хIотта! И шиъ «уазик» чухиира.

— Со капитан Гончаров ву, биргIанаш йохкучу ротин командир. Рота йоккха йац вайн — ткъе итт стаг бен вац. Царех пхийтта «дед» ву, итт «черпак» а ву, шу пхи «салага» а ву. Низамаш чIогIа буьрса ду тхан. Салагаш бIаьргаш Iарждой хьийзаш хуьлу. Делкъе йечу хенахь, мацалла стоьла хьалха набараш кхета царна. Гуш ду уьш баккхийчара хьийзош хилар. Амма царех кхоьру уьш Iарз дан. Цхьаммо а бакъ дерг ца дуьйцу — йа охьакхетта олу, йа Iоттавелла олу. Ма-дарра аьлча цхьаьнна а хIумма а йа хезаш а, йа гуш а дац. Саьлти, хьо ладугIуш вуй соьга?

— Ву.

— Ву ма ала. Кхетта, товарищ капитан ала.

— Кхетта, товарищ капитан!

— ХIинца нийса эли. Тхан керла командир дисбатера веана ву. Хьалха кхечу кепара дара ша дерриге а. Гундаревс массарна а дIахаийтира — къона саьлтийшна вас йиначунна ша могуьйтур дац аьлла. Штабан куьйгалхо, Гуров майор а ву цуьнан сий деш хIинцале, ткъа лахара даржашкахь берш-м ас бийца а ца буьйцу. Цо дош делла вайн часть Генарчу Малхбалехь уггаре а тоьлла хуьлуьйтур йу аьлла, ткъа ца ша делла дош даима а кхочуш дина. КIира бен дац иза веана, амма хIинцале хила ма беззара низам дIахIоттийна. Доцца аьлча, со суо а ву хьуна Соьлжа-ГIалара. Цигара Катайама йевзий хьуна?

— Йевза, товарищ капитан.

— Суна хаьа хьо ледар хир воций. И пхийтта «дед» дIавахча, суна тешам болуш взводан замком оьшу. Кхетий хьо?

— Кхета, товарищ капитан.

— Спортаца гергарло дуй хьан?

— Ду. Боксан шолгIа разряд йу сан.

— Мастер спорта стенна ца йаьккхира ахь?

— Деша хIоьттинчул тIаьхьа, бицепсаш а ца кхиош, хьекъал кхио сацам бира ас.

Цу жоьпа чIогIа самукъадаьккхира капитанан.

— Дадиев, вай хIинца часте схьакхочуш ду. БиргIанаш йахкаран эскар хIун йу кестта кхетар ву хьо. Аса цхьа хIума эр ду хьоьга — хьо вуо ца лелахь, вайшинан йукъаметтигаш дика хир йу хьуна, ткъа вуо лелахь дика хир йац. Кхин цхьа хIума ду — ши йарус йолу пхийтта маьнга бу вайн. Уггаре а лахахь «дедыш» дIабуьйшу, ткъа лаккхахь кхин берш. Цхьа маьнга бу беса — хьайниг, иза шолгIачу ярусехь бу. Ахшо хьалха сан замком взвода вара Кутуев бохуш нохчо. Дер ма борз йара иза йан. Кхо де а далале, лахарчу маьнги тIехь вижна Iуьллуш вара иза. Кхеттий хьо со хIун ала гIерта, рядовой Дадиев?

— Кхетта, товарищ капитан!

Уьш тIеман часте схьакхечира. Ха деш волчу саьлтичо кевнаш схьадиллира. Итт минот йалале роте схьакхечира уьш.

— Кравцов! Лаккхара сержант Кравцов, схьавола кхуза!

— ДIавогIуш ву, товарищ капитан! — тIевеара хьаьрсачу аматехь волу, леккхачу дегIехь жима стаг.

— ХIара керла бIаьхо ву хьуна. ДIавуьжу меттиг а, кхин дерг а гойтур ахь цунна, ткъа цул тIаьхьа массо а делкъе йан аравоккхур ву ахь. Кхеттий хьо?

— Кхетта, товарищ капитан.

Капитан Гончаров къайлаволлушшехь, Кравцован йуьхь цабезамо макхйира.

— МерIуьрг, кху минотехь дуьйна массо а салагаш санна тIома вер ву хьо.

И хаттар риторически дара. Кравцовна моьттура Руслана «хIаъ» олуш цхьа гIам-гIим дийр ду, ткъа цо иза Iадош тIе мохь хьокхур бу:

— ХIаъ ца бохуш, дика ду товарищ лаккхара сержант ала! Амма Руслан кхин вистхилар доцуш, ластийна шен тIоьрмиг маьнги тIе охьа а кхоьссина, Кравцовна йуххе дIахIоьттира:

— Цкъа делахь, со мерIуьрг йац хьуна, сан цIе Руслан йу хьуна. ШолгIа делахь, тIома вала, со авиационни полкехь вац хьуна, ткъа нагахь санна хьо стигла вала лууш велахь, хьуна цхьа а хало йоцуш ас ши тIам бийр бу хьуна. Кхеттий хьо?

Каптеркехь лаьттачу Гончаров капитанна хезаш дара и къамел.

— ХIара дара-кх суна оьшург. — элира цо дагахь, ткъа йуха саьлтийшна хезаш оьгIазе мохь туьйхира цо:

— Кравцов, Дадиев! Совцаде шайн къамелаш!

Кравцов цергаш хьекхош лаьттара, Руслане а хьоьжуш.

Цхьаьна могIарехь делкъе йан доьлхучу хенахь, Русланна гира Кравцов кхин болчу саьлтишна тIе а воьдуш, цхьаъ дуьйцуш, ткъа уьш цо дуьйцучунах реза болуш, кортош теIош бара, ткъа царех цхьаммо, массарна а хезаш элира:

— Дер хIете, салагаш тIаккха йиссинарш а майра йевлла лелар йу.

Массо а кхийтира керла бIаьхо Iаморан хьокъехь хIара къамел хиларан. Ткъа Руслана башха ойла а ца йира, цунна чIогIа наб йогIура.

Делкъе а йина йухадогIуш, Руслан керлачу бIаьхошна йукъара цхьанна тIевахара.

— Муха йу хьан цIе?

— Виктор

— Мичара ву хьо?

— Кировера ву. Хьо мичара ву?

— Со Соьлжа-ГIалара ву. БIаьргана хIун дина хьан?

— Вожденихула экзамен дIалуш вара со. Дукха меллаша воьдуш хиларна, бетах мийра кхийтира.

— Ца кхета со и хIун экзамен йу?

— Муха эр дара хьоьга… доцца аьлча, хIора буса баккхийнаш хуьлу-кх шайн самукъадоккхуш, йа тхоьга машенаш хехка олу, йа Iуьйранна нIаьна санна Iеха деза.

— Со йуха а ца кхета ахь дуьйцучух. И хIун къамел ду нIаьна санна Iеха деза бохург, ткъа машен хахка йеза бохург хIун ду?

— Масала, цхьа кIира хьалха, тхо роте схьадалийначу хенахь, хьалхарчу буса Кравцовс хаьттира машен лело бакъо хьенан йу? Ас жоп делира сайн йу аьлла. Машен йига хаьий хьуна хаьттира цо, ткъа ас жоп делира хаьа сайна аьлла, тIаккха цо со диълар а хIоттийна, суна тIехууш элира — дIахахка машен, ас хьалхара сихалла латийна хьуна. Меллаша йига машен. Со дIаволавелира. Йуха ша йоьалгIачу сихалле ваьлла элира цо, ткъа со ца кхийтира сихох такха везаш хилар. ТIаккха цо со саца а вина, шен ницкъ мел бу сан бетах мира туьйхира, ткъа йуха Iуьйранна марта дан а ца магийра цо суна, цундела делкъеллалц мацалла вала хьийзаш вара со.

— Ткъа шахматы хIун бохург ду?

— Кравцовс хаьттира шахматех ловза хууш мила ву? Рязановс а, Бердяевс а хазахетта куьйгаш айдира, шаьшинга ловза боху моьттуш, ткъа Кравцовс элира — дIогара кубрик гуш йуй шуна? Аьнгали кара а эций, цIенкъа цIанйе, лепаш хилийта иза. Са хиллалц цIенкъа горгамш хьийкхира цара, хIете а билгалйиначу ханна ца ларийра, цундела хьуна ма-гарра муцIарш а йохийна хьийзаш бу.

