1-Муъма-нехан Амира Абу Хьафс Iумар бин ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, Iамалш негаташка хьаьжжина ю, хIора стагана а цо (и дан) негат диннарг ду. Цундела шен махках валар хилларг АллахIан дуьхьа а, цуьнан элчанан дуьхьа а — цуьнан махках валар АллахIан а, Цуьнан элчанан а дуьхьа хир ду. Ткъа, шен махках валар хилларг муьлхха а цхьана дуьненан хIуманан дуьхьа, ша гулдан лерина долучу, я ша ялор йолчу зудчун дуьхьа — цуьнан махках валар и ша махках ваьллачу хIуманан дуьхьа хир ду» [(Бухари: 1, Муслим: 1907.
2-Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: Аллах1ан Элчано (Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «ХIокху тхан гIуллакхехь (бусалба динехь) цуьнах доцург юкъадаьккхиначуьнгара иза (юкъадаьккхинарг) тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)» [(Бухари: 697, Муслим: 1718)]. Оцу хьадисан Муслиман риваятехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьамма тхан гIуллакхаца (бусалба динаца) цхьаьна ца догIуш долу муьлхха а цхьа хIума дахь, иза тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)».
3- Баширан кIанта НуIмана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Боккъалаъ, магийнарг — хууш ду, цамагийнарг а — хууш ду, ткъа царна юккъехь шеконаш ерг ду, дуккха а нахана цуьнах дерг ца хууш. Цундела шеко йолучух ларлуш верг — шен дин а, шен сий а цIандеш ву. Амма шеконехь дерг лелош верг — хьарам дерг (лело) а вера ву, йихкиначу меттигна гонаха (шен жа) да жочу жаIух терра, (иза) хIинций-хIинций оцу тIе долу-кха (бохуш). Боккъалаъ, хIора паччахьан (шен) йихкина меттиг ю. Боккъалаъ, АллахIан йихкина меттиг — иза, Цо царна цамагийнарш ду. Боккъалаъ, (адаман) дегIехь дилханан кийсиг ю: нагахь и нисъелла хилахь — дерриг дегI а нисдеш, нагахь и телхина хилахь — дерриг дегI а талхош. Боккъалаъ, иза — дог ду» [(Бухари: 52, Муслим: 1599)].
4-МасIудан кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, бакъ луьйш волчу а, тешам хила хьакъ волчу а АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дийцира аьлла: «Боккъалаъ, шух хIора а (цкъа хьалха) шен ненан кийрахь кепе валаво: шовзткъа дийнахь — тIадаман куьцехь, тIаккха оццул хенахь — цIийн улхан куьцехь, тIаккха кхин а оццул хенахь — дилханан кийсиган куьцехь. Цул тIаьхьа АллахIа малик хьажадо, цо цунна чу са дуьллу. Цул тIаьхьа цо цуьнга диъ (хIума) дIаязде (олий) омра до: шен рицкъа, шен хан, шен гIуллакхаш, иштта ирсе хир ву я декъаза хир ву иза. Аса дуй буу Ша воцург кхин дела воцучух: боккъалаъ, шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) ялсаманин охIланан Iамалш: ялсамане кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду — жоьжагIатин охIланан гIуллакхашна тIехьа а ваьзна, (жоьжагIате) гIур ву иза. Боккъалаъ, (иштта) шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) жоьжагIатин охIланан Iамалш: жоьжагIате кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тIаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду — ялсаманин охIланан гIуллакхашна тIаьхьа а ваьзна, (ялсамане) гIур ву иза» [(Бухари: 3208, Муслим: 2643)].
5-Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, сала а хуьлда цунна) элира аьлла: « (ХIай, нах!) Боккъалаъ, АллахI — ЦIена ву, Цо цIенаниг бен цхьа а хIума къобал ца до. Боккъалаъ, Шен элчанашка динна долу омра дина АллахIа муъма нахе а. Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, элчанаш! Хьаналниг даа, дика Iамалш а е.» («алМуъминун»: 51). Иштта Веза-Сийлахьчо аьлла: «ХIай, Делах тешнарш! Оха шайна делла долу хьанал рицкъа даа.» («ал-Бакъарат»: 172). Цул тIаьхьа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа стаг вийцира — новкъахь ехха хан яьккхина волу, ченах а вуьзна, хьирчина месаш а йолуш, шен куьйгаш стигала а айдой (юха-юха а олуш волу): «Ва, сан Дела! Ва, сан Дела!». Ткъа цуьнан кхача хьарамниг бу, цуьнан малар (хи) а хьарамниг ду, цуьнан духар а хьарамниг ду, хьарам кхача баош кхаьбна а ву иза — иштта хилча (цуьнан доIанна) жоп муха лур ду?» [(Муслим: 1015, Тирмизи: 2992)].
6- Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага Ислам (дин) хаза лелош хиларан (билгалонех цхьаъ) ю — цо (массо) а шех Iотталуш доцург дитар.» [(Тирмизи: 2318, дика (хьасан) хьадис ду, Тирмизис а, кхинболчу мухьаддисаша а далийна и)].
7- Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера салават а, салам хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьа а иман диллина хир вац — шена дезаш дерг шен (динан) вешийна а деззалц.» [(Бухари: 13, Муслим: 45)].
8-Худри некъех волучу Абу СаIийд СаIд бин Синана (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: « (Бахьана доцуш) ца мега зен дан, (бахьана долуш) ца мега зен дан.» [(Ибн Маджат: 2340—2341, ад-ДаракъутIни)].
9-Абу ХIурайра Iабдур-Рахьман бин Сахра (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Аса шайна дихкиначух (ца магийначух) ларло, Аса шайга омра диначух шайга далуш дерг де. Боккъалаъ, шул хьалха баьхнарш (хилларш), цара хеттарш дукха дар а, уьш шайн пайхамарашна Iеса хилар а бахьана долуш хIаллакбина.» [(«ИIтисам бил китаби вас суннати» жайнахь Бухарис дийцина: 6777, Муслим: 1337)].
10-Рукъаййатан дас Тамим бин Авс ад-Дарийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дин — догцIеналла гучуяккхар ду». Оха хаьттира: «Хьенан хьокъехь?». Цо элира: «АллахIан а, Цуьнан Жайнин а, Цуьнан элчанан а, бусалба нехан куьйгалхойн а, массо бусулба нехан хьокъехь а» [(Муслим: 55)].
11- СаIдан кIанта Абу Iаббас СахIла (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «(Цкъа) цхьана стага, пайхамарна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а веана, хаьттира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча! И йича со АллахIана а, нахана а везар волу Iамал йовзийтахь суна.» (Цунна жоп луш пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна)) элира: «Кху дуьненан хIуманна суьпа хила хьо - АллахIана везар ву хьо, нехан (долахь долучуьнан хьокъехь) суьпа хила хьо - нахана а везар ву хьо»» [(Ибн Маджат: 4102, «дика» («хьасан») даржехь хьадис ду)].
МИМБАРАН НУР
ДЕШХЬАЛХЕ
Бисмиллах1иррохьманиррохьийм. Хастам бу Аллах1ана 1аламаш кхиош, кхобуш волучу, вайна Ислам дин дахьаш Элча ваийтина волчу, Джах1лан боданера 1илман серлоне вай даьхна волчу. Салават а, салам а хуьлда вайн Элчанна Мухьаммадан а, цуьнан доьзалшна а, Асхьа́башна, царна т1аьхьа мел ваьзначун а къемат де даллац.
Лараме бусалба нах! Ислам динал сийлахь х1ума дац вайна, цул деза а, мехала а х1ума дац бусалба стагана. Ислам динехь вахар уггаре доккха ни1мат ду адамана, цуьнан серлонца дуьне а, эхарт а доккху цо шена. Ислам динца нисвелларг — баккъалла а нисвелла ву, Ислам динца вехашверг — баккъалла а вехаш ву, Ислам дин лелош верг — баккъалла а дийна ву, Ислам динан пусар деш верг — баккъалла а Веза-Сийлахьчу Далла гергахь сийлахь ву.
Х1ара хьехамаш тайпа-тайпана меттигашкахь бар нисделла вайн: Рузбанехь а, таравихь ламазехь а, хааме г1ирсашкахь а. Ткъа вайн бусалба вашас хьахийнера вайга и хьехамаш йазбина жайни т1е баьхча дика хир дара аьлла. Цуьнан дешнаша ойла а йайтира вайга, баккъалла а, цхьа пайда хила а мегар цунах аьлла. Ткъа вайн Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: Д1акхачаде соьгара (нахана) цхьа аят кхачадай а.
Цундела, лиънера вайна х1ара хьехамаш жайни т1е йазбан, мимбар т1ехь бинчул т1аьхьа бусалба нахана пайда хиларе сатуьйсуш. Веза-Сийлахьчу Деле доьху вай кху балхах беркат дар, бусалба нахана пайда бар.
Сайд-Селиман к1ант Хьусайн.
ЛАМАЗ
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьса́нин ила́ йавмиддийн. Амма ба1ду:
ЛАМАЗ ФАРЗ ХИЛАР
Дала къуръан чохь боху: «Аш д1ах1оттаде ламаз».
Кху аятехь Дала ламаз фарз дина т1едиллина вайна. Ламаз доккха фарз ду вай х1ормаммо дан дезаш.
Иштта Дала боху къуръан чохь:
«Х1ай ийман диллинарш! Руку́1и г1о, сужуде г1о, шайн Далла 1ибадат де, дика дерг де шу декъала хила там бу».
Руку1 дар, сужуд дар ламаз дар ду, цундела Дала ламаз де боху вайга.
ЛАМАЗАН ДАЗАЛЛА
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Шуна муха хета, шух цхьаннийн не1ара хьалха татол хилча, цу чохь х1ора дийнахь пхоьазза лийчича, цуьнан (дег1а т1ера) моданах х1умма а йуьсур йарий?
Асхьабаш, Дела реза хуьлда царна, элира: Цуьнан моданах х1умма а йуьсур йацара. Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна элира: Иза пхеа ламазан масала ду, Аллах1а цаьрца къинош д1адоху».
Субхьаналлах1! Лараме ваша, йиша! Дийнахь-буса пхиъ фарз ламаз дешверг пхоьаза хи чохь луьйчушверг санна ву, ткъа пхоьаза хи чохь луьйчушволчуьнна дег1а т1ехь цхьа а мода йуьсур йац, иштта пхи фарз ламаз деш волчунна т1ехь къа дуьсур дац. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ламазан пайданах вай дика кхетийтархьама далийна масал ду иза.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Пхи ламаз а, рузбанан ламаз т1ера вукха рузбанан ламаз т1е кхаччалца а, Рамадан т1ера вукху Рамадан т1е кхаччалца а, гечдеш ду царна йуккъехь долчунна, даккхий къиношах ларлахь».
Пхеа ламазан йуккъехь дуьйлучу кегийчу къиношна Дала гечдеш ду. Ши рузба динчунна цу йуккъехь цо летийначу кегийчу къиношна Дала гечдеш ду. Ши Рамадан кхаьбначунна цу шинна йуккъехь летийна кегий къиношна Дала гечдеш ду. Цу кегий къиношна Дала геч до, стага царах тоба ца динехь а. Цунна уьш дицделла хила а тарло, делахьа а, Дала геч до царна. Амма даккхий къиношна геч ца до Дала, стага царна тоба дичий бен.
Мел доккха х1ума ду х1ара, ламазаш дича а, рузбанаш дича а, мархийн беттанаш кхаьбча а кегий къиношна гечдеш ду вайна Дала, ткъа даккхийчу къинойх тоба дича довлу вай. Мел боккха пайда бу иза вайна. Цундела, мел ч1ог1а лардеш хила деза вай ламазаш а, рузбанаш а, мархийн беттанаш а.
ДИЙЦАР
Анаса, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: Цхьа стаг веара Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, т1е, цо элира:
«Х1ай, Аллах1ан Элча, та1зар дог1у къа даьлла соьгара, та1зар де суна.
Эццахь ламазан хан хилира, цу стага Аллах1ан Элчанца, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ламаз дира. И стаг ламаз дина ваьлча, цо элира:
«Х1ай, Аллах1ан элча, та1зар дог1у къа даьлла соьгара, Аллах1ан жайнаца бекхам бе суна».
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Ахьа тхоьца ламаз дирий»?
Стага элира: «Дира».
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Баккъалла а, (Аллах1а) гечдина хьуна».
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хаийтина цу стагана цуьнан къина Дала гечдина хилар, х1унда аьлча, ша къа латийначул т1аьхьа фарз ламаз дина цо, ткъа фарз ламазна хьалха хилла къиношна Дала гечдеш ду.
