12+
Нохчийн Иллеш

Объем: 256 бумажных стр.

Формат: epub, fb2, pdfRead, mobi

Подробнее

Турпал Нохчочуx Илли

Къеналла тIегIерта, дагана ва ца товш,

Къоналла дIагIерта, дагана ва ца товш.

Сийлахьа ва волчу, цу Турпал Нохчочух,

Вайн илли ас эр ду, ладогIа, къонахий!

Болатах дIасакхиссало и суйнаш ва санна,

Даьржина вай дуьненахь цу Турпал Нохчочух!

Буьйсанна борз ехкаш, дуьнен чу доьвлла вай,

Iуьйранна лом угIуш, цIераш вайна техкина,

Вай иштта кхоьллина цу Турпал Нохчочух!

Цу сенчу ва стиглахь Iаьржа марха ца хилча,

Вайн латта ва Iабош, догIа ма догIур дац.

Цу болатан ва дагахь Iаьржа бала ца хилча,

Вайн бIаьргаш ва башош, хин тIадам бужур бац.

Са кхуьу ва хIума, вай далла тIе ца диллича,

Цхьана а гIуллакх тIехь вайн аьтто хир ма бац.

Массеран да волу, цу Турпал Нохчочун цIе

Дуьнен тIехь мел деха, вай цкъа а йожор яц.

Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу Эла Мусостан, Адин Сурхон илли

I

Къонаха мел вериг кхайкхина валийна,

Къонаха мел воцург кхайкхаза веана,

Цхьа юрт йиллира, тов, цу эла Мусоста.

Юрт йиллина ва ваьлча и эла ва Мусост,

Кхойкхуш тIебалийра, тов, цу юьртан тхьамданаш,

Гулбелла тIебахара цу юьртан тхьамданаш.

— Ассалам Iалайкум, хIай эла ва Мусост!

Хьо кхойкху аьлла ма-даьхки

Тхо юьртан тхьамданаш.

Хьо лаа кхойкхурий, хьо тара кхойкхурий?

— Ас лаа ма кхойкху, ас тара ма кхойкху,

Ас йоьху ва шуьга тIехь йоцу ва ясакх.

— Дакъаза ма вала, хIай эла ва Мусост,

Да эла хилла хьан, нана сту хилла хьан,

Хьо эла веца хьо, тхо Iаьржа нах деца,

Къа деца ва хьуна зударийн, ва берийн,

Эхь деца ва хьуна хьо санна

Ва болчу элашна ва юккъехь,

Ма ехахьа ахь тхоьга тIехь йоцу ва ясакх.

— Ас хир ду аьллариг ва хилла ма даьлла,

Ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла,

Аш сиха схьалолаш тIехь йоцу ва ясакх! —

И аьлла ва ваьлча и эла ва Мусост,

ГIийла юха ма бирзира и юьртан тхьамданаш.

II

Хьаьвзина ма бахара и юьртан тхьамданаш

Рузбанна диначу рузбанан маьждиге.

Дагабийла ма хIиттира и юьртан тхьамданаш:

«Мусоста ма йийхира тIехь йоцу ва ясакх,

Мила хир ву теша Мусостан олалла

Дожийна ва дерзо яхь йолуш ва кIанат?»

Шайна дага ма веара и Адин ва Сурхо:

«Дин дика ва беца цу Адин ва Сурхон,

Герз дика ва деца цу Адин ва Сурхон,

Дог майра ва деца цу Адин ва Сурхон,

И Сурхо воьхур вай Сурхо винчу цу нене», —

Олуш, бахана кхечира уьш цу Сурхон ва уьйтIа,

Коьртара ва куйнаш шаьш кара ва эцна,

Гор-бертал ма ийгира и юьртан тхьамданаш,

Ша араелир, тов, Сурхо вина ва нана,

— Шу марша догIийла, хIай юьртан тхьамданаш!

Шу лаа леларий, шу тара леларий?

— Тхо лаа ма лела, тхо тара ма лела,

Хьоьга веха ма даьхкина хьан жима и Сурхо,

Вехча ло ахь тхуна хьайн жима и Сурхо, —

Олуш, лен бевли, тов, и юьртан тхьамданаш

— Доллачу дуьнен тIехь сирла бIаьрг ва тоьхна,

Сема ла ва доьгIча, Сурхол сов амал дац,

ХIай юьртан тхьамданаш, Сурхо винчу со бабин,

Вехча ца вала вина вац сан жима ва Сурхо,

Вехча вала вина ву сан жима и Сурхо, —

Олуш, чуяхар, тов, Сурхо вина и нана,

Набарна ва вижна шен жима и Сурхо,

Яйн муьшка ва йина, ша самаваьккхина,

ТIаккха лен ма елира кIант вина и нана:

— Со яла хьан делаI, сан жима ва Сурхо,

Хьо вижий ма Iилла, сан жима ва Сурхо,

Вижина Iуьллу Iуьйре яц ва хьуна еанарг,

— ХIун хилла, хIун дина, со вижна ца Iилла?

Дийцахьа ахь суна, со вина сан нана,

— Хьо вийхира ва соьга цу юьртан тхьамданаша,

Ас вехча велира хьо цу юьртан тхьамданашна,

ДегIаха мерза са цара хьайга ва дехахь,

Ахь дакьхий дIалолахь дегIаха мерза са, —

Олуш лен ва яьлча ша вина шен нана,

Ша ара ма велира и Адин ва Сурхо,

— Шу марша догIийла, хIай юьртан тхьамданаш!

Шу даккхий дара-кха, со жима вара-кха,

Эхь-бехк хета ва суна, шу хьалагIовттийша,

ДегIаха мерза са аш соьга ва дехахь,

Ас шуна дIадели дегIаха мерза са,

Дог реза ва дина, хIай юьртан тхьамданаш, —

Олуш, хьалагIовттийна и юьртан тхьамданаш,

— Балхабел аш соьга коьртера баланаш,

Мажаран тоьпаца ас каде ойур бу,

Елхаел аш соьга кийрара гIайгIанаш,

Дуткъачу туьраца ас каде ойур ю, —

Олуш, лен ма велира и Адин ва Сурхо,

— Бала беца, ва Сурхо, и эла ва Мусост,

ГIайгIа еца, ва Сурхо, Мусостан и ясакх;

Мусостан олалла дожийна дерзадар

Хьоь деха ма даьхкина,

Кхоьллинчу цхьанделхьа, ва Адин ва Сурхо,

Дожадай дерзадехьа Мусостан олалла!

— Ма довла дакъаза, хIай юьртан тхьамданаш,

Вежарий дукха бу цу эла Мусостан,

Ша ваьхьар вуй техьа Мусостан олалла дожийна дерзада?

— Мусостан ва санна вежарий тхо ду хьуна,

Мусостал лика кIант хьо хета ва тхуна,

Дехар ду хьоьга, дожадай дерзадехьа Мусостан олалла!

Олуш, лен ма бевлира и юьртан тхьамданаш,

III

Цу кIайчу гIовталца, Iаьржачу вертанца,

Чо чехка чола куй бIаьштиг тIе теIабеш,

Ва гIожан меттана терсмаймал тур луьйзуш,

Ша хьалха ва ваьлла, уьш тIехьахIиттийна,

Хьаьвзина ма хIоьттира и Адин ва Сурхо

Мусостан ва уьйтIа,

Кхойкхуш ара ма ваьккхира и эла ва Мусост,

— Ассалам Iалайкум, ва эла ва Мусост!

— Iалайкум ва салам, ва Адин ва Сурхо!

Хьо лаа лелий-те, хьо тара лелий-те,

ХIорш тIехьахIиттийна, хьо хьалха ва ваьлла?

— Со лаа ма лела, со тара ма лела,

Ахь йоьху бохий-ца кхаьрга тIехь йоцу ва ясакх,

Дакъаза ма вала, хIай эла ва Мусост,

Да эла хиллий-ца хьан, баба сту халлий-ца хьан,

Хьуо эла веца хьо, ва эла ва Мусост,

ХIорш Iаьржа нах беца, хьо эла веца хьо,

Къа деца ва хьуна зударийн, ва берийн,

Ахь кхаьрга ма еха тIехь йоцу ва ясакх,

Ма еха ва аьлла дехаре веъна со,

— Хьо елла яла хьо, хIай Адин ва кIиллу!

И ала еара хьо, хIорш тIехьахIиттийна,

Хьо сиха ерзалахь, ва Адин ва кIиллу!

Ас хир ду аьллариг ва хилла ма даьлла,

Ас хир дац аьллариг ца хилла ма даьлла,

Аш сиха гулъелаш тIехь йоцу ва ясакх,

Аш сиха схьалолаш тIехь йоцу ва ясакх! —

Олуш лен ва ваьлча и эла ва Мусост,

ТIаккха лен велира и Адин ва Сурхо:

— Хьо елла йолийла, хIай эла ва Мусост!

Дада лай хиллий-ца хьан, баба вир хиллий-ца хьан,

Хьуо а лай веца хьо, хIай эла ва Мусост?

Ахь хир ду аьллариг ца хилла ма даьлла,

Ахь хир дац аьллариг ва хилла ма даьлла,

Ахь кIиллу ву боху со Адин ва Сурхо

Хьан вархIе а ва дена цу Москох

Паччахьа совгIатна ва елла,

Цу бацах таелла, зезаго хазйина,

Хьан дола йирзина и охьара ва раьгIнаш,

Хьалха ор ва доккхуш, тIехь муш ва бустуш,

Караекъа гIур ву со кханлерчу ва дийнахь,

Хьо цига ва воьллахь, ва эла ва Мусост,

Цигахь хуур ду вайна, кIиллу верг мила ву, —

— Кхетачу малхаца, хуьлучу ва сица

Эвла йисте гуллолаш, ва юьртан тхьамданаш,

Екъна караоьцур вай Мусостан и раьгIнаш,

Мусостана дийр ду вай жерочун ва дакъа,

Делах бехк ва хетта, ва юьртан тхьамданаш, —

Олуш цIехьа вахара и Адин ва Сурхо,

Хьешашна диначу цу дуьхьал ото чохь,

ДегIана ховха мотт ша куьйга биллина,

Набарна ма таьIира и Адин ва Сурхо.

IV

Деана ма хилира и делан хаза са,

Нур дашо можа малх кхетале ва хьалха,

Малхал хьалха схьакхета и маьлхан зIаьнараш

Хазлучу заман чохь,

Дуьгу нускал ва санна, расха дин кечбина,

Хаза йоI ва санна, ша каде кечвелла,

Дин хьаьвзаш ва хилла, ша каде тIехиъна,

Ша ваха кечвелира и Адин ва Сурхо,

ЦIийзаш, юххе девлира и дуткъа ва эраш,

Декаш тIехьаьвзира, тов, чо шера куьйранаш,

Борз санна йора дин ша хала сецабеш,

Барзал майра дилхан дог ша кийрахь ва сецош,

Чал дера ва герзаш шен юкъах ва къуьйлуш,

Чо шера куьйранаш тIоьхула ва хьийзаш,

И дуткъа ва эраш ва улло ва цIийзаш,

Вахана ма кхечира и Адин ва Сурхо

Цу юьрта ва йисте, йиллинчу ва метте,

Ша хьалха ва ваьлла, уьш тIехьахIиттийна,

Ша воьдуш кхечира и Мусостан раьгIнашка,

Хьалха ор ва доккхуш, тIаьхьа муш ва бустуш,

Ша екъа йолийра цо Мусостан и раьгIнаш,

И делан делкъахан хилале ва хьалха,

Екъна кара ма елира цу Адин ва Сурхос

Мусостан и раьгIнаш цу юьртан тхьамданашна,

— Шу цIехьа гIо шайна, ва юьртан тхьамданаш,

Мерза са гатделла, самукъа ва даккха,

РагI талла воллу со, хIай юьртан тхьамданаш, —

Олуш, цIехьа хьовсийна и юьртан тхьамданаш,

РагI талла ма вуьйлира и Адин ва Сурхо,

Лаьттахула еддариг эраша ва лоцуш,

Стиглахула ва еддарг тоьпаца ва лоцуш,

Тоьпера ва яьлларг куьйранаша ва лоцуш,

РагI талла кIордолцца рагI толлуш ва лелла,

РагI талла кIордийча, и Адин ва Сурхо,

Лекхачу динара ша лаха воьссина,

Схьаэцна юткъа нуьйр гIевланга товжийна,

Даржийна ва верта шена тIе ва тесна,

Чал дера ва герзаш шен мара ва къуьйлуш,

Набарна ма вижира Мусостан цу регIахь.

V

Мерзачу набарах воьллачул ва тIаьхьа,

Дахал воцуш ва дуьйна дилхан дог ва даьхна,

Тийсал воцуш ва дуьйна мерза са тийсина,

ХIокху Сурхос къастийна и бабин хаза йоI

Мусостан ва вашас Мусостана йиги бохуш,

ГIенах дуьхьалтеси, тов, цу Адин Сурхона,

Цу гIенан халалла мела хьацар ва хилла,

Набарах велира и Адин Сурхо.

— Да велла йиса шу, Мусостан ва раьгIнаш,

Набарна товш яц-кха Мусостан шу раьгIнаш, —

Олуш, ха хаьрцина, ша юха ма вижира и Адин ва Сурхо.