— ЛадогIал соьга, Витек! Цкъа делахь, шун муцIарш йац, шун йаьххьаш йу, массо а адамийн санна. ШолгIа делахь, таханлерачу дийнахь дуьйна цхьа а шахматех ловзуш а вац, машен хохкуш а вац, йа нIаьна санна Iоьхуш а вац. Хьо кхеттий?

— Ши бIаьрг а къарзийна, Iадийча санна лаьттара Витек.

— Руслан, хьо лартIахь вуй? Цара вай дойур ма ду тIаккха…

— Ас аьлларг дехьа! Кхана-лама баркалла эр ду ахь суна. — йукъахдеккхира цуьнан къамел Руслана.

— Дика ду! — ца ваьлла реза хилира Витек, цунах дош хир доций ша кхеташ воллушшехь.

Суьйренан таллам биначул тIаьхьа, капитан Гончаровс массеран а буьйса декъала а йина араволуш Руслане а хьаьжна элира:

— Дала аьтто бойла хьан, Дадиев!

ДIадуьйша омра диначул тIаьхьа, салагаш сиха шайн метта хьалабевлира. Руслан маьнги тIера йургIа дIасхьа а ца даржош, йуьхь-куьйг дIадила сехьа чувелира. Цигахь хезира цунна Кравцовн буьрса аз:

— Синош, дIахIиттал могIаре! Мичахь йу и керла йеана йолу боьха хIума?

— ХIан… хан тIекхечи — ойла йира Руслана. Хьалхарчу ярусера меттиг йоккху хан бокъалла а тIекхаьчнера.

Руслан меллаша чоьхьавелира. Цунна гира Кравцовна хьалха лаьтта виъ бIаьхо.

— Шу виъ сихонца шайн маьнганашна тIе схьала а довлий, дIадуьйша. Аш кхин цкъа а машенаш хоьхкур йац! — элира Руслана.

— ХIун элира ахь? — Iуьргара лаьхьанаш санна, гучубевлира баккхийнаш.

— Шуна хезнарг элира-кх. — кIоршаме жоп делира Руслана, ткъа йуха кхеравеллачу Витекана тIевахара иза, цуьнан жимма а сатеда.

Русланна гира шена тоха Кравцовс айдина куьйг. Руслан охьатаьIира, ткъа цу мIаьргонехь Кравцовн моччахалах буй тоьхна, иза вожийра цо. Минот йалале тIеведда волу кхин сержант, буй къовла а ца ларош Кравцовна улло охьавуьйжира, Руслана тоьхна тIара бахьана долуш.

Тийналла йоьссира казармехь. Цхьа а ваьхьаш вацара Русланна улло гIорта а. Тийналла йохош кхин цкъа омра дира Руслана массаьрга а дIадийша аьлла, ткъа ша Кравцовн маьнга мичахь бу а хаьттина, цу тIе хьала а ваьлла дIавижира. Руслан велакъежира, Гончаровна хазахетар дуй хууш. Русланна хезаш дара казармичуьра къамелаш:

— Шарахь вай мел лелийнарг эрна хилла, жима кIанта оцу кепара ша дерриге а дохо?

— И кIант бакъ долуш, боксер ву шуна. Вай вейтта массо а цхьаьна тIекхетахь къарвала а мега иза, ткъа вуьшта-м цо Iойла дойур ду вайн. Хьуна ца гира цо хьо муха вожийра, ша кино чохь санна. Иштта Сальков а вожийра. Цхьаьна кIирнахь собар дан деза вай Рыжий схьакхаччалц. Цо шен метте дIахIоттор йу салага. ТIехула тIе Соьлжа-ГIалара а ма ву иза. ДагадогIий хьуна Кутуевс мел чIогIа хьийзош вара Рыжий? Хьакъ долуш хьийзош хиллехь а, амма вайна цунах гIоле ма ца хуьлура. Рыжийга дIаэр ду вай хIара Соьлжа-ГIалара ву, тIаккха цо цу мIаьргонехь хIаллак вийр ма ву иза.

Руслан кхийтира Рыжийца дерг къасто дезаш хилар.

— ХIумма а дацара иза-м. Рыжий а цхьаъ хир ву-кх. Гича хуур ду-кх — набарна тевжира Руслан, дукха ойланаш ца йеш.

III

…Капитан Гончаров саьлтий хьалагIовтта итт минот йиссинчу хенахь вогIура даима а. Уггаре а хьалха цо самайоккхура сержантски состав, ткъа цунна йукъара уггаре а хьалха Кравцов самавоккхура цо. Гончаровс иза башха лоруш вацахь а, амма шена тIедиллинарг кхочуш деш вара лаккхара сержант. Цуьнан маьнги улло вахча, Гончаров цецваьллера, шена гуш дерг гIан ду моьттуш — Кравцовн метта вижина Iуьллуш вара Дадиев.

— Де ма эша хьан, сан махкахо, ма ледар вац-кх хьо! — велакъежира капитан.

Хилларг шена хIун ду ца хууш санна, сиха йуьстах велира Гончаров, ткъа йуха самайеккхира сержантски состав.

ШолIгачу кIирнахь Руслан тIетаьIIина тIеман баххаш Iамош вара. Денош мIаьргонаш санна дIалелхара. Цхьаьна дийнахь, мокъа хан йолчура садаIа маьнги тIе охьавижиначу Русланна наб озийнера. ГIенахь цунна дуьхьал тессира шен логах ирачу мIаранашца тассайелла Iаламат йоккха маккхал. Цо лазийна самаваьккхиначу Русланна гира шена тIехь лаьтташ волу ца вевза цхьа стаг. Цуьнан цабезамо разйаьккхинчу йуьхьтIера оьгIазе хьоьжура хIорд санна сийна ши бIаьрг. Цу бIаьргийн шелонехь хаалуш дара иза диканна араваьлла ца хилар. Руслан легаштIера а лаьцна, цуьнан садукъдеш вара иза. Руслан хьалагIатта гIоьртира, амма лам санна долчу цу стеган дегIо меттахвала а ца вуьтура иза. Хетарехь иза ши метр леккха а, бIе кила йозалла йолуш а вара. Русланна цкъа а гина дацара ишта даккхий адамаш.

ТIедарчех йуьзна йуьхь йолуш, гIодайуккъелц верзина ваьлла иза ша вампIал санна вара. Вистхилар доцуш, Руслан цхьаьна куьйга маьнги тIера хьала а айвина, такхийна пена йисте дIагIортийра цо. Садукълуш волчу Русланна гуш цуьнан и къорза йуьхь бен кхин хIумма а дацара. УргIал Руслан пенах а таIийна, кхин гIелвалар доцуш лаьттара, хетарехь цо ишта масех сахьт доккхур дара, кхин меттах ца волуш. БIаьргаш хьалха хIоьттинчу пардонехула Русланна гуш дара белакъежаш лаьтта «дедыш». Цара сатийсина мIаьрго ма йара иза — Русланна хуьлу бекхам ган. Садукъделла лаьттачу Русланна хезира:

— Рыжий, сенлуш ма ву иза! ДIахеца иза! Лийр ма ву и. Русланна моттаделера шена тIе лаьтташ даккхийчу тIемашца доккха малик ду. Цу мIаьргонехь кхетамчу веара иза. Де доьхна экха санна шийлачу цIенкъахь Iуьллуш вара иза, шена хиллачух ца кхеташ, ткъа йуха меллаша дагаэха доладелира хилларг. БIаьргаш схьабиллича, цунна гира толамхочун велакъажарца шега хьоьжуш лаьтта цхьа хьаьрса ургIал.

Рыжийн букъа тIехьа лаьтта Кравцов а, кхин берш а гича, дагадеара Русланна мел хилларг. Рыжий хIумма а шекваьлла йа ша диначунна дохковаьлла вацара. Русланан кийрахь кхерстира цабезаман алу. Адаман кепара вухуш, цу мIаьргонехь цIий Iано хьаьгна, къиза экха хилира цунах. Саьлтий болчу агIор дIатассавелира иза. Самукъадаьлла терсара уьш, амма церан белар цIеххьана сецира, Руслана гоьзанчана тIехьаьдда, цуьнгара урс даьккхича.

ЦIийх дуьзначу бIаьргашца, урс даьккхина тIеволавелира Руслан Рыжийна.