ДИЙЦАР
Ибн Мас1удера, Аллах1 реза хуьлда цунна, деъна цхьана стага хийрачу зудчунна батт йаьккхина хилла, т1аккха Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу веана, цуьнга дийцира цо ша динарг. Т1аккха Аллах1а эццахь Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аят доссийра:
«Ламаз х1оттаде дийнан шина йуьххьехь (1уьйрана а, суьйрана а), буьйсанах цхьадолчу сахьташкахь а. Баккъалла а, дикачу 1амалша д1айоху вон 1амалш».
Стага хаьттира: «Суна цхьаннийна дуй х1ара, х1ай Аллах1ан Элча»?
Делан Элчано, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Сан деригге а умматана ду».
Х1ара масал ду хьуна, Дала ламазашца къиношна гечдеш хилар. Дала къуръан чохь аят доссийна-кх, дикачу 1амалша вон 1амалш д1айоху аьлла. Ткъа доккха х1ума дац цу стагана хилларг, цо ламаз дина аьлла цуьнан къина Дала геч дина хилча! Дала цу цхьана стагана ца делла иза, вайна массарна а делла. Делера боккха къинхетам бу иза вайна. Цундела, ламаз деш хила веза бусалба стаг. Гуттар а ц1ена, хаза, дика, нийса, шен хена чохь ламаз деш хила веза бусалба стаг.
ЛАМАЗАН ЛАКХАЛЛА
Лараме бусалба ваша, йиша! Дала ша вайна т1едуьллу х1ора х1ума Джабраил малийке а олий, Делера салам хуьлда цунна, ткъа иза Пайхамарна, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, т1е а дуссий, цо цуьнга д1аолуш хилла Дала бохург. Иштта т1едиллина вайна деригге а шарий1ат. Шарий1атехь долу деригге а х1ума Джабраил малийко, Делера салам хуьлда цунна, Делера схьадахьаш хилла вайн Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Масала, закат а, хьадж а, Рамадан бутт кхабар а, кхин деригге бусалба динера х1ума а Веза-Сийлахьчу Дала Джабраил малийкехула, Делера салам хуьлда цунна, иштта т1едехкина вайна. Амма ламаз т1едуьллуш Веза-Сийлахьчу Дала Ша т1едиллина иза Пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, Джабраил малийкехула, Делера салам хуьлда цунна, ца дуьллуш. Веза-Сийлахьчу Дала Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ворх1 стигал хьалаваьккхина, Шена дуьхьал х1оттийна т1едиллина цунна пхи фарз ламаз. Веза-Сийлахьчу Дала ламаз стиглара охьа ца доссийна, делахь а Пайхамар, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, стигал хьалаваьккхина т1едиллина цунна ламаз. Цо гойту ламаз мел деза ду Веза-Сийлахьчу Далла гергахь. Кхидолу бусалба динан белхаш санна Веза-Сийлахьчу Дала латта т1е охьа ца доссийна ламаз, х1унда аьлча ламаз 1аламат ч1ог1а деза долу дела. Веза-Сийлахьчу Дала Джабраил малийкан, Аллах1ера салам хуьлда цунна, т1е а ца диллина Пайхамарна, Аллах1ера салват а, салам а хуьлда цунна, ламаз т1едиллар, Ша т1едиллина Веза-Сийлахьчу Дала ламаз Шен пайхамарна, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна. Гой хьуна, х1ай сан бусалба ваша, йиша, мел деза ду фарз пхи ламаз. Цул совнаха, Веза-Сийлахьчу Дала хьалха шовзткъе итт ламаз т1едиллина хилла, т1аккха Пайхамарас, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, Деле ламазаш лахдар доьхуш пхеа ламаз т1е охьадалийна уьш Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: Цул т1аьхьа Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Пхи ламаз ду уьш, шовзткъе итт (ламаз) метта».
И бохург, пхи фарз ламаз дича, шовзткъе итт ламаз дича санна йал йу. Хьажахь Веза-Сийлахьчу Дала вайха биначу къинхетаме, шовзткъе итт ламаз а ца дуьллуш вайна т1е пхи ламаз диллина, амма пхи фарз ламаз дича шовзткъе итт ламаз дича санна йал йитина. Т1аккха дан ца деза вай фарз пхи ламаз? Оццул деза и хилча, оццул йоккха йал хуьлуш хилча, и пхи ламаз дан дог1ура вай, уьш фарз ца хилча а. Амма уьш фарз хилча вайн цхьа а харжам бац, лаахь а, ца лаахь а дан дезаш ду вай уьш, Веза-Сийлахьчу Дала т1едиллина декхар ду иза вайна х1ора дийнахь-буса. Ламаз до хан адам сема хуьлу хан йу, цундела Веза-Сийлахьчу Дала цу хенашкахь ламаз дар т1едиллина Шен лайшна, х1унда аьлча ламаз Веза-Сийлахьчу Делаца з1е йолу дела, ламаз Делаца къамел дар долу дела, ламазца лайний Веза-Сийлахьчу Деланий йуккъера йукъметтиг ч1аг1ло дела, цундела Веза-Сийлахьчу Дала пхи ламаз фарз дина т1едиллина вайна, Ша вайна даима дагахь хилийта, Ша виц ца валийта Шен лайна, Шеца йолу йукъаметтиг ч1аг1йалийтархьама цуьнан. Цундела, пхи ламаз фарз хилар Веза-Сийлахьчу Делера боккха къинхетам бу.
ЛАМАЗАН НУР
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Ламаз нур ду».
Ламаз нур ду бохург х1ун ду? И бохург ду: Фарз ламаз а, суннат ламаз а дечунна, цо деш долу ламаз нур ду, и бохург цуьнан ламазо иза 1есаллех, боьхаллех, хьарамчух ларво, нийсонна т1енисво нуьро боданехь некъа т1е нисварах терра. Цуьнан ламаз — нур ду цуьнан даг чохь, йуьхь т1ехь, каш чохь, къемат дийнахь. Ц1енна дан ма дезза ламаз дечунна шен даг чохь ирс карор ду, синпарг1ата хир ву, йуьхь сирла йаьлла хир ву, беркате стаг хир ву иза. Иштта боккха пайда бу ламазах.
ЛАМАЗ ДАН МАЬЖДИГЕ ВАХАРАН ЙАЛ
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Шен чохь ламаз а эцна, цул т1аьхьа Аллах1ан х1усамех цхьана х1усаме вахнарг, Аллах1ан фарзашах фарз ламаз дархьама, цо йоккхуш йолу шина г1улчах цхьана г1улчо къа д1адоккху, вукхо даржехь са воккху».
Хьажахьа, мел йоккха йал йу ламазе вахар. Стагна а, зудчунна а йу иза. Цул совнаха, цул а доккха дерг алий аса хьоьга?
Делан Элчано, Делера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Миллаъ шен х1усамера ара валахь ламаз эцна волуш фарз ламаз дан, цуьнан йал хьадж дихкинчунна санна йу».
Субхьаналлах1, ма йоккха йал йу иза. Ма атта ду вайна и йал йаккха тахана, делахь а ма г1ийла ду вай цу т1ехь. Ма сутара дац вай маьждиге ламазе дахаран т1ехь. Ма нисдала дезара вай, х1ай лараме бусалба вежарий, йижарий.
Къаьсттина деза ду боданехь 1аьржа йолуш ламазе вахар, иза 1уьйра, пхьуьйра ламазе вахар ду.
Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Кхаъ баккхалахь г1аш боданехь маьждиге боьлхучаьрга, кхоччуш нур хирг хилар (царна) къемат дийнахь».
Йа Аллах1! Ма даккхий совг1аташ ду уьш ламаз маьждигехь деш хиллачунна. Тахана вайна х1оранна уллохь маьждиг ду, х1оранна аьтто бу цига а вахана ламаз дан, делахь а ма деса ду тахана вайн маьждигаш, ма к1езиг бу цига боьлхурш. Х1ара дуьне д1адер ду, дуьсундерг эхарт ду вайна, ткъа цунна кечам бан безара вай, уггар хьалха ламазца а беш. Вай ца доьлхуш а, ца кхочуш а меттиг бан а бац, мичча а доьлху вай, делахь а, маьждиге ца доьлху. К1езиг доьлху вай Аллах1ан х1усаме. Алсам даха хьажа деза вай цига, лараме бусалба ваша, йиша.
ЛАМАЗАН ПАЙДАНАШ
1-Ламаз деш верг хуьлу Аллах1а т1едиллина 1ибадат кхочуш деш, бусалба стеган дог шен Делаца тасало.
2-Уггаре а ирсе стаг хуьлу ламаз деш верг, х1унда аьлча, дан ма деззара ламаз деш волчунна Делах кхерар т1ех са долу дела.
3-Лайно шен баланаш Аллах1е белха бо. Ткъа цунна уггаре дика хан ламаз хан йу, ламазехь сужудехь лайно Аллах1е шен баланаш белхабар дика ду.
4-Ламазо г1о до халонах чекхвала. Цундела Дала къуръан чохь аьлла: «Аша г1о лаца собарца а, ламазца а». Ламазца г1о лацар хуьлу, ламаз шен хенахь дар, цунна эшам ца беш кхоччуш дар.
ЛАМАЗАХ ЛАЬЦНА ДЕШНАШ
1—1адий бин Хьа́тимас, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Ламазан хан ма ца хилла, со цуьнга сатесна волуш бен».
2-Ибн Мусаййабас, Дала къинхетам бойла цунах аьлла: «Джама1ат ламаз ца дисина сан т1аьхьарчу шовзткъа шарахь».
3-Ма́лика, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «1убайдулла́х1а ламаз дах дора, цхьанний дуьхьа дац а ца дора».
4-Му1а́з бин Жабалас, Дела реза хуьлда цунна, шен к1анте аьлла: «Айхьа т1аьххьара ламаз деш санна диэ ламаз, хьуна ма мотта ахьа иза кхин а дийра ду. Х1ай сан к1ант, хьуна хоийла, муъмин стаг шина диканна йуккъехь ле хьуна, цо диначу диканний, цо ца деш т1аьхьатеттиначу диканний йуккъехь».
5-Фудайлан к1анта 1алис, Дала къинхетам бойла цу шиннах, аьлла: «Суфъян Саврий сужудехь гира суна хьажийн ц1ийнан уллехь, ткъа аса ворх1 гуо баьккхира цо шен корта (сужудера) хьалаайбале».
Хьажахь лараме бусалба ваша, йиша, мел ч1ог1а дезаш хилла царна ламаз. Мел марзо оьцуш хилла цара ламазах. Цуьнга сатуьйсуш, иза деха деш, цунах д1ахада ца лууш. Иштта вай а хир дацара теша. Царех тера хила ма дезара вай а. Баккъалла а, вешан ламаз т1ехь ойла йан йезара вай. Вешан ламаз нийса, хаза, дика, парг1ата дан дезара вай. Т1аккха цунах вайна хила беза пайданаш схьаоьцур бара вай. Дала вайна пайдана бен т1едиллина ма дац ламаз. Шена вай герга дахкийта, Шеца вайн з1е ч1ог1а хилийта, вайн ийман тадалийта, вай Шех кхерийта, вайна къемата де диц ца далийта, кхин а дуккха а пайданашна т1едиллина вайна ламаз. Ахь ойла йахь и пайданаш билгалла бевр бу хьуна.
ЛАМАЗЕХЬ ДО1 ДАР
Лараме бусалба ваша, йиша, хьан дуккха а нисдалаза г1уллакхаш ду, хьоьгахь баланаш бу, халонаш йу, ткъа и деригге а д1адаларан бахьана ахьа до1а дар ду. Къаьсттина ламазехь сужудехь до1 дар гуттар ч1ог1а ду, Делера жоп хилар гуттар герга ду. Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Лай уггаре ч1ог1а шен Далла герга хуьлу иза сужудехь волуш».
Ойла йе, хьо уггаре ч1ог1а Аллах1ан герга воьду меттиг хьо ламазехь сужудехь волуш йу. Ткъа цу меттехь до1а де аьлла ду.
1авн бин 1абдуллах1 бин 1утбата, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Шуьгахь бала латтош долу шайн хьаштанаш фарз ламазехь деха, баккъалла а фарз ламазехь дина до1а кхечу ламазехь диначу до1анал деза ду, фарз ламаз суннат ламазан т1ехь деза хилар тера».
Цундела, ламазехь дехалахь хьайна эхарт а, дуьне а, Дала жоп лур ду хьуна, Шен пурбанца.
Вайн ламаз нисделча, вай а нислур дара.
Юнус бин 1убайда, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Ши х1ума ду, и шиъ лайнехь нислахь, цуьнан кхиндерг а нислур ду: цуьнан ламаз нисделча а, цуьнан мотт нисбелча а».
Субхьаналлах1, валлах1и доккха х1ума ма ду х1ара, стага шен ши х1ума нисдича кхидолу деригге х1ума нислур дара цуьнан. Ахьа ойла йича иштта кара а до вайна иза. Цу т1ехь нисдала дезара вай, т1аккха вайн деригге а х1ума нислур дара.