ШолгIа а вуьйлира и Адин Сурхо мерзачу набарах,

Дахал воцуш ва дуьйна дилхан дог ва даьхна,

Тийсал воцуш ва дуьйна мерза са тийсина,

Цу Сурхос къастийна и бабин хаза йоI

Мусостан ва вашас Мусостана ва йигна,

Мусостан ва нана ловзарга ва хьийзаш,

Ша вина ва нана ва йоьлхуш ва хьийзаш,

ГIан-набарш яйра, тов, цу Адин Сурхона,

Син метта топ кхетта цIен экха ва санна,

ТIехьа ши куьг ва тоьхна, ша хьалаиккхина,

Динан букъ ва лоцуш юткъа нуьйр тиллина,

Дин хьаьвзаш ва хилла, ша таьIаш тIехиъна,

— Iаламат яраббий, хIай веза тхан дела,

ГIенаха дайнариг бакъ хуьлуш дуй техьа? —

Олуш, юткъачу шедаца расха дин чехабеш,

Ша цIехьа вирзира и Адин ва Сурхо.

Шен динан дикалла, шен деган майралла,

Вахана хIоьттир, тов, и Адин ва Сурхо

Вехачу ва керта, йоьлхуш араелира Сурхо вина ва нана,

— Дакъаза ма яла, со вина ва баба,

Яра хIун ду техьа дакъа доцуш ва белхар?

Ахьа суна дийцахьа ва вайна хиллариг.

— Со яла хьан делаI, сан жима ва Сурхо,

Хила хIума ца дисна кху маьлхан дуьнен чохь:

Сан дагна ва езна и бабин хаза йоI

Мусостан ва вашас Мусостна ма йигна,

Мусостан ва нана ловзарга ма хьийза,

Хьо вина ва нана ва йоьлхуш ма хьийза.

ХIара маьлхан дуьне даа ма вехийла хьо,

Со елхийнчун нана елхоза Iен велахь,

Сан жима ва Сурхо! —

Олуш, лен ва яьлча ша вина ва баба,

И вухавирзира вехачу уьйтIара,

Хьаьвзина хIоьттира Мусостан ва уьйтIа,

Лекхачу динара ша лаха воьссина,

УьйтIарчу гоьзанах, дин лекха дIатесна,

Болатан туьра тIе деза ка теIадеш,

Хьаьвзина вахара и Мусостан хIусаме.

Барч буьзна бара, тов, и элийн ва стунаш,

Дух дуьзна бара, тов, и кегий ва элий,

Кад буттуш вара, тов, Мусостан ва ваша,

Дууш-молуш бара, тов, и кегий ва элий,

Морхашкахь ва лечкъа дашо малх ва санна,

Мусостан ва баьрчехь базаран кирхьанах

Ша лечкъаш яра, тов, и бабин хаза йоI,

— Ассалам Iалайкум, хIай кегий ва элий —

Олуш, чувелира, тов, и Адин ва Сурхо,

— Iалайкум ва салам, ва Адин ва Сурхо! —

Олуш, хьалагIевттира и кегий ва элий

— Хьо охьахаахьа ког лекхчу ва гIанта,

Даа ду ва хьуна бордаха ва дилха,

Мийла ду ва хьуна и сирла ва къаьркъа,

Сакъера бу хьуна и элийн ва стунаш, —

Олуш, лен ва бевлча и кегий ва элий,

ТIаккха лен ма велира и Адин ва Сурхо:

— Шун дилха ва даа чо екха вац со-ма,

Шун кьаьркъа ва мийла ва хьогах вац со-ма,

Стунашца сакъера кIиллу стаг вац со-ма, —

Олуш, лен ва ваьлча и Адин ва Сурхо,

Дезачу маларан кад ша бузуш боьттина,

Дехар деш, тIевеара цхьа воккха ва эла:

— ДIалаций мала ахь, ва Адин ва Сурхо,

Дезачу маларан кад, дехаре бу хьуна.

— Ахь доьху ва дехар суна-ма ца хаьа,

Цхьа дехар ду сан-ма дала таро ва йоцуш,

Дийцал ахь ва суна айхьа доьху ва дехар.

— Ас хьоьга ма-доьху, ва Адин ва Сурхо,

Мусост дукха ва везаш, Мусосте еана и бабин жима йоI,

Алар-дийцар ва доцуш йитина ва верзар.

— И дара ва хьуна ас хьоьга ва баьхнарг,

Ахь доьху ва дехар дала таро йолуш дац,

Ас хаттар дийр ду-кха цу бабин ва йоIе,

Мусост дукха ва везаш еана цо бахахь,

Пусар доцуш шуна ю и бабин хаза йоI,

Мусост дукха ца везаш, ялийна ша цо бахахь,

ВаллахI, дера, воьрзур со сайн кIайчу нускалца, —

Бохуш лен ваьлча и Адин ва Сурхо,

ТIаккха хьалаиккхира, тов, Мусостан ва ваша.

— ХIай, елла яла хьо, ва Адин ва кIиллу!

Эрмалойн ва баьрчехь турмала ва санна,

Товш хета ва суна и бабин хаза йоI

Мусостан ва баьрчехь, базаран кирхьанахь.

— Суна цул товш хета, Мусостан ва ваша,

Хьан дуткъачу дегIана юьхьиг тIеерзийча осмалойн тапчанан, —

Олуш, каде яьккхина, кховдийна туьйхира, тов

Цу Адин ва Сурхос Мусостан вешина

ДегIана аттачу, садала сихачу.

И тоьхна вожийна, лен вели бахара

И Адин ва Сурхо цу бабин ва йоIе:

— Дакъаза ма яла хьо, бабин хаза йоI,

Мусост дукхавезаш, хьо цуьнга еанехь,

Ца йига веъна со, бакъдерг ахь дийцалахь,

Мусост дукха ца везаш, хьо нуьцкъала ялийнехь,

Хьо йига веъна со, ва бабин жима йоI, —

Олуш, лен ва ваьлча и Адин ва Сурхо,

— Вешан цIахь дуьйцур вай,

Кху нахехь ма дийца, ва Адин ва Сурхо, —

Олуш, букъ тIе ши куьг ва тоьхна,

Сурхо хьалхаваьккхина, ша тIаьхьахIоьттина,

ТIаьхьа ара ма елира и бабин хаза йоI,

Шаьш хьаьрчаш делира, тов, расхачу ва дина,

Сакъера хевшина и элийн ва стунаш,

Даа-мала гулбелла и кегий ва элий тезета гулбина,

Ша цIехьа вирзира и Адин ва Сурхо цу бабин йоIаца.

VI

Шийла орца ма даьхьира цу эла Мусосте:

«Веза ваша ва вийна, олалла дожийна,

Нускал эцна ма воьду и Адин ва Сурхо», —

Олуш орца ва кхаьчча цу эла Мусосте,

Цу яйдакх ва говрахь, ерзанчу тоьпаца,

Цхьалхачу туьраца

Ша орцах ма кхиира и эла ва Мусост цу Адин ва Сурхох.

И эла ва Мусост шена орцах ва кхиъча,

Лекхачу динара ша лаха ма воьссира и Адин ва Сурхо,

Ша тIаккха ма воьссира и эла ва Мусост лекхачу динара,

ТIаккха лен велира, тов, и эла ва Мусост:

— Топ кхосса ва суна, ва Адин ва Сурхо!

— Со-м дера ваьхьар вац хьуна топ ва кхосса,

Со кIиллу веца со Адин ва Сурхо,

Ахь кхоссал ва суна, ва элан ва Мусост,

Веза ваша ва вийна, олалла дожийна,

Нускал эцна воьдуриг со Сурхо веца, —

Олуш, кхайкха ва ваьлча и Адин ва Сурхо,

Ша мажар ма кхоьссира цу эла Мусоста.

Цу хIурдан ва мохо куьйса эрз ва санна,

Ластийна ма витира и Адин ва Сурхо Мусостан мажаро,

ДIаман баттахь ва йоллу бакъ гIирмин ва мажар

Ша каде яьккхина, кховдийна туьйхира, тов,

Цу Адин ва Сурхос цу эла Мусостна

ДегIана аттачу, садала сихачу,

Ша тоьхна вожийра цу Адин ва Сурхос и элан ва Мусост.

Дукъ лакха ва ваьлча, динаца ва ловзуш,

Дукъа лаха ва ваьлча, нускалца ва ловзуш,

Веана хIоьттира, тов, и Адин ва Сурхо вехачу ва уьйтIа.

ТIаккха араелира, тов, Сурхо вина ва нана,

— Хьайн елхийнчун ва нана елхийна хьо вагIахь,

Хьо марша вогIийла, сан жима ва Сурхо!

Хьайн елхийнчун ва нана елхоза хьо вагIахь,

Хьо марша ма вогIийла, сан жима ва Сурхо! —

Олуш лен елира, тов, Сурхо вина ва нана.

ТIаккха лен ма велира и Адин ва Сурхо:

— Берахь дуьйна ас лаьцна дуьненан ва гIиллакх

Дохоза ца Iийн хьо таханлерчу ва дийнахь:

ХIара бабин хаза йоI несалха ялий ас, —

Олуш, лекхачу динара ша лаха йоссийра и бабин хаза йоI,

Дой хьийзол ва йолу и йоккха ва уьйтIе

ТIам хьовззол ца хуьлуш,

Ша халха ма хьаьвзира Сурхо вина ва нана:

— Хьо санна воцу кIант ва нанас ма волда,

Сан жима ва Сурхо,

И вича ма ваха хIара латта ва хьеша! —

Мерзачу безамца, хазачу ойланца

И нийса ши накъост сов хаза даха ма хии.

***

Ма лалда вай кIентий вовшех тешам байна,

Ма лалда вай кIентий вовшех безам байна,

Нанас дена ма волда яхь йоцу ва кIанат,

И вича, ма кхиа яра дуьне ва даа,

Нанас дена ма волда тешам боцу ва кIанат,

И вича, ма кхиа цу дийнахь делкъалца.

Обарг Варин илли

Хьогалла ца вала бецан тхи муьйлуш,

Мацалла ца вала попан гIа дууш,

Набарна буьллу мотт Iаьржа латта ва долуш,

ТIетосуш долу юргIа сийна стигал ва йолуш,

Шен къамел дар акхарошца ва долуш,

ПхоьгIана валар пепнашца ва долуш,

Малхбалехьара малхбузе кхаччалц ша волавелчи,

ДегI дижол меттиг тешаме йоцуш,

Обарг ма велар, ва обарг Вара.

— Шийтта шо дIадели ша обарг лела, са цIена шен гила,

Аьлла, вист ма хилира и обарг Вара.

Малхбузен зIаьнарш хьуьна хотешка йирзинчу хенахь,

Шелонна акхарой цIийзачу хенахь,

Шелонна и пепнийн баххьаш лелхачу хенахь

Букар дарц ма хьовзийра Вара Iачу цу ломан хьеха.

— Ма бала дакъаза, са цIена шен гила,

Схьадийца ца хаарх дIааьлларг хаар-кха хьуна.

Ва йогIур юй-техьа кхул йоьхна суьйре

Коьртахь куй аа болчу яхь йолчу кIантана,

Яа-ан амал дарий-техьа аьлла, вистхилира

Ва обарг Вара шен дикачу дине.

— Цхьа дика кIант ву бахар-кха

Йоккхачу АтагIахь Бошин Iума бохуш,

Бошин Iума ва волчу хьошалгIа

ДагIа деза ва вайша, са цIена шен гила,

Аьлла, вистхилира обарг Вара шен дикачу дине.

Бохь боцчу попан тIе дайн куьйра санна,

Ша кхерсташ ва ваьлла шен дикачу дина,

Ша хьаьвзаш вахара и обарг Вара

Цу Iумин ва гIопа.

Лилхана шедан къаш шишан корах етташ,

Мохь бетта ма велара обарг Вара цу Бошин Iуме,

Ша ара ма велира Бошин Iума.

Ассалам Iалайкум, хIай Бошин Iума,

Малхбалехьара малхбузе кхаччалц ша волавелчи,

ДегI дижол меттиг тешаме ца хилла,

Хьо волчу вогIу ша.

Нохчий шахьаршкахь тешаме ву бохуш

Хьо вуьйцуш хезнера шена

Аьлла, вист ма хилира обарг Вара цу Бошин Iуме.

Тешаме ву хьуна хIара Бошин Iума,

Iаьржа латта ва санна.

Хьо охьавоссахьа лекхачу динара.

Даа ду хьуна боьрдаха дилха,

Мала ду вайшинна гIалин малар», —

Аьлла вист ма хилира Бошин Iума цу обарг Варе.

Обарг Вара динара воссийна,

Цуьнан дин паргIатбаьккхина,

И шиъ хьаьвзаш ма вахара

Хьешана динчу цу дуьхьал ото чу.

Баган цу тоьл тIехь хьеначу даарца,

оьздачу маларца

Сакъера хиира барт тайна ши накъост.

Хан-зама яьллачу цу хенахь,

Барина бутту кад ша алсам ва буттуш,

Шена бутту кад ша лоха ва буттуш,

ХIилланца ма вожийра цу Бошин Iумас ва обарг Вара.

Цу Варин динна юткъа нуьйра тиллина,

Мотт эцна ма вахара Бошин Iума

Чахкархойн инарла ва волчу.

«Ассалам Iалайкум, чахкархойн инарла,

Хьо сама валахьа мерзачу набарах», —

Аьлла вист ма хилира Бошин Iума чахкархойн инарле.

«Iалайкум ва салам марша ва хьо делаI,

ХIай Бошин ва Iума.

Кьо лаа лелий-те, хьо тара лелий-те», —

Аьлла вист ма хилара чахкархойн инарла.