— КIентий, атас!!! — мохь белира цхьаьнга. Массо а уллора дIасхьаведда, ша виссира Рыжий. Кхеравелла, мохь оьхуш шолгIачу яруса тIе хьалакхоссавелира иза, амма Руслан саца дагахь вацара. Бекхамо вахийна, хьере винера иза. Рыжий дIасхьауьдура, ша мича эккхар ву ца хууш, эххар а казармера араведира иза, ткъа цунна тIаьхьа, урсаца ведда воьдура Руслан. Массо а Iадийна хьоьжура цаьрга, амма цIеххьана, Русланан некъ хадийра цхьаммо, цуьнан карара урс охьа а дожош. Иза хиллера капитан Власов — йерриге а тIеман частан дозалла.

— Саьлти, хьо хьерваьлла? — хаьттира цо Руслане.

ХIетахь бен ца кхийтира Руслан ша боккъалла а доккхачу зуламна бисте кхаьчна хиларах.

— КъинтIера вала суна, товарищ капитан — элира Руслана, ткъа йуха лаьттара урс схьаэцна, иза меллаша шен казарме дIавахара.

Дукха ойла йира Руслана. Минот йаьллехь, стаг вийна, цIий Iанош вара иза. Русланна ца хаьара цуьнан цIе муха йу а, иза мила ву а, иза шен боккъалла воккха а, луьра а мостагIа хилар доцург. Роте схьавеъча, гоьзанче урс дIаделира Руслана.

— Руслан, суна хьан гIуллакх телхина даьлла моьттура. — Ведда дуьхьал веара цунна Витек. — ма боьха хIума хиллера иза. Хьо сенвелла аьлла мохь ца тоьхнехь, хьо вуьйш вара-кх цо. Хьо мел чIогIа сенвеллера ца хаьа хьуна.

— Витек, со хIетахь сацийна ца хиллехь, ас ма вара иза вуьйш. Ма хала ду суна цунах теша.

— Цунах-м эхь дацара вийча а! Хьо наб кхетта хилар шена гуш доллушшехь, хьо сама а ца ваьккхира-кх цо. Боьха хIума йу иза, шеко йоцуш.

— Собар дехьа, Витек. Адаман са даккхар инзаре доккха къа ма ду. Соьга паргIат дуьне даалур ма дацара, иза вен а вийна… Витек, соьга цкъа а цхьа а адам делур ма дац.

Ткъа Рыжий-м шен дагахь хIинцале бекхаман Iалашо хIоттийна Iаш вара. Дуьтур дац ша аьлла, сацам бинера цо, мел беза мах дIабелла а.

Цхьа сахьт далале, роте ведда чуиккхира капитан Гончаров. Цо сихонца тIедожийра Русланна канцеляри ша волчу чувола аьлла.

— Суна ша дерриге а хууш ду. ХIинца командирана тIеваха везаш ву со, цу хьокъехь жоп дала. Ас дIадуьйцур ду цуьнга хьо мила ву а, Рыжий мила ву а. Йуха цо ша волчу кхойкхур ву хьо. Вист ца хуьлуш, командире ладогIа. Рыжий вайн ротера дIаваккха хьожур ву со. Зулам бен кхин пайда бац цунах. Да велла аьлла, къахетта отпуске вахийтинера ас иза, амма массарна а бале ваьлла ву иза къоначарна а, къеначарна а.

Гончаров командир волчура схьавеъча, гуш дара командира цунна дов дина хилар.

— Дадиев, ас цуьнга ша дерриге а дIадийцина хьуна — хьо мила ву а, Рыжий муха стаг ву а. Вало, хIинца иза хьоьга хьоьжуш ву хьуна. Эскаран гIиллакхца догIуш маршалла а хаттий, чоьхьа вала. Делах тешна ву-кх хьо!

Руслан шен эткаш а цIанйина, духар а нисдина, штаб йолчу агIор дIавахара. Доккха са а даьккхина, командиран неI туьйхира цо.

— Чоьхьа вала! — дийкира командиран къора аз.

— Товарищ подполковник, саьлти Дадиев хьан омранца схьакхаьчна!

Гундаревс Руслане дIа а ца хьожуш масех кехатана куьйг йаздира, ткъа цул тIаьхьа бен ца элира:

— ПаргIат!

— Хьан кехаташка хьаьжнера со, цундела сан къамел доцца хир ду. — элира Гундаревс. Со суо а ву берийн цIийнахь кхиъна. Хьо берийн цIийнахь кхиъна вацахь а, амма да-нана доцу буобер ду. Со эскаре вахара, ткъа цул тIаьхьа тIеман училище деша хIоьттира, эпсар а хилира соьх, ткъа хIинца хьуна ма-гарра командиран дарже а кхечи со. Муьлхха а саьлти, сайн сих даьлла сайн бер санна хета суна. Ткъе пхеа шарахь эпсар волуш, ас цхьа а саьлти йа набахте а, йа дисбате а ца вахийтина. ГIалат массаьргара а долуш хуьлу, со кхета. Йалх шо хьалха со майор волчу хенахь цхьа саьлти набахте дIахьажо везаш вара ас. Хьо санна нохчо вара иза а. Цо-м доккха зулам ца динера. Ахь тахана минот йаьллехь стаг вара вуьйш, ткъа иза цкъа а цхьаненна а зен-зулам дина вацара. И нохчо сержант ха деш волчу хенахь, вижина а виссина, цуьнан саьлтийша столови чохь горгамаш ца хьаькхнера.

Iуьйранна боьха чоь гиначу ас, массарна а хьалха цуьнга элира:

— Хьан саьлтий бахьана долуш йу хIара чоь боьха, цундела ахь хIинца горгам хьокхур йу кхуза чохь.

Цхьа бутт бен бацара цунна эскарехь баккха биссинарг. Цо ша цкъа а горгам караоьцур йац элира, тIаккха ас иза кхерийра омра кхочуш ца дарна, набахте вохуьйтур ву аьлла, амма сержанта хIумма а ца вухуш, жоп делира:

— Тоьпаш тоха а мегар ду хьуна, амма ас горгам хьокхур йац. Со чIогIа воьхнера, и гIуллакх нийса муха къастор ду ца хууш, хIунда аьлча сан иза набахте вахийта дезаш хьал кхолладеллера боккъалла а. Ас саьлтийшка элира сайна хи чохь ведар а, горгам а схьайа. Меллаша пхьуйшаш хьалакарчийна, со цIенкъа горгам хьакха волавелира. Сержант макхвелла лаьттара, ткъа йуха шена а саьлтишкара горгам а йехна, соьца нийсса горгам хьакха волавелира иза. Оцу кепара сержанта а майора а цхьаьна горгамаш хьокхуш, чоь дIацIанйира. Сан а, цуьнан а дахарехь дуьххьара а, тIаьххьара а хилла хIума дара иза. Иза эскарера ваьлча, со суо вахара иза новкъаваккха, цул совнаха институте деша хIуттуш, дика рекомендаци а йазйира аса цунна. Ас и хьоьга стенна дуьйцуш ду? Хьо институтехь дика доьшуш хиларе терра, хьайна лиъча дахарехь шортта кхиамаш бохур бу ахь. Дахаро башха ловзош лелийна вац хьо, хьо цунах кхеташ ву а моьтту суна. Доцца аьлча, дисбате йа, набахте кхача атта ду хьуна, амма суна ца лаьа хьо цига кхачийта. Нагахь санна сержанташа йа, эпсараша дина омра ахь кхочуш ца дахь, хьо чуволла тарло. Иза ца хилийта, ас хьуна хIинцале лахарчу сержантан цIе лур йу. Капитан Гончаровна а иза хазахетар ду аьлла хета суна. Реза вуй хьо сержант хила?

— Реза ву, товарищ подполковник! — хазахетарца жоп делира Руслана.

— Даздаран хьелашкахь кхайкхош хуьлура и санна дерг, амма тахана ишта нисделла хIара гIуллакх — велакъежира Гундарев.

Русланан дахарехь хийцалуш дIаэхнера сирла а, ирча а мIаьргонаш. Карарчу хенахь бер санна воккхавеш вара иза. ХIинцале бевзинера Русланна эскаран чам, цхьацца хIуманан маьIна дан а ларийнера иза. Цкъа а ца моьттура цунна ишта сиха сержантан цIе шена лур йу, цундела Руслана хIоттийна коьрта Iалашо йара — ротера дедовщина орамца дIайаккхар.

Гундаревгара погонаш схьаэцна, кхин дIа хIун дан деза ца хууш, лаьттара Руслан.

— ТIаккха, Дадиев? Итт минот тоьур йуй хьуна погонаш тIетега? Йа ас тега йеза хьуна уьш? — велавелира командир.

— Дика ду, товарищ подполковник!