ЛАМАЗ ЛАРДАР
Лараме вежарий, йижарий! Ламаз лардан дезаш ду вай. Ламаз лардар вайна т1ехь фарз ду. Веза-Сийлахьчу Дала т1едиллина вайна иза. Цо боху къуръан чохь «Ларде ламазаш а, йуккъера ламаз а».
Къаьсттина, Веза-Сийлахьчу Дала ларде боху вайга йуккъера ламаз, иза малхбуза ламаз ду. Иза къастийна цуьнан хан иза тергалдан хала йолу дела. Х1унда аьлча малхбуза хенахь нах буьйса т1ейале шайн г1уллакхаш д1адерзада сихло хан йу, ткъа цу г1уллакхашна йуккъехь дицдала тарло цунна малхбуза ламаз, йа дита тарло «х1инца ваьлча до» бохуш, цундела Дала къастийна иза ларде аларца.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Баккъаллаъ, уггаре хьалха лайне къемат дийнахь цуьнан 1амалх хоттурйерг ламаз ду. Ткъа иза дика хилахь, баккъаллаъ декъала хилла иза, аьтто хилларг а хилла иза. Амма (ламаз) доьхна хилахь, баккъаллаъ дакъаз ваьлла иза, эшам а хилла цунна».
Гой хьуна, ламазах доьзна ду хьо декъал хилар а, дакъаза валар а. Хьан 1амалех уггаре хьалха хоттурйерг хьан ламаз хилча, хьан ламаз гуттар нийса, дика, кхоччуш хила деза. Цундела, ламаз т1ехь к1адо йан мегар дац. Шен хеннахь нийса, дика дан деза иза, сих а ца луш, х1ора меттехь тем беш, парг1ата дан деза бусалба стага ламаз. Ламазах вада ца г1ерташ, сихха дина т1ера даккха ца г1ерташ дан деза. Цунах самукъа долуш, синтем хуьлуш дан деза ахьа хьайн ламаз. Цундела Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, олуш хилла Билалига, Аллах1 реза хуьлда цунна: «Х1ай Билал! Сада1ийта вайга ламазца».
Ламазехь садо1уш хилла цара, цунах церан самукъа долу дела, иза делера доккха ни1мат дуй царна хуу дела, иза Делера боккха къинхетам буй шайна хуу дела. Ламаз дан дезаш доцуш хира дара дика, йа ламаз дан дезаш долуш хира дара? Ойла йе, дийнахь-буса пхоьаза Аллах1ана хьалха х1уттуш воцуш, пхоьаза Аллах1аца къамел деш воцуш, пхоьаза Аллах1 Шен йуьхьца хьуна т1евоьрзуш а воцуш хьо хилча муха хир дара хьан дахар?! Иштта болчу нехан дахаре хьажа, т1аккха хуур ду хьуна. Дера хир дара вай т1аккха хьайбанех тера. Хьайбанел эшна а хира дара, х1унда аьлча хьайбано Дала шена т1едиллинарг кхочуш до дела. Ламаз ца хилча Аллах1 дага вог1ур вацара хьуна, Цунах гена вер вара хьо, Иза вицлур вара хьуна, Цунах вер вара хьо, Цуьнан къинхетамах. Цундела, гой хьуна мел ч1ог1а оьшу вайна ламаз.
ФИРДАВС
Ялсаман чохь уггаре лакхара меттиг Фирдавс йу. Фирдавс ялсаманан уггаре тоьлла меттиг йу ялсамани чохь. Ткъа ламаз деш хилларг Дала Фирдавс ялсамане вохуьйтур ву. Дала боху къуръан чохь: «Шайн ламазаш 1алашдешберш. Уьш бу верасаш. Шайна ирсана Фирдавс кхочуйерш, уьш цу чохь гуттар хир болуш».
Ялсамани чу бахна ца 1аш, ялсамани чохь уггаре дикачу меттехь хир бу уьш. Цундела, лараме бусалба ваша, йиша! Жима х1ума дац хьуна ахьа деш долу ламаз, йа к1езиг х1ума а дац. Мелла а гуттара дика дан хьажалахь иза, х1унда аьлча Дала хьуна хьан ламазан дуьхьал луш дерг кхин а доккха х1ума долу дела. Ахьа ламаз дика мел до, Дала хьо Шен диканехь кхин а сов воккхур ву хьуна. Дала боху къуръан чохь: «Баккъаллаъ, Аса ца йойу 1амал йечун 1амал, и стаг велахь а, йа зуда йелахь а».
Цундела, ахьа мел дина ламазаш хьан кашчохь а, къемат дийнахь а хьуна карор ду, царех ни1мат а хир ду хьуна хьан кашчохь а, къемат дийнахь а, цундела, ма-хуьллу дукха ламазаш дан хьажалахь, фарзаш а, суннаташ а.
Хаалахь, веллачу стага ч1ог1а сатосу ламаз дан. Ладог1а кху дийцаре.
ДИЙЦАР
Абу Х1урайра, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла:
«Баккъалла а, Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, (цхьан) кашана т1ехвелира. Цо элира: «Мила ву х1окху каша чохь верг?»
Наха элира: «Хьенех ву».
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: « (Ламазан) ши рака1ат т1ех ч1ог1а деза кхунна шуна дисина долчу дуьненал а».
Лараме ваша, йиша! Тахана ма дукха ламазаш дан аьтто бу хьан, ма дукха мела баккха аьтто бу хьан, беллачеран боцуш болу. Хьо дийна мел ву ламазаш деш хилалахь, цкъа цхьана дийнахь д1ахедар ду хьуна х1ара дуьне. Ойла йелахь цунна. Тахана Дала ма дукха парг1атонаш йелла вайна. Вайн х1усамашкахь ма парг1ата ламазаш дан йиш йу вай. Чохь йовха йалахь шел йан аьтто бу, шийла йалахь йох йан аьтто бу, буха таса к1еда куз бу, кхин дуккха а аьттонаш бу, вайгахь лаам хилчхьани. Цундела деш хилла хьуна вайл хьалха хилчара дукха ламазаш. Шайн фарзаш дина ца 1аш, цаьрца суннаташ дина ца 1аш, кхин а меле ламазаш деш хилла цара. Масала, Имам Ахьмад бин Хьанбалас, Аллах1 реза хуьлда цунна, х1ора дийнахь 150 мелан ламаз деш хилла. Бусалба нехан паччахь хилла волу Х1арун Рашийдас, Дала къинхетам бойла цунах, х1ора дийнахь 100 мелан ламаз деш хилла. Кхин а мел дукха ду и масалш. Цара санна дукха ца дахь а, фарзаш а, цаьрца хьалхара, т1аьхьара суннаташ а мукъна диэ. Йуха кхин а суннат ламазаш де. Царех ца хедаш даима уьш деш а хила, хена йохалла дуккха а ламазаш гуллур ду хьуна.
ЛАМАЗ ДИТАРАН КЪА
Фарз ламаз дитар доккха къа ду. Аллах1 ч1ог1а оьг1аз воьду фарз ламаз ца дечунна.
Дала боху къуръан чохь: «Царел т1аьхьа (дикачу нахан) цхьа т1аьхье йеара, ламаз дитира цара, шах1ваташна т1аьхьах1иттира уьш. Т1аьхьа дуьхьалкхетар бу уьш г1айян».
Ламаз дуьтуш нах хир бу аьлла Веза-Сийлахьчу Дала, шах1ваташна т1аьхьах1иттина хьарам белхаш лелор ду цара. Веза-Сийлахь Аллах1 ч1ог1а оьг1аз воьду цу нахана. Цундела Цо боху, цу нахана къемат дийнахь г1ойя дуьхьалакхетар йу. Г1ойя — жоьжахати чохь болу боьра бу. И боьра дукха ч1ог1а боьха хьожа йохуш, к1орге хира бу. Ламаз дуьтуш хилларш цу чохь хир бу. Ма ирча меттиг йу иза. Ма боккха эшам бу иза, ламазаш а дина ялсамане ца воьдуш, ламазаш дитина жоьжахати чу вахар. Жоьжахати чу вахча а ца вуьту иза Веза-Сийлахьчу Дала, кхин а к1оргачу боьра чу кхуссу цунна 1азапана. Аллах1а лар дойла вай цу баланах.
Тахана дуккха а нах бу ламаз ца деш. Ма доккха къа ду цара латош дерг. Амма кхин цхьа нах а бу ламаз деш а болуш, амма ламаз шен хена чуьра ара долуьйтуш. Уьш а доккха къа латош бу. Ламаз шен хена чохь дан дезаш ду. Ламаз шен хеначуьра ара далийтар доккха къа ду, цу ламазах мел а хир бац цунна, шен хеннахь ца дина дела. Амма ша ламаз шен хеначуьра ара далийтича х1умма а ца хета тарло стагана, коьртаниг ша иза дичхьана. Иза доккха г1алат ду. Ламаз хена чуьра ара далийтар хьарам ду.
Веза-Сийлахьчу Дала боху къуръан чохь: «Бала бу ламаз дечарна. Шаьш дечу ламазах терго йеш боцчу».
Ламаз деш хир бу уьш, делахь а, шен хеначуьра ара долуьйтуш хир бу шайн ламаз. Йа наггахь ламаз дуьтуш хир бу уьш. И деригге йукъдог1у Веза-Сийлахьчу Дала царна бала хир бу бохучунна. Ламаз шен хенахь ца динчунна йа наггахь ламаз дуьтуш хиллачунна бала хир бу эхартахь, 1азап хир ду цунна.
Ламаз дитар доккха х1ума ду, цунах доьзна ду стаг декъал хилар а, дакъаз валар а. Хьажахьа Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, бохучуьнга: «Вайний царний йуккъахь йолу ч1аг1о ламаз ду, иза дитиначо керстаналла дина».
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, къаставо бусалба стаг а, кериста стаг а ламазца. Ламаз деш велахь бусалба нахах ву. Ламаз деш вацахь кериста нахах ву. Цундела, бусалба а, кериста а нахана йуккъара ч1аг1о, иза бусалба волчунна х1умма да мегаш ца хилар ч1аг1о ю Ислам дино цунна луш йолу. Кериста стагана и ч1аг1о йац Ислам дино луш, цо ламаз ца до дела, цундела цунна та1зар до Ислам дино.
Ахьа ойла йе, мел доккха х1ума ду иза. Мел кхераме х1ума ду ламаз цадар. 1елам наха кху хьадийсан маь1на доккхуш аьлла, нагахь санна стага ламаз дуьтуш делахь «иза дан оьшуш дац, фарз дац иза» аьлла, т1аккха иза ц1ена кериста ву, бусалба вац иза. Амма стага ламаз дуьтуш делахь иза ша дан дезий хууш, фарз дуй хууш, ламазна инкарло йеш воцуш, т1аккха иза ч1ог1а г1ийла бусалба ву, кериста вац, воккха 1еса стаг а ву иза, доккха къа латадеш а ву, жоьжахати воьду некъа т1ехь а ву, амма бусалба ву иза. Цхьаболчу 1еламнаха аьлла, нагахь санна стага ламаз дитахь иза кериста хуьлу, цо ламазна инкарло ца йахь а. Иштта шина кепара дош ду 1еламнеха ламаз фарз дуй хууш иза дуьтучу стеган хьокъехь. Делахь а, хаттар ду хьоьга.1еламнаха хьо бусалба ву йа кериста ву бохуш хьан дин къуьйсуш хилча дезар дарий хьуна? Реза хир варий хьо хьан бусалбалла 1еламнаха къийсарна? Хьо бусалба хиларан хьокъех 1елам нах шекьбуьйлуш хилча реза хир варий хьо? Хьуна хаа ца деза 1еламнаха ламаз дуьтушверг бусалба ву йа вац бохуш хилча, хьо ламаз дуьтуш велахь хьо бусалба хила мега, йа ца хила а мега? Ткъа хьан бусалбалла уггаре а доккха х1ума ма ду хьоьгахь дерг, иза хьоьца къуьйсуш хилча муха хетара дара хьуна? Ткъа иштта кхераме ду хьуна хьан хьал, нагахь санна хьо ламаз дуьтуш велахь, ламаз т1ехь к1адо йеш велахь.
1умар бин Хатта́ба, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Ислам динах цхьа а дакъа дац ламаз дитиначунна».