— Ша лаа ца лела, ша тара ца лела, чахкархойн инарла,

Эпсаран кулубехь къорза эпсарш ловза ца буьтуш,

ГIалаха къаста мечака ца юьтуш,

Хин цIубдарал башха керстана цIийнах ца Iебаш волу

Обарг Вара ша волчу хIусамехь

Даарх Iабийна, маларах вузийна воьжна ву хьуна

Аьлла, вист ма хилира и Бошин Iума.

Хьешана ва динчу цу дуьхьал ото чохь

Бошин Iума паргIатваьккхина:

— Ша воллу хьуна накъостий кечбан

Аьлла, ара ма велира чахкархойн инарла.

ГIалин килс тоьхна, орца даьккхнна,

Гома зурма лекхна церан могIа нисбина,

И датон дуьрсташ шен буйнахь къуьйлуш,

Ша хьаьвзаш ма вахара шен ханне божала.

Шен дин чуьра баккха веана ма леци цо

Цхьа жима нохчийн кIаит шен ханнийн божалахь.

Хьовзош чу валийра цо

И нохчийн жима кIант чахкархойн инарлас.

— Ма вала дакъаза, хIай нохчийн жима кIант,

Чахкархойн инарлин дин бига вогIур вацара хьо,

Хьо борза ехкинчу буса вина ца хилча,

Дика кIант вуйла хаьа шена хьо.

Гирдаца дустуш кIайн дети лур ду ша хьуна,

Сахьца дустуш цIен дети лур ду ша хьуна,

Обарг Варина мотт эцна веъна ву хьуна,

Маттах ма лериг, ша волчу Бошин Iума,

Чахкархойн инарлас кIелхьара вала ва боха алахьа обарга Варе

Аьлла, вист ма хилира чахкархойн инарла.

Чехконца вахар-кха и нохчийн жима кIант

Цу Iумин ва гIопа.

Лилхина шеда къаж шишан корах тоьхна,

Мохь баьтта велир-кха ва обарг Варе:

«Хьо самавалахьа, обарг Вара, мерзачу набарах», —

Аьлла вист хилира и нохчийн жима кIант.

— ХIун бах ахь шега, хIай нохчийн жима кIант

Аьлла, вистхилира и обарг Вара.

«Мотт хилла хьуна, обарг Вара,

Хьайн хIусамдегара цу Бошин Iумера.

КIелхьаравала боху ва хьоьга Чахкархойн инарлас», —

Аьлла вист ма хилар и нохчийн жима кIант.

— Ма вала дакъаза, хIай нохчийн жима кIант,

Малхбалехьа дуьйна малхбузе кхаччалц

Ша волавелчи,

ДегI дижол меттиг тешаме ца хилча,

Ша идош ва дериг цхьа са бен ца хилча,

ТIамна кIел соцу ша, хьо паргIат хилахьа

Аьлла, вист ма хилар ва обарг Вара.

ТIамна кIел ма сецар ва обарг Вара.

КхолгIа го ма лецара цу Iумин гIопана.

Куьзгана коре хIоьттина

Къамеле ма велира и Бошин Iума обарге Варига.

«Хьо самавалахьа, ва обарг Вара,

Мотт хилла вайшинна», —

Аьлла вист ма хилира и Бошин Iума.

— Ма вала дакъаза, хIай Бошин Iума,

Дала мел кхоьлланчел дика кIант ву бохуш,

Дала мел кхоьлланчел тешаме ву бохуш,

Вуьйцуш веца хьо нохчийн ярташкахь.

Са бале лацале, бIаьрга нур кхолале

Хьох сирла бIаьрг тухур бар-кха ша,

Хьо соцуш хилахьа куьзганан корехь

Аьлла, вист ма хилир ва обарг Вара.

Ша соцуш ма хилира и Бошин Iума куьзгана корехь.

ДIакхевдина ва мажар схьаэцна,

Дог лоцуш мажар тоьхна,

Букъа тIум ва йоькъуш,

Деган бохь ва оьцуш,

ДегIах чекх ма яьккхира.

Цу Бошин Iумина бархI сонар ва мажар.

Лор хьажжал йолу чов шен дегIах ца хуьлуш,

ТIамах ма къаьстира ва обарг Вара.

Вада луучунна уьдуш са долийла,

Лата луучунна леташ ка йолийла.

Таймин Биболатан илли

Буьйса сирла еача, гIали гонах хьийзаш,

Мох-дерз даьлча, цу гIалин го толлуш,

Буьйса Iаьржа еача, гIали чу леташ,

Полковникан йора дой ша чехка схьакхуьйлуш,

ЙогIу-йоьду ковра шен бIаьрга тергалъеш,

Шен бIаьрга мел яйнар шен куьйга йохош,

Коврах дохуш бос хаза дареш алсам кхоьхьуш,

Ша лела велира и Таймин Биболат.

Веана хIоьттир-кха цуьнан отон неIарге цхьа динан бере,

МаьркIажал тIаьхьа, пхьуьйрал хьалха.

— Ассалам Iалайкум, ва Таймин Биболат!

Буьйса дика хуьлда хьан!

— Iалайкум ва салам, хьо марша вогIийла,

Хьо лаа леларий кху сарахь суьйренца?

— Къеначу инарло яра кегIат даийти хьоьга, —

Аьлла, дIаделира цо цхьа бамбин кIайн кегIат.

— Хьо лаха воссахьа лекхачу динара,

Хьена даийна, мерза малийна вохуьйтур вара хьо.

— Хьо марша Iалда, дала аьтту болда хьан,

Къахета суна хьох, ва Таймин Биболат, —

Аьлла, дIавахара и динан ва бере.

II

ЙогIучу Iуьйренца, кхетачу малхаца,

Дуьгу нускал санна, шен гила кечбина,

Чал дера герзаш шен юкъах дихкина,

И ваьлла вахара инарла ва волчу.

— Хьо кхойкху бах соьга, хIай къена инарла,

Хьо лаа кхойкхий-те? — аьлла, вистхилира и.

— Iуьйранна дIалаьллинарг сарахь цIа дан ца дуьтуш,

Буьйгеа сирла еача, гIали гонах хьийзаш,

Буьйса Iаьржа еача, гIали чу леташ,

Полковникан йора дой, айхьа схьакхуьйлуш,

Хьо лелаш ву боху, хIай Таймин Биболат.

Со кхайкхац ва хьоьга, ва Таймин Биболат,

Хьоь кхойкхург ву хьуна и Москон ва паччахь.

— И хьоьга дийцинарг бакъдерг-м ду хьуна.

ХIай къена инарла,

Ас сийсара далийна полковникан йора дой

Цу ханнийн божалахь паргIатдахаза,

Хьо кхойкху ва аьлла, схьавеана ву со-ма,

Кхана йогIучу хазачу Iуьйренца,

Iуьйренца кхетачу цу дашо малхаца

Цу БIаьхон борзехь цIечу байракхашца

Со хир ву ала цу Москон паччахье,

Соьца гIуллакх ва делахь, цу БIаьхон борзе вола ала,

Хьо марша Iалда, со цIехьа воьду, —

Аьлла дIавахар бах и Таймин Биболат.

III

И ваьлла вахара шайн юьртан пхоьхана.

— Ассалам Iалайкум, юьртара ва кIентий

Шоьхий, делахий волийла со,

Шух шена накъост оьшуш шуьга ас и бахахь,

Шений-шений хиинехьара, ша вогIур вара,

Бохуш тIаьхьенгахь бехкаш ца дахийта боху ас,

Со воьду цу БIаьхо борзе, инарла кхайкхинчу, —

Аьлла, юкъара къаьстира и Таймин Биболат.

Цунна тIехьа хIоьттира цхьа кIеззиг кIентий ва тоба,

Дуьне дуьтуш буза боьду можа малх санна,

Юрт юьтуш юртаха елира и кIентийн ва тоба.

ТIаккха вистхилира и Таймин Биболат:

— Сема ладогIалаш, хIай кIентийн ва тоба,

Iуьйренца болийна тIом суьйренга бахча,

Молхана кIуьрана дохк хIитта яьлча,

Саьмгалан хьожанна дой терса доьлча,

Стиглахь морха йоцуш декхначу дийнахь,

Молханан кIуьрана морхаш хIитта яьлча,

Борза тIехь лечкъа волу кIант дIакъасталаш шайна,

Вай доьлху шуна цу БIаьхон борзе,

Ннарла кхайкхинчу,

Духа а догIур ду аьлла вай доьлхуш дац шуна, —

Уьш боьлхуш кхечир-кха цу БIаьхо борзе,

ЙогIучу Iуьйренца, кхетачу малхаца,

Хьалхара хьалхе мохал маса йолуш,

ТIаьхьара тIаьхье дахкал юькъа йолуш,

Сеттачу почтанна йора дой доьжна,

Царна юккъе хIоьттина,

Веана тIекхечира и къена инарла.

ТIом болабелира инзаре буьрса.

IV

Iуьйранца болийна тIом суьйранга бахара,

Молханан кIуьрана дохк хIитта елира,

Саьмгалан хьожанна дой терса девлира,

Стиглахь морха йоцуш декхначу цу дийнахь

Молханан кIуьрана морхаш хIитта евлира,

И юьртан кIентий борзах лечкъа ма буьйлира,

Ца виссал чевнаш шен дегIах хилла,

Цхьа дела воцуриг, кхин накъост воцуш,

Дуьненах долу дог диллина ваьлла,

Цу халчу тIам тIехь ша цхьалха

Ма висир и Таймин Биболат.

ТIаккха мохь туьйхира цо цу юьртан кIенташка:

ХIай елла йовла шу, ва юьртан кIентий,

Ша ца элира шуьга вай дехачу юьрта йистехь,

Борза тIехь лечкъа волу кIант дIакъасталаш аьлла?

Жимчохь берахь дуьйна мерза доттагIа

Лаьттина вара сан и Жумин Акхтула,

Дуй биъна вара тхойша вовшел тIаьхьа яр дуьне ца даа,

Ца виссал чевнаш дегIана хилла сан,

Дуьненах долу дог диллина ваьлла со,

Цу Жумин Акхтуле хаийта ваха кIант вац техьа шулахь? —

Аьлла цо мохь тоьхча, ша воьду ва аьлла,

Кхокхашна юкъара кIайн куьйра санна,

Расхачу динца юкъара къаьстир-кха

Цхьа каде ва бере.

И чехка вахар-кха Жумин Акхтула волчу.

— Ассалам Iалайкум, ва Жумин Акхтула,

Жимчохь берахь дуьйна схьа

Хьан мерза доттагIа волу и Таймин Биболат,

Ца виссал чевнаш дегIана хилла,

Цхьа дела воцуриг, кхин накъост воцуш,

ТIам тIехь хьийзош ву хьуна, —

Аьлла, дIавахара и динан ва бере,

Чал дера герзаш кечда вуьйлира и,

Цунах шекваьлла и къена Жума

— Хьо стенна кечло, шен жима Акхтула? —

— Аьлла, вистхилира.

Жимачохь берахь дуьйна шен мерза

ДоттагIа лаьттина волу Таймин Биболат,

Ца виссал чевнаш дегIана хилла,

Дуьненах долу дог диллина ваьлла,

Цу БIаьхон борзехь инарлин эскаран

Халчу тIамо хьийзош ву боху,

Цига ваха воллу ша.

— ХIай елла яла хьо, шен жима хаза йоI,

Басарш, сабанаш хьекхна, хьо паргIат йогIур,

Ва лата къона ву хьуна ша къена Жума,

Вала къена ву хьуна ша къена Жума,

Жерошна теба хан

Йолуш ву хьуна ша къена Жума,

Схьаозал, цхьанделхьа, шен къена алаша,

Ша воьду цига, —

Аьлла, схьаозийра къена алаша.

Шен шира герзаш шен гIодах дихкина,

Къеначу алашина кхерсташ тIеваьлла,

— Дакъаза ма яла, шен къена алаша,

Хьо шеца кьанъелла, ша хьоьца къанвелла,

Хьо каде хилалахь, таханлерчу кху дийнахь, —

Аьлла, тоьхна ткъес санна, чехка юьртах ваьлла,

И воьдуш кхечира цу халчу тIам тIе.

— Ассалам Iалайкум, ва Таймин Биболат,

Чевнаш декъала хуьлда хьанI

— Во Iалайкум солом, марша вогIийла, къена Жума,

Мел вон веа хьо, хьо вал доккха

ГIуллакх дацара кхузахь.

— Ша вевзий-те хьуна, къена инарла? —

ТIаме дукха хьийзина

Молханан кIуьран тача,

Духар тIе йиллина ша къена Жума, —

Аьлла тIом болийра къеначу Жумас,

Суьйренца болийна тIом Iуьйренга белира,

Сахуьлуш седарчий уьдучу хенахь,

Седарчийн серлонаш къестачу хенахь,

ГIиргIано йохо кхокхийн тоба санна,

Инарлин эскаран кхолха го

Шалха бирзира,

ТIаккха вистхилар-кха и Таймин Биболат:

— Дакъаза ма вала, хIай къена Жума!

Мел чIогIа чехадо-кха вайшинна гонах

Долу инарлин эскар.

Шен жима хаза йоI йитнера ша,

Басарш, сабанаш хьоькхуш кечлуш,

Иза кхаьчча хир ю-кха кхуза.

Гила барзо дохо Iаьржа даций санна,

Инарлин эскар ша чIогIа дохош,

Веана тIехIоьттир-кх и Жумин Акхтула.