— Дика хIун ду? Соьга тега боху ахь? — забар йора командира.

— Ца боху дера, товарищ подполковник. Айса тоьгур йу ас.

ХIетахь дуьйна ден а, кIентан а санна тешаме, йовха йукъаметтигаш кхоллайелира царна йукъахь. Ма-дарра аьлча, Гундарев массо а саьлтийшца вара тIекаре а, дика а.

Командир волчура керлачу погонашца араваьлла Дадиев гича, Гончаров цецваьллера.

— Хьоьгара суна цхьа шиша йогIу хьуна, Дадиев.

— Дика ду, товарищ капитан, амма со ца кхийтира…

— Кхетта йа, ца кхетта?

— Ца кхетта, товарищ капитан, стенна йогIу соьгара шиша?

— Хьо вуо лелла аьлла командира суна дов дина, ткъа хьоьх сержант вина. Нийсо мичахь йу?

Гончаровна моьттура цу забарах Дадиев велалур ву, амма иза бос байна лаьттара.

— Дадиев, хIун хилла хьуна?

— Ойла йира ас… нагахь санна Рыжийн вада аьтто ца баьллехь хIун хир дара? ХIетахь цунна тIекхаьчна ма ваьллера со, оцу мIаьргонехь цу капитана со сацийна ца хиллехь. ХIетахь къаьсташ хилла-кх сан кхане а, сан дахар а — корта оллийна, вистхилира Руслан.

— Хьо сацийна волу капитан Власов тIеман училищера дуьйна сан хилла накъост ву, цундела тхойшинне йан йеза ахь шиша. И боьха хIума массо а хIуман тIехь соьл тоьлла йу, рота а йу цуьнан дикаллица цIейаххана. Бакъ дерг дийцича сан санна къаркъа мала ницкъа-м ца тоьу цуьнан — Русланан самукъадаккха гIертара Гончаров. — амма хIинца со тешна ву, вайн рота уггаре а тоьлла хир йу аьлла а, иштта мокъа деношкахь ротехь вовшийн батош йохор йоций хууш паргIат садаIа сайн аьтто хир бу аьлла а. Ларор вуй хьо, Дадиев?

— Ларор ву, товарищ капитан! — жоьпаллица дIахьедира Руслана.

— Масех де даьлча, аса Рыжий дIавоккхур ву вайн ротера. Цунна бIаьрахьалха ца нисвала хьажа. Кхин цхьаьнца а девне а ма вала. Дика дуй, Руслан?

— ДIа ма ваккха Рыжий вайн ротера. Масане хуьлу, бийца мотт каро а мега тхуна.

— Карор бац хьуна цуьнца бийца мотт, Руслан. Хьуна иза адам ду ма моьтту, ткъа иза адам ма дац. Хьоьгахь санна адамалла ма йац цуьнгахь. Ахшо хьалха вехна а волуш, цхьаьна саьлтичун Шелеповн пхьарс чуьрабаьккхинера цо. Къарс аьлла иза каглуш массарнна а хезинера. Иза ротехь а волуш паргIат наб кхетар йац суна. Хьо цуьнца кхин девне ца валахь а, амма иза чIогIа мекара ву, цундела шуьшиъ цхьаьна ротехь вита мегар дац, ткъа иза аса сайна тIелоцу.

Капитана ма-аллара, итт де даьлча, Рыжий кхечу роте дехьаваьккхира. Массара а доккха са даьккхира, ткъа Руслан отделенин куьйгалла дан волавелира. ШолгIачу дийнахь Кравцов а, Дадиев а шена тIекхайкхира Гончаровс.

— Накъостий сержанташ! Вайн коьрта бала ротера дIабаьккхина вай, амма кхин цхьаъ биссина — шун йукъаметтигаш. Суна шина къонахчо санна дош дала деза аш таханлерачу дийнахь дуьйна вовшашна гIо дийр ду аьлла. Кхеттий шуьшиъ? — ши сержант вистхуьлуш вацара.

— Кхеттий шуьшиъ? — мохь туьйхира Гончаровс.

Сержанташа цхьаьнаэшшара жоп делира:

— Кхетта, товарищ капитан!

— Дика ду! Кравцов, хьо эскарехь тIеман декхара дIакхехьна валлалц замкомвзвода вуьссуш ву хьуна.

Кравцов хазахеташ вара, хIунда аьлча иза кхоьрура Руслана шегара дарж схьадаккхарна. Шена иза хууш долу дела Гончаровс хьалхе барт бинера цу хьокъехь Русланаца.

Цу дийнахь дуьйна ротера дахар маьрша а, самукъне а хорше дирзира. Цхьаммо а цхьанне а ницкъ ца беш, вовшийн ларам болуш къахьоьгура саьлтийша. Сарахь массара а цхьаьна пхьор диначул тIаьхьа, гитара лакха охьаховшура саьлтий. Амма массо а сингаттаме вара Рыжийх лаьцна цхьацца хабарш хезаш хиларна. Цо дуккхозза а аьлла бохуш дуьйцура ша Руслан вуьйр ву. Гончаровна хазахеташ къамелаш дацара уьш, хIунда аьлча цунна хаьара маларах кхетча, мел чIогIа хьерволуш ву Рыжий.

Амма Рыжийца дерг а кестта муха къаьста а ца хууш къаьстира. Кочегарки чохь виъ саьлтий велла карийнера. Бахьана — маларах даьлла дIовш. Беллачарна йукъара цхьаъ Рыжий вара.

ШолгIачу дийнахь Кравцов а, Руслан а Гончаров волчу вахара.

— Товарищ капитан, оха йерриге а ротин барт хилла Рыжийн нанна ахча гулдина. Тхуна иза мичахь Iаш йу ца хаьа, цундела ахь хIара ахча дIатесча дика хир дара.

Гончаров хьалагIаьттира:

— Хьанна дагадеанера иза, Дадиев?

Руслан вистхуьлуш вацара.

ТIаккха Гончаровс Кравцове хаьттира:

— Кравцов, дийца хьанна дагадеана иза?

— Дика ду иза, йа вуо ду тхуна дагадеанарг?

Гончаров вист ца хуьлуш лаьттара. Кравцовс шен дагахь сацам бира, ма-дарра ша дерриге а дIадийца, хIунда аьлча кхара динарг вуо хIума а дацара.

— Русланна дагадеанера иза.

— Цу тIехь сан шеко йацара, хIете а хаьттира ас. — элира Гончаровс. Дадиев, хьо ма тамашийна стаг ву. И хьан махкахо а вацара, хьан къомах а вацара, йа накъост а вацара, мелхо а хьан мостагIа вара иза, шен аьтто баьллачу мIаьргонехь хьо вен дош делла волу. Стенна деш ду ахь хIара гIуллакх?

— Товарищ капитан, цуьнан къена нана ша цхьалха йиссина аьлла хезнера суна.

— Ткъа хьан нана йанне а ма йац, йа къона а, йа къена а. Хьоьх дог лозуш вуй цхьа а кху дуьнен чохь?

— Товарищ капитан! Соьца цуьнан хилла йукъаметтигаш йийца ца оьшу. Цуьнан нанна вуо деана, и ахча цунна карор ду. Бакъ долуш иза вуо вара массаьрца а, зуламе а вара, амма вай хила ма ца деза ишта. Со къинтIера ваьлла цунна…

Кестта, биргIанийн ротах тIеман декъан дозалла хилира. Массо а гайтамашкахула уггаре а тоьлла йара иза, ткъа тIаьхьарчу йалха баттахь цхьа а бохам а ца хиллера. Гундаревс воккхавеш масалийна йалайора Гончаровн рота.

Кравцов а, кхин болу дембелаш а цхьаьнаэшшара дIабахара эскарера. Цабезам а, гамо а хуьлуш меттигаш нислора хьалха, амма Руслан кхуза веанчу дийнахь дуьйна, йерриге а рота цхьа доьзал санна бертахь йара. Эскарера дIабоьлху дембелаш марзонца, дегайовхонца новкъабехира бухахь биссинчу саьлтийша. Массара а баркалла олура Русланна кхузара хьал низаме далорна. Массара а гулдина ахча, шегара жимма тIе а диллина, Руслана Семенов Сергейга дIаделира. Якутин къомах волу иза Рыжийн йуьртхо вара. Иза йуьстахваьккхина, Русланна цхьанна а ца гуш, цуьнан кисана таIийра ахча:

— ХIара ахча Рыжийн нене дIалолахь, дика дуй?