Мел доккха х1ума ду иза т1аккха, лараме ваша, йиша. Ислам динах ара валар. Ткъа тахана ма дукха бу ламаз ца деш болу бусалба нах. Ламаз деш верг а ша цхьана халоне кхаьчча ца до-кх цо иза дукхахьолахь. Хийлаза больницехь цомгуш болчара, ц1ерпошта т1ехь а, кеман т1ехь а, машена т1ехь а, кхечу хьелашкахь а наха ламазаш дуьтуш го вайна. Ма доккха къа ду иза. Хьарам ду иза. Шена шен хьолехь ламаз муха дан деза ца хаахь, 1амо деза цо. Йа хатта деза. Тахана санна цахуург хатта аьттонаш хилла а ма бац вайн. Ткъа деригге а х1ун ду? Дера ду ламаз т1ехь к1адо йар, дитича бен цахетар, Веза-Сийлахьчу Делах кхера ма веза цакхерар.
Аллах1а Шен дине йухадерзадойла вай хаза дерзадарца. Аллах1а вайн ламазаш къобал дойла. Субхьа́накаллох1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка. Акъу́лу къовли х1аза ва астаг1фируЛЛо́х1а ли́ ва лакум, фастаг1фиру́х1у фаиннах1у Тавва́бун Рохьийм, ва а́хиру да1ва́на анильхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн, вассала́му 1алайкум ва рохьматулло́х1и ва барока́тух1у.
ИСТИХАРАТ ЛАМАЗ
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн ва ман таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Лараме бусалба нах! Вешан дахарехь дуккха а г1уллакхаш хуьлу вайн. Уьш вешан хьекъале, кхетаме хьаьжжина кхочушдан хьовсу вай. Цхьадолчу г1уллакхах аьтто хуьлу, цхьадолчух аьтто ца хуьлу, тайп-тайпана йу церан т1аьхьало. Амма вайн Ислам дино вайн г1уллакхаш дика чекхдовлийтархьама, дика г1уллакх бен вайга ца дайтархьама, вайна истихарат ламаз дар билгалдина. Истихарат ламаз суннат ламаз ду. Фарз дац иза, амма фарз дац аьлла дай хета ца деза вайна иза. Истихарат ламаз цхьа г1уллакх дан дагадеъча деш ду. Ч1ог1а вайна оьшуш долу ламаз ду иза. Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, шен асхьабашна, Аллах1 реза хуьлда царна, ч1ог1а терго йеш хьоьхуш хилла истихарат ламаз. Цундела, тахана вай иза дуьйцу, вайна иза довзийтархьама, вай иза деш хилийтархьама, т1аккха вайн г1уллакхаш беркате хир дара, Дала дикачунна т1енисдийр дара вай, вочух гена дохур дара.
Жа́бир бин 1абдилла́х1а, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Аллах1ан Элча, Аллах1 реза хуьлда цунна, вара тхуна истихарат (ламаз) 1амадеш массо г1уллакх т1ехь, цо тхуна къуръан чуьра сурат 1амадар терра. Цо олура: «Шух цхьаннан цхьа х1ума дан дагадеъча, шиъ рака1ат (ламаз) дойла цо фарз (ламаз) доцуш, цул т1аьхьа цо олийла: «Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахьа Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахь суна гIора далар а. Хьан доккха комаьршалла доьху ас Хьоьга; бакъдолуш, Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац, Хьуна хаьа, суна ца хаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг ву-кх. Йа АллахI! Хьан Iилманехь дерг, хIара сан гIуллакх (шена лууш долчун цIе йоккхур йу) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан белхан тIаьхьалонехь а дика хир делахь, суна ницкъ луо Ахь цу гIуллакхна, суна иза атта а де Ахьа, йуха суна цунах беркат а де Ахьа. Ткъа нагахь санна Хьан Iилманехь дерг, хIара гIуллакх суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьалонехь а вон хирг хир делахь, соьх генадаккха Ахьа иза, со цунна тIера дIа а верзаве́ Ахьа, цул диканиг дан ницкъ а луо Ахьа суна, иза миччахь делахь а, тIаккха со цунна реза а ве́ Ахьа».
Лараме бусалба нах! Гой шуна, мел доккха х1ума ду истихарат ламаз. Истихарат фарз дац, суннат ду. Жа́бира, Аллах1 реза хуьлда цунна, ма аллара, шайн массо г1уллакхехь Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, цаьрга де олуш хилла иза. Х1унда аьлча истихарат ламаз динчул т1аьхьа хуьлуш долу деригге х1ума дикан бен доцу дела, х1унда аьлча иза Дала хьуна хаьржина долу дела. Х1унда аьлча ахьа истихарат ламаз дича хьайн до1анехь Деле хьайна дика дерг харжар доьху дела. Амма истихарат ламаз дина а доцуш, айхьа долийна г1уллакх хьайн т1етевжина деш ду ахьа, хьайн харжаман т1етевжина, цундела иза галдала герга ду хьан, цундела цу бохамах вай лардалийтархьама Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, истихарат ламаз хьехна вайна. Вайна пайдехь ду иза, вайна ч1ог1а оьшуш ду иза, вешан дуьне а, эхарт а дика хилийтархьама.
Истихарат ламаз маца деш ду? Иза деш ду хьуна цхьа х1ума дан лиъча, иза айхьа дале, хьо цу г1уллакхан чу валале деш ду иза. Хьаналчу г1уллакх т1ехь деш ду иза. Амма Дала т1едиллина фарз т1ехь, йа Дала хьарам динчу х1умана т1ехь, йа Ислам динехь суннат лоручу х1умана т1ехь деш дац истихарат ламаз, х1унд аьлча Дала фарз а, суннат а де аьлла вайга, ткъа иза дика ду йа вон ду аьлла истихарат ламаз дан оьшуш дац, х1унд аьлча Аллах1а де аьлла вайна т1едиллина долу х1ума диканна бен хила йиш йоцу дела. Иштта, хьарам х1ума де йа ма де аьлла истихарат дийр, дац, х1унд алча Дала ма де аьлла билгалдина долу дела иза. Амма кхидолчуу белхашкахь истихарат ламаз дар суннат ду.
Хьайн дахарехь муьлхха а х1ума хьуна дагадеъча, цкъа хьалха истихарат ламаз дай бен ма делахь иза. Хьуна иза дика делахь Дала цу г1уллакх т1ехь аьтто бийр бу хьан, амма и г1уллакх хьуна вон делахь, Дала цунах гена а воккхур ву хьо, цундела, варийлахь, само йеш хилалахь истихарат ламаз т1ехь.
ИСТИХАРАТ ЛАМАЗ МУХА ДАН ДЕЗА?
Истихарат ламаз даран маь1на ду, ша дан лерина г1уллакхах Деле дикахдерг харжар дехар. Цундела, истихарат ламаз деш волчо уггар хьалха шена луург 1ад а дитина, цу г1уллакхан т1аьхье ц1енна Делан кара д1айала йеза.
Цул т1аьхьа истихарат ламаз дан ният дагалаьцна ши рака1ат ламаз дийр ду. Ламаз дина ваьлча, ша 1ачехь х1ара до1а дийр ду:
«Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахьа Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахьа суна гIора далар а. Хьан доккха комаьршалла доьху ас Хьоьга; бакъдолуш, Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац, Хьуна хаьа, суна ца хаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг ву-кх. Йа АллахI! Хьан Iилманехь дерг, хIара сан гIуллакх (шена лууш долчун цIе йоккхур йу) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан белхан тIаьхьалонехь а дика хир делахь, суна ницкъ луо Ахьа цу гIуллакхна, суна иза атта а де Ахьа, йуха суна цунах беркат а де Ахьа. Ткъа нагахь санна Хьан Iилманехь дерг, хIара гIуллакх суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьалонехь а вон хир делахь, соьх генадаккха Ахьа иза, со цунна тIера дIа а верзаве́ Ахьа, цул диканиг дан ницкъ а луо Ахьа суна, иза миччахь делахь а, тIаккха со цунна реза а ве́ Ахьа».
Х1ара до1а дича истихарат ламаз чекх долу.
ДЕЛЕРА ЖОП МУХА ХИР ДУ?
Истихарат динчунна Делера жоп хила деза, х1унд аьлча лайно шен Деле шена дикахдерг харжахьара аьлла до1а дина дела. Ткъа Аллах1а Шен лай тесна вуьтур вац. Истихарат диначунна цхьаволчунна моьтту шена г1ан ган деза, шен г1уллакхах лаьцна. Иза нийса дац. Г1ан ган а тарло цунна, ца ган а тарло, г1ене сатийса ца деза цо, г1ан гарца Делера жоп хиларе сатийса ца деза цо.
Истихарат диначо шен даг чохь кхолладеллачу х1умане ладог1а деза. Истихарат динчул т1аьхьа цу г1уллакхана ойла т1ейахар алссам хила тарло, шен даго гуттар и г1уллакх дар къобал деш карадо цунна, т1аккха иза цунна хилла Делера жоп ду. Т1аккха и г1уллакх дийр ду цо. Амма истихарат динчул т1аьхьа цуьнан даго и г1уллакх кхин къобал ца дахь, цу г1уллакхан т1е ойла ца йоьдахь, цу г1уллакхах цуьнан чам баьллехь, т1аккха а иза цунна Делера жоп ду, т1аккха и г1уллакх дуьтур ду цо.
Амма, нагахь санна даг чохь х1умма а хаа ца лахь, т1аккха ша истихарат динчул т1аьхьа шен хьекъало шена хьоьхучу х1уманца д1аг1ур ву иза. Шена и г1уллакх дан мегар ду аьлла хетахь дийр ду. И г1уллакх дан мегар дац аьлла шена хетахь дийр дац. Цул т1аьхьа цунна цу г1уллакхах хилла муьлхха а пайда, йа зен — иза Делера ду.
Лараме бусалба ваша, йиша! Хьуна цхьа х1ума хаийла, истихарат ламаз диначул т1аьхьа хьуна хуьлу муьлхха а х1ума, Аллах1а хьуна хаьржина х1ума ду хьуна. Цундела, Дала хьайна хилийтинчу х1уманца ийманца чекхвалалахь оьг1аз а ца оьхуш, г1айг1ане а ца хуьлуш, деригг а х1ума Аллах1ан карахь ду хьуна. Хьуна ца хаьа хьайна х1ун дика ду, йа вон ду, амма Аллах1ана хаьа иза, цундела Цо хьуна уггаре а диканиг ло, хьуна иза дика ца хетахь а. Дала боху къуръан чохь:
«Шуна ца деза тарло цхьа х1ума, и шуна дика а долуш. Шуна деза тарло цхьа х1ума, и шуна вон а долуш. И Аллах1 хууш ву, шу хууш дац».
Лараме ваша, йиша! Гой хьуна, мел деза а, доккха а х1ума ду истихарат ламаз. Мел ч1ог1а оьшуш ду иза вайна, вешан дахарехь г1алаташ ца даха, гал ца довла, вешан г1уллакхаш дика а, беркате а хилийта. Цундела, варийлахь, сема хиллахь кху ламаз дарна т1ехь, Деле хьайна дикахдерг харжар доьхуш хилалахь, хьайна хетачунна т1е тевжина ма лелалахь, цхьана Аллах1ана т1етевжина лелалахь. «Цхьана Аллах1ана т1етовжа, шаьш муъминаш делахь» — аьлла Дала къуръан чохь.
Аллах1а Шен дине йуха дерзадойла вай хаза дерзадарца. Субхьа́накаллох1умма ва бихьамдика, ашх1аду алла́ ила́х1а илла́ анта, астаг1фирука ва ату́бу илайка. Акъу́лу къовли х1аза ва астаг1фируЛЛо́х1а ли́ ва лакум, фастаг1фиру́х1у фаиннах1у Тавва́бун Рохьийм, ва а́хиру да1ва́на анильхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн, вассала́му 1алайкум ва рохьматулло́х1и ва барока́тух1у.
1ИЛМА
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Лараме бусалба нах! Ислам дин — нуьре дин ду. Ислам дино боданехь долу адам серлоне доккху. Нийсачу некъа т1е х1оттадо. Ткъа Ислам дино иза до 1илманца. Адамна 1илма 1аморца и адам хаза ирсечу дахаре кхача до Ислам дино. 1илма — Ислам динан герз ду. 1илманца бен Ислам дин д1а ца х1утту нахана йуккъехь. Цундела, Далла ч1ог1а ч1аг1дина т1едиллина вайна 1илма 1амор. 1илма девзаш хилар. Вай боданера серлоне довлийта, харцонера нийсоне довлийта, дакъазаллера декъалхиларе довлийта.
Ислам дин дале латта т1ехь бода хилла. Бода хилла бохург, нахехь 1илма ца хилла бохург ду. Адам ша х1ун лело деза а ца хууш шена луъ-луъург леладеш хилла. 1аламат дукха харцонаш, г1алаташ, зулманаш хилла. Нийса дин девзаш ца хилла. Дела вовза ма-веззара вевзаш ца хилла. Цунна 1ибадат деш ца хилла. Амма, Ислам дино иза деригге къобал ца до, цундела, Ислам дино иза деригг а д1адаьккхира. Иза деригг д1а а даьккхина, 1илма делира Дала адамана.