— Ассолом Iалайкум, хIай къена Жума!

Шел хьалха кхуза кхаьчна,

Ахь нисдинар хIун ду техьа? —

Аьлла, вистхилира и Жумин Акхтула.

Ша нисдинарг хIун ду ша хаийта хьуна аьлла,

Почта хаьхкина воьдучу къеначу инарлина

ТIехьа хийцир-кх къеначу Жумас шен къена алаша.

— Хьо ида ма ида, къанвелла инарла,

Идарх вер вац хьо, къанвелла инарла, —

Аьлла, тур тоьхна, божийра цо инарлин корта.

Почтана тIе велира и къена Жума,

Биболатан нускална яра совгIат хьо ша,

Шуьша паргIат вогIур, — аьлла,

Сеттачу почта тIе ваьлла,

Ша цIехьа вахар и къена ва Жума.

Бацала ло санна, и эскар эгийна,

Вахана цIа кхечира цхьатерра ши накъост.

Кегийчу лоьраша вуьсур вац бохуш,

Баккхийчу лоьраша вуьсур ву бохуш,

Метта виллира и Таймин Биболат.

Баккхийчу лоьрийн дарбанаш алсам хиларна,

ГIеттина пхоьхана велира и Таймин Биболат.

Таймин Биболатан, дог майрачу ЧIегин илли

Кхо ког болчу цу гIанта ша лоха лахвелла,

Дагца ен ойланаш ва сица сецаеш,

Кхо пха болчу пондарх маргIал пIелг ва бетташ,

Сахуьлунга вели, тов, дог майра ва ЧIега,

Нур дашо можа малх дуьнен чу ва кхеташ,

Цо кхойкхуш тIевалий юьртара цхьа жимха,

Лен вуьйлуш тIехIоьтти дог майра ва ЧIега:

— Ас кхайкхин хьоь, делхьа, сан деган доттагIа,

Гулбехьа ахь шена и нохчийн кур кIентий,

Вай хIонце бига, кханалерчу ва дийнахь

Олуш, лен ва ваьлча дог майра ва ЧIега,

ТIаккха лен ма велира юьртара и жимха:

— Ша кийча ву хьуна и кIентий ва гулбан,

Кхин гIуллакх дарин хьа, дог майра ва ЧIега?

Баркалла ва хьуна, кхин гIуллакх дацара шен,

Сахуьлу седарчий уьдучу ва хенахь,

Цул тIаьхьа можа малх кхетале ва хьалха,

И кIентий гулбелахь, хIай юьртан ва жимха,

Алмазаш дехкачу, алмазаш тийначу

ГIулозан цу боьра,

Цул билгал ю хьуна, гIургIезо бен бен,

Сусаханан и коьрте,

Эцца ша карор ву, юьртара хIай жимха

Олуш, лен вели, тов, дог майра ва ЧIега,

— Хьо марта Iайла-кх, дог майра ва ЧIега,

Цу нохчийн кIенташца йиллинчу цу метте

Со вогIур ву хьуна, хьо теший ва Iелахь, —

Олуш, дIавахара, тов, юьртара ва жимха,

КIант дика мел вериг кхайкхина ва валош,

Дин дика мел бериг пусарехь ва валош,

Шеца кIентий ва болуш, ша хьалха ва ваьлла,

Ша вахара, ма боху, юьртара и жимха

Алмазаш дехкачу ГIулозан цу боьра,

Цул билгал йийцинчу, гIургIезо бен бечу

Сусаханан ва коьрте.

— Ассалам Iалайкум, дог майра ва ЧIега,

Iуьйре дика йойла хьан гIургIезан кху боьрехь!

Ахь боху хIар кIентий ас балийн ва хьуна, —

Олуш, лен велира, тов, юьртара и жимха.

— Iалайкум ва салам, хIай нохчийн кура кIентий,

Ша кхайкхи ва шоьга, хIай майра ва кIентий,

Дикачу цу дина хаа кIант ца вуьтуш,

Шен нанна ва гергахь кхиа йоI ца юьтуш;

ДIахьаьжча гуш долчу лекхачу ламанийн

Ша дола деш волчу,

Арарчу аренийн ша дола деш волчу

Цу эла Тепсаркъин и цIоькъа ва рема

Лахказа ва а Iен,

Шен дагахь чIогIа дуй ва биъна вара ша,

Шу реза ва делахь, шу эцна гIур ву ша,

Шу реза ва дацахь, пурба ду ва шуна,

Шайн цIехьа гIо шайна, хIай нохчийн кура кIентий! —

Бай тIехь бокъийн санна, дегнаш ловза ва лелхаш,

Шаьш резахили, тон, и майра ва кIенIий,

Майра лом ва санна, ша хьалха ва ваьлла,

Берзалой ва санна, уьш тIаьхьа хIиттийна,

Ша воьдуш кхечи, тов, дог майра ва ЧIега,

Тепсаркъин реми тIе, дагна дар ва велла,

И рема яний, тов, шерачу цу арахь,

Сов хаза ва ловзуш,

Шайна ловза кIордийча, шортачу бацалахь,

Ва ежаш, ва лелаш,

Ремий Iу кхайкхина тIевалийна,

Туьра тIе ка дуьллуш, цуьнга лен ма велира

Дог майра ва ЧIега:

— Хьо чехка цIа гIолахь, хIай ремин жима Iу,

Тепсаркъе алалахь ша орцах ва вала,

Цо хьомен ва кхобу цуьнан цIоькъан ва рема,

Дог майра ва ЧIега ва хьалха ва волуш,

Цу нохчийн кIенташа ва лаьхки алалахь, —

Шийла кхаъ ва эцна ша цIехьа хьаьдин, тов,

И ремин жима Iу, догдоьхна ва волуш,

И воьдуш ма кхечи Тепсаркъин хIусаме.

— Ассалам Iалайкум, хIай эла Тепсаркъа!

Шийла кхаъ бу хьуна, хьан рема ма лаьхки

Цу нохчинн кIенташа таханлерчу кху дийнахь,

Дог майра ва ЧIега шайн баьчча ва волуш! —

Олуш, лен ва ваьлча и ремин жима Iу,

Ша хьалаиккхира, тов, и эла Тепсаркъа,

Кечвала вуьйли, тов, дагна дар ва велла,

Лаьтто ца лалла эскар шеца ва долуш,

И тIаьхьакхийн, тов, цу нохчийн кIенташна,

Дуьне датIо ва санна, мохь-цIогIа ва детташ,

Ша кхайкхавелин, тов, и эла Тепсаркъа:

— Каравола ва суна, дог майра ва ЧIега,

Коьртана маршо ю хьуна, хьо кара ва вагIахь,

Кара хьо ца вагIахь, коьртаха волу хьо, —

ТIаккха лен ма велира дог майра ва ЧIега:

Караван вина вац, ша винчу шен нанас,

Ша лата вина ву, ша винчу шен нанас! —

Олуш, лен ва ваьлча, дог майра и ЧIега,

Таккха лен велира и эла Тепсаркъа:

— Шаьш, тасий, довдийша сан цIоькъа ва рема,

Массарна а коьртана маршо ю ва шуна, —

Олуш, лен ва ваьлча и эла Тепсаркъа,

ТIаккха лен ма велира, дог майра ва ЧIега:

— Хьан рема ва тесча тхо стенна ва уьду?

Хьан рема ва тесна ида тхо ца даьхкина,

Хьан рема ва йига даьхкина дай тхо-ма,

Нагахь санна дуьхьало яхь, ва дала даьхкина! —

ТIаккха тIом болий, тов, цу эла Тепсаркъас,.

Молханан цу кIуьра дохк-марха ва хIуьттуш,

ТIом кхехки болий, тов, цу нохчийн кIенташа,

Шаьш юкъа ва хоьхкуш, ва тарраш ва детташ,

Бухабуьйлуш, хьежаеш, мажараш ва етташ.

Цу тIеман чIогIалла дой терса дуйлин, тов,

Молханан цу кIуьрна Iаьржа дохк ва хIуьттуш,

Шаьш дууш ва доцуш, шаьш молуш ва доцуш,

Кхо дей, кхо буьсий дIадаьллачу цу хенахь,

Цу эла Тепсаркъина гIоьнна тIе ва оьхуш,

Луьста эскарш ва долуш,

Хийцалуш дIахIуьттуш накъостий ва боцуш,

Охьаховша йиш йоцуш, даа-мала ва доцуш,

Цхьаболу накъостий байъина кхачийна,

Цхьаболу накъостий чевнаша дарбина,

ГIелбала буьйли, тов, и нохчийн ва кIентий:

Мохь-цIогIа ва детташ, лен вели боху, тов,

Дог майра ва ЧIега, кIенташка ва кхойкхуш:

— Вац техьа ва шулахь яхь йолуш цхьа кIанат?

ЦIе яьлчча ва санна, хIаллакъхуьлуш дохку вай,

Вайх хилларг ва дийца, дийна стаг ца вуьсуш, —

Олуш, лен ва ваьлча, дог майра ва ЧIега,

Кхокхашна юккъера кIайн куьйра ва санна,

Каде схьаиккхира цхьа динан ва бере:

— ХIун боху ахь шега, дог майра ва ЧIега? —

ТIаккха лен ма велира дог майра и ЧIега:

— Хьо гIолахь, сов чехка, хIай динан ва бере,

И Таймин Биболат вехачу ва уьйтIа,

Алалахь ахь, цуьнга, орцах вола ва алий,

Дог майра ва ЧIега, цу ехачу раьгIнашкахь,

Шеца кIентий ва болуш, тIамо го ва бина,

Шайх хилларг ва дийца дийнан стаг ца вуьтуш,

Шаьш хIаллакдеш ма воллу и эла Тепсаркъа,

Шайх хилларг ва хаа, хьоь вола ма боху, —

И хабар ва эцна, ваьлла дIа ма вахара

И чехка ва бере.

Шен расха жима дин шедаца човхийна,

Мох санна сов чехка и каде ва бере,

Ша воьдуш ма кхечира Биболатан ва юьрта,

Сахуьлу седарчий уьдучу ва хенахь,

Дуьнен чу дашо малх кхетале ва хьалха,

Дуьнен чу сирла са даьржачу ва хенахь,

Шен шуьйрачу белшах колхозан бекх кхоьллина,

Богучу бIаьргаш тIе холхазан куй теттина,

Дуьненан ва кийра сирла бIаьрг ва бетташ,

КетIа ваьлла ваний, тов, и Таймин Биболат.

Шен расха жима дин хьацарна Iийдалуш,

Вахана, тIехIоьтти, тов, и каде ва бере:

— Ассалам Iалайкум, хIай Таймин Биболат!

Iуьйре дика йойла хьан, дог майра Биболат!

— Iалайкум ва салам, хIай, динан ва бере,

Везийла хьо доттагIашна, вогIийла хьо марша!

Хьо лаан леларий, хьо тара леларий,

Хьан расха жима дин хьацарна Iийдалуш? —

Олуш, лен ва ваьлча и Таймин Биболат,

ТIаккха лен ма вели и динан ва бере:

— Апарино хи санна, ша гатте верзийна,

Хе бера ва санна, ша чехка хьовзийна

Дог майра и ЧIега, цу ехачу раьгIнашкахь,

Шеца кIентий ва болуш, тIамо го бина ву,

Тхох хилларг ва дийца, дийнан стаг ца вуьтуш,

Тхо хIаллакдеш ма воллу и эла Тепсаркъа.

Тхох хилларг ва хаа хьоь вола ма боху,

Дог майрачу цу ЧIегас, хIай Таймин Биболат! —

Кийрара далхийна, и каден ва бере,

Мах санна хьаьдира боьхничу цу тIам тIе.

Шен куьйнах кадетташ, мох санна сов чехка

Кечвала вуьйли, тов, и Таймин Биболат.

Цу ханнийн божлара са цIена шен гила

Цу локкхар дуьрстанца ва уьйтIа ва оьзна,

Чергасоша кечйина локкхаран оьзиган нуьйр,

Шен кхаа бухкарца, динан букъа тIехь къевлина,

Чал дера и герзаш шен хене дихкина,

Барзал майра дилхан дог шен кийрахь сецадеш,

Ша араиккхира, тов, и Таймин Биболат.

Бухь бекъачу попа тIе месала куьйра ва санна,

ТIам кхарстош, тIевелира кIелхьарчу шен динна,

Ша юьртах ва валлалц боларахь ва охьуш,

Ша юьртах ва ваьлча, и Таймин Биболат,

Лен вели, бахара, дикачу шен дине:

— Хьалха, малх кхетачу цу ногIийн ва арахь,

Цу элийн кIайн даьхни аьхка дежа, ва аьлча

Хьо, чонна ца бузу са цIена сан гила,

ХIинца хьо бадалахь лечанца ва къуьйсуш,

Кхийсабалар къийсалахь майрачу лоьмаца! —

Олуш, цо човхийра шен хьомсар ва гила,

ТIакка ида белира, бах, Биболатан ва гила,

Архашкахь къевлича мархашка ва гIерташ,

ЦIоькъалом ва санна, ша гена кхийсалуш,

Вадийна, кхиийра бах и Таймин Бибилат,

Йочанан ва мохо идон дарц ва санна,

Цу нохчийн кIенташ тIе, доьхначу цу дийнахь:

— Ассалам Iалайкум, дог майра ва ЧIега!

ТIеман аьтто хуьлда шун, дог майра ва ЧIега!