Руслан дIаваха волавелча, якута куьйг лаьцна сацийра.

— Русик, собар дехьа. Хьоьга цхьаъ дIаала дезаш вара со. Сан да а, деда а шаманаш хилла, ма-дарра аьлча хIума хууш нах хилла уьш. Сан дедас ша лечу хенахь аьллера шен похIма суна дехьадер ду аьлла. Суна иза цкъачуна ишта чIогIа хаалуш дац, амма хIете а гIенаш го суна тамашийна. Рыжийца тхойшиъ цхьаьна эскаре кхойкхучу хенахь, масех бутта балале суна иза велла гIенах гира. Иза дукха хьалха дара, тхо салагаш долчу хенахь. Ас дийцира цуьнга, амма цо иза тергал а ца дира. Ткъа цунах хилларг хьайна гуш ду хьуна.

— Дика ду, ткъа соьга стенна дуьйцуш ду ахь иза?

— Кхетий хьо, Русик. Суна хьо а гинера гIенах, верриге а цIийх вуьзна Iуьллуш, йа дийна а, йа велла а воцуш.

— ДIавалахь кхерамаш ца туьссуш. Массо а мацца делла а, лийр долуш ду вай, хьуна гIенаш ца гича а.

— ХIан-хIан, Русик. Суна хьо хIинца санна къона волуш гира, саьлтийн духар а долуш тIехь, цхьаьна буьрсачу ломахь Iуьллуш. Доцца аьлча, ларлолахь. — Сергейс къевлина маравоьллира Руслан.

IV

Цхьа де санна дIаиккхира нийсса цхьа шо. Керла саьлтий кхечира эскаре. Уьш кийча бара шайна баккхийчара тIехь Iазап латтор хиларна, цундела церан цецдовларан доза дан а дацара, биргIанийн ротехь долу доттагIаллин а, вежараллин а хьал гича. Наггахь цхьацца дар-дацар хуьлуш меттиг нислора, амма Русланан а, Гончаровн а сиха аьтто болура и диканца дIадерзо, амма цхьаьна хиламо хоршара деккхира ротин маьрша дахар.

Руслан старшина вара хIетахь. Эскарехь йаккха йиссинарг ахшо бен хан йацара цуьнан. Цу дийнахь ротехула ха деш вара иза. Ахбуьйса йаьллачу хенахь цунна хезира хинкIаш йеш воьлхуш цхьаъ. Йуьхьаьнцара шена хетаделла моьттира Русланна, амма корахула цунна гира трансформаторни йолчу агIор дIавоьдучу стеган гIаларт. Руслан ара а ваьлла цунна тIаьхьа вахара.

НеIан херонехула Русланна гира тховх муш тоссуш волу къона саьлти. Цо лол беш гича, Руслан кхийтира иза ирхоллавала дагахь кечам беш хиларах. Воьлхучура ца соцуш, горвоьжна дегIатIехь моссийтозза жаIаран кеп гайтира цо. Ткъа цул тIаьхьа, соне а вахана, брезента бухара доккха диг схьаийцира цо. Цу мIаьргонехь трансформаторни чоьхьа велира Руслан. Русланна цкъа а гина вацара и кIант. Цунна ца хаьара иза бутт хьалха эскаре веана керла бIаьхо вуй. Абрамов Сергей шен ден-ненан цхьаъ бен воцу кIант вара. Цуьнан да а, нана а Москван пачхьалкхан университетан лаккхарчу математикин профессораш дара. Сергей а цу университетехь доьшуш вара, амма ша берхIиттара ваьлча, цо да-нана дуьхьал доллушшехь сацам бира эскаре ваха.

Шен докъазалла Сергей йоьалгIачу роте кхечира, ткъа цуьнан куьйгаллехь вара лаккхара лейтенант Круглов. Цуьнан ротехь цкъа а низам бацара, амма дедовщина кхууьш йара. Гундаревна везаш вацара, цундела цо сихо ца йора цунна капитанан цIе йала. Круглов де дийне мел долу дарлуш вара. Цу буса а вехна каптерки чохь Iуьллуш вара иза, ткъа цуьнан ротера «дедыш» къоначу саьлтишна тIехь Iазап латтош бара. Ша сийсаза варна кхин тоха са доцучу Абрамовс сацам бира шен дахар чекхдаккха. Мел чIогIа дохковаьллера иза ше дега а, нене а ла ца догIарна. Руслан неIарна хьалха дIахIоьттира, саьлти ара ца валийта.

Руслан гина воьхнера Сергей, ткъа йуха цо элира:

— Ма йе суна новкъарло, товарищ старшина. — саьлтичун аз а дерриге а дегI санна дегош дара. — ДIавала неIарера, товарищ старшина, йа ас цIий Iанор ду хьан, кхин болчеран санна!

— Хьан бакъо йац цхьаьннан а цIий Iано. Муха йу хьан цIе?

— Сергей йу сан цIе. Ас чIогIа доьху хьоьга, дIавала цу неIарера… — саьлтий велха ийзалуш вара.

— Сергей, Дела доьхьа собаре хила, ма леладе Iовдал дерг. — Руслана меллаша Сергей маравуллуш, цуьнан карара диг дIадеккхира.

Меллаша горхIоьттина йуха а велхаран къурдаш дан волавелира саьлти. Иза дагахь хиллера вижина Iуьллучу Кругловна диг детта, иштта масех сержант а диг диттина вен, ткъа цул тIаьхьа ша ирхоллавала. Иштта йара цуьнан Iалашо. Иттех минотехь цуьнца къамел диначул тIаьхьа Русланан аьтто белира Сергей кхето. И шиъ цхьаьна йоьалгIачу роте вахара.

— Муьлха ву? — хаьттира Руслана и шиъ чоьхьаваьлча.

— ДIогара, пенна уллора шолгIа маьнга, сержант Денисов. — элира Сергейс.

Руслан меллаша маьнги улло вахара. Цу тIехь вижина волу саьлти дукхозза а гинера Русланна, амма вевзаш вацара:

— ХьалагIатта, къамел ду дан дезаш!

Реза воцучу Денисовс ша самаваьккхинарг кхин хиллехь, иза вуо човхор вара, амма Русланах ца хIоьттира иза.

— ХIун хилла?

— Масех минот хьалха кху дагарца вуьйш вара хьо, со тIе ца кхаьчнехь. — элира Руслана, Сергейн карара диг дIагойтуш. — Суна баркаллаш баха ца оьуш, амма таханлерачу дийнахь дуьйна, кху кIантах пIелг Iуттур бац цхьаьна а дас. Массо а кхеттий соьх? — леррина Денисовн бIаьра хьаьжира Руслан.

— Руслан, ладогIахьа, тхуна «дедыша» тIехь ца латтош къизалла ца йуьтура — дерзинчу когашца цIийиначу биргIанашна тIехула дIасхьалелара, дегIан чкъор цу биргIанашна тIелеташ, ткъа кхаьрга-м вистхила а йиш ма йац…

Докъазалла, цу мIаьргонехь самавелира ротин командир Круглов. Вехна иза, когаш Iуьйра, леста а лесташ каптеркера аравелира, хIун гIовгIа йу хьажа.

Иза гича Руслана а, Денисовс а сацийра къамел, амма иза тIаьхьа хиллера. Кругловна сиха вевзира Руслан. Къаьсттина чIогIа везаш вацара цунна иза, хIунда аьлча Руслан Гончаровн ротера волу дела, ткъа и рота массо а гайтамашкахула даима тоьлла йара тIеман декъехь, ткъа хIинца Кругловн дика аьтто бара Гончаровна бохам бан.

— Хьо мила ву ван? — цабезамах дуьзна дара цуьнан цIийделла бIаьргаш.

— Со биргIанийн ротера старшина Дадиев ву, товарищ лаккхара лейтенант! — гIиллакхехь вистхилира Руслан.

— Валахь, дIадала тIаккха суна хьалхара, къутIа, ас хIинца датIор ду хьо! — элира Кругловс, Руслан кач тIера а лаьцна ара такхош.