Дала 1илма деза лерина, 1илма девзаш верг а веза лерина. 1илма девзашверг а, 1илма ца девзашверг а цхьатерра ца лору Дала. Дала боху къуръан чохь: «Цхьатерра буй хуушберш а, ца хуушберш а? Баккъалла а, ойла йийр йу хьекъал долчара».
Кхузахь Далла луушдерг 1илма хуушверг а, 1илма ца хуучул а веза хилар ду. Ойла йе боху вайга Дала. 1илмана т1едерза боху вайга Дала. 1илмадерг веза ву, тоьлла ву, дика ву, нийса ву, 1илма доцучул а бохург ду иза. 1илманца бен дуьне а, эхарт а девзар дац. 1илманца бен и шиъ даккхалур а дац.
Вай кхузахь дуьйцург уггаре хьалха шарий1ат 1илма ду. Ислам дин довзар ду. Ислам динах цхьа а х1ума ца хууш ца хилар ду. Шена оьшучул Ислам динах 1илма хилар ду. Амма тахана нахана Ислам динах лаьцна цхьа а х1ума ца хаьа. Цхьа к1еззиг бу 1илманца бала берш, иза 1амош берш. Дукхачарна т1ехула х1уманаш хаьа, амма нисса, къеггина, х1ора х1ума шен-шен меттехь долуш дийца ца хаьа. Ца девза тахана нахана 1илма. Цундела дуьйцу вай х1ара, 1илмана т1аьхь сутара девр дацара теша вай? Хьехамашка ладоьг1на а, кинигаш йешна а, хьехаре ладоьг1на а 1илма 1амор дацар теша вай?
1илма ч1ог1а оьшуш ду вайна! Иза коьрта х1ума ду адамийн дахарехь. 1илмий бен кхин башхалла йац адамашна а, хьайбанашна а йуккъехь. Дера йац!
Хьажал, Дала 1илма мел деза лерина къуръан чохь! Къуръан чохь 70 000 сов дош ду. Царех Дала вайга уггар хьалха аьлларг « Икъроъ» ду. « Икъроъ» бохург «йеша» бохург ду. Дала уггар хьалха вайна т1едиллинарг 1илма 1амор ду. 70 000 сов дашан йуккъера «йеша» дош х1унда аьлла вайга Дала кхи дош а ца олуш? Ламаз де, йа марха кхаба, йа саг1а ло, йа дика хила, йа кхидерг х1унда ца аьлла Дала вайга? Дера ца аьлла цу деригге х1уманан дог1а 1илма долу дела. Уьш муха дийр ду царех лаьцна 1илма ца хилча, цундела 1илма хьалхадаьккхина Дала. Х1унда аьлча 1амалш йарх кхачам бац, уьш нийса йеш ца хилча. Ткъа уьш нийса муха йийр йу? Дер йийр йу царех лаьцна 1илма 1амийча. Масала,«астаг1фируллох1» олукх наха. Цхьа жима дош дукх иза. Цхьа дош бен дац-кх иза. Делахь а, и цхьа дош олуш а, иза алале а цкъа хьалха цунах лаьцна 1илма 1амаде аьлла вайга Дала. Хьажал, Дала къуръан чохь боху: «Хьуна хаалахь, кхин Дела вац, Ша Аллах1 бен, гечдар деха хьайн къина а, муъмин божаршна а, муъмин зударшна а».
Дала цкъа хьалха Ша бен дела воцийла хаийла бах хьоьга, айхьа «астаг1фируллох1» алале хьалха, цул т1аьхьа «астаг1фируллох1» ала. И бохург х1ун ду? Дала хьалха Ша бен Дела воций хаий бен «астаг1фируллох1» ма ала х1унда аьлла? Цуьнан жоп: «Астаг1фируллох1» бохург «аса геч дар доьху Аллах1е» бохург ду. Ткъа ахьа хьайна геч дар доьхуш, айхьа хьаьнга деха деза хаа дезий хьуна? Деза. Цуьнга муха деха деза хаа дезий хуна? Деза. Иза мила ву хаа дезий хьуна? Деза. Цундела аьлла-кх Дала, цкъа хьалха Ша вовза, Ша цхьаъ вуй хаа, Шега муха деха деза хаа, т1аккха Шега деха.
Гой хьуна, лараме ваша, йиша? Мел ч1ог1а коьрта ду 1илма вай йечу 1амалехь! Мух-муха а йича нийса ца хуьлу 1амал, Дала ма бохху нийса ца йинехь. Ткъа Дала ма бохху 1амал нийса йан хуур дац вайна, вай Делан 1илма девзаш ца хилахь. Цундела ду 1илма уггар коьрта х1ума. Уггар сийлахь х1ума. Цундела Дала уггар хьалха вайна т1едиллинарг « Икъроъ» ду, йешар ду. 1илма 1амор ду. Х1унда аьлча Ислам дин 1илманца бен нислур дац адаме. Цкъа хьалха Ислам дино и 1амал муха йе боху хаа деза, т1аккха и 1амал йан йеза.
Лараме ваша, йиша! Ма доккха х1ума ду 1илма Аллах1ан гергахь. 1илма боху дош къуръан чохь дукха хьахийна ду! Ойла йайша, дукха хьахийна хилча ма йоккха терго йина Дала 1илманна. Ткъа вай йой цунна йоккха терго. Ахьа мел терго йо 1илманна? Масс кинижка йу хьан чохь Ислам динах лаьцна? Хьайн чуьрчаьрга Ислам динах кинижкаш йоьшитий ахь? Берашка Ислам динах лаьцна кинижкаш йоьшитий ахьа? Баккъалла сема хилалахь цу т1ехь, х1ай сан лараме ваша, йиша!
1илма доцург хьайбех тера ву. 1илма адамийн массо а хьелашкахь оьшуш ду. Массо а хьелашкахь ша х1ун дан деза, муха дан деза, маца дан деза, мел дан деза, кхин д1а а хьелашкахь оьшуш ду.
Шайт1ан болх — адам галдаккхар бу. Адам тилдар. Амма 1илма долу стаг гал ца ваккхало цуьнга, цундела 1илма долу стаг шайт1ан луьра мостаг1 ву. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цха факъийх1 (1елам стаг) хала ву шайт1ана эзар 1а́бидел». 1а́бид Далла 1амал йеш верг ву, амма 1илма дац цуьнгахь. 1амал йеш волчу эзар стагана дуьхьал латта атта ду шайт1ана, цхьана 1елам стагана дуьхьал лаьттачул. Бакъволу 1елам стаг веза ву, сийлахь ву, х1унда аьлча 1илма ду цуьнгахь.
Ибан 1абба́са, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла Иблисан уггаре дукха цавезарг ша ву, х1унда аьлча Иблисо цхьа х1ума йукъа доккху, 1илма доцу нах цу х1уманна т1аьхьа бозу, ткъа Ибн 1аббаса иза дохадой д1адоккху, нахана иза нийса ца хилар билгал а доккху. Цундела ца везаш хилла иблисана Ибн 1абба́с. Ибан 1абба́с, Аллах1 реза хуьлда цунна, воккха 1елам стаг хилла. 1илма хилла цуьнгахь, цундела чекхдолуьйтуш ца хилла цо иблиса лела до х1уманаш, цундела иблисана ч1ог1а новкъа хилла иза. Иштта х1ора а 1илма девзаш волу стаг иблисан мостаг1 ву. Амма шегахь 1илма а доцуш, Далла муьт1ахь хила г1ерташ волчу стагана иблиса цхьа х1ума хаза до, ткъа шегахь 1илма ца хиларе терра и х1ума иблисера дуй хаа, и стаг цу балхана т1аьхьавозу ша дика до моьттуш, ткъа иблиса иза гал воккху. Цундела, 1илма уггар хьалха хила дезаш ду. Цундела, 1илма 1амо деза вай. 1илма довза деза вайна. Бакъболчу 1елам нахе ладоха деза.
1илманца ца делла жоп галдаьлла жоп ду. 1илманца ца дуьстина х1ума нийса дуьстина дац. 1илманца ца хадийна мах нийса хадийна мах бац. Иза билгал долу вайна, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, дийцинчу хьадийсаца. Цо аьлла: «Боккъалла а, Аллах1а нахера 1илма схьа ца доккху (оззийна) схьадаккхарца, делахьаъ 1елам нах д1еэцарца 1илма д1аоьцу Цо. Эххара цхьа а 1елам стаг ца витича, цара лоцур бу (шайн т1е) жех1ал коьрташ (1илм доцу нах), цара (наха) цаьрга хоттур ду (динехь х1ума), цара жоп лура ду (шайгахь) 1илма доцуш, тилбелла уьш (жех1ал кортош), (нах а) тилбина цара».
Лараме бусалба нах! 1илманах тасадала деза вай. Бусалба динах а, дуьненан пайденчу х1уманах а лаьцна кинижкаш йеша йеза вай. Т1аккха вайн дахар даима хаза а, дика а хир ду. Дала Шен дине хаза йуха дахкадойла вай.
ЧАГ1АР
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Лараме бусалба нах! Вайна массарна а хууш ду корта бахош долу малар хьарам хилар. Веза-Сийлахьчу Дала хьарам дина ду и малар. Дала ч1ог1а та1зар дийр ду аьлла и молуш волчунна. Бусалба стагца дог1уш а дац корта бахош долу х1уманаш лелор. Цунах ларвала веза бусалба стаг. Вайна хаа бусалба стага чаг1ар мала ца дезий, амма вайна хаа бусалба наха и чаг1ар молий а. Иза 1аламат доккха ирча х1ума ду. Бусалба нахана ч1ог1а эшаме х1ума ду иза. Цундела Дала нахана йуккъахь бохамаш ца хилийта, царна эшам ца хилийта хьарам дина ду иза. Цу т1ехь нисбала беза бусалба нах.
Чаг1ар х1ун ду? Чаг1ар- муьлхха а корта бахош йолу х1ума йу, иза муьлххачу а х1уманах даьккхина далахь а. Хьекъал д1ахьуш йолчу х1уманах олу чаг1ар. Иза хьарам йу. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьллла: «Йеригг вахош йолу х1ума чаг1ар ду».
Кхечу хьадисехь Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «йеригге молуш йолу вахош йолу х1ума хьарам йу».
Лараме бусалба ваша, йиша! Дег1ана марзделла муьлхха а х1ума дита хала ду. Цунах къаста хаза ийман а, боккха лаам а, доккха доьналла а оьшу. Бакъдолуш атта дац иза. Йехачу хенахь дег1ана марзаделла, хазаделла, цунна дика хетта х1ума дита ца лаьа дег1ана. Амма хьуна хаийла, хьо цу х1уманах вихкина ца хилар. Иза Дала хьуна чу диллина ца хилар. Цхьана бахьница марзаделла хьуна иза, амма хьан даг чохь йолу ийманан марзоно д1айоккхур йу цу хьарамчу х1уманан марзо. Хьан даг чуьра ийман ду хьуна Дала чу диллинарг. Иза бу хьан коьрта бахам. Цу хьан ийманан марзоно г1о дийр ду хьуна, ахьа деш долу хьарам х1ума дита. Мичахь йу и марзо сан даг чохь, аьлла хатта там бу ахьа. Аса олу хьоьга иза мичахь йу. Аллах1 везий хьуна? Аллах1ана хаза хета х1ума дезий хуна? Аллах1ан Элча везий хьуна? Цхьа а шеко йац хьуна Аллах1 а, Цуьнан Элча а везаш хилар. Иза йу хьуна хьан даг чуьра ийманан марзо. Цу марзонца арадаккха ахьа хьайн дагчуьра чаг1ар. И боьхалла ара а йаккхий, ийманах хьаладуза ахьа хьайн дог.
Дала къуъръан чохь чаг1ар хьарам деш аьлла:
«Х1аийман диллинарш! Чаг1ар а, майсир а, ц1уш а, пхерчий а — шайт1анан белхан рижс (боьха х1ума) йу, генадовла цунах — шу даккхийде тарло».
Дала кху Шен дашехь хьарам дина чаг1ар малар. Доккха къа ду чаг1ар малар, иза молуш волчо тоба дина дита деза чаг1ар малар.
