РАМАДАНАН ДАЗАЛЛА
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Лараме бусалба нах! Дала вайна т1ейехкиначу 1амалийн ял йовзийтина, вайна и 1амалш йарна т1ехь г1о хилийтархьама. Х1унда аьлча 1амал йеш волчунна хаахь, шена цунах хир йолу ял, цунна атта хуьлу иза йан, и 1амал йарна т1ех сутара а хуьлу. Цундела, Рамадан баттах вайга алсама пайда эцийтархьама, цуьнан дазаллаш хьахор ду вай.
1-Рамадан дика 1амалийн хан йу. Дика 1амалш т1ехь са вала везаш хан йу иза. Цундела, Дала къуръан чохь боху:
«Рамаданан бутт бу шена чохь къуръан доссийна».
Къуръан Рамадан баттахь доссийна Веза-Сийлахьчу Дала. Ткъа цо гойту Рамадан баттахь къуръанан т1ехь къахьега дезаш хилар. Къуръанца алссам 1амал йан дезаш хилар. Кхин 1амалш а т1ехь са вала везаш хилар.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Рамадан т1е беъча ялсаманан не1арш схьайоьллу, жоьжахатан не1арш т1екъовлу, шайт1анаш д1адоьхку».
Дала иза х1унда деш ду? Дера ду вайга алссам 1амал йайтархьама. Вайна хаам бу иза, парг1ат 1амал йан аьтто хилар Рамадан баттахь.
2-Веза-Сийлахьчу Дала къаьсттина пхи х1ума делла вайн умматана. Уьш 1аламат даккхий х1уманаш ду. Шайна чохь йоккха ял хуьлуш. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Сан умматана пхи х1ума делла Рамаданан хьокъехь, цул хьалха хиллачу умматех цхьана а умматана ца делла долу:
1-Марха долчуьн багара хьожа г1олехь йу Аллах1ан гергахь мискан хьожанал,
2-Царна (Рамадан кхобучунна) гечдар доьху малийкаша цара марха дастталц,
3-Хаза йо Аллах1а х1ора дийнахь Шен ялсамани. Цо олу: Герга бу сан лай шайна т1ера хало а, лазам а охьа а тесна, хьоьга (ялсамане) берза,
Бесплатный фрагмент закончился.
Купите книгу, чтобы продолжить чтение.