Амма Руслана каде цуьнан карара мукъаволуш, командиран куьйг букъа тIехьа саттийра. Кругловс боьха мел дерг дийца долийра, ткъа цу боьхачу маттаца цо ненан цIе йоккхуш шена хезча, Руслан хьервелира. Минот йалале, Круглов ша волчу агIор схьаверзош, цо ластийна йуьхь тIе буй туьйхира цунна. Кругловн марара охьаоьхучу цIийх дIайуьзнера йерриге а казарма, ткъа ша командир кхетамчуьра ваьлла охьавуьйжира. Йерриге а рота самайаьллера. Минотана тийналла йоьссира казарми чохь, ткъа цу тийналлехь Русланна хезира цхьаммо олуш:

— Дадиев, хIинца-м набахте кхочур ву хьуна хьо! И дешнаш хезча боккъалла а кхийтира Руслан ша диначух. Иза Iадийна дIасхьахьоьжура кхин дIа хIун дан деза ца хууш, амма цIеххьана Абрамовн аз хезира цунна:

— Руслан, бIаьргаш дIахьаббе.

— ХIунда?

— Ас хьайга аьлларг дехьа, доьху хьоьга, Руслан.

Руслана ши бIаьрг дIакъовлушшехь, цуьнан йуьхьтIе инзаре чIогIа лазош хIума кхийтира. Корта а лаьцна лаьтта охьавуьйжира иза. Марах, багах, бесништIехула охьаоьхуш цIий дара, ткъа хьалха лаьттара карахь гIант а долуш Сергей, цхьа сахьт хьалха Руслана дахар лардина волу.

— Ишта баркалла хуьлу-кх стагана дика болх бича — дагатессира Русланна. Иза чIогIа оьгIазваханера Сергейна, ткъа Абрамов гIант охьакхуссуш, дIаведира. Руслан цунна боьха мел дерг дуьйцуш тIаьхьаведира, ткъа хьуьхьвоьлла Сергей сихонца бехказавала гIертара:

— Руслан! ХIинца ша дерриге а дика хир ду. Тхан ротас тоьшалла дийр ду Круглов хьуна йетташ вара, ткъа ахь дуьхьал леташ, ца хууш тоьхна цунна. Эххар а кхийтира Руслан Сергейс диначух. Иза цецваьллера муха дагадеана сел сиха и санна дерг саьлтичунна. Куьзгана хьаьжча, ша ца вевзира Русланна — оццул чIогIа йистина йара цуьнан йуьхь. Букъа тIехьа лаьттачу Сергейга мохь белира:

— Ва Дела!

— ХIумма а дацара иза-м, Серега. Цхьа кIира далале меттавогIур вара со-м. Цулле а кхин дIа хIун дан деза дийцахьа.

— Руслан, цкъа делахь къинтIера вала суна, ас хьо лазорна. ШолгIа делахь, хIинца тхан йерриге а ротас кехатана куьйг йаздийр ду Круглов ша хьуна коча веанера аьлла, ткъа хьо цунах дуьхьал леташ бен вацара. Иза ишта а мелла ву, цунна дагадогIур дац ша хIун дина а, хIун лелийна а. Ткъа хIинца цкъа сихонца хьан ротин командире хаам бан беза.

Дукха хан йара Гончаровга буьйсанна цхьаммо а телефон ца тухуш. Набарха валанза волчу цунна моьттура цIера, Соьлжа-ГIалара цхьаъ хир ву кхузахь буьйса хилар дицделла зIене ваьлла. Ши бIаьрг ца боьллуш, телефон схьаийцира Гончаровс:

— Алло?

— Товарищ капитан, Дадиев ву со! Тхуна бохам баьлла.

Ахсахьт далале схьакхечира Гончаров.

— Ва Дела, Русик! ХIун хилла хьуна? Пхи бутт бен ца биссина хьуна, сатоха цхьажимма сан диканиг!

Кхин ахсахьт далале командир Гундарев схьакхечира. Иза гучуволлушшехь, гоьзанчас омра дира: «Тийна латта».

«ПаргIат» аьлла мохь тухуш, Гундарев Гончаровна тIевахара, тIаккха Дадиев вевзича, цецваьллера иза:

— Дадиев, хьо вац иза? Хьуна хIун хилла?

Русланна цкъа а йезна йацара харцо. Иза кху хьолехь воьхнера, ткъа цунах кхеттачу Гончаровс шена тIелецира къамел:

— ХIаъ, товарищ подполковник! Дадиев ву иза! Суна сайна а ца вевзира иза йуьхьанцара. Оцу кепара эрчаваьккхина иза Кругловс, саьлтишка маршалла хоттуш, казарме чоьхьаваьлла аьлла кхин бахьана доцуш. Гундарев саьлтишка хьаьжира, ткъа цара массара а кортош теIош тоьшалла дира, Гончаровс аьллачунна.

— Мичахь ву Круглов?

— Вехна, тIуртIаз ваьлла каптерки чохь Iуьллуш ву, ша хIун лелийна дагадогIуш а вац… — жоп делира Гончаровс.

Командира омра дира:

— Набарха ваьллачул тIаьхьа, гауптвахте телефон а тохий, ворхI денна дIавига ала иза.

Итт де даьлча, Гончаров командирс тIекхайкхинера, ткъа цигара схьавеъча, Гончаровс Руслане омра дира рота цхьа хаам дIакхайкхо могIаре дIахIоттайе аьлла:

— Накъостий! Россин эскарана Афганистанехь гIо оьшу. Вайн ротин аьтто бу интернациональни декхара кхочуш дан а, Афганистанан къомана гIо дан а саьлтий дIахьажо. Иза доккха сий ду вайн ротина. Сахалин гIайрехь вайн цхьаъ бен рота йац, и бахьана долуш массо а цига вахийта йиш йац. Билгалвина ткъе итт стаг ву. Ченцов Викторан отделени лериначу рейсаца кхаа дийнах Ташкенте дIагIур йу, ткъа цигара Афганистане. Кхузахь Дадиевн а, Гороховн а отделениш йуьссур йу.

И хаам хезна Виктор макхвелла корта а оллийна лаьттара. Цу сарахь Руслане къамел дира цо:

— Русик, тахана массо а дIавижначул тIаьхьа, пурба доцуш, кху тIеман декъан хьаьрмара аравер ву со. Масех де даьлча со карор ву, ткъа хIетахь йа набахте йа, дисбате вохуьйтур ву со… ишта ду-кх гIуллакхаш.

— Витек, хьо галваьлла? Хьо хIун дуьйцуш ву?

— Афганистане со гIур вац хьуна! БархI бутт хьалха нана йелла сан, цундела отпуске ваханера со. Карарчу хенахь хIусамнана Лена йоцург кхин дуьнен чохь гергара а, уллора а стаг вац сан. Бераллехь дуьйна даима цхьаьна хилла ду тхойшиъ Леница. ХIинца иза доьзалхочух йу. Цхьа бутт баьлча бер дан дезаш йу Лена. Эскарехь ас баккха биссинарг пхи бутт бен бац. Афгане со дIаводахь, дийна вуьссий ца хаьа, тIаккха Лена ша йуьссур йу бераца. Лена ишта а ду буобер. Лени ши шо долуш веллера цуьнан да, ткъа нана со эскаре дIавахале, цундела…

— Собар дехьа, Витек, кхетта со… — йукъахдеккхира цуьнан къамел Руслана. — Ца оьшу кхин дийца а. — масех минотана ойланашка вахара Руслан.

— Делан лаамца нисделла хир ду хIара хьал ишта. — ойла йира Руслана. Кху масех баттахь ша чIогIа бехке хетара Русланна Воронине ладоьгIна, Афгане ца вахарна. Нагахь санна цигахь дийна виссахь, Даймахкана а, накъосташна а хьалхара декхара ша текхна ваьлла хетар ду цунна, хIунда аьлча цигахь леш болу къона, доьналла долу нохчийн а, оьрсийн а кIентий Русланал эшна ма бацара.

Русланна дагадеара шен классехь дешна хиллачу Горелова Юлера ахшо хьалха шега кхаьчна хилла кехат. ЙоьIа дуьйцура Афганистанехь шен тIехьийза кIант Ковтун Игорь вийна бохуш. Игорь Русланан доттагIа вара. ВорхI шо кхаьчначу хенахь дуьйна боксехула цхьаьна тренерана тIе лелаш вара и шиъ. Бакъ дерг аьлча Русланна-м хазахийтира Ченцов Афгане ваха лууш ца хиларна. Кхунна дика аьтто бара иза шен лаам кхочушбан.

— Витек, хьо соьх тешаш ма ву вуй? — Ченцовс ойла ца йеш ву аьлла корта таIийра. — Ас хIинца цхьа хIума эр ду хьоьга. Къамелана йукъа ца лелхаш соьга ладогIа, ткъа йуха ас аьллачунна реза а хила. Дика дуй? — Витека йуха а реза хуьлуш корта таIийра.