Лараме бусалба ваша, йиша! Дала шайга чаг1ар ма мала аьлча, цу хенахь хиллачу бусалба наха х1ун дина хир ду аьлла хета хьуна? Цара муха т1елецира Дала чаг1ар шайна хьарам дар? Бусалба дин дале хьалха а, деъначул т1аьхьа а чаг1ар молуш хилла уьш. Дала бусалба дин доссо долийча а чаг1ар хьарам ца динера царна, церан ийман ч1агдаллац, йеха зама йаьхьна хилла и молуш, чаг1ар дит лур доцу дела цаьрга, церан ийман ч1аг1даллац 1ийна Веза-сийлахь Дела. Бусалба дин деъна йалхитталг1ачу шарахь хьарам дина Дала чаг1ар малар. Амма цу хена хилла бусалба наха, асхьа́баша, Аллах1 реза хуьлда царна, Дала иза шайна хьарам дича дитина чаг1ар малар. Шайна чаг1ар Дала хьарам диний ма хиънехь, эццахь шайн чуьра чаг1ар ара даьккхина урамашка д1адоьттина цара. Чаг1ар молуш 1аш болу асхьабаш, Аллах1 реза хуьлда царна, иза хьарам диний хиъча чаг1ар ца молуш севцца, шайн карар чаг1ар д1адоьттина цара. Царех масал эцна хьоьга а диталур ду иза. Кийрахь бусалба дог долуш, ийман долуш бусалба стаг ма ву хьо! Аллах1а Ша реза волчу х1уманан т1ехь са воккхийла хьо.
Валлах1и, ма ч1ог1а Далла муьт1ахь хуьлуш хилла асхьа́баш, Аллах1 реза хуьлда царна. Хьажа кху масале.
ДИЙЦАР
Анас бин Ма́лика, Аллах1 реза хуьлда цунна, дуьйцу:
«Со Абу-т1олхьатна а, хьенехан а, хьенехан а чаг1ар дуттуш лаьтташ вара царна уллохь. Цхьа стаг веара тхуна т1е, цо элира: Хабар кхаьчний шуьга?
Цара элира: Х1ун хабар?
Цо элира: Чаг1ар хьарам дина!
Цара элира: Д1а1анайе х1ара пхьег1аш, х1ай Анас.
Цара ца хаьттира чаг1арах лаьцна х1умма а, хабар бакъ ду йа дац, х1ун ду мила ду, шайга и хабар кхаьчча».
Иштта хилла церан Аллах1ан муьт1ахь хилар. Даламукълахь, царех масал оьцур ду вай а. Уьш санна хила деза вай, эрна къамелаш а ца деш, г1арч1 аьлла, Делан дуьхьа дита деза чаг1ар. Ойла йе, мел хала хилла царна иза дита, х1унда аьлча деха шерашкахь чаг1ар цара мийлина дела. Чаг1ар ца дезаш бацар уьш, делахь а, Аллах1 алсам везара царна, шайна дезачу массо х1уманел а, цундела Аллах1а хьарам дича эццахь дитира цара чаг1ар. Хьуна а атта дац иза дита, делахь а, Аллах1ан дуьхьа ахьа муьлхха а х1ума дуьтур дуй хаа суна, цундела, ахьа а дуьтур ду иза, шеко йоцуш, Аллах1ан дуьхьа.
ЧАГ1АР МОЛУЧУННА ТА1ЗАР
Ма кхераме х1ума ду чаг1ар малар. Ма йоккха дакъазалла йу иза. Дала не1алт аьлла чаг1ар молучунна. Дала не1алт аьллехь цхьа а кепара ирсе хир вац и стаг, х1унда аьлча дакъаз ваьлла дела иза. Дала лар дойла вай цу балхах.
Аллах1ан Элчано, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Не1алт аьлла Аллах1а чаг1аран, иза молучунна, иза дуттучунна, иза духкучунна, иза оьцучунна, иза доккхучунна, иза доккхийтачунна, иза д1ахьочунна, иза хьадоуьйтучунна».
Йа Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза! Цу чаг1арх хьакхмелвеллачунна Аллах1а не1алт аьлла-кх. Ма ч1ог1а ца дезна и Аллах1ана! Ма ч1ог1а оьг1аз вахийтина Аллах1 чаг1арах хьакхлучара! Тоьар дацара царна оццулл Аллах1 оьг1аз вахча?!1ад дита мегар дацар цара иза, оццул Аллах1а не1алт аьлла хилча?!Шена т1аьхь не1алт долу адам ма кхераме ду-кх. Ма декъаза некъа т1ехь ду и адам. Варийлаш, лараме бусалба нах, герга ма хилалаш цу чаг1аран цхьанна а кепара, баккъаллаъ кхераме х1ума ду шуна иза. Хьуна ма-гарра чаг1ар молуш воцучунна а хуьлу Аллах1ан не1алт, чаг1арах иза хьакхавелла дела. Цхьаннан мотта тарло, чаг1ар молуш ца хилча иза леладан мегар ду. Аьттехьа а дац иза. Цунах муьлххачу а кепара хьакхавелларг Аллах1ан не1алт буха воьдуш ву.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Баккъаллаъ, Аллах1а а, Цуьнан Элчано а хьарам дина чаг1ар дохкар!»
Чаг1ар дохкар а хьарам ду, цунах хилла ахча а хьарам ду.
Чаг1ар малар ч1ог1а кхераме х1ума ду. Иза молучуьн бусалбаналлан ч1ог1а кхераме х1ума ду иза.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Чаг1ар мер ма дац, иза молучу хенахь иза муъмин а волуш».
Йа Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза. Чаг1ар молучу хенахь ша муъмин волуш мер дац цо иза. Муъмин Аллах1аца ийман диллина стаг ву. Ткъа чаг1ар молучу хенахь цуьнан ийман д1аайало цунна т1ера, т1аккха ма кхерамечу хьолехь ву иза. Йа Аллах1! Ма доккха х1ума ду иза, ма боккха болх бу иза! Ма цу т1ехь сема хила дезара вай. Ма дита дезара чаг1ар молучо и боьха малар. Хьарам малар. Иза молучу хенахь шен ийман д1адоьдуш хилча, цу хьолехь ша лахь х1ун дан воллу иза?! Ша ийман долуш лийр вуй хаий цунна? Х1ай лараме бусалба нах, ларлахьара шу цу боьхачу маларах.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цхьана х1уманна т1ехь ваьхнарг, цу т1ехь лийр а ву, цхьана х1уманна т1ехь велларг, цу т1ехь г1аттор а ву (къемат дийнахь)».
Лараме ваша, йиша! Хьажа деза вай, муха дехаш ду вай кху дуьненахь. Муьлхачу 1амал т1ехь ду вайн дахар. Вай дехаш долучу х1уманан т1ехь далар а хир ду вайн, ткъа деллачу х1уманан т1ехь Веза-Сийлахьчу Аллах1ана дуьхьал х1иттар а хир ду. Цундела, дикачу 1амал т1ехь даха деза, цу т1ехь вешан чаккхе хиларан са а туьйсуш.
Х1ай чаг1аран марзвелларг! Баккъаллаъ, дитахьара ахьа иза! Чаг1ар молуш а волуш хьан д1авалар хилахь, чаг1ар молуш а волуш Далла дуьхьал г1атта а вийр ма ву хьо, ткъа цулла а йоккха дакъазалла йан а йуй? Йуха валахьара х1ора чаг1ар молуш волу стаг. Диканна т1ехь нислахьара.
Лараме бусалба нах! Эхартехь ма къаьхьа бекхам хир бу чаг1ар молучунна.
ДИЙЦАР
Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, волчу Еман махкара стаг веъна. Цо хаьттина Пайхамаре, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьаьчк1ах даьккхинчу маларах. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:
«Ваха вой цо»?
Стага аьлла: «Х1аъ».
Т1аккха Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Йеригге а вахош йерг хьарам йу, баккъаллаъ, Вези-Сийлахьчу Аллах1ана т1ехь ч1аг1о йу чаг1ар молучунна, цуьнга т1ийнатул хоба́л чуьра малийтар». Наха хаьттира: «Х1ай, Аллах1ан Элча! Х1ун йу т1ийнатул хоба́л»? Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, элира: «Жоьжахат ох1лан хьацар ду».
Йа Аллах1! Ма ч1ог1а ларавала везар чаг1арх. Атта дац хьуна ялсамани чохь хьайн ни1матехь ваха, жоьжахатан чохь цуьнан ох1лан хьацар муьйлучулла а? Дер дуй, дукха атта-м. Цундела, Аллах1а беш бекхам бу иза чаг1ар молуш хиллачунна, цо ша валале тоба а дина, иза дохко ца валахь, цунна хир ду и 1азап эхартехь. Цундела, варийлахь сиха дохко валалахь, тоба делахь, чаг1ар диталахь, ма хилалахь жоьжахатан ох1лан хьацар мер долчарех, хьо хилалахь ялсаманан малар мер долчарех!
Ткъа дуьненахь чаг1ар молуш хилларг, ша ялсаманан чаг1арах воккху цо. Ялсаман чохь а хир ду чаг1ар, амма вахош хир дац иза. Дуьненахь чаг1арх ларбеллачара мер ду иза, амма дуьненахь чаг1ар молуш хиллачара мер дац ялсаманчуьра чаг1ар.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Хьаъа а чаг1ар малахь дуьненахь, цул т1аьхьа цо цунах тоба ца динехь, цунна хир дац иза эхартехь».
Лараме бусалба ваша, йиша! Бакъдерг алахь, эхартера чаг1ар дика хир ду, йа дуьненан чаг1ар дика хир ду? Шеко йац ахьа эхартараниг г1олехь хир ду олург хиларан т1ехь. Цундела, эхартан х1уманан т1ег1ерта ца деза вай, дуьненан хьарам х1ума 1ад а дитина? Дера дезий эр ду ахьа. Цундела, варийлахь, ма ваккхийталахь хьо дуьненан чаг1аре эхартан чаг1арах. Собаре хилалахь дуьненан чаг1ар маларх, эхартахь мера ду ахьа иза, Дала мукълахь.
Валлах1и, ма кхераме ду-кх чаг1ар молучуьн хьал. Хьажа, Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Чаг1ар муьйлуш верг ц1ун 1ибадат деш верг санна ву».
Йа Аллах1! Ма кхераме х1ума ду чаг1ар мийлар. Ц1ун 1ибадат дар ширк ду, Аллах1аца дела лацар ду иза. Ц1ун 1ибадат деш верг уггаре доккха къа латадеш ву. Цу къа т1ехь веллачунна Аллах1а геч дийр дац, даима жоьжахати чохь хир ву иза. Ткъа чаг1ар молуш верг Аллах1аца накъост лоцуш верг санна хилча кхераме ца хуьлу цуьнан хьал!? Сагаттадан дезаш х1ума ду иза вай.
Ц1унна 1ибадат деш верг керста ву, амма и бохург дац чаг1ар молуш верг и санна кериста ву. Делахьа а, чаг1ар молуш верг цу керистах тера ву, х1унда аьлча керистачу стеган ламаз Дала къобал ца до, иштта чаг1ар молучуьнан ламаз а къобал ца до Дала. Кхин т1е а ц1унна 1ибадат дарий, чаг1ар маларий цхьана хьахийна Дала къуръан чохь, цундела а ву и шиъ вовшех тера. Дала аьлла къуръан чохь: «Х1ай ийман диллинарш! Чаг1ар а, майсир а, ц1уш а, пхерчий а — шайт1анан белхан рижс (боьха х1ума) йу, генадовла цунах — шу даккхийде тарло».
Кхин а и шиъ вовшех тера хуьлу, ц1унна 1ибадат деш волчо шена ц1унна 1ибадат дар хьанал дина, т1аккха иза кериста хилла, х1унда аьлча Аллах1а хьарам динарг хьанал дина цо. Иштта чаг1ар молучо а чаг1ар хьанал ду аьлла малахь, иза а кериста хуьлу, х1унда аьлча, Аллах1о хьарам динарг хьанал дина цо. Амма цунна чаг1ар малар хьарам дуй хууш, т1аккха а цо иза малахь, кериста ца хуьлу иза, амма г1ийла бусалба хуьлу, Далла гергахь шен хьал кхераме долуш, ц1унна 1ибадат деш волчу кериста стагах тера волуш.
Х1ай, лараме ваша, йиша! Дезий хьуна хьо керистах тера ву бахар? Дезий хьуна Дала хьо кериста нахаца къуръан чохь хьехавар? Хьуна ца деза Дала хьо ламаз, марха, йеза 1амал йуьйцучу меттехь хьехавар? Тахана цхьана бахьанца марзаделла хьуна и чаг1ар, амма хьо бусалба хилар бахьна а долуш, ц1енна Аллах1ан дуьхьа дуьтур долуш вуй хьаа суна хьо и чаг1ар. Хьан Дела везар хьалха дер ду, хьан чаг1ар дезарл а. Далла дезарг хьалха доккхур ду ахьа, хьайна дезачул а, х1унда аьлча хьуна Веза-Сийлахь Аллах1 веза дела. Цундела, дитахьа и чаг1ар Аллах1ан дуьхьа, ц1анлохьа цунах, ц1андехьа хьайн ламаз, хаза хетар дехьа хьо везачарна! Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, ма аьлла: «Аллах1ана уггаре дукха йеза 1амал бусалба стагана хазахетар дар ду».