ТIедогIу ва хьуна тIам Iаьржа ва леча,

— Iалайкум ва салам, хIай, Таймин Биболат!

Воха-м ца воьхна со, — олуш, дIакховдий, тов,

Шен цIеша дуьзна куьг, цу Таймин Биболате.

Куьг лоцуш, хаьтти, тов, и мерза маршалла.

ТIаккха лен вели, тов, дог майра и ЧIега:

— Хьо метта кхечи-кха, хIай Тайми Биболат.

Цхьа кIезиг сих хIума бен яц, хьуна, шена чохь,

ХIара белла Iохкурш накъостий бу хьуна,

Шен цхьа дегI доцуриг цхьа дегI ца дисана,

Таханлерачу дийнан тIом кайоцуш хили шайн,

Цу эла Тепсаркъин ва толам ма хили.

Ва тхуна лиънера, хIай, Таймин Биболат,

Тхайх хилларг ва дийца хьо орцах ва ван.

Хьо тхуна тIекхечи, ас доьху ва хьоьга,

Тхох хилларг ва хилла дIадаьлла го хьуна,

Тхох хилларг ва дийца хьо цIехьа верзахьа,

Хьо цаI бен ва вацийц, уьш дуккха а ва беци,

Верзахьа, цхьанделхьа, хIай Таймин Биболат! —

ТIаккха лен велира бах и Таймин Биболат

Велхаран ва шеддаш легашкахь сецадеш:

— Ма дийца ахь шега хила йиш йоцуш дерг,

Ма дийца ахь шега осала и хабарш,

Хьуна ма мотталахь ша ваьлла дIагIур ву,

Ша гIур вац хьуна, хIара нахана ва дийца,

Шен делах биънариг беза дуй беца шен,

Шун догIмех хилларнг шен дегIах даза ца Iен,

Я шун массеран а чIир эцций бен цIехIа а ваха

Олуш, цунна мала хи ва делла,

Кхалла хIума ва елла,

— ХIинца хьо хьажалахь, дог майра ва ЧIега,

МостагIаш ва юккъехь ша муха ловзу

Олуш, юкъахьаьдира и Тайми Биболат,

Даьккхинчу туьраца, мохь бетташ, цIогIа детташ,

МостагIий ва луьста байначу ва юккъе

Шен гила туьйсура цу Таймин Биболата:

Ва хьалха нисвелларг шен дине хьошуьйтуш,

Ва улло нисвелларг шен туьре цостуьйтуш,

Борз юкъаиккхича, жа-матта ва санна,

Йохийна, яржийра цо мостагIийн и гIера.

Ша алссам мостагIий байъинчу ва хенахь,

Дилха дог мостагIех Iабийнчу ва хенахь,

Юха хаьхкина тIевеара и Таймин Биболат,

Дог майрачу цу ЧIегехь хIун хьал ду ша хьажа.

Шен герзаш мара къуьйлуш, ша хиъна ва Iеччохь,

Шен дегIах мерза са дIакъаьсттина ва даьлла,

Хиъна Iаш ваний, тов, дог майра и ЧIега.

Ца велча ва санна, шен бIаьргаш ва хьоьжуш,

Шен бIаьрга и дайча, дагна и дазделла,

Шен динара воьсси, тов, и Тайми Биболат.

Къилбехьа и нисвеш, и охьавиллина,

Юха шен дина а хиъна, дагна тIех дарвелла,

И юкъа ма ваьржи мостагIийн цу туьпа.

Шен накъостий балар царна дIа ца хоуьйтуш,

Стигал къекъаш ва санна, шен герзех кадетташ, Л

атта датIо ва санна, мохь-цIогIа ва детташ,

Мохь бетта велира, тов, и Таймин Биболат:

— ХIай эла Тепсаркъа, ладогIал ахь шега,

ХIара бераш ца дина вайшиннан наноша,

ХIара бераш дойуьйтучул вайшиъ хьалха вала бакъахь ду,

Хьо эла ва велахь, шех дата вала хIинца

Олуш, кхайкха велира, тов, и Тайми Биболат

И дера мохь-цIогIа шен лере ва хезча,

Эсаро бос бихьна толлан гIа ва санна,

Кхеравелла, бос бихьира цу эла Тепсаркъин,

Шен дина велира бах и эла Тепсаркъа,

Кхайкхина, элира бах цу эла Тепсаркъас:

— Ша жима ва волуш шен дада вийна,

И Таймин Биболат веца, хьо шега луьйриг? —

Олуш, лен ва ваьлча, и эла Тепсаркъа,

ТIаккха лен ма вели и Таймин Биболат:

— Хьан дада ва вийна Таймин Биболат

Ву хьуна со, Тепсаркъа. —

Геннара лен велира и эла Тепсаркъа:

— Схьакхосса ахь шена, хIай Таймин Биболат,

Ахь тоьхнарг ца кхетахь ас хьуна кхуссур ю. —

ТIаккха лен ма велира и Таймин Биболат:

— Ма дийца ахь шега и кIилло хабарш,

Ахь хьалха, ас тIаьхьа, ца бохур вайшимма,

Ваьш воллучуьра чучча дой хохкур вайшимма,

Вайшиъ тIеттIа кхочуш, ваьшшиннан кадаьлларг

Дийр ду вайшимма

Олуш, тIехийцира, тов, цу Тайми Биболата

Са цIена шен гила,

Ша тIе ма-кхоччура, аьрру катоьхна,

И эла Тепсаркъа шен говрах къастийна,

Тур диттина, охьатесира Iаьржачу цу лаьтта,

Шен динара воьссинчу цу Таймин Биболата,

Дог Iабош, баьккхира Тепсаркъин ва корта,

ЦIен дина, баьккхина цуьнан горга и корта,

Лерг лаьцна, тесира цо шен таьлсан оган чу.

Юха дина ва хиъна, юкъа хьаьдира, ма боху,

И Таймин Биболат, мостагIийн цу туьпа.

Мохь-цIогIа ва детташ, дог ирахIиттадеш,

Хьалхашха нисвелларг шен дине отуьйтуш,

Уллошха нисвелларг шен туьре цостуьйтуш,

Ведда вала воьлларг шен тоьпе лоцуьйтуш,

Цхьаберш шаьш уьдуш, цхьаберш кIелбуьсуш,

Боьхна дIабахара бах Тепсаркъин накъостий,

Цу нехан мостагIех дилхан дог Iабийна,

Вен везарг ва вийна, шийла дакъа ва дина,

Ва даккха дезачун цIен цIет ва даьккхина,

Цхьа кIеззиг ва чевнаш шен дегIах ва йолуш,

Ша юкъаравелира бах и Таймин Биболат.

Велхаран ва шеддаш легашкахь ца сецош,

МаьI-маьIнехь эгначу цу кIентий ва декъий,

Ша гулдан ма вуьйлира и Таймин Биболат.

Билгалчу ва метте уьш охьадехкина,

Кадам беш тIехIоьттира и Таймки Биболат:

— Дала шуна гечдойла, хIай нохчийн кьонахий!

Доккха орца дар-кха шу, шух дозалла ва дечу,

Цу нохчийн къонахашна,

Таханлерчу дийнахь шух белхар ма хили, —

Олуш, царна вилхина, царна кадам ша бина,

Шен дина велира бах и Таймин Биболат,

Шен динара бIаьрг тухуш докъашка и хьаьжча,

ТIааьхьахьожуш санна хийтира дог майра и ЧIега.

И цигахь витина дIаваха а велла,

Юха тIевирзина динара воьссина,

Шен дина букъа тIе цуьнан дакъа даьккхина,

Ша цIехьа ма вирзира и Таймин Биболат,

Ша воьдуш кхечира, тов, и Таймин Биболат,

Цу ЧIегин ва уьйтIа, ирчачу цу кхоъца,

Доккха тезет хIоьттира, тов, цу ЧIегин ва кертахь,

Дерриг а хиллариг царна ца ва дуьйцуш,

Тепсаркъий ва корта ша хьалха биллина,

Тезетахь лаьттира, тов, и Таймин Биболат.

Цул тIаьхьа вахар, тов, и Таймин Биболат,

Байъинчу цу кIентийн гергарчу цу нахе,

Уьш байъар хоуьйтуш, мичахь бу уьш дуьйцуш,

Декъий дан хьовсийра цо яхь йолу и кIентий,

Цул тIаьхьа цIа вирзира и Таймин Биболат,

Вехачу шен юьрта, доьхначу ва дагца!

Чечанарчу Мадин Жаьммирзин илли

Сеттачу поштанна йора дой ва доьжна,

Кечбели бахара цу Ростов гIалара

И кегий инарлаш

Инарлин воккхаха Ортам ва волуш,

Болабелла ма баьхкира Ортаман хьадалаш,

Шелахой лелачу шелахойн ирзошка.

Лам тIехь ло ва санна, кIайн четар ва тоьхна,

Де даан хевшира, тов, и кегий инарлаш,

Шелахой лелачу шелахойн ирзешка.

Испирташ ва детташ, къаьркъанаш ва муьйлуш,

Де даа хевшичахь и кегий инарлаш,

Лен вуьйлуш тIехIоьттира цхьа къена инарла:

— Ассалам Iалайкум, Гуьржехара ва Ортам!

Куьйга кохьар ва хьийзош, куьйга мукх ва бохуш,

Цу Турлон Iалхана йиллина Чечана,

Чечанахь цIе йолу и Мадин Жаьммирза,

Жаьммирзин ва йиша и сийлахь Аьлбика,

Дуткъа йийсар ва дина юьртаха яьккхина,

КIайн нускал ва дина цу Ростов ва гIала

Йоссийча ва санна, мел паргIат доу ахь,

Гуьржехара ва Ортам, и паччахьан алапа. —

Олуш, лен ва ваьлча и къена инарла,

ТIаккха лен ма велира Гуьржехара ва Ортам:

— Шен дилха дог Iабадал паччахьан

КIайн эскар ахь шена даладе!

И сийлахь Аьлбика цу Ростов ва гIала

Йоссонза ша йитахь,

Паччахьа ва елла чин долу ва хорма

Стоьла тIе охьакхоьссина, гIаш салти хир ву шех

Олуш, вола ма велира и къена инарла.

Ша далор ду хьуна, хьан дог Iабадал

Паччахьан кIайн эскар, ва Гуьржийн Ортам! —

Ша вахана ма кхечира и къена инарла

Цу нана Петара ва бухе.

Гома зурма ва лоькхуш, кIайн эскар гулдина.

Йоьза вота ва етташ, эпсараш гулбина,

Ша вуха ма вирзира и къена инарла,

Цу кIайчу эскарца, къорзачу эпсаршца.

Хьакхин херсеш ва санна, уьш тIаьхьа ловзабеш,

Кечал* хьакха ва санна, ша хьалха ва ваьлла,

Вахана ма кхечира и къена инарла,

Цу кIайчу эскарца, шелахойн ирзешка!

Ассалам Iалайкум, гуьржехара ва Ортам!

Яра ду ва хьуна, ахь шега ва доьху.

Паччахьан кIайн эскар.

И сийлахь Аьлбика цу Ростов ва гIала

Йоссонза Iен велахь,

Хьан коьрта догIийла Аьлбикин ва тапта,

Ва Гуьржийн хьо Ортам!

Олуш, лен ва ваьлча и къена инарла,

Де доца ду бохуш, буьйсанах ва лоьцуш,

Ша вола ма велира и Гуьржехара ва Ортам,

Цу нана-Чечана чу.

Буьйсанна адамаш дIатуьйчу цу хенахь,

Дуьненна го лаьцна сийна хIорд ва санна,

Хьаьттана го лаьцна човкарчий ва санна,

Уьшална го лаьцна куьйса эрз ва санна,

Кхолха го ма лецира цу нана-Чечанна,

Буьйсанна адамаш дIатийначул ва тIаьхьа.

Iуьйранна суьпа нах гIовттачу цу хенахь,

ГIели диллина ва гIуммагIа шен керахь ловзаеш,

Ламазна ара ма велира Сулима ва молла.

Доллучу дуьнене сирла бIаьрг ва тухуш,

Сема ла ма дуьйгIира Сулима ва моллас

Дуьненан ва кийра.

Зингато сийсаен лаьттан туьйлиг ва санна,

Дуьнено сийсош вайра, тов, и мокха мостагIа.

Йоккха-йоккха ва лоьцуш делан цIе ва йохуш,

Ша юха чувирзира Сулима ва молла.

— Цхьа бала хир бу-кх кху юьртан

КIентийн кортошка кхаьчнариг,

Дала шен нуьцкъаца и тIера ойур-кха, —

И Iуьйран ва ламаз ша сиха ва эцна,

Маьждиге вахара бах Сулима ва молла.

Вахана ма хIоьттира маьждиган мимар чу,

Йоьхначу Iуьйранца, Сулима и молла,

Iуьйренан и ламаз дина тIера доккхур ша ва аьлла.

Яздина Iуьллуш ма карнйра цунна

Цхьа бамбин кIайн кехат,

Маьждиган мимар чохь.

Схьаэцна хьаьжира бах,

Сулима и молла кехатан ва букъа тIе.

Цу тIе яздина ма карийра Ортаман дуткъа куьг.

Даьстина ма дийшира и йора кIайн кехат:

— Шу дала ма дахло, хIай, нана-чечанхой!

Машарца ва кера Аьлбика ва йоьхуш,

Машарна ва кера Аьлбика ца елча,

Воккханиг ва вийна шийла дакъа дер ду ма боху.

Жиманиг ва лаьцна йийсар дер ду ма боху.