— Ас чIогIа сатийсинера Афгане кхача, амма сан аьтто ца баьллера. Хьоьгара хьолах со чIогIа дика кхета. Доцца аьлча суна оьшу Афган, ткъа хьуна ца оьшу. Ши де бен дац диссинарг. Аса ша дерриге а сайна тIелоцу хьуна. Ахь цхьаьнга а хIумма а ма ала. Вайшинна дагадеанарг гучудалахь, со вайн командира вохуьйтур вац цига. Новкъабовлучу дийнахь бен хаьа йиш йац иза царна.

ШолгIачу Iуьйранна Руслан, сих ца луш штабе вахара. Гундаревн кабинетана хьалха дIахIоьттина шена тIера духар а нисдина, чолхечу къамел хир ду хууш, доккха са даьккхина, неI туьйхира цо.

— Марша вогIийла, старшина Дадиев. ХIун дахьаш веана хьо? — велакъажарца вистхилира Гундарев.

— Товарищ подполковник, со чIогIа лазаме гIуллакх дохьуш веана хьуна тIе.

Гундаревс гIант долчу агIор куьйг хьажийра, Руслане охьахаа бохуш.

— Товарищ подполковник, ши де даьлча, тхан ротера итт стаг Афганистане дIахьажош ву.

— Хьо вац моьтту суна цига воьдуш.

— Вац. Иза ду-кх доьхнарг.

— Доьхнарг? — Гундарев цецваьлла хьоьжура Руслане.

— ХIунда боху ахь ишта?

— Накъост подполковник, суна чIогIа лаьа цига ваха.

— Афганистане ваха лаьа хьуна? Стенна оьшу хьуна иза? Ахь эскарехь баккха биссинарг пхи бутт бен ма бац.

— Хаьа суна, накъост подполковник… хьо кхето хала ду суна, амма… доцца аьлча со ву-кх цига ваха везаш. Цига дIахьажош Ченцов вара, амма Ченцовна мегар дац цига ваха, ткъа суна мегар ду. Хьоьх доьзна дукха хIума ма ду. Жоп лохьа сан дехарна. Капитан Гончаровс шен ницкъ кхочург дийр ду со цига ца вахийта, цундела накъост подполковник, ас чIогIа доьху хьоьга, гIо дехьа суна Афгане кхача. Гундарев меллаша хьалагIаьттира, ткъа цунна тIаьхье, нохчийн гIиллакх лардеш Руслан а.

— Руслан! — Гундаревс дас кIант санна шатайпа йовхонца маравоьллира Руслан. Сан бералла чIогIа хала а, чолхе а, къиза а хилла. Ас хьоьга дийцинера да-нана доцуш, берийн цIийнахь со кхиъна хиларах. Дахарехь сан харжам бара — берийн цIийнан дукхох болу арахецархой санна зуламхо хила йа, адам хила. Ас адамаллин некъ хаьржира, цундела суна хIора а стагехь коьртаниг адамалла хета. ХIинца ахь соьца диначу къамеле ладоьгIча, ма чIогIа халахета суна хьо сайн кIант воцуш. Оццул хьо лоруш, хьоьца иштта йоккха дегайовхо йолчу аса сайн ма-хуьллу новкъарло йан йезара, хьо цу жоьжахате ца кхачийта, амма суна хаьа адамаллин сирлачу лехамаша ваьккхина со цу новкъа — хьуна оьшуш йац и Афганистан, со кхетта хьо Ченцовн дуьхьа цига воьдуш хилар. Суна ца хаьа хIун бахьана долуш Ченцовна мегар дац цига ваха, амма ахь бохуш хилча, со тешан цуьнан дахарехь цига ваха мегар доцу хьелаш кхолладелла хиларах. РогIера тоьшалла дина ахь суна, хьайн кийрахь адамаллех дуьзна, сирла дог хиларан. Ас вохуьйтур ву хьо Афганистане. Со тешна а хир ву хьо цигара могуш-маьрша цIа воьрзур ву аьлла…

ТIекхечира и шатайпа де. Массеран а тамашийна бара кийрахь самабевлла синхаамаш — цхьаберш хазахеташ бара, кхин болчеран бIаьргаш чохь гIайгIа йара. Руслан сагатдеш вацара. Иза кхетара шен кхолламан рузмана дIалуьстуш кхин цхьа дахаран агIо хиларах, ткъа хиланза ца долург, собаре тIеэцар а йу доьналлин цхьа башхалла.

Ченцовн даг чохь сингаттам бара — цунна хаьара ша бахьанехь Руслан тIеман къизачу кIурла дIавоьдуш хилар, амма хIете а иза Русланан харжам хиларна жимма са паргIат долура цуьнан.

Iуьйранна марта диначул тIаьхьа, Гончаровс рота могIаре дIахIоттийра:

— ЛадогIал, сан хьомениш! Тахана вайна йукъара итт стаг дIавоьдуш ву. Вай кхин гур дуй ца хаьа, амма иштта сингаттаме а, ирча а къамелаш дан ца лаьа суна, хIете а замано хIун боху ца хаьа. Уггаре а коьртаниг цхьа хIума дара сан шуьга ала — вайн ротин сий ларделаш!

Хийцамаш хиллий хIинца а хууш воцучу Гончаровс Ченцовга элира:

— Лаккхара сержант, вовшахтоха хьайн отделени! Со кехаташ кечдан воьду!

Ченцов корта оллийна лаьттара, ша капитане харц дерг дийцина ца лалуш, амма цо ца дохийнера Русланна делла дош.

Руслан кора йистехь лаьттара, штаб йолчу агIор дIахьоьжуш. Цунна гуш дара Гончаров сихавелла ара волуш.

— Хиъна цунна ша дерриге а! — дагатессира Русланна.

— Гончаров ву вогIуш, дIанехьа вала! — мохь туьйхира Руслана Викторе.

Гончаров ведда вогIура — Мичахь ву иза? — бохуш мохь бетташ.

— Кхузахь ву со, накъост капитан! — духьалволавелира цунна Руслан.

Шина а куьйга Руслан белшаш тIера а лаьцна дIасхьаластийра Гончаровс:

— ХIунда дина ахь иза? Хьуна мегар ма дац цига ваха! Хьо буобер ма ду! Дуьне кIордийна хьуна? Хьо дийна цIа вогIий хууш ма дац цигара. Хьо лартIахь вуй? — мохь хьоькхура Гончаровс.

Руслан дуьхьал вистхилар доцуш, десачу бIаьргашца геналле хьоьжура.

— Накъост капитан, къинтера вала суна, амма ишта хила дезаш дара дерриге а…

Ши сахьт даьлча йерриге а отделени новкъайала кийча йара. Йерриге а рота йеара шайн накъостийн Iодика йан — хьанна хаьа кхин гур дуй а? Гончаров хIоранна а дегайовхонца маракхийтира. Руслане а хьаьжна цо элира:

— Дукха саьлтий гина суна, дукхачеран цIерш а йицйелла, амма хьан адамаллех дуьзна васт сан иэсехь даима а дехар ду хьуна, Дадиев. Хьоьца къамел дан лаьара суна, жимма хан йолчура, дIанехьа вала соьца.

Русланна хала дара Гончаровн бIаьра хьажа. Дена дуьхьал ваьлча санна хетара цунна ша.

— Руслан, суна хаьа лаа ца виссина Ченцов. И бахьана долуш бина бу-кх ахь хIара харжам. Со ца кхета хьоьх, Руслан. Хьоьца дуй адамаш ишта тIехдика хьо цаьрца санна?

— Руслан, велакъажарца вехха Гончарове хьаьжира:

— Дика ца хила йиш йуй, накъост капитан? Со нохчо ву. Нохчийн доьзалехь дукха бераш хуьлу, амма со сайн ден а ненан цхьаъ бен вацара. Сан ворхI шо дара со дуьххьара цхьаьна кIантаца леттачу хенахь. Иза соьл нуьцкъаха вара, цундела цо со эшийра. Со цIа веъча, дас соьга а хьаьжна элира:

— Гой хьуна мел хала ду вайн дахар, амма иза мел хала делахь а, цкъа а адамаллех ма вохалахь. Да-нана доцург кхин кху доккхачу дуьнен чохь дог лаза стаг вац хьан, цундела тхойшиъ дIадаьлча, хьайн дезар ду хьан дахаран ирхенаш йаха. Сан цхьа весет хир ду хьоьга — цкъа а ма кхоаделахь айхьа адамна деш долу дика. Со дIаваьлча, суна лаьара, хьо волчу богIучу наха хьоьга — ма дика да вара хьан да олийла. Кхин хIумма а ца оьшу суна кху дахарехь. Дахаран жамIаш тезетахь хуьлу. Адамна вуо дина стаг веллачу хенахь, цунах дика дош ала хала хуьлу, ткъа дикачу стага шех йаккха йитина цIе иза веллачул тIаьхьа цуьнан метта дуьнен чохь йеха.