Хьо чаг1ар молуш хилча хьан дас а, нанас а, йишас а, вашас а, х1усамнанас а, доьзало а, хьо везачара а са ма гатта до хьуна, хьан декъазчу хьолан, уьш холчахь ма латта бо ахьа. Хьалха Делан дуьхьа, шоллаг1а церан дуьхьа дитахьара ахьа и хьарам чаг1ар, Делера йоккха йал хир йу хьуна, Дала мукълахь.
Вай ялсамане даха дезаш ма ду, Дала мукълахь. Цуьнга сатуьйсу вай. Амма, цхьаболу нах цу чу г1ур бац аьлла билгалбина ма бу, царех ву чаг1ар молушверг а. Гой хьуна, мел боккха эшам бу иза хьуна, ахьа и чаг1ар ца дитахь. Дита иза, т1аккха ялсаман чохь чаг1ар молуш 1ийр ву хьо.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Кхаъ стагана баккъалла а хьарам йина Аллах1а ялсамани: чаг1ар муьйлуш волчунна, дена, нанна муьт1ахь воцучунна, даййусан — иза шен х1усамехь хьарам дерг могуьйтуш верг ву».
Ма кхераме хьадис ду х1ара! Чаг1ар молуш хилларг ялсамане г1ур вац бохург жима х1ума дац. Ялсамани йаккха вайн 1алашо хилча, ма атта во́лу цунах чаг1ар молуш верг. Ма атта 1ехаво иза шайт1ано. Баккъаллаъ, ларлахьара вай цу боьхачу чаг1арх.
Чаг1ар молучуьн ламаз къобал ца до Дала. Оццул деза долу ламаз Дала къобалдеш ца хилча, ма ч1ог1а ца дезна-кх Далла и чаг1ар. Ма доккха къа ду-кх иза Аллах1ана гергахь.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Чаг1ар мелла вехнарг, цуьнан ламаз къобал дийр дац шовзткъа 1уьйрана (дийнахь), ткъа иза лахь жоьжахати чу вахна иза (г1ур ву)».
Валлах1и Аллах1ан Элчанан, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, х1ара хьадийсаш тоьар ма дара и чаг1ар вай дита. Цунах вай гена довла. Х1ай лараме бусалба ваша, йиша, чаг1аро жоьжахати чу вуьга бохург ма жима х1ума дац. Цхьа сирник хьалалатайай иза йаьгна йаллалц п1елг т1е а лаций хьайн собар тоьий хьажахьа, и ц1е ла́н собар дуй хьоьгахь?! Ткъа жоьжахати чуьра ц1е кхин а 69-за ч1ог1а хир ма йу. Вай бусалба нах ду, ткъа бусалбачу нахана йуккъехь хила ца деза чаг1ар. Иза вайна йуккъера д1адаккха деза вай.
Чаг1арах деригге а зен схьадолу. Беригг а бохам хуьлу цунах. Дала адамашна делла уггаре доккха ни1мат — хьекъал ду, цу хьекъалах воккху чаг1аро, ша мелларг. Хайбанех тара ца ло чаг1ар мелларг, х1унда аьлча хьайбано шен дег1ана дола до, ша х1ун лела до хаьа цунна, амма чаг1ар а мелла вехна стаг хьайбанел эшна ву, х1унда аьлча шен маттан а, йа дег1ана а да ца хуьлу иза, вехна волуш, ч1ог1а ирча хуьлу цуьнан хьал. Цундела аьлла чаг1арах «боьхаллийн нана». Х1унда аьлча йеригге а боьхалла цуьнца йолу дела, цунах схьайолу дела.
ДИЙЦАР
«Цхьана зудчунна цхьа стаг хазвелла хилла. Цуьнца зина дан лууш хилла зудчунна, амма стаг дуьхьала хилла, цу зудчух ларлуш хилла. Т1аккха зудчо 1еха а вина, цхьана г1уллакхана аьлла ша йолчу чу валийна и стаг, х1усаман дог1анаш д1а а тохийтина, иза ара ца валийта. Т1аккха стаг кхетта ша 1ехийнийла, зудчо харжам байтина цуьнга диъ х1уманан т1ехь. Зудчо аьлла цуьнга: „Йа чаг1ар мала, йа шеца зина де, йа шен хьадалч виэ, йа хьакха йаа“. Стага ойла йина „Делахь, зина дечул а, йа хьакха йуучул а, йа стаг воьчул а чаг1ар малар г1олехь хир ду“, — т1аккха чаг1ар мелла цо. Чаг1ар мелла вехча зудчуьнца зина дина цо, цул т1аьхьа хьакха йиина, цул т1аьхьа к1ант вийна».
Гой хьуна чаг1арах схьа мел даьлла зе. Чаг1арах стаг вехча дуккха а зене х1уманаш дуьйлу цуьнгара, шен хьекъалехь волуш цуьнгара дуьйлур доцуш долу. Хийлаза стаг йуьхь1аьржа х1оьттина чаг1ар бахьана долуш. Хийлаза нахала ваьлла чаг1ар молуш верг. Хийлаза шех нах бела бина цо. Хийлаза дукха бохамаш бевлла цуьнгара чаг1ар малар бахьана долуш. Цундела аьлла чаг1арах «боьхаллийн нана». Х1унда аьлча цуьнан зе доза доцуш ду. Х1ун дер ду ца хаьа молучуьнгара, х1унда аьлча х1ораза а кхин а доьхнарг, кхин а бохаме дерг, кхин а ирча дерг, кхин а нахана беламе дерг бен цуьнгара ца долу дела. Цундела, ларлахьара вай чаг1арах, Аллах1ан дуьхьа дитахьара вай иза.
Чаг1арах гена хилар дикачу нехан куц ду. Абу-Бакр Сиддийкъ, Аллах1 реза хуьлда цунна, цкъа а чаг1ар мелла вац ша, ша бусалба волуш а, бусалба хилале а.
ДИЙЦАР
1абба́с бин Марда́сига хаьттина хилла «Х1унда дитина ахьа чаг1ар?» Цо жоп делла: «Суна ца дийзира 1уьйранна сайн къомана эла хуьлуш, суьйранна царех уггаре 1овдал верг хилар».
И бохург, 1уьйранна хьекъал чохь волуш сайн къомана йуккъахь эла ву со, амма суьйранна аса чаг1ар мелча сайн къоманна йуккъахь 1овдал верг хуьлу со.
Цундела, лараме бусалба ваша, йиша, и боьха чаг1ар хила ца деза вайна йуккъахь, хилахь а д1адаккха деза. Чаг1ар молушверг цунах гена вала веза. Тоба а дина дита деза чаг1ар. Даггара тоба дойла вай, х1ай сан бусалба вежарий, йижарий! Веза-Сийлахьчу Аллах1а боху къуръан чохь: «Х1ай ийман диллинарш! Шу дерза Деле ц1ена тоба дарца — хила тарло шун Дала шу къинойх ц1анда, шу бошмашна чу дига а, шайн бухахула хиш оьхуш йолу».
Тобанан не1 йиллина ма йу дийнахь а, буса а. Даима тоба деш хила везаш ма ву бусалба стаг. Цхьана бахьанца нисделла ахьа чаг1ар малар, амма Аллах1ан дуьхьа дита иза. Къаьсттина Дала Шен дуьхьа дитинчу х1уманан дуьхьа цулла а диканиг лур ду хьуна. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цхьаммо цхьа х1ума дитахь Аллах1ан дуьхьа, Цо цунна цуьнан метта цул а диканиг лур ду».
Хьажал хьо, Аллах1ан хазачу бекхаме! Шен дуьхьа хьарам дерг дитинчунна Аллах1а цул а доккханиг, диканиг лург хилча, хьуна а лур ма ду Цо иза. Хьуна ца моьттург лур ду Дала. Хьо ирсе хинверг. Хьуна гонахьара нах а хьоьца ирсе хир болу х1ума. Дуьненахь а, эхартахь а хьуна пайдехь хир дерг. Цундела, варйилахь, нислолахь Делан нийсонна т1ехь.
Дала Ша реза Волчу х1уманан т1ехь нисдойла вай. Дала къинхетам бойла вайх. Дала даггара Шех кхоьручех дойла вай.
БУСАЛБА ДИН 1АМОРАН ЯЛ
Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!
Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:
Лараме бусалба нах! Вайн деригге а дахар бусалба дин хила деза. Бусалба дин вайна массо а хьелашкахь гучу дала деза вайн дахарехь. Бусалба дин вайн дахарехь коьртаниг хила деза. Иза довза деза вайна, т1аккха цуьнца 1амал йан а йеза вай. Бусалба дин 1амор йоккха ял хуьлуш х1ума ду. Доккха дарж ду бусалба дин 1амор. Тахана бусалба дин довзарал а доккха х1ума ца оьшу вайна. Хьо бусалба динах лаьцна кинижка йоьшуш велахь, йа хьехаме ладуг1уш велахь, йа 1илма долчуьнга хоттуш велахь, йа 1арбий мотт 1амош велахь, йа къуръан деша 1амош велахь, йа к1оргге шарий1ат 1амош велахь, — иза деригге а бусалба дин 1амадар ду, шарий1ат 1илма 1амадар ду. Х1ораммо хьоьгучу къине хаьжина йал хир йу цунна. Цундела, вай бусалба дин 1амадар т1ехь сутара дархьама, жигара хилийтархьама, цу т1е г1ертийтархьама, х1ара хьехам бу вай бусалба дин 1амийча хуьлучу йолах лаьцна.
1илма Пайхамарийн, Аллах1ера салам хуьлда царна, ирс ду. Цара т1аьхьадитинарг 1илма ду, дуьне дац. Ткъа Пайхамарийн, Аллах1ера салам хийла царна, ирс схьаэцнарг сийлахь к1ант а, йо1 а ду. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда царна, аьлла: «Баккъаллаъ, Пайхамарш ирс ца дитина динар а, дирх1ам а, делахь а, цара ирс дитина 1илма дитарца. Ткъа иза (1илма) схьаэцначо, доккха да́къа схьаэцна».
Кху хьадийсо гойту, Пайхамарийн, Аллах1ера салам хуьлда царна, ирс схьаэцар доккха дика да́къа схьаэцар ду. Ма доккха ирс ду цо схьаэцнарг. Ма боккха пайда хир бу цунна цу ирсах дуьненахь а, эхартахь а.
Лараме бусалба нах! Вайна 1илма довза деза. 1илма 1амо деза вай. Цуьнца нисдала деза вай. Т1аккха вайна хиънарг кхечарна д1ахьеха а деза вай. Кхечарна д1акхача дан деза вай иза. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Д1акхачаде соьгара цхьа аят кхачадай а».
Цхьа яат бен дацахь а шена хуург д1акхачо дезаш ву бусалба стаг. Шена девза к1еззиг 1илма д1акхачо декхарийлахь ву.
1илма довзар Делера доккха совг1ат ду адаман. Делера доккха дика ду иза цунна. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: « Аллах1ан цхьаннийца дика хила лаахь, Цо цунна фикъх1 1амадо».
Фикъх1, — иза шарий1ат 1илма ду. Хьарам, хьанал довзар ду. Стагна 1илма довзар 1аламат ду, Далла цуьнна дика лиъна хилар. 1илманна герга вахар, Далла герга вахар ду. 1илманехь са́валар, Делан диканехь савалар ду. Боккъаллаъ, дика ойла йан йезара вай 1илман хьокъехь. Массо а 1илманна т1ехь са́довлуш хила дезара вай. 1илма 1амор ду хьуна бусалба динах кинижка йешар, хьехаме ладохар, хуучуьнга хаттар. Иза деригг а йоккха ял хуьлуш х1ума ду хьуна, х1унда аьлча 1илма 1амадар долу дела иза, ткъа Дала 1илма 1амаде боху вайга, цундела, цу т1ехь садовла хьовса деза вай.
Дала Шен Элчанна т1едиллина хилла Шега цхьа х1ума деха. Х1ун деха аьлла хаьий хьуна Дала Шега?
Дала къуръан чохь аьлла: «Ахьа ала, х1ай сан Дела! Са́ваккха со 1илманехь».
Къаьсттина и цхьа х1ума деха аьлла Дала Шен Элчане. Кхин долу х1ума деха ца аьлла. Х1унда ца аьлла? Х1унда аьлча 1илмано кхидолу деригге х1ума чулоцу дела. Хьажахьа, ма доккха ду Аллах1ан хьикмат! Ма нийса бу Делан некъ! Вайгахь 1илма хилчхьана, кхидерг деригге вайгахь долуш ду-кх Делан пурбанца, долуш ду бохург, 1илманца и деригге схьадог1ур ду-кха вайна, цкъа хьалха 1илма 1амадахь.
Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Дуьненна не1алт аьлла ду, не1алт аьлла цу чохь долчунна а, Лекха Аллах1 хьахвар доцург а, цуьнца доцург а, 1елам стаг а, мут1елам воцург а».