Машарна кера Аьлбика ца елча.

Шинхьахула неI йолу рузбанан ва маьждиг.

Корах алу ва туьйсуш, дагор ду ма боху, —

Олуш, кехат ма дийшира, Сулима ва моллас.

ТIаккха салаватдилла хIоьттира бах,

Сулима и молла маьждиган момсарера.

Маьждиге гулбелира, тов, чечанхойн кура кIентий,

Мохь бетташ, лен велира бах Сулима и молла.

— Дакъаза ма довла, чечанхойн тхьамданаш!

Дакъаза ма довла, чечанхойн кура кIентий!

Зингато сийсаен лаьттан туьйлиг ва санна,

Дуьне сийсош схьаваьржина яра мокха мостагIа,

Вайн жима Аьлбика машарна кера йоьхуш.

Машарна ва кера Аьлбика ца елчахь,

Воккханиг ва вийна, шийла декъий дохкур боху,

Машарна ва кера Аьлбика ца елчахь,

Жиманиг ва лаьцна, йийсар дер ма боху.

Шинхьахула неI йолу рузбанан ва маьждиг,

Корах алу ва туьйсуш, дагор ду ма боху.

Шу дика хьовзалаш, чечанхойн тхьамданаш!

Шу майра латалаш, чечанхойн кура кIентий!

Зударийн корталеш вайн коьрта догIийла,

Вешан сийлахь Аьлбика бертахь цаьрга лун елахь, —

Олуш, лен ва ваьлча Сулима ва молла,

Малхана шаьш лечкъа даккхий жIаьлеш ва санна,

Лечкъина хьулбелира чечанхойн тхьамданаш.

Малхана шаьш лечкъа кегий кIезий ва санна,

Лечкъина хьулбелира чечанхойн кура кIентий.

Ша цхьалха висира бах рузбанан

Маьждигехь Сулима ва молла.

БIаьрг тухуш ма хилира цу юьртан ураме,

Урамехь ма вайра, лачкъа кхетам боцуш

Висина цхьа жима ва кIанат.

Кхойкхуш тIе валийра бах и жима ва кIанат,

Сулима ва моллас.

— Ярабби цхьан делаI, хIай, жима ва кIанат!

Кхойкху алахьа цу сийлахь Аьлбике, —

Олуш, лен велира бах Сулима ва молла.

Ша хьаьдда ма вахара и жима ва кIанат

Аьлбика ехачу хIусаме, йоьхначу уьйренца,

— Ярабби, цхьан делаI, сий долу Аьлбика!

Хьоьга йола ма боху Сулима ва моллас,

Рузба дан диначу рузбанан маьждиге, —

Совр сийна ши пошмакх ерзана туьйдина.

Дарин кучан ва пхьуьйшаш гоьллех хьала карчийна.

Чилланан хьесан жима йовлакх шен бетах доьллина,

Ша йина ва нана шена хьалха яьккхина,

Маьждиге ма еара сий долу Аьлбика!

— Iуьйре дика йолда хьан, Сулима ва молла!

Хьо кхойкху аьлла ма еара со, Сулима ва молла.

Хьо лаа кхойкхурий, хьо тара кхойкхурий?

Ша лаа кхойкхура, ша тара кхойкхура хьоь.

Ша хьоьга кхойкхура, ва сийлахь Аьлбика,

Зингато сийсаен лаьттан туьйлиг ва санна,

Дуьне сийсош схьабаьржина хIара мокха ва салтий,

Машарна кера хьо шайга ва йоьхуш,

Машарна кера хьо шайна ца елчахь,

Воккханиг ва вийна, шийла дакъа дер ма боху,

Жиманиг ва лаьцна, йийсар дер ма боху,

Шинхьахула неI йолу рузбанан ва маьждиг,

Корах алу ва туьйсуш, дагор ду ма боху.

Хьо яханза ериг яц цу делан мостагIашка.

Къа деца, Аьлбика, зударийн, ва берийн,

Къа деца, Аьлбика, рузбанан маьждиган! —

Олуш, лен ма велира Сулима ва молла.

ДогIанха ма йилхира и жима Аьлбика:

Ма элин делир ахь, олуш делах бехк берг!

Ма элин делир ахь, олуш делах эхь дерг!

Къа дацийца шена зударийн, ва берийн,

Къа деци ва шена цу хенан ламазийн,

Къа дацийца шена рузбанан маьждиган,

Къа деци ва шена цу беттан марханийн,

Ша гIуриг яц хьуна. Сулима ва молла,

Цу делан мостагIашка!

Ша цаьрга ца яхчахь цIе йолуш ва елахь,

Кху нана-Чечанах сийна цIе кхарстийла,

ТIам тоьхна олхазар кху юьртах ца далалуш.

Ша цаьрга ца яхчахь хIорд хьодуш вз белахь,

Сийна хIорд хьодийла кху нана-Чечана чу,

Пелаг хьаькхна ва чIара юьстаха ца болуш.

Ша гIуриг яц хьуна, Сулима ва молла,

Цу делан мостагIашка.

Парз дина дехкина и беттан марханаш,

Цу хьакхин дилхаца ша муха дохор ду? —

Олуш, елха ма юьйлир бах бос хаза Аьлбика

ТIаккха лен ма велира Сулима ва молла,

Велхаран и шеддаш шен кийрахь сецадеш:

— Ма яккха дакъаза, хьо сийлахь Аьлбика!

Кханалерачу къематан цу дийнахь,

Зуд-кхахьпа ва хилла хьо цаьрга ца яхарна

Тоьшалла ша дийр ду хьуна. —

ТIаккха елха ма елира и жима Аьлбика:

Зударийн, ва берийн къила ца йоьр ша.

Рузбанан маьждиган къила ца йоьр ша.

Олуш, елха ма юьйлира и жима Аьлбика:

Хьо марша Iойла, ша йина ва баба!

Йоьхначу Iуьйренца кху юьртахь ца хилла

Шен жима ва ваша, и Мадин Жаьммирза.

Къематан ва дийнахь шен бIаьрга ма гойла!

Йоьхначу Iуьйренца кху юьртахь ца хилла

Шен жима ва шича, и Таймин Биболат,

Къематан ва дийнахь шен бIаьрга ма гойла!

Олуш, хьалхаваьккхира Сулима ва молла,

Йоьлхуш тIаьхьхIоьттира и сийлахь Аьлбика.

Дахана ма кхечира цхьабосса ши накъост,

МостагIий гулбеллачу шерачу майдана.

Ассалам Iалайкум, Гуьржехара хьо Ортам!

Хьоьга делла и салам дала ша оьцур-кха.

Ахь шега ва доьху юьртара йоI-йийсар

ХIара ду ва хьуна.

— ТIеялал Аьлбика сеттачу поштанна.

Ша хIинца ца йолу сеттачу поштанна тIе.

Шен кIеззиг гIуллакх ду цу нана-Чечанахь

Олуш, чехка ма юьйлира и цу юьртан урамах.

Дуткъа аз ва детташ, догIнаха ва йоьлхуш,

Дин дика мел болчун уьйтIа ва хIуьттуш,

Ша йоьлхуш ма кхайкхира и жима Аьлбика:

КIенташна бIаьрга ган ца кхочу ша Мадин Альбика,

Тахана ма хили ваша воцу ва йиша.

Дакъаза мя довла шу, чечанхойн кура кIентий!

Яьккхинчун ю шуна со Мадин Аьлбика,

Доьхначу кху дийнахь, Чечанара кура кIентий.

Олуш, йоьлхуш кхайкхича, орцахвала

Ца хилира яхь йолуш цхьа кIанат,

Цу нана-Чечанахь, доьхначу кху дийнахь.

Ша йоьлхуш ма йирзира

МостагIийн цу куьпа сий долу Аьлбика.

Дан амал ца хилла, тIаккха пошта тIе

Ма елира бос хаза Аьлбика.

— Орцахбовла къонахий кху юьртахь бац хьуна

ТIаме хIитта кIентий вайн юьртахь бац хьуна.

Хьо марша гIолда хьо, сий долу Аьлбика! —

Олуш, вуха ма вирзира Сулима и молла.

Орцахбовла къонахий цу юьртахь ца хилла.

ТIаме бовла ва кIентий цу юьртахь ца хилла.

ГIодаккха ницкъ эшна, мостагIчун ницкъ тоьлла,

Шаьш эцна ма ехьира бах сий долу Аьлбика,

Цу делан мостагIаша.

Цу сарахь суьйренца, и юьртан мехкарий,

Суьйранна хи кхехьа хитIа эха ва боьлча,

Дой долу кIенатий цу юьртан урамехь.

Юьртарчу мехкаршна ва хьалха,

Деза хабарш ва дуьйцуш, дой хьийзо ва бевлча,

Дой доцчу цу кIентийн дегнаш гIелло ва аьлла,

Дой доцу ва кIентий дойх кхиор ша аьлла,

— Хьолахойн ва рема ша яло вахана

И Мадин Жаьммирза, цу эвла ва йистехь

ЦIоькъа рема сацийна, дой доцчу кIенташка

Дой леца гулло ва бохуш, кIенташка ва кхойкхуш,

Хьаьвзина ма хIоьттира вехачу ва уьйтIа

И Мадин Жаммирза.

Араялал, цхьанделхьа, сан хьоме Аьлбика,

Бехачу некъара беана дин дIай-схьай озабел.

Дой доцу ва кIентий ва дойха кхиин ша,

Ахь дукха дийцина эрмалойн совгIаташ

Хьуна алсам деана ша, сан хьоме Аьлбика

Олуш, кхайкха ва ваьлча, и Мадин Жаьммирза

Хьомсарчу Аьлбике,

Йоьлхуш ара ма елира, Аьлбикин ва нана.

ТIаккха лен ма велира, и Мадин Жаьммирза:

— Хьо дала ма яйа хьо, ша вина ва баба,

ХIара хIун ду-техьа, дакъа доцу ва белхар.

Хьо дала ма яйа, ша вина ва баба,

Хьо елххал ва бала хьан коьрте беача,

И сийна стигланаш тIеелхарна кхерам бу,

И Iаьржа латтанаш лелхарна кхерам бу,

Араяла алахьа хьомече Аьлбике,

Дин дIай-схьа хьовзабан. —

ТIаккха лен ма елира Аьлбикин ва нана,

Шен сирла ши бIаьриг догIнаха белхабеш:

Аьлбика чохь яцийца, шен жима Жаьммирза,

Мехкан боцу ва хьеший ва лула биссина,

ГIиллакхана, тамана кхайкхинчу яхана

Вайн жима Аьлбика.

ТIаккха вист ма хилира, ша винчу цу нене,

И Мадин Жаьммирза:

Мехкан боцу ва хьеший лулахошка биссарах

Кхайкхинчу оьхуш лелаш ма яцара

Вайн хьомсара Аьлбика.

Дийций ялахьа хьо шега билггал бакъдериг.

Ша вина шен баба!

ТIаккха елха ма елира Аьлбикин ва нана:

— Бакъдериг дийцича, хьох яларна кхоьру ша,

Бакъдериг ца дийцича, Аьлбикех йолу ша,

Ша вина, кхиийна, шен хьоме Жаьммирза.

— Бакъдериг ахь дийцахь хьо шеха ериг яц,

Бакъдериг ца дийцахь — Аьлбикех йолу хьо.

— Ша яла хьан делаI, шен жима Жаьммирза,

Дийцаза ца йолу ша хьоьга ма-дарра:

— Зингато сийсаен лаьттан туьйлиг ва санна,

Дуьне дуьзна схьабаьржира и делан мостагIий,

Машарна шайн кера Аьлбика ва йоьхуш.

Орцахбовла къонахий кху юьртахь ца хилла,

ТIаме хIитта кIентий вайн юьртахь ца бевлла,

МостагIийн ницкъ тоьлла, дан амал ца хилла,

Шаьш эцна ма ехьин вайн хьомсар Аьлбика, —

Олуш, елха ма елира Аьлбикин ва нана.

Iаламат ярабби, ша вина ва баба!

Шен жима ва шича и Таймин Биболат

Вийна йигина хир ю-кха и жима Аьлбика.

— Хьан жима ва шича и Таймин Биболат

Вийна-м дера ца йигна хьомсара Аьлбика.

Юьртарчу кIенташа хьашт доцуш кхобучу дойн и рема,

Цу мержойн кIенташа лаьхкина ва аьлла,

Ма вахана хьан жима шича и Таймин Биболат.

— Хьо дала ма яйа, ша вина ва баба.

Вайга сецалур бацийца чинна лекха хьаькмаш!

Вайна йоьгIнехь цIа йогIур вайн жима Аьлбика, —

Олуш, нанас бер ва санна, шен нана Iехийна:

— ТIамна хала нах ма бара и Iаьржа ва мержой,

ЛадогIий вола ша, цу Таймин Биболате

Олуш, юьртах ма иккхира бах и Мадин Жаьммирза.

Ша хьежан ма велира мостагIийн ларашка,

Йирзина ма карийра мостагIийн ва лараш,

Ростох-гIала боьдучу буткъачу ва новкъа.

Шен дине лен велира бах и Мадин Жаьммирза:

— ГIебартойн реманаш яжа лаьхки ва аьлча,

Аннаш тIе гора оьгу шен расха жима дин,

Буьйсанна наб йоцуш, дийнахь тем бодуш

Кху денна кхаьбна ша хьо, жима расха дин.