Сан ворхI шо долуш дас со боксан секци дIавеллера, амма цо цкъа а ца магийнера суна бен доцуш буйнаш дIасхьалесто. Ас гIийлачеран, зудберийн гIо доккхура даима. Дас аьлла дешнаш гуттаренна а диссина сан иэсехь. Сан исс шо долуш, сан да-нана новкъахь бохам хилла дийнера. Со тезетахь лаьттачу хенахь, схьаоьхучу адамаша со маравуллуш олура соьга:

— Ма дика стаг вара хьан да! Дала мукъ лахь хьо а хир ву хьуна ишта дика! Цундела накъост капитан сан кхин некъ бац, адамаллин некъ боцург.

Гончаровс леррина ладугIура Руслане. Ханна жима волчу цо кху йоцачу хенахь дахаран маьIна дан Iамийра, хIинцале замано зийна волу, гIеметтахIоьттина капитан.

— Дала мукъ лахь Соьлжа-ГIалахь гур ву вайшиъ, Руслан! Дала аьтто бойла хьан, сан жима ваша! — капитана доггах маравоьллира саьлти.

— Дала аьтто хьан а бойла, накъост капитан! Тхо дIакхаьчча, оха кехат йаздийр ду шуьга, суьрташ а тоссур ду. Марша Iойла шу.

Уггаре а тIаьххьара Iодика йан Руслан Ченцовна тIевахара. Руслан кхетара мел хала ду шен накъостана.

— Витек, са ма гатде ахь! ХIумма а дац хьуна! Ша дерриге а дика хир ду Делан лаамца. Хьо ледар ма хилалахь! Ас кехат йаздийр ду хьоьга. Тхо дIакхачале-м хьан бер хир ду. Эскарера ваьлча, хьайн бер кхиош, хьанал къахьега!

— Руслан, нагахь санна сан кIант хилахь, ас Дала мукъ лахь цунна Руслан цIе туьллур йу хьан сийнна, цунах хьо санна дог-цIена а, доьналла долуш а стаг хилийта.

V

Афганистанехь Русланан а, цуьнан куьйг кIелара саьлтийн а куьйгаллехь полковник Ляшенко вара. Саланг олучу дукъа тIера биргIанийн хьал тергал дан дезаш йара церан тоба.

Дийнахь а, буса а киранан машенаш чекхйовлу тоннель мехкан къилбаседа а, къилба а агIонашна йуккъехь, лаьмнашкахь йаьккхина йара, кхо километр лекхаллехь.

Цу хенахь Советски эскар шена тIедиллина тIеман дукхох долу декхарш кхочуш дина долуш лаьттара. Цхьа долу эскар арадоккхуш дара, амма лерина подразделениш хIинца а къиссам латтош йара дозанал арахьара чукхоьхьучу герзаца, амма хIете а кхераме дара кхузахь. Муьлххачу а мIаьргонехь душманаша кIело йеш меттигаш нислора, цундела Саланг тоннелехь даима а дара кхераме. БиргIанаш йахкаран эскара дукха хьолахь нахацачул Iаламца бара къиссам латтош — лаьмнашкахь сих-сиха хьаьтташ хилар бахьана долуш, биргIанаш даима тайан йезаш хуьлура.

Цхьаьна дийнахь Руслан, шеца масех саьлти а волуш бохам хиллачу меттиге схьакхечира. Кхара кхузахь йаккха йиссинарг масех де бен хан йацара — дукхох болу трубопроводчикаш гражданке цIа боьрзуш бара, амма Афганистанера тIом шерашна бахлуш бара.

— Шуна дика ду! — элира Костриков Лешас. — Тхо-м кхин а шо даккха дезаш ду кхузахь.

Руслан гIийла хьоьжура лайн басешка. Гиндукушан буьрса лаьмнаша дагатессира хьоме Кавказ, амма кхузара лаьмнаш луьстачу хьаннаша хьулдина дацара, кхузахь Кавказехь санна ца декара зевне шовданаш, маршонан хелхарехь баххьаш тIе ца хуьйшура кура аьрзу…

— Лаьмнаш а гина хьайн Кавказ дагайеана хир йу хьуна? — сиха кхийтира цуьнан ойланех Леша. — ХIумма а дац… кестта цIа гIур ву хьо, ткъа со муьлххачу а мIаьргонехь мини тIехь эккха а тарло…

— Вуониг ма латтаде даг чохь! Хьуна хIумма а хир дац! — элира цуьнга Руслана.

— Хьуна атта ду ишта ала! — ца вашарца велавелира Костриков.

— Ала атта хилар дац иза. Хьо дика стаг ву, цундела хьуна хIумма а хир дац. — Вехха лаьмнийн тархашка а хьоьжуш, цхьа кIоргера, гIийла жоп делира Руслана.

— Бевзара суна дика нах. Масех шо хьалха Саланг тоннелехь шайн Iовдалалла бахьана долуш угарни газах садукъделла дийнна рота йеллера, машенаш дIа ца йайарна. Сан ирс хиллера хIетахь араволийла уллохь нисйелла.

— Цхьа маьIна хилла-кх цуьнан…

— Цхьа а маьIна дацара, церан Iовдалалла доцург.

Руслана доккха са даьккхира.

— Хьуна цхьа а вуо хIума хир дац хьуна! Са ма гатде ахь! — йуха а элира цо.

Цу мIаьргонехь герзан тата делира. Масех саьлти охьавуьйжира.

— КIело! — дагатессира Русланна. Душманаша водпроводчикаш башха кхераме боций хууш, уьш ларбеш хиллачарна тIе герз долийра. Масех секонд йалале Леша а охьавоьжнера.

— ХIан-хIан! Иза хуьлийла дац! — вуо ойланаш коьртера лохкуш, шен накъостана тIехьаьдира Руслан. Детташ долу герз а ца хезаш, цунна гIо дан гIертара иза, ткъа уллора массо а саьлтий охьаоьгуш бара, йалх водопроводчик виссалц.

ЦIеххьана Русланна хезира Лешин аз:

— ДIасаца, охьавижа! Хьуо велла моттийта. Керайуккъехь санна гуш ду вай кхузахь.

— Дийна ву! — доккха са даьккхира Руслана, ткъа цу мIаьргонехь иза генна дIакхоьссира. Ирачу тIулгах корта кхетта хилла лазам бара цуьнан тIаьххьра синхаам…

Корта IV

Iазизан дахар

I

Iазиз цкъа а вацара башха чIогIа Даймахкана тIера. «Дай баьхна латта» боху дешнаш цхьа тишделла, ширделла, йукъараллера дIадаьлла хIума хетара цунна. Лаьттан бIаьра хьаьжна а вацара цкъа а Iазиз. Цунна седарчий дезара, иза даима цаьрга хьоьжура. Iаьржа латта хаза ма дацара, ткъа дашо седарчий дог иракарахIиттош лепара хIора а буса сийначу стиглахь.

Иза винера Кабулана къилбаседа агIор йолчу ламанан жима кIотарехь. Бераллехь дуьйна буьйсанца гергарло тассаделлера цуьнан. Дийнахь дIавуьжура иза, ткъа хIора буса даккъашка а волий вехха седарчашка хьоьжура. Седарчашка болчу безама кхиийнера Iазизехь собаре а, тидаме а хилар. Иза дешарна тIера хилар ца гуш ца диссира хьехархошна, цундела ишкол цо мехкан коьртачу шахьарехь чекхйаьккхира.

Ткъе уьттолгIа шерийн мур бара иза. Советски Союзан гIоьнца Ингалс пачхьалкхан олаллера маьрша йаьлла йолу Афганистан шен дахар машаран хорше дерзо гIертара. Iазизана шена гонаха хуьлучун цкъа а башха бала ца хуьлура. Дена а, нанна иза наггахь бен гуш вацара. ЦIа веъча а, дийнахь набарна дIакхетара иза, ткъа буса телескоп оьций араволура.

18+

Книга предназначена
для читателей старше 18 лет

Бесплатный фрагмент закончился.

Купите книгу, чтобы продолжить чтение.