Стаг галвоккхучу дуьненна не1алт аьлла. Амма Аллах1ан динца тасайелла муьлхха а 1амал уггаре а диках йерг йу. Дуьне лаха дезаш ду, амма Дела оьг1аз а вохуьйтуш лохуш долу дуьне шена не1алт аьлла ду.
1илма 1амор ялсамане боьду некъ бу. Ялсамане ваха ара ваьлла ву 1илма 1амош верг. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Миллаъ 1илма 1аморан некъа т1е валахь, Аллах1а атта бийр бу цунна цуьнца ялсамане боьду некъ».
Х1унда аьлча 1илмано дика дерг бен ца довзуьйту. Дикачунна бен т1е ца вуьгу 1илмано. Ткъа дикано ялсамане вуьгу. 1елас, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Бахам ахь ларабо, ткъа 1илмано хьо лараво».
Гой вайна, 1илмано вай лардеш ялсамане дуьгу, амма бахам вай ларбабезаш бу, цунах пайда эцахь вайна ялсамани хир йу, ца эцахь ялсаманах девр а ду, Дала лардойла вай вочух, галадовларх.
Дуьненахь наха вовшенца дуккха а х1уманца хьаг1 лела йо. Хьаг1 хьарам йу, делахь а, хьарамца бала берш к1езиг бу кху заманахь. Хьаг1 лелочо са туьйсу, кхечуьнгара х1ума д1а а даьлла, шена иза дисаре. Иза доккха къа ду. Хьаг1 лело мегаш хилча, ши х1ума бен хьакъ дацара хьаг1 лело. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Хьаг1 йац шина х1уманций бен. Аллах1а бахам белла стаг, иза нийсачу новкъа д1ахьажош волу. Аллах1о шена хьикмат (1илма) делла стаг, иза цуьнца кхел йеш а, д1ахьоьхуш а волуш».
Кху сийлахьчу хьадийсехь Аллах1ан Элчанан, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, луушдерг нахехь долчу х1уманах шега сатийса хьакъ долу х1ума шиъ ду, Делан некъа т1ехь дойуш долу рицкъий, 1елам стаго хьоьху 1илмий. Кхин цхьа а х1ума хьакъ дац нах шех хьега, сатийса. И нийса кхетам тахана нахехь белхьара вайн хьал гуттара кхечу кепара хир дара. Амма адмана тахана оьшуш бац и нийса кхетам, вайна гуш ма дай иза-м, цунделла умматан хьал а иштта ду-кх, вайна гуш ма-хиллара.
1илма 1амор, иза кхечунна д1акхачор йоккха йал хуьлуш х1ума ду. Цу т1ехь сутара хила веза бусалба стаг. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Хазахетар дойла Аллах1а къонахчунна сан къамел хезина, иза 1амадина, иза д1акхачийнарг шена ма хаззар».
Ма доккха до1а ду иза бусалба дин хьоьхучунна. Кхечуьнга иза д1акхачочунна. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьоьху вайна бусалба дин д1акхачор, даржадар. Вай иза дарна вайна до1а дина цо, ткъа цхьа а шеко йац Аллах1а цуьнан до1анна жоп лург хилар, бусалба дин даржочунна и до1а хирг хилар. Дала царех дойла вай.
Лараме бусалба нах! Маьждигехь къуръан 1амадо олуш хезний шуна? Шеко йац, хезна шуна иза дуккха а. Делахь а, дуккха а нах маьждиге ца оьху, къуръан 1амада. Царна хаахьарий шайна хуьлуш болу эшам, шеко йоцуш лелар бара уьш маьждиге къуръан 1амо. Ма йоккха ял йу хаьий хьуна маьждиге лелар, къуръан йа кхин долу 1илма 1амадан. Ладог1ийша кху хазачу хьадийсе а, дийцаре а.
ДИЙЦАР
Му́са бин 1алис аьлла: «Суна хезнера сан дас дуьйцуш 1укъбат бин 1а́мирера».
Цо элира: «Ара велира Аллах1ан Элча, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, тхо суффатехь (маждиг чохь) долуш».
Цо элира: «Шух хьанна дезара х1ора дийнахь Бут1хьа́не вахна йа 1акъийкъе (вахна) цигара ц1а ван боккха букъ болу ши эмкал йалош, къа ца латош йа гергарло ца хадош?»
Оха элира: «Х1ай Аллах1ан Элча! Тхуна деза-кх иза!?» Т1аккха Цо элира: «Шух цхьаъ маьждиге а вахана цо 1амадича, йа дешча ши аят Веза-Сийлахьчу Аллах1ан жайни (къуръан) чуьра, дика ду цунна шина эмкалел, кхоъ (аят) дика ду кхааннал (эмкалел), диъ (аят) дика ду йеаннал (эмкалел), аятийн бараме хьаьжина дика ду цу эмкаллийн барам».
Лараме бусалба нах! Гой шуна ма йоккха ял йу маьждиге вахна 1илма 1амор, къуръан 1амор. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, эмкал хьахайина, цу хенахь 1аьрбойн уггаре тоьлла бахам эмкал лоруш хилла дела. Тахана а йац эмкал г1ийла лоруш. Тахана а йу эмкал боккха бахам. Ткъа ахьа ойла йе, дуккха а эмкалш йаха хьо реза хирг хилча, царел диках ма ду хьуна къуръан 1амадар. Цунах хуьлу ял массо х1уманал йоккха ма йу. Цунах хир болу бекхам а массо х1уманал боккха ма бу. Дуненан дуьхьа къахьоьгур вай хилча, эхартан дуьха кхиъ ч1ог1а къахьега ма деза вай. Цундела ма деза дукха Аллах1ана гергахь 1илма 1амор, къуръан 1амор.
Лараме бусалба ваша, йиша! Ма йоккха ял йу маьждиге вахна Делан 1илма 1амадар. Делан дин 1амадар. Ма доккха х1ума ду иза. Хьажахьа кху хьадийсе. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Цхьаъ маждиге вахча лууш воцуш (маьждиге воьдуш) дика дерг 1амада бен йа иза (дика дерг) хьеха бен, цунна хир йу хьадж дечунна йолу ял, кхоччуш хьадж дечуьнан».
Хьажа, ма беза некъ бу маьждиге боьду некъ. Ма йоккха ял хуьлу х1ума ду иза. Ма сема хила дезара вай цу т1ехь, лараме бусалба нах. Ма к1езиг нах бу тахана маьждиге оьхуш. Маьждигехь Делан 1илма 1амош. Лул-кулахь маьждиг доллушехь цига ца боьлхуш 1аш дукха нах бу. Воккханиг а, жиманиг а маьждигца уьйр йолуш хила веза. Маьждигехь Делан дин 1амош хила веза. Т1аккха цунна хир йолу ял ма йоккха йу-кх, кху хьадийсашкахь вайна гуш ма хиллар.
Делан 1илма 1амийнарг лаккхахь хир ву Далла гергахь а, дуьненахь нахана йуккъахь а. Аллах1а аьлла къуръан чохь: «Лакха боху Аллах1а ийман диллинарш а, шайна 1илма делларш а даржкахь».
Дала дуьненна т1ера адамашна юккъахь ийман диллинарш хьалаайбина, базбина, лакхахь хилийтина. Ийман диллинчарна йуккъера 1илма дерш кхин а хьалаойбу. Ма доккха дазалла ду иза 1илма девзачарна. 1илма дерш ийман диллинчарел масс дарж лакхабаьхна хаьий хьуна? Далла дика хаьа уьш масс даржехь лакха баьхна, амма к1езиг даржаш дац уьш, х1унда аьлча Аллах1а «даржашкахь» аьлла дела, ткъа цо гойту церан даржаш дукха хилар. Ибн 1абба́са, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Шина даржана йуккъехь пхи б1е шо барамал меттиг йу».
Ойла йе т1аккха, мел лакхахь ву 1илма девзаш волу стаг. 1илма 1амош верг, ма даккхий даржаш ду Дала цунна луш! Цундела, баккъалла дарж, иза эхартан дарж ду, Далла гергахь долу хьан дарж, — иза ду баккъалла дарж. Амма дуьненан даржаш х1умма а доцург ду, д1адер долуш ду, шех жоп дала дезаш а ду. Цундела, даима дуьсур долчу даржан т1е г1ерта вай, лараме бусалба нах? Вайна эхартехь пайдехь хиндерг д1атесина ма дита вай, дуьненан х1уманна дуьхьа? Ма ойла йан йезара вай цу т1ехь.
Дала Адам пайхамар, 1алайх1и салам, кхоьллича малийкашга омра дина Адаман сужуд де аьлла. Малийкаша сужуд дина Адаман, х1унда аьлча Адамехь Малийкашкахь доцу 1илма хилла дела. Шегахь 1илма хиларца царел тоьлла иза. Цундела, цигара дуьйна ду, шегахь бусалба динах 1илма дерг лекхара хилар 1илма доцучарел. Дала лакха ваьккхина иза. Иза доккха дарж ду, кхин хила йиш йоцуш. Ц1енна шайн 1илманца 1амал йеш волу 1елам стаг Далла гергахь дукха лекха ву. Веза ву. Абу аль-Асвада, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Цхьа́ а х1ума ма дац 1елам стагал сийлахь, паччахьаш, хьаькмаш бу нахана т1ехь, амма 1елам нах хьаькмаш бу паччахьашна т1ехь».
Шарий1ат 1илма 1амош верг Аллах1а лакха воккхур ву кхин цхьа а цавоккхучул. Иза 1елам нахаца гуш а ду. Масала д1айаханчу заманахь хилла 1ат1о́ъ бин Роба́хь ц1е йолуш 1елам стаг. Иза 1аьржа волуш, лай хилла волуш, цхьа б1аьрг сакхте болуш, т1ебаьлла мара болуш, астаг1а волуш вара. Ирча хилла иза. Амма цуьнгахь 1илма дара, цундела иза массарел лекха вара. 1илма дара цуьнан хазалла. Массо адам цуьнга хьаште дара, амма иза цаьрга хьаште вацара. Массо адамна иза хьашт хиларал совнаха, цу заманчохь бусалбачу нехан хилла халиф Сулайман бин 1абдул-Малик, Дала къинхетам бойла цунах, а хиллера 1ат1о́ъ бин Роба́хье хьашт.
ДИЙЦАР
Хьадж до хан йара. Дукха бусалба нах бара хьадж да баьхкина Макка. Цигахь вара 1ат1о́ъ бин Роба́хь, наха шега хаттарш деш, царна жоьпаш луш. Т1аккха бусалбачу нехан паччахь Сулайман бин 1абдил Малик, Дала къинхетам бойла цунах, шен шина к1антаца 1ат1о́ъ бин Роба́хьан т1е веара, цуьнга хьаджах х1ума хатта. 1ат1о́ъ бин Роба́хь ламаз деш вара. Бусалбачу нехан паччахь шен шина к1антаца цунна улле охьа хиира, иза ламаз дина валлалц. 1ат1о́ъ бин Роба́хь пархат ламаз деш вара. Паччахь тийна собар деш 1аш вара цунна уллехь. Иза ламаз дина ваьлча, паччахьо хаттарш дира 1ат1о́ъ бин Роба́хьига. Цо жоьпаш делира цунна. Цул т1аьхьа паччахьо шен шина к1анте элира: «Хьалаг1атта. Ашшимма к1адо ма йелаш 1илма 1амадарехь. Баккъаллаъ, суна йиц ца ло вайн сийсазло эца 1аржачу лайна хьалха».
Гой хьуна, мел лакха ваьккхина Веза-Сийлахьчу Дала 1ат1о́ъ бин Роба́хь нахана т1ехь а, паччахьан т1ехь а. Иштта ду 1илма, ша 1амийнарг лакха воккху цо дуьненахь а, эхартахь а.
ДИЙЦАР
Хьаджа́ж Ирак шахьарехь куьйгалхо хилла. Цу шахьарехь йу «Басра» ц1е йолу г1ала. Хьаджа́жо нахе хаьттина: «Басрехь эла мила ву»? Наха аьлла: «Хьасан аль-Басрий ву». Хьаджа́жо хаьттина: «Муха хилла иза Басрин эла»? Наха аьлла: «Нахана цуьнан 1илма хьашт хилла, ткъа цунна церан дуьне хьашт ца хилла».
Масала ду х1ара 1илмано ша 1амийначух эла веш хилар. Хьасан аль-Басрий, Дала къинхетам бойла цунах, воккха 1елам стаг хилла. Цуьнгахь долчу 1илмано лакхаваьккхина иза, нахана и хьашт хилла, амма иза церан дуьненах гена ваьлла хилла.
Бесплатный фрагмент закончился.
Купите книгу, чтобы продолжить чтение.