ХIинца ели ва хьуна ша идон ва меттиг,

Ахь хIинца къийсалахь лоьмаца ва лелхар,

Ахь хIинца къийсалахь лечанца ва идар!

Олуш, юткъачу шедаца кхоамза

Човхийра, тов, цу Мадин Жаьммирзас

Шен жима расха дин.

Ша бадар ийцира, тов, Мадин Жаьммирзин ва дино.

Карахь урх малйича, Ростох-гIалехьа ва идош.

Карахь урх къевлича, — лаьттан кийра бух теIош,

Бадар эцна ма кхиийра расхачу цу дино,

Буьйсанна адамаш дIатуьйчу цу хенахь,

Некъа йисте садаIа тоьхначу кIайчу

Четарийн ва йисте и Мадин Жаьммирза.

Некъ беха ва хилла, шайн догIмаш кIадделла,

Шайн чонна мацбелла, цу новкъахь ва севцца

Бара бах и делан мостагIий, цу сенчу ва бай тIехь.

Лекхачу динара ша лаха воьссина,

Четарна ва йистехь дин нуьйрах ва тесна,

Кога тата ва доцуш, ша каден

Ма вуьйлира четаршна ва юкъа,

Яхь йолу ва кIанат, и Мадин Жаьммирза.

Цу децийн дажаре, ва Iуьнан шакаре,

Хьалхара ва когаш байбина хьала ва уьйбуш,

Шен турпал гIогIаш тIе ша еза ва теIаш,

Сема ла ва доьгIа гила борз ва санна,

Шен турпал гIогIаш тIе ша лоха лахвелла,

Сема ладуьгIира, тов, цу Мадин Жаьммирзас.

— Йоьхначу Iуьйренца цу юьртахь ца хилла,

Шен жима ва ваша, сан хьомен Жаьммирза,

Къематан цу дийнахь шен бIаьрга ма гойла, —

Парз дина дихкина хIара беттан марханаш,

Кху хьакхин цIокан тIехь дохо хилин ва техьа,

Парз дина дихкина хIара хенан ламазаш,

Кху хьакхин дилхаца дохо хилин ва техьа, —

Олуш, йоьлхуш аз хезира, бах, шен жимчу цу йишин,

Кийрарчу цу даго ладегIа ца витна,

Ша сиха тIевахара цу кIайчу четаршна.

Завалун** мокханца кIайн четар хадийна,

Ша каден велира бах четарал ва чоьхьа.

— Ассалам Iалайкум, Гуьржехара ва Ортам!

Стунваша веан хьан тховсалерачу кху буса. —

Олуш, чу ва ваьлча и Мадин Жаьммирза, —

Эсаро бос бехьна толлан гIа ва санна,

Ша вегон ма висира и гуьржийн ва Ортам.

ТIаккха хьала ма иккхира и жима Аьлбика.

— Рузбанан маьждигехь вайн баба елхийначу

Ортаман ва корта дог кхуьуш божабе,

Шен жима ва ваша, яхь йолу Жаьммирза, —

Олуш, лен ва яьлча, шен хьомсар ва йиша,

Совр баттахь ва доллу терс-маймал дуткъа тур

Ша каде даьккхина, дог Iабош ластийна,

Сел чехка ма божийра Ортаман ва корта,

МаргIала цу дегIаха, четаран ва цIенкъа.

Лерг лаьцна тесира бах цу жимчу Аьлбикас

Ортаман горга и корта цу гуьржийн таьлсаш чу.

Шен жима ва йиша шена тIаьхьахIоттийна,

Дин болчу вахара бах Аьлбикин

Хьомсара и ваша Мадин Жаьммирза.

Цу сенчу ва бай тIехь Iаьржа верта тесна,

Iаьржачу вертана тIе кIайн йовлакх тесна,

Цу кIайчу йовлакх тIе морса молха доьхкина,

Оьрсийн кепехь къийлина и гIирмин сийна даш

Улло алссам диллина,

Ша тIамна каде кечвелира бах и Мадин Жаьммирза.

Коьртара жима йовлакх вешин кара ва туьйсуш,

Йоьлхуш дехар дан хIоьттира бах

Жаьммирзин хьомсар йиша, сийдолу Аьлбика:

— Ша яла хьан делаI, шен жима ва ваша!

Цхьа дела воцуриг хьесап дина вериг вац

Кху делан мостагIийн,

Динахь дуьхьал бIаьрг тоьхча.

Дуьхьал бIаьрг ца кхуьу цу делан мостагIийх.

Хьо цхьаъ бен вацийца, шен хьоме ва ваша.

Вежарий болчу йижарех ша хьего воллу хьо,

Хьо каде валахьа, шен жима ва ваша,

Хьайн тешамечу расхачу ва дина,

Бахьалахь, тоьар ма дара Ортаман ва корта,

Цу нана-Чечана чу.

— Ма яла дакъаза, шен жима ва йиша,

Дин лаца хьо йолуш, тIаме хIотта со волуш.

Хала дац вайшинна кху маьлхан дуьненахь

Олуш, кхайкха велира бах

И Мадин Жаьммирза, цу делан мостагIашка:

— Вижина верг гIатталаш, семаниг кечлолаш,

Яьссаниг юзалаш, аьртаниг иръелаш,

ХIинца шух кхианарг тIам Iаьржа леча ду.

Горга вота ва тоьхна, четарех къаьстира бах

И делан мостагIий.

Йоьзан зурма лекхна уыц низаме хIиттийна,

Шаьш тIамна кечделира бах инарлин эскарш.

ТIаккха лета ма велира и Мадин Жаьммирза.

Ларамза яьллачо шишша цхьаьна ва вожош,

Дог кхуьуш тоьхначо кхоккха цхьаьна вожавеш,

Чинна лекха мел вериг ва хьалха вожавеш,

Ша эго болийра, тов, делан мостагIий.

ТIаккха лета ма бевлира Жаьммирзийн мостагIий.

Доьлла дохк ва санна, молханан кIур керчабеш.

Детта догIа ва санна, сийна даш ва детташ,

Бедарийн бехчалгаш дегIаца ва йогуш.

Ша цхьалха ма висира и Мадин Жаьммирза

Цу халчу ва тIамехь.

Деттачу дошана пхьош дуьхьал ва туьйсуш,

Дин лаьцна ма йисира бах и жима Аьлбика.

Доьхначу цу дийнахь, цу халчу ва тIамехь.

Делкъанна ва дуьне къарлучу цу хенахь,

Динан оьху ва чоко бухкаршца сецаеш,

Шен оьху ва чоко доьхкарца сецаеш,

Веана ма хIоьттира, вехачу шен уьйтIа,

И Таймин Биболат.

Доьлхуш ара ма делира Биболатан кIайн нускал.

Цу мелчу ва цIийна, цу чевнийн халалла,

Лаьцна хала охьа ма воссийра и Таймин Биболат,

Лекхачу шен динара, цу кIайчу нускало.

Цу чевнийн халалла ва вилла ца торуш,

Ховхачу цу метта хьала виллина,

Когашка ва юьйлуш, дог цIандеш ва йоьлхуш,

ГIевланга ва юьйлуш, доггаха ва йоьлхуш,

Ша йоьлхуш ма хьаьвзира Биболатан и езар.

Делкъанна ва дуьне къарлучу цу хенахь

ЛадегIа велира бах и Таймин Биболат

Шен семачу ва лергашца, куьзганан кораха,

Дуьненан ва кийра сирла бIаьрг ва бетташ,

— ЛадогIахьа, цхьанделхьа, шен мерза ва езар!

Шена юьйлуш хезариг Жаьммирзин мажар ма ю, —

Олуш, лен ва ваьлча и Таймин Биболат,

ЛадоьгIна чу ма деара Биболатан кIайн нускал,

Дуьненан ва кийра!

— Дакъаза ма вала хьо, сан хьомен Биболат!

Хьан хьомен шича Аьлбика йигначу

Цу делан мостагIашна ша тIаьхьа ма кхиъна

Аьлбикин и ваша дог майра Жаьммирза,

И санна волу дика кIант тIамехь ша лаьтташ,

Ишттачу халчу цу тIаме ца воьдуш хьо Iийчахь.

ЦIе йожорна кхоьру ша хьан, сан жима Биболат.

Варех йолу и чевнаш кисешца къевлича,

ДегIаха йолу и чевнаш башлакхца къевлича,

Белшех ва йолу и чевнаш герзашца таIийча.

Хьайн кIайчу нускало расха дин кечбича,

Жимачу нускало ойбуш дина ваьккхича,

Вахалур вацара-техьа хьо, хIай Таймин Биболат,

Хьайн шичошна орцах, цу халчу ва тIаме?

Олуш, лен ва яьлча шен мерза ва езар:

— Адаман цIий муьйлу хин цIубдар ва санна,

Шен дегIах оьхучу цIийх хьо Iебарг ца хилла,

Оьрсаша ва йина и йоьза ва турмал,

Сона сонара яккхий, уьнан бIогIамца ва йогIий,

Турмала хьажахьа цу халчу ва тIаме, —

Олуш, вист ма хилира и Таймин Биболат.

Турмала хьаьжна чудеара Биболатан кIайн пускал:

— Ша яла хьан делаI, ва жима Биболат,

Бедарийн бехчалгаш дегIаца ва йогуш,

Буьрсачу тIамехь гин шена хьан жима ва шича,

Деттачу ва дошна пхьош дуьхьал ва лоьцуш,

Дин лаьцна яйн шена хьан жима ва шича —

Сий долу Аьлбика

Олуш, варех йолу ва чевнаш кисешца ва къевлина,

ДегIах йолу ва чевнаш башлакхца къевлина,

Белшех ва йолу и чевнаш герзашца таIийна.

Шен кIайчу нускало расха дин кечбина,

Цу кIайчу нускало ойбуш дина ваьхкхина,

Ша ваха кечвелира бах и Таймин Биболат

Халчу цу тIаме, доьхначу ва дийнахь.

— Сема ладогIалахь, шен мерза ва езар!

Дуьненан тIаьхьара, эхартан хьалхара ю,

Олийла яцийца и делан Iожалла.

Цу халчу тIамера шаьш нийса накъостий

Ша маьрша ва дагIахь,

Лечанца идар къуьйсу хIара расха жима дин,

Хьуна тIера сагIийна, мискачу нахана лур ша,

Цу халчу ва тIамехь шен валар ва хилахь,

Ша санна волу кIант велла хьо санна нускал дисча,

Маре ца йоьдуш Iедал хуьлу вайн нохчийн нехан,

ЧIир кхобу ва бохуш, ойла еш.

Биболатах йисна жеро ю бохуш,

Хьайн дегIан ва бIаьра гоьртара кIиллош ца хьийсош.

Маре яха пурба ду хьуна, сан хьомсар ва езар,

Яхь йолуш дика кIант карийна.

Ма гIолахь, цхьанделхьа, шен мерза ва езар,

Мошане ва маре

Олуш, дIа ма тилира и Таймин Биболат.

БIаьргана къайла ва валлалц тIаьхьа хьоьжуш йилхина

БIаьргана гена и ваьлча, къайлаха йилхина,

Накха хазбан оьхкина и горга кIайн ахча,

Некхаца ка хьоькхуш ва куча делхийна,

Куьйчара схьаоьцуш ва пхьуьйша дерзийна,

Дай-наной доцучу цу байшна

И кIайчу сагIийна ва декъна,

Ша йоьлхуш ма хиира бах

Биболатан и езар, йоьхначу хIусаме.

Вахана ма кхечира и Таймин Биболат,

Цу халчу ва тIаме.

— Ассалам Iалайкум, хIай, Мадин Жаьммирза!

ТIамна ка йолда хьан кхоьллинчу вайн дала!

— Iалайкум ва салам, хIай, Таймин Биболат!

Ма веа велира хьо кху халчу ва тIаме.

ТIамна хала нах бар-кха и Iаьржа ва мержой,

Ницкъ хилла хир бу хьуна цу мержойн ва тIамехь.

— Ма дийцал ахь шена дош доцу хабарш,

ХIай Мадин Жаьммирза, шен хьоме ва шича,

Нохчийн дика кIентий паччахьан

Эскарех леташ, леш ма бу-кха

Олуш, лен велира бах и дикан ши кIанат.

Лата велира бах яхь йолу ши кIанат.

Кхоьллинчу ва дала цу делан мостагIийн

ТIемана ка йохийна,

Кхоьллинчу ва дала кху дикчу шина кIентан,

ТIеман ка даьккхина,

Вен везарг ва вийна, шийла декъий дехкина,

Ва даккха дезачун цIен цIетта даьккхина,

Шайн жима ва йиша, и хьомсар Аьлбика

Шайца цхьаьна ва йолуш,

Шаьш оьхуш ма кхечира, цхьабосса ши шича,

Вехачу цу эвла йисте, нана-Чечана.

— Хьо цIехьа гIолахь, ва Таймин Биболат,

Вайн жима йиша Аьлбика эций.

Шен кIеззиг гIуллакх ду рузбанан маьждигехь

Олуш, цIехьа верзийна и Таймин Биболат,

Хьаьвзина ма хIоьттира и Мадин Жаьммирза,

Рузбанан маьждиге.

Кхойкхуш гулбан болийра, тов,

Чечанхойн кура кIентий,

Кхайкхича ца веанарг, нуьцкъаха валавеш,

ТIаккха лен ма велира и Мадин Жаьммирза:

— Шу елла йовла шу, чечанхойн ва кIентий!

Сту боцуш шух верг ва старах кхиавеш,

Дин боцуш шух верг ва динах кхиавеш,

Ша лелаш ма вара, чечанхойн ва кIиллош!

Шу лелаш хиллера, шена ала дош лоьхуш,

Шу мержойн кIенташка стерчийн бажа лоьхкуьйтуш,

Варданаш рагIу кIел ва тоьттуш.

Цу мержойн кIенташка стерчийн бажа лоьхкуьйтуш,

Нуьйраш ирх ва ухкуш,

Вай цхьаьна тарлур дац кху нана-Чечанахь!

Мохк беха гIо шайна Теркаца хьала-охьа.

* * *

Ва лата мел луучун леташ ка йолийла,

Ва вадан мел луучун уьдуш са долийла!

Къеначу дадин илли

Вахарна къийвелча, гоьлана вазвелча,

БIаьргана артвелча, кхаъ хуьлуш дагна,

КIант вира бахара сил къеначу Дадина.

Хан-зама яьлла, кIант кхиа ша воьлча,

Ша хIитта ма велира и шовданан цу коьрте.

Йоккхачу шахьарара цу кIенттан нийсарой,

Цу Дадин кIантах шайн баьчча ва вина,

Гуо бина цунна тIаьхьа ма хIиттира.

Элан сту Заьлбика хьаьжжинчохь ма йисира

Цу Дадин ва кIанте.

ТIаккха ша ма къаьстира кIентеха цхьа кIанат,

Мотт эцна ма вахара и Iалханан ТIурлога.

— Ассалам Iалайкум, Iалханан хIай ТIурло,

Де дика дойла хьан ницкъ болчу вайн дала!

Шахьаран кегий нах, хьан хенан нийсарий,

Цу Дадин ва кIантах шайн баьчча ва вина,

Гуо беш тIаьхьа ма хIитти.

Сил мерза хьан езар, и элан сту Заьлбика,

Цу Дадин ва кIанте хьаьжжинчохь ма йиси,

Хьо вола, цхьанделхьа, шовданан цу коьрте, —

Олуш, шаьшиъ веара шовданан цу коьрте.

— Ассалам Iалайкум, хьо кIентийн ва баьчча,

Къеначу цу Дадин стаг йоцу хIай къутIа!

Суьйре дика йойла шун кхоьллинчу вайн дала!

Ма довла шу дакъаза, шахьарара кегий нах,

Шен хенара нийсарий, хеназа кхаъ хилла,

Воккхачу Дадина хIара къутIа ца динехь,

Баьчча воцуш дуьсур-кх шу

Кху маьлхан дуьненахь.

Ма яла хьо дакъаза, элан сту Заьлбика!

Нанас дагахь доцуш воккхачу Дадина

ХIара къутIа ца динехь,

Везарг воцуш юьсур-кха хьо кху маьлхан дуьненахь, —

Олуш, Iоттар ма йира, Iалханан ТIурлос

Цу Дадин кIантана.

Дадин кIант дIатосуш, и кIентийн ва тоба,

Iалханан ТIурлона гуо беш, тIаьхьа ма хIиттира,

Элан сту Заьлбика, хIокху Дадин ва кIанте,

Хьаьжжинчохь ма сецира.

ТIаккха вист ма хилира Iалханан хIара ТIурло:

— Схьадовла, хIай кIентий, цу арарчу арешка,

Ижонна арадевр ду вай, —

Олуш, ижонна ара ма бевлира и кегий кIентой.

Къеначу Дадин кIант, бокх-боккху ког багарбеш,

ГIийла ен деган ойла шен кийрахь сецаеш,

Ша цIехьа ма вирзира шовданан коьртера.

ЙогIуш, тIаьхьа ма кхиира.

Шен деган езар, элан сту Заьлбика.

Ма вала дакъаза, шен деган хьо везар,

Къеначу Дадин кIант,

Бокх-боккху ког багарбеш, гIийла деган ойланаш

Хьайн кийрахь сецаеш,

Мел хала вирзи хьо шовданан кху коьртера.

Ца хезна ва хьуна, Къеначу Дадин кIант,

Коьртехь чов ва санна, тешам боцуш ву бохуш,

Iалханан и ТIурло?

Iалханан ТIурлос и кIиллон хабарш дийцарах,

Шен делах ялийла ша, хьоьга йогIуш ша яцахь.

Къеначу Дадин кIантI

— Дала сий дойла хьан, элан сту Заьлбика!

Туьран, тоьпан чов лоьраша ерзайо-кха,

Элан сту Заьлбика, Iалханан ТIурлос

Шена йина дешан чов

Йоьрзур яц шен-ма, вовшех дог ца Iаьбча,

Оцу арарчу арешца тхойшиннах кIант къаьстина

Ваьллачул тIаьхьа бен къаьстира дац дов.

Шен делах биънарг беза дуй беци шен,

Элан сту Заьлбика, хьо йигаза ва ца Iен! —

Олуш, цIехьа ма вахара Къеначу Дадин кIант.

— Дада, ва дада, кечбехьа ва шена

Турпала хьайн гила.

Дехкийтахьа ахьа шега, латарна зеделла,

Болатан хьайн герзаш! —

Ша хьалаиккхира и къена ва Дада:

— Ма валийла дакъаза хьо, шен цхьа жима кIант.

Тховсалерчу суьйранна хIун хилла вирзира-те хьо

Шовданан коьртера?

Iалханан ТIурлос дешан кхоссар йин-те хьуна?

И гIирмин буьйда даш тIедетта долийча,

Букъ тIехьа хьо лоьцуш,

И тIема мазлагIанаш шаьш лелха ва яьлча,

Пхаьрса кIел хьо идош, хьох ТIурло винчу

Къеначу Дадин кIант вай со-м,

ХIунда ца элира ахьа цуьнга,

Шен жима ва кIанат? —

И шега ла ца делла, дехьа чу, нана йолчу

Ма вахара и Дадин жима кIанат.

Цо нене ма элира даьттIачу дагаца:

— Баба, ва баба, ахь шена эцахьа

Га деха кIайн киса, и цIестан ва кIудал.

Ша кхоьхьур хьуна,

Мехкаршца ва къуьйсуш, и сирла ва шовда, —

ТIаккха хьала ма иккхира кIант вина ва нана:

— ХIай Къена ва Дада, хьайн цхьан кху кIентан

Дог хIунда эшийна ахьа?

Турпала хьайн дин ахь каде кечбелахь!

Латарна зеделлачу болатан герзашца

КIант каде кечво ша.

ТIаккха Дадас ма элира кIант винчу цу нене:

— Дика ду, кечбийр бу ша са цIена шен гила,

Ша кхоьруш вацара хьуна хIара цхьа кIант

Ша ваьллачу шахьаран тхьамданаша

Пхьоьханара эккхорна,

Iалханан ТIурло шена дика вовзарна,

Ша кхоьруш вара хьуна, кIант вина ва нана,

Шен цхьанчу кIанта воккхачу Дадин

Лерехь хьо цIийзорна

Бохуш, кIант хьалха ваьккхина, гила тIехьа ва лоьцуш,

ГIопе вола ма велира хIара къена ва Дада.

Лекхачу цу гIопехь цо цуьнга ма элира:

— Шен цхьа хIай кIанат, тIаьххьара марзонаш

Юур яр-кха вайшимма

Воккхачу Дадин шерачу уьйтIахь.

Шед тохий цкъа гила хьовзабехьа аьлла.

ТIаккха вист ма хилира къеначу Дадин кIант:

— Дакъаза ма вала хьо, шен къена ва Дада!

Шахьарарчу тхьамданаша, хьан хенара нийсарша,

И воккха Дада шерачу цу уьйтIахь

КIант Iамош ву бохур ду хьуна,

Шахьарарчу кегийчу ва наха, шен нийсароша,

Къеначу Дадин кIант шен къеначу Дадин

Гила хьийзош ву бохур ду шена.

Лелахь, лелалур вар-кха хьан ханна жима кIант

Аренан кIенташца.

Ца лелалахь, хьайн ханна жима кIант,

Зевалар хир дарийца

Ва хьуна,

Лелалур моьтту-кха шена хьан ханна жима кIанат.

— И олуш стаг воцуш, ялх вешин къаьхьо Iаьвши ша-ма.

Ша дехар до хьоьга, буьйсана Теркаха хьайн

Волийла хилахь, гила буха ма ийзалахь,

Сацалур бац хьоьга, кху маьлхан дуьненахь,

Нур долчу бIаьрго генара схьалоьцуш,

Цхьа чиркхан серло гур ю хьуна

Цу турпал гилина.

Цу чиркхан серлонгахь, цу гIалин ва гIопехь.

Маьхьарца ва терсаш, сирла тIа ва детташ,

Ша соьцур бу хьуна, турпала хIара гила, —

Олуш, хьехар ша дина, вахийтина бахара

Шен цхьа жима кIанат, бехачу цу новкъа —

И воьдуш кхечира, тов, арарчу арешка,

Цу Теркан тогIешка къуй-кIентийн тобан тIе.

— Ассалам Iалайкум, къуй-кIентийн хьо баьчча,

Iалханан ва ТIурло!

Де дика дойла шун кхоьллинчу вайн дала,

Iалханан хIай кIилло!

Шовданан цу коьртехь зударшний, берашний юккъехь

Хьо волуш, айхьа шена йина дешан кхоссар

Йицъялаза вуй-те хьо?

Дог лоцуш, дагах чекхъелир-кха шена,

Схьавала ва хIинца, кIенташха дIакъастий,

ХIокху сенчу кху бай тIехь, кIант къастор-кха вай — шиннах. —

Шовзткъе итт бере, коьртара куйнаш схьадаьхна,

Кху кIантана хьалха охьдетташ.

Гор-бертал дехар деш, охьаийгира, тов:

— ТIом ма хьебахьара ахьа, Iалханан ТIурлога. —

ЧIогIа дехар дира кху жимчу кIанте.

— ДоттагIаш хилийтахьара ахьа вайша, — аьлла,

Оцу кIентийн дехар тIедега ва даьлчахь,

Iалханан ТIурлон хабар шена кIордо ва доьлча,

ТIаккха вист ма хилира къеначу Дадин кIант:

— Iалханан хIай ТIурло, доттагIаш вац вайша

Кху маьлхан дуьненахь!

Делаха, къоранах дуй буур вайшиммо.

Яра шовзткъе итт бере тоьшалла ва лоцуш.

Дуьненахь мел дукха вахарх, вовшашна тешнабехк ваьш цабан, —

Олуш, цу кIентех дIакъаьстира къеначу Дадин кIант.

Ша дехьа ма велира семачу, Теркаха.

Карара урх схьайохуш, лаьтта батт ва йохкуш,

Ша ида ма белира кхуьнан турпала ва гила,

Нур долчу шина бIаьрго генара схьалоьцуш,

Цхьа чиркхан серло ю бахара,

Цу чиркха серлонгахь, цу гIалин ва гIопехь

ТIа детташ ма сецира турпал хIара гила.

Урх юьйлина схьалаьцна, турпала шен голаш

Турпала гилина шуьйрачу шен некхе

Ва нуьцкъал таIийна, кхузза шед ша тоьхна,

ТIетаIийра бахара цу гIалин гIопана,

Ша дехьа ма иккхира, турпала хIара гила.

УьйтIарчу гоьзанах и гила дIатесна,

Лайн берд хила хIоьттинчу оцу гIалин ва сонах

Ирх велира бахара къеначу Дадин кIант,

ТIерачу гIали чохь шен догуш нур долуш,

Исбаьхьа ша йолуш, шена карийра бахара

И гIалин ГIизларха.

Ша хьала ма иккхира и гIалин ГIизларха:

— ИллахIи ярабби, тIам тоьхна олхазар

ТIехула дала шен болатан вежарша

Ца дитина йолчу

Хьо учахь, хан йоцчу хенахь хьийзарг

ХIун адам ду-теша?

— Къеначу Дадин кIант ву ша, са цIена стаг ву ша,

Хьо йохо, елхо веана вац ша.

Хьо каде кечлолахь, хьо йига веана ша,

ДегIах мерза са къастаза шен дисахь.

— Дика ду, кечло ша.

Шен делах биъна беза дуй болуш яра ша,

Кху коре кхачавеллачу кIанте бен маре ца яхан.

Хьан къена Дада кху коре кхачавала гIерташ,

Хеназа къежвелира хьуна олуш,

Охьа ма йоьссира и гIалин ГIизларха.

Ша хьалха хиъна и тIехьа хаийна, вогIуш ма кхечира

Къеначу Дадин кIант цу сенчу Терка тIе.

Гили тIера охьайоьссира и гIалин ГIизларха,

Iаьржачу буьйсанна шен нуьрен ши бIаьриг

Кхерсто елира иза цу Теркан бердаца.

Дин лелла ма велира къеначу Дадин кIант,

Бердаца ва теIош, оцу сенчу Терка чу.

Йоьлхуш, лен елира и ГIизларха:

— ИллахIи яраббий, къеначу Дадин кIант,

Ца хезна-те хьуна, хьайн воккхачу Дадегара,

Коьрта чов ва санна, тешам боцуш ву бохуш,

Iалханан и ТIурло?

Iаьржачу буьйсанна, цу Теркан бердашца,

Шен нуьрен бIаьргашна ма дукха къеста-кха

Цу говрийн настарш.

Ма билгалъюьйлу-кха шена царалахь Iалхакан ТIурлон

Турпал гилин настарш.

Готасий далийтахьа вайша бохуш,

Бесплатный фрагмент закончился.

Купите книгу, чтобы продолжить чтение.